Категории
Самые читаемые
Лучшие книги » Проза » Историческая проза » Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Читать онлайн Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 62 63 64 65 66 67 68 69 70 ... 187
Перейти на страницу:
class="p1">Полковник Крузенштерн резавоцуш дIахьаьжира толаме мекх хьийзош Iачу Аваловга.

– Хьан лаам кхочушбар – тхан декхар ду, хьан лакхалла. Амма гIалат ма довлийла вай.

Iоттаре кхоссар йина Крузенштерн жоп ца луш витира Свистуновс.

Iуьйранна малх кхетачу хенахь Кешана-гIопера арайаьлла шина батальонах а, гIумкийн шина бIонах а, шина артвзводах а лаьтта подполковникан Григорьевичан отряд, Яркхсун кIоргачу тогIих дехьа а йаьлла, Зандакъа хьала охьайелира.

Отрядан коьртачу ницкъаца цхьа чаккхарма хьалха хийцира дошлойн цхьа бIо, ткъа шозлагIниг, отрядан батарейна ха деш, арьергардехь богIура.

Кешанера дIа ийъалуш, лома кIел дIадоьдучу дукъаца, лаьхьа санна, сетташ хьалабоьдучу готтачу новкъа беха могIа а бина боьлхура салтий. Хьарчийна, некха тIехула раздохуш, коча дихкинчу сирачу чоэший, цхьана кIиранна леринчу напхех йуьзначу ранцаший, кегийчех белаший, дагарший, йезачу тоьпаший новкъарло йора царна ирхех сиха хьалабаха. Кешанера кхо чаккхарма гена а бовлале, хьацаран кIуьрла хилира уьш. Къаьсттина хала дара йаккхий тоьпаш текхо. Шиний агIор тIекхозайеллачу хьаннаша бакъабала ца буьтучу новкъахь сих-сиха нислора Iаьмнаш а, буькъа хатт а. Хотто лоьцу йаккхий тоьпаш тоьттучу салташа бертаза йаппарш тухура йукъ-кара.

Отрядан коьртехь боьлхучу эпсаршна кIеззиг тIаьхьа, капитан Рихтерна улло а ваьлла, парталчу Iожа говрахь вогIура Абросимов.

Ша гимназист волуш дуьйна Абросимовн тидам тIебаханера Кавказна а, цуьнан ламанан бахархошна а. Цунна дуьххьара хIара мохк схьабиллинарг Лермонтовн кхолларалла йара. Цо, ца Iебаш, йух-йуха худура кху махках а, кхузарчу буьрсачу бахархойх а лаьцна оцу хеназа кхелхинчу поэтан стихаш. ТIаккха, ша университетан студент хилча, башхо а йоцуш, цо йоьшура ламанхойх лаьцна йерриг зорбанехь йазйинарш. Бакъду, уьш йерриг а оьрсийн герзан хьуьнарш хестош, хIара ламанхой йемалбеш йара, хIетте а, церан авторийн бертаза йукъ-йукъа схьакъедара царна мукIарло дан ца луучу ламанхойн майралла а, къонахалла а, оьздангалла а. Цара хIуъу дийцахь а, къона Абросимов тешна вара кхузарчу ламанхоша латториг шайн маршонехьа бакъонан турпала къийсам хиларх а, кхузахь тIамехь лаьттачу цхьаболчу эпсарший, инарлаший, официалечу историкаший ма-бийццара, хIорш «акха варварш, адамашдаархой, къуй» белхьара, хIокхаьрга нуьцкъалчу паччахьна маситта шарахь турпала дуьхьало йалург цахиларх а.

Мел дукха ойланаш йора цо ша гимназист волуш! ХIетахь цо йух-йуха а йоьшура Фенимор Куперан, Гарриэт Бичер-Стоун романаш. Ткъа йехачу буьйсанашкахь сатуьйсура, Кавказе а вахана, ламанхойн могIаршка а хIоьттина, маршонехьа къийсаман тIамехь дакъалаца. ХIара воккха хилале чекхбелира ламанхошца тIом. Амма студент волуш а иза маьрша ца волура шен сатийсамех. ХIинца цо Iалашо лоьцура, оьрсийн Купер а хилла, ламанхойн бакъонан къийсамах лаьцна романаш йазйан.

Ша сатийсина Купер ца хилира Абросимовх. Ша йазйина бIеннаш кехатан агIонаш йаго дийзира цуьнан. Уьш герга а ца йоьлхура цуьнан сатийсамашна. Амма, шегахь публицистан корматалла карийна, Абросимов, цхьа масех очерк газеташний, журналашний тIехь зорба а тоьхна, ша сатийсинчу Кавказе новкъа велира.

И дуьххьарлера некъ тайра цуьнан, Ростовхь Кавказе йухавогIучу гIараваьллачу йаздархочух-очеркистах Василий Иванович Немирович-Данченкох а кхетта. Меллаша текхаш, сих-сиха соьцуш, оцу бехачу новкъа Владикавказе йогIучу цIерпошта тIехь кху Кавказан ламанан къаьмнех лаьцна Абросимовна цкъа а ца хезна дуккха а керланиш дийцира йаздархочо.

Цул тIаьхьа кху махкахь масехазза а хиллера Яков Степанович. ХIара Теркан областах ирх-пурх чекх цкъа ваьлла ца Iара иза. Доцца аьлча, кху областан лакхенийн дахарехь цунна ца хууш башха къайле ца йисинера. Ламанхойн йарташкахь а хиллера иза дукхазза а. ХIетте а, ша цкъа хиллачу меттиге йуха нисвелча, муьлхха а цхьа керланиг кароза ца вуьсура. Ткъа хIинца иза воккхавера Нохчийчохь гIаттам болалуш ша кхуза нисваларх. ХIинца цунна шен бIаьргашна го дерриг а.

Капитано Рихтера, куьйгаш дIаса а туьйсуш, хаддаза хабар дуттура. Амма Абросимовна ца хезара цо дуьйцург. Иза ца Iебаш хьоьжура гондIа даьржинчу исбаьхьчу Iаламе. Готтачу некъана пурх андий орамаш тийсина, стигала ирх баххьаш хьовсийна, лаьттара тIе карс тесна къорзий зоьртала пепнаш. Уьш марахьерчош, церан гIаддашций, генашций хьийзаш, хьалаихнера акха кемсаш, хонйахарш. Некъан йистонца хьаннашкахь гора, шач санна, хьийкъина хьонка. Ткъа оцу къеначу хьаннашна йуккъехь даьхначу, дечган нахаршца аьхначу, жIолмийн мекханца шардинчу кегийчу ирзошна тIехь йу хIетта хьалайевлла гIийла хьажкIаш. Салтийн могIа гучу ма-беллинехь, шайн кегийра бераш ги а детташ, хьуьн чу уьдура асара баьхкина зударий.

Адамаш-м хьовха, олхазараш а уьдура кху кхайкхаза богIучу хьешех. Мухха делахь а, деган хьехамца царна хаьара, ги тоьпаш тийсина, цхьатерра барзакъ дуьйхина, нийсса ког боккхуш, и цхьатера адамаш диканиг дохьуш ца догIийла. ХIорш гергагIоьртича, дIатуьйра олхазарийн эшарш, шакарш, шабарш а, зIакара йуккъе къевлина, бен бан ша йохьу чемхалг, мас, чIешалг а йадайой, тIемаш тухий, дитташна йуккъе къайладуьйлура уьш. Корта чу а озабой, бенахь дIатуьйра тевна хиъна хьоза а. Месала цIога а саттадой, хIокхаьрга схьа а хьожий, шен хари чу сихлора тарсал а.

Кхузарчу олхазарийн а, дийнатин а, адамийн а машаре дахар дохо хьалагIерта отряд. ТIебогIу кхерам ца хууш, парггIат Iаш хила тарло хIорш тIебоьлхучу Зандакъара бахархой а. Яков Степановича дагахь Деле доьхура кхерам гергахиларан хаам цаьрга дIакхачийтар.

Шелана уллохь эшам хилла, йухаваьлла, шен жимачу йуьрта Симсара вирзина Iаьлбаг лаца арайаьллачу Хаси-Юьртан отрядан авангард йу хIара. Коьрта ницкъ кхана хьалакхача безара. Iаьлбаг лаьцна йа шен туьшара эккхийна, Даьттахехула, Гендаргнехула Бена хьала Свистуновна дуьхьалйаха йезара хIара отряд.

Яков Степановича сема ладоьгIура Iаьлбага дIа мел боккхучу коге. Майртуьпана уллохь тIом хилча, массо отрядашкахула эладита даьржинера, цигахь Iаьлбаг вохийна аьлла. Амма Абросимовна дика хаьара къоначу имамо полковникан Нуридан отряд эккхийна Гермачига йигна хилар. Оцу деношкахь цо дукха сатийсинера Iаьлбага, тIаьхьара ца волуш, и отряд йохийна дIайаккхаре. Стенна делахь а, иза ца хилира. Имамо оцу деа-пхеа дийнахь дийлийтинчу цхьамогIа гIалаташа оьрсийн командованин аьтто хилийтира. Нохчийчу боккха ницкъ озарал сов, арен тIера цхьамогIа йаккхий йарташ, кхерамаш туьйсуш, тхьамданаш оьцуш, гIовттамхошна дуьхьалйаха.

Шелахь хиндерг хьалххе дуьйна гуш дара Абросимовна. Нохчийн оцу йоккхачу йуьртахь шозза хиллера иза. Цигахь хиллачара Нохчийчоьнан Париж олура цунах. Баккъал а, нохчийн кхечу йартел йоккха хилла ца Iаш, уггар а хьоле йурт йара иза. Шемалан гIаттам хьаьшначул тIаьхьа даьллачу кху берхIитта шарахь хийцаделла цуьнан амат. Кхузахь маситта туька йара, шайн дай совдегарийн гильдийн членаш а болуш. Цара кхуза товараш кхоьхьура Москвара, Петербургера, Казанера, Одессера. Дукхахболчара шаьш-м муххале а ца бора шайн туьканашкахь мах, товар схьакхехьа нах а бара церан йолах лецна. Хьалдолчу совдегаршкара товар а оьцуш, шайна лавканаш йехкинера дуккха а баккхалчаша. МогIарчу нохчашна маситта новкъарло хIоттийна Iедало шайн гIуллакхашна Грозный баха. Цундела Нохчийчуьра берриг бахархой бахамехь оьшург эца, шайн карайеана шай-кай йохьуш, Шела богIу. Туьканел сов, хIор а пIерсканан дийнахь йоккха базар а хIутту цигахь. Цундела, Шелахь а, цунна гондIарчу йарташкахь а кхоллайелла шатайпа Iедална муьтIахь сословеш.

Тайпанан декъашхойх йукъаметтигаш чIогIа лаьтта Нохчийчохь

1 ... 62 63 64 65 66 67 68 69 70 ... 187
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров торрент бесплатно.
Комментарии