Категории
Самые читаемые
Лучшие книги » Проза » Историческая проза » Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Читать онлайн Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 61 62 63 64 65 66 67 68 69 ... 187
Перейти на страницу:
class="p1">– Деша, – доцца кхоьссира инарлас.

Чоин чета куьг дахийтина, схьадаьккхина кехат, даржа а дина, деша вуьйлира Берса.

Кехатан хьалхарчу пункто йуьххьехь ойла хийцира Свистуновн. Цо леррина схьалоьцура эгIазчун хIор а дош. ХIан-xIa, мятежникаша лелориг забар йац. Уьш тера а бац бIаьрзе гIевттинчу адамех. И вовшаxкхeттарг, дика ойла йеш, кечйина политически а, тIеман а организаци йу. Амма воха а, кхеравала а мегар дац. ТIаккха мятежникийн дог-ойла айъалур йу. ХІокху минoтeхь собар а, ницкъ а гайтар оьшу…

Ша дешна ваьлча, халла хаалуш корта а таIийна, кеxат инарле дIакховдийра Берсас. Свистуновс, агIор балдаш саттийна, схьаэцна иза, буьрса ши бIaьрг векалшна тIе а боьгIна, кегийра цуьргаш йеш, этIа а дина, хIаваэхь даржийра. Говран урх оьзна, иза дIаволавала кечвелча, сацийра Берсас.

– Господин инарла, и аxь этIийна кехат нохчийн халкъан цIарах Цуьнан Императорски Вокхалле йаздина дара. Паччахьан йалхойн бакъо йуй-те цуьнга йаздина кехаташ этIо?

Свистунов вуьйхира, амма цо иза, шен берриг ницкъ тIе а гулбина, къайлaдaьккхира.

– Муха даьхьира шу оцу тайпачу лехамашца суна дуьхьалдахка?

– Тхан лехамаш законехь бу, господин инaрлa. Веккъа цхьана Императорски Воккхаллин бен бакъо йац царна дуьхьал жоп дала.

– Ой, къийса ойла а йу хьан? Цул, суна баркалла ала, шаьш кхоъ оцу дIогарчу диттийн гаьннех хьала ца оллуьйтуш витарна!

– Тхо халкъан йа тIом бечу цхьана агIонан машаре парламентераш ду, господин инaрлa. Хьан бакъо йац дуьненан халкъийн йукъара гIиллакх талхо.

– Ткъа ахь, господин парламентер, дицдо хьо Iедална дуьхьалгIевттинчу мятежникаша схьаваийтина хилар!

– Къуьйсур дац вай, господин инaрлa. TIаккха цунах йеха истори хуьлу. Оха хIун ала тxaьш схьахьовсийначу гIаттаман тхьамданашка?

– Ас этIийна кеxат ду шуна жоп.

– Хьо сихвелла, господин инaрлa. Тхо акха туземцаш делахь а, хьо оьрсийн дворянин, оьрсийн эпсар, паччахьан векал а хилар ма дицде. Хьоьгахь товш дац сoбaрх, гIиллакхах вохар, кхерамаш а туьйсуш, тхоьца къамел дар а.

Берсас нийса йинчу Iоттаро карзахваьккхира инарла.

– Схьахетарехь, хьо кӀорггера европейски образовани йолуш стаг ву, господин парламентер. Хьо хила а мега уьш карзахбаьхнарг. Амма хьуна ца хаа йиш йац Россин истори, шу санна, гIевттинчу оьрсийн муьжгашна тIехь Iедало йина бакъонан кхиэл шуна тIехь а хир йуйла. Цхьана минотна дагалаца Булавинан, Болотниковн, Разинан, Пугачевн, декабристийн чаккхе. Церан хилла кхоллам хир бу шун а. Оцу шун лехамашна жоп ас сайца дIадохьуш ду, ала шайн мезечу имаме.

Говран урх хьайина, дIаволавелира инарла. Цуьнан свитина а, тIаьхьайогIучу отрядашна а некъ буьтуш, керта улло таьIира Берса a, Акхта а, Лорса-Хьаьжа а.

Иттех минот йалале, говрийн бергаша, хьешна, лаьттах эйина, йайъира церан кехатах йисина цуьргаш…

Амма ЦІоьнтара а кхачале командующи валлал дохковелира имаман векалца ша шога къамел дарна. Новкъахь дуьхьалвеанчу геланчо Батьяновгара кеxат делира цуьнга:

«Салатави йерриг гIеттина, – йаздора Батьяновс. – ГIевттинчу сaлaтaвхоша БуртIунай-гIопана блокада йина. ГІопан гарнизон хих дIaxaдийна цара. Сайн коьрта ницкъ цига дIабига деза сан. Цигара гIаттам хьаша кечам беш вy co, цундела Ичкерехь соьгаpa гIo xиларе дог мa дaха. Хьан отряд тIеэцa a, xІокху агIорхьаpa тeшнабехк ца хилийта a Iалашо йолуш, Зандакъана уллохь цхьа батальон йуьту ас».

Оцу хаамо харцийна тIекIелйаьккхира Александр Павловича, кIорггера ойла йеш, хIоттийнa плaн a, цунна бина кечам а. Меттигерчу бахархойх вовшахтоьхначу милицин ницкъаца мятежникаш схьалоьцур бу бохург шeкoнe дирзира.

Сихха цо кхеташоне гулбира отрядан штабан а, округан а начальникаш. Некъана йисттехь шуьйра генаш даржийна лаьттачу зоьрталчу кхура кIел, цхьамма такхийна, шарбина, цестина, тобина Iуьллучу гула тIе эпсарш охьахевшича, хIоьттинчу хьолах лаьцна боцца хаам бира командующис.

– Салатави гIеттина. Дуьхьало ца йеш, каравола аьлла, инарла Чермоевс диначу дIахьедарна Iаьлбага жоп делла, нахана латта а, мелла а маршо а лахь, шеца гIевттинчу нахана Iедало геч а дахь, шаьш дуьхьало сацор йу аьлла. Iаьлбаг лаца луурш дуккха а бу, амма цхьаммо а шен дош кхочуш ца до. Суна хетарехь, меттигерчу бахархоша вай Iехадо. Полковник Батьяновн отрядан гIоьне догдохийла а дIайаьлла. Кху сохьта вайна хьалха ши некъ лаьтта. Хьалхахьа дIадахар, Делан гIоьнца, кхиаме хилахь, гIаттамца дерг чекхдоккху вай. Амма, Хаси-Юьртарчу отрядан гIоне даха дог а доцуш, вешан кIеззигчу ницкъаца Нохчмехкан кIорге долар барам боцуш кхераме хета суна. ШолгIа некъ а къастийна, йухадовлахь, мятежникашна хьалха сий лахло вайн. Иза даррехь вай вешан гIорасизалла гайтар хуьлу. Сан дехар ду шуьга, господа, шайна хетарг алар.

Командующис цIеххьана биначу дагахь боцчу хаамо цецбаьхна эпсарш ойлане бигира. Царах цхьаннен а кийча жоп дацара. Векъана, даим кечвелла, вухавелла хуьлу полковник Крузенштерн, шен бIаьргехь йоллу монокль схьа а йаьккхина, ло санна кIайчу йовлакхца цIанйан хIоьттира. КIедачу томкех йантаран луьлла а йуьзна, сирникца иза лата а йина, боккха баьккхина кIур чу а тоьхна, ши бIаьрг Яьссел дехьарчу ТIерга-Дукъа а боьгIна, дIатийна эла Авалов а. Чинна лахара волу майор Явченко, хьалхе йаккха ца лууш, хIокху кхаанга бIаьрг бетташ Iара.

Эла Аваловн дагахь Ведана йухавалар дара, амма, командующин дагара ца хиъча, цунна ца лаьара шена хетарг ала. Коьртачунна тIе а тайна Iер тоьлуш хийтира цунна.

– Хьуна хIун бакъахьа хета, хьан локхалла? – монокль дIа а нисйина, командующега хьаьжира Крузенштерн. – Ас аьлларг дахь, Ведана йухадевр дара.

– Бахьана?

– Бахьанаш-м оьшучул тIех деца! Цхьа сахьт хьалха къеначу нохчочо хьоьга ма-аллара, нагахь бахархошна Iедална дуьхьалбовла ца лаахь, цаьргарчу гIоьнах дог а диллина, Iаьлбаг а, цуьнан бартахой а шаьш вайна тIебогIур бу йа, Iедална зуламе боцуш, хьаннашкахь къайлабевлла, совцур бу. ШолгIа. Йартийн тхьамданаша ма-аллара, бахархойн ойланаш машаре йелахь, вай, кхузахула дIасалелаш, и зIуганийн баннаш карзахдаха ца оьшу. Нагахь уьш, вайца мостагIалла а долуш, цхьана аьттоне хьуьйсуш, таьIна Iаш белахь, вайн жима отряд, шайна йуккъе нисйелча, аьтта дIайохуьйтур йу цара. Доцца аьлча, мацах цкъа Граббена а, Воронцовна а хилларг вайх хиларна кхоьру со.

– Майор?

– Суна хетарехь, полковник нийса ву.

– Ткъа хьан сийлаллина хIун хета? – Аваловгахьа вирзира Свистунов.

Йайна луьлла голах тоьхна цIан а йина, чу хIуп аьлла, кисана йоьллира Аваловс.

– Суна хьалхахьа дIадаха лаьа. Хьан локхалло ма-аллара, вайн йухадовлар, кIилолла ца ларахь а, гIорасизалла лорур ду нохчаша. ТIаккха кортош ойъур ду хIинццалц таьIна ладоьгIуш Iачара а. Стенна оьшу, зуламан орамаш а дитина, даим лазаре ладегIар? Бехкечарна луьра таIзар дарца бахархойн гуттаренна а догдаккха деза и саннарг тIаккхахула лелочух.

– Хьан дош, Николай Богданович? – эле Эристовга хаттар дира Свистуновс.

– Суна хетарехь, эла Авалов бакълоь.

– Ахь кхийдочу некъо халкъ кхин а карзах ма даккхахьара, эла, – кIоршаме Аваловга дIахьаьжира Крузенштерн.

– Шен коьртал лакха эккхалур вац цхьа а. Шайн ницкъ кхоччург дина цара.

– Ас эла къобалво, – цаьршинна йуккъехь доладелла лиэраш совцийра командующис. – Делан гIоьнца, хьалхахьа дIагIор вай. Бехкечу йарташна къинхетамза таIзар а деш.

1 ... 61 62 63 64 65 66 67 68 69 ... 187
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров торрент бесплатно.
Комментарии