- Любовные романы
- Фантастика и фэнтези
- Ненаучная фантастика
- Ироническое фэнтези
- Научная Фантастика
- Фэнтези
- Ужасы и Мистика
- Боевая фантастика
- Альтернативная история
- Космическая фантастика
- Попаданцы
- Юмористическая фантастика
- Героическая фантастика
- Детективная фантастика
- Социально-психологическая
- Боевое фэнтези
- Русское фэнтези
- Киберпанк
- Романтическая фантастика
- Городская фантастика
- Технофэнтези
- Мистика
- Разная фантастика
- Иностранное фэнтези
- Историческое фэнтези
- LitRPG
- Эпическая фантастика
- Зарубежная фантастика
- Городское фентези
- Космоопера
- Разное фэнтези
- Книги магов
- Любовное фэнтези
- Постапокалипсис
- Бизнес
- Историческая фантастика
- Социально-философская фантастика
- Сказочная фантастика
- Стимпанк
- Романтическое фэнтези
- Ироническая фантастика
- Детективы и Триллеры
- Проза
- Юмор
- Феерия
- Новелла
- Русская классическая проза
- Современная проза
- Повести
- Контркультура
- Русская современная проза
- Историческая проза
- Проза
- Классическая проза
- Советская классическая проза
- О войне
- Зарубежная современная проза
- Рассказы
- Зарубежная классика
- Очерки
- Антисоветская литература
- Магический реализм
- Разное
- Сентиментальная проза
- Афоризмы
- Эссе
- Эпистолярная проза
- Семейный роман/Семейная сага
- Поэзия, Драматургия
- Приключения
- Детская литература
- Загадки
- Книга-игра
- Детская проза
- Детские приключения
- Сказка
- Прочая детская литература
- Детская фантастика
- Детские стихи
- Детская образовательная литература
- Детские остросюжетные
- Учебная литература
- Зарубежные детские книги
- Детский фольклор
- Буквари
- Книги для подростков
- Школьные учебники
- Внеклассное чтение
- Книги для дошкольников
- Детская познавательная и развивающая литература
- Детские детективы
- Домоводство, Дом и семья
- Юмор
- Документальные книги
- Бизнес
- Работа с клиентами
- Тайм-менеджмент
- Кадровый менеджмент
- Экономика
- Менеджмент и кадры
- Управление, подбор персонала
- О бизнесе популярно
- Интернет-бизнес
- Личные финансы
- Делопроизводство, офис
- Маркетинг, PR, реклама
- Поиск работы
- Бизнес
- Банковское дело
- Малый бизнес
- Ценные бумаги и инвестиции
- Краткое содержание
- Бухучет и аудит
- Ораторское искусство / риторика
- Корпоративная культура, бизнес
- Финансы
- Государственное и муниципальное управление
- Менеджмент
- Зарубежная деловая литература
- Продажи
- Переговоры
- Личная эффективность
- Торговля
- Научные и научно-популярные книги
- Биофизика
- География
- Экология
- Биохимия
- Рефераты
- Культурология
- Техническая литература
- История
- Психология
- Медицина
- Прочая научная литература
- Юриспруденция
- Биология
- Политика
- Литературоведение
- Религиоведение
- Научпоп
- Психология, личное
- Математика
- Психотерапия
- Социология
- Воспитание детей, педагогика
- Языкознание
- Беременность, ожидание детей
- Транспорт, военная техника
- Детская психология
- Науки: разное
- Педагогика
- Зарубежная психология
- Иностранные языки
- Филология
- Радиотехника
- Деловая литература
- Физика
- Альтернативная медицина
- Химия
- Государство и право
- Обществознание
- Образовательная литература
- Учебники
- Зоология
- Архитектура
- Науки о космосе
- Ботаника
- Астрология
- Ветеринария
- История Европы
- География
- Зарубежная публицистика
- О животных
- Шпаргалки
- Разная литература
- Зарубежная литература о культуре и искусстве
- Пословицы, поговорки
- Боевые искусства
- Прочее
- Периодические издания
- Фанфик
- Военное
- Цитаты из афоризмов
- Гиды, путеводители
- Литература 19 века
- Зарубежная образовательная литература
- Военная история
- Кино
- Современная литература
- Военная техника, оружие
- Культура и искусство
- Музыка, музыканты
- Газеты и журналы
- Современная зарубежная литература
- Визуальные искусства
- Отраслевые издания
- Шахматы
- Недвижимость
- Великолепные истории
- Музыка, танцы
- Авто и ПДД
- Изобразительное искусство, фотография
- Истории из жизни
- Готические новеллы
- Начинающие авторы
- Спецслужбы
- Подростковая литература
- Зарубежная прикладная литература
- Религия и духовность
- Старинная литература
- Справочная литература
- Компьютеры и Интернет
- Блог
Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
Наха ладоьгIура. Божарша даккхий синош дoхура, зударийн белхарш лелхара. Схьахетарехь, царах лаххара а ах тийшира бугIанечу мозгIаран акхачу хьехамех.
* * *
1877-чу шеран 30-гIа май
ХIара Кавказ а, кхузара адамаш а дуьйцура зорбанехь кху махкахь хиллачу некъахоший, тIаьхьа тIемашкахь дакъалаьцначу эпсарший. Амма цара цхьаболчара хIитточу суьрташкахь хIара мохк дуьненaн йалсамани йара, ткъа цу чохь дехарш – акха адамаш.
ТІaьхьо кху мехкан важа агIо схьайиллира вайна Пушкина, Лермонтовс, Бестужев-Марлинскийс, Толстойс, Добролюбовс, кхин дукхаммо а. Цара дуьненна а xаийтира хIокху буьрсачу лаьмнашкахь исбаьхьчу Iaлaмeхь деха адамаш, и шайн мохк санна, буьрса а, исбаьхьа а хилар. Церан буьрсалла – майралла а, къонахалла а, маршоне безам а – гайтира цара, ткъа дегнийн исбаьхьалла – адамалла, оьздангалла, тешам.
Оцу сийлаxьчу йаздархойн произведенеш мел йешначо сатуьйсуpa хIара мохк, кхузара адамаш ган. Ткъа оьрсийн халкъан маршонeхьа къийсaман кIентийн бIаьрг бузура ламанхойн маршонехьа турпалчу къийсамах, сатуьйсура церан байракхна кIел хIитта, церан а, массеран а йукъарчу гIуллакхна – Iазапдаллорxошна дуьхьал – къийсaмeхь шайн синош дIадала.
Со студент волуш дуьйна сан кийра а буьзнера оцу безамо, сатийсамо. Ас дуй биънера, сайн аьтто нисбеллачу хенахь кхуза а веана, хIара лаьмнаш гIаш талла, кхузара адамаш герггара довза. И сан дуй кхочуш ца хила а магара, Кавказеxь вина a, кхиъна а волчу гIараваьллачу йаздархочуьнца, публицистца, этнографца Василий Иванович Немирович-Данченкоца кхолламо со цхьаьна ца тоьхнехь. И доцца цхьаьнакхетар нисделира масех шо хьалха. Василий Иванович Москва веача, сан гергара стаг волчохь. Oцy буса цо дийцинчо ламанхошка сан безам кхин тIе а алсамбаьккхира, кху махка ван ас йина чIaгIo кхин тIe a чIaгIйира.
XIетахь нохчех лаьцна цо дийцинарш доцца дIайаздо ас.
* * *
– ХIара нохчий Iедалца мостагIалле бовлар правительствон бехк бу, – долийра цо. – ХIокху Кавказан лаьмнашкахь даима уггар доккха а, уггар майра а къам хилла схьадогIу хIара. Амма – даим а шен лаамехь, шен амалехь. Мацах цкъа монголийн ханашна ца къарбелла хIорш. Лаьмнашка йуха а бевлла, цигара схьа хаддаза тIелатарш деш, кхузахь чомахь ца битина цара мехкашдIалецархой. Ца къарбелла уьш къизачу Тимурна а. Амма хьалхарчара а, шолгIачо а дуккха а мохк дIабаьккхина нохчашкара. Цхьа-ши бIе шо хьалха кIез-кIезиг бовлуш, шайн дайн махка, арен тIе йухаберза боьлча, кхузахь йаккхий дуьхьалонаш Iиттало царна. Чергазийн, гIебартойн, гIумкийн, ногIийн, гIалмакхойн а элий. Хьуна дуккха а хезна хир ду, нохчийн элий бацара, уьш маьрша бара бохуш. ГондIарчу къаьмнашций, вайн халкъаций дустаре диллича, маьрша дан а дара и къам. Нийсо-м, дера, йацара. Цхьаъ хьал долуш, важа къен хилча, нийсо бохург дIа ма долу. Амма ас бохург кхин ду. Царна йукъахь бацара шайн долахь йарташ, крепостной ахархой болуш, церан кхоллам шайн карахь болуш, Европехь, Азехь, Россехь, кху Кавказерчу кхечу къаьмнийнаш санна, «классически феодалаш».
Цундела царна ца лаьара феодалашна кIел совца.
Шайн махкара и луларчу къаьмнийн феодалаш дIабаха гIуьттура нохчий. Цкъа-шозза уьш лелхо аьтто а нисбеллера церан. Амма уьш йуха а церан коча хуьйшура Терка тIерачу вайн администрацин гIоьнца.
БерхIитталгIа бIе шо чекхдолуш, йа нийсса аьлча – 1781 шарахь, Нохчийчоь тIаьххьара а, гуттаренна а карайерзо, цигахь колонизаци йолийра Россис. ТIаккха правительствос ша царна тIехь динарг, ас ца дийцича а, хьуна дика хаьа… Шайгара мохк дIабаккха боьлча, оцу тIе колонисташ хийшо боьлча, тIаккха дуьхьало йан буьйлира уьш. И дуьхьало Мансуран заманахь дуьйна хаддаза схьайогIу.
Ткъа вайн мундирийн моралисташа дерригенна а нохчий бехке бо. Царна вай бIаьрга дан ца деза, уьш йамарт адамаш ду, олу. Уьш, йетташ, бойъуш, ах гергга хIаллак а бина, цхьаберш махках а баьхна, бисинарш мацалла ле шайна аьлла, дерзинчу лаьмнашка а боьхкина, церан коча хийра гIиллакхаш, амалш теIо Iедал царна хIун аьлла дезар дара? Iедална уьш лара а, церан сий дан а ца хаахь, цкъа а машар хир бац цунний, ламанхошний йукъахь. Айпаш доцуш-м, дера, вац нохчо. Амма дуй дуьнен чохь цхьа а къам, цхьаъ-м хьовха, эзар а айп доцуш?
Муьлххачу къоман стагана санна, нохчочунна а лаац кхечуьнан лай хила. Ницкъ болчо ша мел бIарзварх, корта ца таIош, адамаллин сибатах ца вухуш, цо майра къуьйсу шен маршонехьа. Шен сий ца лахдан, цхьаннан лолли кIел ца вожа, вала лаьа цунна. Iожаллех кхерац иза. Ша эшча, тоьллачуьнга собаре хьоьжу иза. Амма цунна хьалха текхац, цуьнга къинхетам а ца боьху.
ТIом болчу хенахь бIеннаш оьрсийн салти уьдура Нохчийчу. ХIунда? И нохчий къинхетаме а, тешаме а, оьзда а адамаш хиларна. Шайн даймахкахь таIийна, гатвина, бIарзвелла, Iазапех ведда веана муьлххачу а къоман стаг, иза бусалба, керста вара ца бохуш, шайн ваша вой, тIеоьцура цара. Бевдда шайгахьа бевлла салтий дIабоьхуш, вайн командованис хийлазза ультиматум хIоттайора церан йарташна хьалха: йа салтий схьало, йа шаьш йарташ хIаллакйо шун, олий. Амма, шайх тешна, шайгахьа бевлла и салтий инарлашка дIа а белла, и йамартло ца йан, шайн йарташ йагайойтура нохчаша.
– Нохчий къиза, стешха, йамарт адамаш ду бохуш, эладитанаш леладо. Уьш нийсса харц хабарш ду. Нохчочо атталла шайн да вийна мостагIа а ца вуьй тешнабехкца, къиза. Ша цунна тIекхачахь, цуьнан карахь герз дацахь, иза а ца вуьйш вуьту. Ша вийначу шен мостагIчун дакъа шайн къоман гIиллакхехь къилбехьа дерзадо, цуьнан меженаш нисйо, цхьана стаге иза лардан дIалой бен, докъана уллора дIа ца волу. Топ, тур-шаьлта а тухий, стаг вуьй цара, амма диггий, хьокхий тухий, ирхъуллий, меженаш йохуш, вагош вуьйш – и къизаллаш ца лелайо. Герз карахь шайх лата баьхкина вайн салтий а бойъу цара, шаьш сийсаздан боьлча, вайн чиновникаш а бойъу, амма машаречу оьрсичун дегIа тIера чо а ца хьабо. Нохчашна тIехь и сийсазе эладитанаш кхуллучара дицдо цара бойъурш церан йарташ йагийна, бошмаш хедийна, кхаш тIера йалташ хьешна, церан доьзалш байъина нах хилар. Ламанхой шалха дегнаш долуш йамарт нах бу, олу вай. Тоьллачо шена луъург леладо эшначунна тIехь. Ткъа эшначун, лаахь а ца лаахь а, аьшпашций, мекарлонций кIелхьарвийла деза, шен аьтто нисбаллалц. Оцу хьелашка воьжначу ах-акха ламанхочуьнгара бакъдерг, тешам а лехар нийса дац. Масала, схьалоцур вай керста европейцаш. Европейцо эшийначу европейцо ца лелош хIун дуьсу? И харц лийча а, цо аьшпаш боьттича а, йамартло йича а, къиза хилча а, оьздангаллех воьхча а, иза иштта

