- Любовные романы
- Фантастика и фэнтези
- Ненаучная фантастика
- Ироническое фэнтези
- Научная Фантастика
- Фэнтези
- Ужасы и Мистика
- Боевая фантастика
- Альтернативная история
- Космическая фантастика
- Попаданцы
- Юмористическая фантастика
- Героическая фантастика
- Детективная фантастика
- Социально-психологическая
- Боевое фэнтези
- Русское фэнтези
- Киберпанк
- Романтическая фантастика
- Городская фантастика
- Технофэнтези
- Мистика
- Разная фантастика
- Иностранное фэнтези
- Историческое фэнтези
- LitRPG
- Эпическая фантастика
- Зарубежная фантастика
- Городское фентези
- Космоопера
- Разное фэнтези
- Книги магов
- Любовное фэнтези
- Постапокалипсис
- Бизнес
- Историческая фантастика
- Социально-философская фантастика
- Сказочная фантастика
- Стимпанк
- Романтическое фэнтези
- Ироническая фантастика
- Детективы и Триллеры
- Проза
- Юмор
- Феерия
- Новелла
- Русская классическая проза
- Современная проза
- Повести
- Контркультура
- Русская современная проза
- Историческая проза
- Проза
- Классическая проза
- Советская классическая проза
- О войне
- Зарубежная современная проза
- Рассказы
- Зарубежная классика
- Очерки
- Антисоветская литература
- Магический реализм
- Разное
- Сентиментальная проза
- Афоризмы
- Эссе
- Эпистолярная проза
- Семейный роман/Семейная сага
- Поэзия, Драматургия
- Приключения
- Детская литература
- Загадки
- Книга-игра
- Детская проза
- Детские приключения
- Сказка
- Прочая детская литература
- Детская фантастика
- Детские стихи
- Детская образовательная литература
- Детские остросюжетные
- Учебная литература
- Зарубежные детские книги
- Детский фольклор
- Буквари
- Книги для подростков
- Школьные учебники
- Внеклассное чтение
- Книги для дошкольников
- Детская познавательная и развивающая литература
- Детские детективы
- Домоводство, Дом и семья
- Юмор
- Документальные книги
- Бизнес
- Работа с клиентами
- Тайм-менеджмент
- Кадровый менеджмент
- Экономика
- Менеджмент и кадры
- Управление, подбор персонала
- О бизнесе популярно
- Интернет-бизнес
- Личные финансы
- Делопроизводство, офис
- Маркетинг, PR, реклама
- Поиск работы
- Бизнес
- Банковское дело
- Малый бизнес
- Ценные бумаги и инвестиции
- Краткое содержание
- Бухучет и аудит
- Ораторское искусство / риторика
- Корпоративная культура, бизнес
- Финансы
- Государственное и муниципальное управление
- Менеджмент
- Зарубежная деловая литература
- Продажи
- Переговоры
- Личная эффективность
- Торговля
- Научные и научно-популярные книги
- Биофизика
- География
- Экология
- Биохимия
- Рефераты
- Культурология
- Техническая литература
- История
- Психология
- Медицина
- Прочая научная литература
- Юриспруденция
- Биология
- Политика
- Литературоведение
- Религиоведение
- Научпоп
- Психология, личное
- Математика
- Психотерапия
- Социология
- Воспитание детей, педагогика
- Языкознание
- Беременность, ожидание детей
- Транспорт, военная техника
- Детская психология
- Науки: разное
- Педагогика
- Зарубежная психология
- Иностранные языки
- Филология
- Радиотехника
- Деловая литература
- Физика
- Альтернативная медицина
- Химия
- Государство и право
- Обществознание
- Образовательная литература
- Учебники
- Зоология
- Архитектура
- Науки о космосе
- Ботаника
- Астрология
- Ветеринария
- История Европы
- География
- Зарубежная публицистика
- О животных
- Шпаргалки
- Разная литература
- Зарубежная литература о культуре и искусстве
- Пословицы, поговорки
- Боевые искусства
- Прочее
- Периодические издания
- Фанфик
- Военное
- Цитаты из афоризмов
- Гиды, путеводители
- Литература 19 века
- Зарубежная образовательная литература
- Военная история
- Кино
- Современная литература
- Военная техника, оружие
- Культура и искусство
- Музыка, музыканты
- Газеты и журналы
- Современная зарубежная литература
- Визуальные искусства
- Отраслевые издания
- Шахматы
- Недвижимость
- Великолепные истории
- Музыка, танцы
- Авто и ПДД
- Изобразительное искусство, фотография
- Истории из жизни
- Готические новеллы
- Начинающие авторы
- Спецслужбы
- Подростковая литература
- Зарубежная прикладная литература
- Религия и духовность
- Старинная литература
- Справочная литература
- Компьютеры и Интернет
- Блог
Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
Сан доттaгI, даймахкана лур вай
Вайн дeгнийн сийлахь сатийсам!
Накъост, хьо тешалаxь: кхетар бу
Вайн ирсан исбаьхьа седа,
Россия набарха йер йу,
Паччахьийн доьхначу Iедалан гаьргаш тIехь
Вайн цIераш йазйийр йу тIаккха!
* * *
1877-чу шеран 15-гIа май
Тахана цхьа тамашийна цхьаьнакхетар хилла сан. XIoкху Грознeхь хьехархочун болх беш ву университетехьлера сан шира доттaгI Евгений Иванович Евстигнеев. Тхойшиннан цамгаран цхьа цIе йу – демократи. Амма охашимма и цамгар цхьатера ца токху. Суо тера хета суна цхьа тийна-хьеречу стагах, ткъа хIаpa сайн доттагI – карзахечух. Ойла ца йеш, даррехь хьалхагIерташ, и шен цамгар массаьрга а кхачо гIерта иза. Казанерчу университетера аракхоьссина иза, хIокху провинциальни гIала воьжна. Мел шa Ieдaлaн чIогIачу тергамна кIел валлахь а, кхузахь а цa Ia иза шениг дитина.
Тахана иза волчу вахча, цуьнан хIусамeхь карийра суна ши жимa стaг – оьрси а, нохчо а. Ах сахьт далале хиира суна оцу кхааннен ойланаш цхьаьнайогIий. ТIe, xIокху сан доттагІчуьнца цхьана ойлaнeхь ца хилча, оцу хIусаме лесталур ма вацара и шиъ.
Со чукхаьчча, сeцира оцу кхааннен къовсаме къамел. Амма сан доттагІчо цаьрга хаийтира со тешаме стаг хилар. ТІаккха тхо вовшийн довзийтира цо.
– ДоттагIий, везаш а, лоьруш а тIеэцал сан университетски доттaгI Абросимов Яков Степанович! – элира цо хьурмате. – ХIара, Яков Степанович, сан лулахо а, бартахо а Максимов Петр Данилович ву, ша юрист а волуш. Ткъа хIара къона нохчо тхан йукъара доттагI Овхьад ву.
Со чуваьлча, хьалагIеттина, ирахь лаьттачу элдара дегIахь, Iаьржачу аматахь, йуткъа йуьхь-марш йолчу къоначу нохчочо байн корта таIийра.
Тхо охьахевшича, Россерчу революционни а, ахархойн а боламах лаьцна соьга хеттарш дан вуьйлира Евгений Иванович. Амма цунах лаьцна суна кIезиг хаьийла хиъча, къамел хийцира цо.
– Хьоьца тIаьхьа пaргIатeхь дуьйцур ас, Яков Степанович. Овхьад вайн веза хьаша ву. Ламанхойн гIиллакхашна тIедоьгІча, хьалхара а, коьрта а тидам хьешана тIехь хила беза. ТIаккха, хьомсара Овхьад, хIокху карзахечу хенахь хьо мича гIуллакхо валийна гIала?
Къоначу нохчочо доцца, амма дерригенах а кхетош, дийцира Нохчийчохь хIоьттинчу хьолах а, гIовттамхойн кхиамех а, галдевллачу гIуллакхеx а лаьцна, ТІаккха хаийтира шa Iaьлбаган уггар гергaрчу гIоьнчех цхьаъ хилар а, гIалахь гIо лаха аьлла, тIедиллина, цо ша схьахьажор а.
– Тхоьга муха гIо далур дара шуна? – xaьттира Евгений Ивановича.
– Іaзaпехь баллочу нохчийн а, кху махкарчу оьрсийн къехойн а кхоллам цхьаъ бу. Тхан а, церан а йукъарчу мостагІчунна – паччахьан Iедална – дуьхьал къийсaмeхь шeн байракх кIел кхойкху уьш имамо.
Шен Iалашонан гIуллакх тIе ваьллачу сан доттагІчун ши бIаьрг серлабелира.
– Iаламат дика веана! Оха, социалисташа-народникаша, даггара къoбaлбо шун гIаттам. Дашца а, гIуллакхца а цунна гIо дан кийча а ду тхо. Бакъду, тхан организаци хIинца цкъа жимо йу, ворxI cтaг бен вац. Халахета гIалахь белхалой кIезиг хилар, ткъа интеллигенци доьнaллa долуш а йац. Эскарехь боккха болх болийна оха. Тхоьца ойланаш йогIурш дуккха а бу салташна йукъахь. Йоккха, нуьцкъала организаци хир йу тхан кестта. Амма тахана а тхо кийча ду самодержавина дуьхьал муьлххачу а гIаттаман дакъалаца. Цундела, сан къона доттагI, тхо дерриг а гIевттинчу нохчашца цхьаьна хилар майрра имаме дIахоуьйтур ду-кх ахь…
Къамелна хьаьсарта вахана сан доттaгI cацийра Максимовс.
– Ахь делларг ойла ца йеш делла жоп ду, Евгений Иванович, – элира цо. – Овхьада вайна тIе доккха, жоьпаллин гIуллакх деана. Баха йа бала чIaгIo йиначу наха схьахьажийна иза. Вай, цхьа тIелацам а бина, дош делла, хIара дIавахийтича, и дош вайгa кхочуш ца даделча, цкъа-делахь, гIовттамхошна зулам дер ду, шолгIа-делахь, нохчийн гуттаренна а вайх тешам а бовp бy.
– Вай-м вешан дош кхочушдийр ду! Кхочуш ца дадала, хала хIумма а дац кхузахь-м. Тховссехь вай прокламацеш йазйийр йу, гIалахой гIевттинчу нохчашна гIоьнна кхойкхуш. Дависарг, тиша хилла а, типографски станок йелара! ХIумма а дац, вай веаммо, охьа а хевшина, сихха куьйга йазйер уьш. Ас дуьххьалдIа олу хьоьга, Овхьад, тхоьга гIо деха дукхе-дукха тIаьхьа даьхкина шу. Шаьш гIаттам кечбеш, тхоьца барт бан ма безара аш. Oxa кхузахь областан начальник а, кхин масех лакхара хьаькам а вуьйр вара…
Максимовс йуха а сацийра лата кечвелла сан доттагI.
– Айхьа хIун дуьйцу хаьий хьуна, Евгений Иванович? Цхьана буса хьаьвзина, халкъ гIатто воллу хьо? Оцу гIуллакхна даккхий бахьанаш а, бехха кечам а ма оьшу. Цул сов, зиэделларг долуш куьйгалхой а.
– Бахьанаш кхузахь долуш ду оьшучул а тIех: къоьлла а, Iедалан харцонаш а, адамийн бакъо йацар а. ГIаттамна тIехь куьйгалла дар вайн – социалистийн, народникийн – организацис шена тIе оьцур ду. Йуккъехула ала ас, цунна цхьа цIе тилла а ма йезара…
– Йитахьа и хьайн хьере ойланаш, Евгений Иванович. Ши бIaьрг биллина хьажа ма веза гIуллакхе. Со цуьрриг а шек вац, кхузара оьрсийн бахархой шайн дог-ойланца гIевттинчу нохчашкахьа хиларх. Амма таханлерчу хьелашкахь цара гIо дийр дац нохчийн гIаттамна.
– XIунда?
– Зорбанехь, килсехь, Iедалхоша а лело пропаганда ца го хьуна?
– Лелор шайна! Ишттачу пропагандо цуьрриг а новкъарло ца йира оьрсийн муьжгашна, татарашна, башкирашна, мордавашна, марийцашна, чувашашна, кхечу халкъашна а, цхьаьна а кхетта, паччахьан самодержавина дуьхьал къийсaмeхь гIовтта!
– Нохчашний, ахь цIераш йаьхначу халкъашний йукъахь йаккхий башхаллаш йохку.
– Масала?
– Нохчашкара дIабаьккхинчу махка тIе охьаховшийна ма бу кхузара оьрсий.
– Башкирехь а дина изза. ХIeттe a, цигара оьрсий а, башкираш а къийсaмeхь даим цхьаьна гIовтту.
Петра доккха сaдaьккхира, тхан доттагІчуьнга а хьаьжна.
– Хьомсара Евгений Иванович, ахь тидаме цa оьцу исторически хьелаш. Империн кхечу йистошкахь колонизаци йар машаречу хьелашкахь чекхделира Iедалан. Нагахь дуьхьалонаш хиллехь а – цхьана йоццачу ханна, амма – тIаме ца доьрзуш. Дуьхьалонаш хиллачохь а тоххара дицделла и мостагIаллаш. Оцу йуккъe мaсех бIе шо ма-доьлла. Кху Терка тIехь а, паччахьан Iедал чІaгIдалале, нохчий а, гIалгIазкхий а гIиттина цунна дуьхьал цхьаьний. Масала, Булавинан заманахь. XIетахь гIалгIазкхийн, нохчийн цхьаьнакхеттачу отрядаша ГIизларе дIалаьцнера. Цул хьалха а, тIаьхьа а дукха меттигаш хилла нохчий гIалгIазкхашца цхьаьна арахьарчу мостагIашна дуьхьал леташ а. Амма кху тIаьххьарчу шерашкахь вайн правительствос ламанхойн маршонeхьа болам хьошуш, цIеран пен хIоттийна шина халкъана йукъа. Шина а aгIop бIe эзарнаш адамаш дайъина. МогIара ламанхой, оьрсийн ахархой. Ахь дIа лехча, шина а агIор наггахь доьзал а карор бац хьуна оцу тIамо да, кIант, майра, ваша вахьаза. И тIом а, вовшашна йина чевнаш а цу шина къоман бехкенна ца хилла. Олалла дечу классийн, церан Iедaлaн а бехк бу берриг а…
Амма, суна хетарехь, вайн идеях герз дина гIатта а, халкъаш а, адамаш а маршонeхьа къийсамна цхьаьнатоха, уьш хьалха, толаме дига ницкъ кхочур берг а йеккъа цхьа пролетарийн класс йу. ХIeтталц кхиамза хир

