- Любовные романы
- Фантастика и фэнтези
- Ненаучная фантастика
- Ироническое фэнтези
- Научная Фантастика
- Фэнтези
- Ужасы и Мистика
- Боевая фантастика
- Альтернативная история
- Космическая фантастика
- Попаданцы
- Юмористическая фантастика
- Героическая фантастика
- Детективная фантастика
- Социально-психологическая
- Боевое фэнтези
- Русское фэнтези
- Киберпанк
- Романтическая фантастика
- Городская фантастика
- Технофэнтези
- Мистика
- Разная фантастика
- Иностранное фэнтези
- Историческое фэнтези
- LitRPG
- Эпическая фантастика
- Зарубежная фантастика
- Городское фентези
- Космоопера
- Разное фэнтези
- Книги магов
- Любовное фэнтези
- Постапокалипсис
- Бизнес
- Историческая фантастика
- Социально-философская фантастика
- Сказочная фантастика
- Стимпанк
- Романтическое фэнтези
- Ироническая фантастика
- Детективы и Триллеры
- Проза
- Юмор
- Феерия
- Новелла
- Русская классическая проза
- Современная проза
- Повести
- Контркультура
- Русская современная проза
- Историческая проза
- Проза
- Классическая проза
- Советская классическая проза
- О войне
- Зарубежная современная проза
- Рассказы
- Зарубежная классика
- Очерки
- Антисоветская литература
- Магический реализм
- Разное
- Сентиментальная проза
- Афоризмы
- Эссе
- Эпистолярная проза
- Семейный роман/Семейная сага
- Поэзия, Драматургия
- Приключения
- Детская литература
- Загадки
- Книга-игра
- Детская проза
- Детские приключения
- Сказка
- Прочая детская литература
- Детская фантастика
- Детские стихи
- Детская образовательная литература
- Детские остросюжетные
- Учебная литература
- Зарубежные детские книги
- Детский фольклор
- Буквари
- Книги для подростков
- Школьные учебники
- Внеклассное чтение
- Книги для дошкольников
- Детская познавательная и развивающая литература
- Детские детективы
- Домоводство, Дом и семья
- Юмор
- Документальные книги
- Бизнес
- Работа с клиентами
- Тайм-менеджмент
- Кадровый менеджмент
- Экономика
- Менеджмент и кадры
- Управление, подбор персонала
- О бизнесе популярно
- Интернет-бизнес
- Личные финансы
- Делопроизводство, офис
- Маркетинг, PR, реклама
- Поиск работы
- Бизнес
- Банковское дело
- Малый бизнес
- Ценные бумаги и инвестиции
- Краткое содержание
- Бухучет и аудит
- Ораторское искусство / риторика
- Корпоративная культура, бизнес
- Финансы
- Государственное и муниципальное управление
- Менеджмент
- Зарубежная деловая литература
- Продажи
- Переговоры
- Личная эффективность
- Торговля
- Научные и научно-популярные книги
- Биофизика
- География
- Экология
- Биохимия
- Рефераты
- Культурология
- Техническая литература
- История
- Психология
- Медицина
- Прочая научная литература
- Юриспруденция
- Биология
- Политика
- Литературоведение
- Религиоведение
- Научпоп
- Психология, личное
- Математика
- Психотерапия
- Социология
- Воспитание детей, педагогика
- Языкознание
- Беременность, ожидание детей
- Транспорт, военная техника
- Детская психология
- Науки: разное
- Педагогика
- Зарубежная психология
- Иностранные языки
- Филология
- Радиотехника
- Деловая литература
- Физика
- Альтернативная медицина
- Химия
- Государство и право
- Обществознание
- Образовательная литература
- Учебники
- Зоология
- Архитектура
- Науки о космосе
- Ботаника
- Астрология
- Ветеринария
- История Европы
- География
- Зарубежная публицистика
- О животных
- Шпаргалки
- Разная литература
- Зарубежная литература о культуре и искусстве
- Пословицы, поговорки
- Боевые искусства
- Прочее
- Периодические издания
- Фанфик
- Военное
- Цитаты из афоризмов
- Гиды, путеводители
- Литература 19 века
- Зарубежная образовательная литература
- Военная история
- Кино
- Современная литература
- Военная техника, оружие
- Культура и искусство
- Музыка, музыканты
- Газеты и журналы
- Современная зарубежная литература
- Визуальные искусства
- Отраслевые издания
- Шахматы
- Недвижимость
- Великолепные истории
- Музыка, танцы
- Авто и ПДД
- Изобразительное искусство, фотография
- Истории из жизни
- Готические новеллы
- Начинающие авторы
- Спецслужбы
- Подростковая литература
- Зарубежная прикладная литература
- Религия и духовность
- Старинная литература
- Справочная литература
- Компьютеры и Интернет
- Блог
Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
Маршаллаш хаьттира.
— Хьо ма таьIна ву?..
— Со вичхьана а ас ца дина боьху гIуллакх дина вогIу со хIинца… — лаьтта бIаьра хьоьжура Венкин.
— ХIун хилла? — цуьнан пхьарс схьалецира Керима. Венкинан бIаьргаш, ша лийр вуй хууш цомгуш волчу стегачух тера, суй байна дара. Аз а къорра декара.
— ХIинцца къайлаха йинчу суьдехь, бехк а боцчу веа стагана бIе шо хан а тоьхна, вогIу-кх со! — шен гIийла бIаьргаш Керимехьа хьалахьажийра цо: «Хьажал, мел боьха стаг ву со», — бохучу кепехь…
— И муха ди ахьа? — Керим кIеззиг вухахилира.
— Ди — кх, суо… стаг воцу дела!
Керима ойлане элира:
— Дийцахьа! Са паргIатдаккхахьа!..
Венкинан мотт кIеззиг толкхалелхара:
— ДагадогIий хьуна, ас хьайга дийцина — Америко вайн махкахь динехь болчарна гIo дан тIелацар?..
— ТIаккха?
— Сталина уьш берриш церан агенташ лерина-кх хьалххехь, шен амалехь.
— ТIаккха?
— Уьш, цаьргара бахьана даларе а ца хьоьжуш, царна и бахьана хьалххехь шаьш тIе а кхуллуш, чубохка болийна хIинца… амма суьдехула кхиэл а йойтуш, иза нийсонан бакъонца даран куц хIоттош…
Керим ца кхийтира:
— Ткъа… Ахь динарг хIун ду?
Венкина, ша шена реза воцуш, куьг ластийра:
— Ас шун веа нохчочунна ткъе пхиппа шо хан туьйхи-кх цхьана стага динчу харц тоьшаллица.
— ХIун тоьшалла дара и?
— Оцу веаммо ламаз тIехь а, йуха шаьш мовлид йоьшуш а, Деле дийхира бохура, ша а волчохь, «Веза-Воккха Дела, Америка кху пачхьалкхана тIе а латийта ахь, цунна толам а ло ахьа!» — аьлла.
— Ткъа оцу веаммо?
— Йуххе а ца дуьтура. Шаьш динарг цIена ламаз а дара, йешнарг Мохьмад-Пайхамар дагалоцуш лерина, мовлад а йара. XIapa тхоьца а вара, xIoкxo хIинца харцдерг а дуьйцу, бохура. Бутт хьалха, НКВД — н талламчаша кеч а дина, и дов, хатта аьлла, цкъа сайга схьаделча, аса йухадахьийтира, цхьа теш тоьуш а вац, бехк гойту билгало а йац девнан кехаташца аьлла. Со мича вигира хаьий хьуна кхайкхина? Обком партин хьалхарчу секретарна тIе — чохь кхин а хьаькамаш а бара, НКВД-pa а тIехь.
Соьга элира: «И гIуллакх пачхьалкхан чIагIонна деш ду… Йуьззина йолу юристийн формальносташ и тайпа гIуллакх дечохь йерриш кхочуш цахиларх а мегаш ду… Америка коьртехь йолчу дуьненан империализманий, вайний йуккъехь къовсам бу. Церан дIовш чекхдалийта мегар дац… Кхочушде!»
Ткъа аса: «Партис а, советан Iилмано а советан суд законехь нийсса йан йеза ма боху!.. Ткъа со, уггар хьалха, советски суьдхо ву!» ТIаккха цара: «Хьо уггаре хьалха коммунист а, советан патриот а ву… Цул тIаьхьа ву хьо суьдхо!.. Хьайн партийни декхар кхочушде! Хьо болх бан суьде а партис хьажийна»…
Со ойлане вуьйжира: «Балхара дIаваккхар бен, кхин чу-х вуллур ваций со… Баьпкан йуьхк йоцуш а вуьсур ма вац со а, сан доьзал а… ТIелоцур ма дац ас иза, — аьлла, ойла хилира сан. «Цхьана дийнахь ойла, мукъна, йайта соьга» — аьлла, дехна, и ца дан дагахь, со ара а ваьлла, дIавахара.
Суна тIаьххьий аравелира НКВД-н полковник а.
— ТIехаал кхуза! Со волчу гIop вайша кIеззиг къамел дан! — аьлла, цо шен машенахь со дIавигира. Эццигахь дуьйхир-кха сан дерриг а доьналла.
— Хаьий хьуна, — элира цо, — Москохахь хьан ваша чохь воллуш вуй, Израильца къайлаха уьйр хиларна?.. Хьо оцу тайпана лелахь, цуьнан гIуллакх а талхор ду ахьа, тIе, оха цунах хьо дIа а тухур ву… Оцу йамартхошна тIехула набахте ваха лаьа хьуна, хьайн вешин а гIуллакх луьрачу а доккхуш?..
Сан ойла эццигахь кхечу агIорхьа хьаьвзира: «Ас цатохарх, и хан ирх — пурх царна ца тухуш йуьтур йац-кх… Ас дуьхьало йарх, кIелхьара ца бовлу-кх уьш… TIe ца вирзича, ца волу-кх со, суо а, сайн ваша а, доьзал а эрна хIаллак ца байта», — аьлла, со тIетайра. Тахана ас и суд чекхйаьккхи-кха, цхьаъ бен дIахIоттийна теш а воцуш.
— Мила вара иза?
— Вийца бакъо йац!.. Цхьа боьха хIума йар-кха, лаьцначуьра схьахецна… хьена бIаьргаш а, цхьа а хорма йоцу аьшпе бат а йолуш, шуьйрра куьйгаш а лестош.
Керимна цу сохьта вевзира иза: сурт нийса диллинера, амма и шена вевзинийла ца хаийтира Керима.
— Оцу тешо хIун дира хаьий хьуна, оцу веанна бIе шо хан туху кхиэл дIакхайкхийча? Вилхира — кх оцу чохь. Суна хийтира тIаккха: «Эхь даний кхуьнан, ша динчу харц тешаллина дохковаьлла, воьлху хир ву-кх».
Ас хаьттира: «Хьо хIунда воьлху?» Цо хIун элира, хаьий хьуна? — «Со воьлху, шен хеннахь аш Iopa а баьхна, хIорш совцийна бацахьара, мел доккха зулам долуш хиллера кхарех вайн пачхьалкхана, аьлла, дагадеъна».. Муха хета хьуна и къутIа?
— Вукхара хIун дора?
— Эсала Iapa… Царех воккхаха волчу молла Бауддис хоьттура: шайна тIехь йеш йолу суд къайллаха хIунда йо?.. Кхиэл кхайкхийча, белакъежна, вовшашка а хьаьвсина, веаммо а чохь доIанаш дира… Хаьа суна: царна хан тоьхнарг Сталин ву, со вац, амма царна и ца тухуш, суо ца вейтар — и бехк-м бу сан… Цундела, суо а боьха хета суна… Чу ца вахалуш, кху арахь со дIасалела сахьт а сов ду-кх, хьуна, сайн цIенчу жимачу йоIана хьалха а, со тешаме стаг лоручу, зудчунна дуьхьал а хIотта сайн йуьхь ца хеташ, — элира Венкина. — Со къонах цахиларан мах и бу-кх!..
— Къонахий дукха ца беха, олуш ду тхан. Бакъду, сий лардеш вала а кийча волчех со суо а хета суна. Делахь а, цара, хьо бахьанехь, хьан хьайн са хилла ца Iаш, хIаллакдан дагалаьцнарг, хьан вешин а, зудчун а, беран а дахар хилча, хала киртиг ма-хилла хьуна тIехIоьттинарг! Цара и дийр а дара-кх, хьуна, — Венкинан дог ийцира Керима.
— Чудуьйлийша, арахь а ца лаьтташ! — корах йистхилира Венкинан зуда.
— Валохьа соьца. Чай мер ду вайшимма.
— ХIинца ца вогIу. Баркалла… Шек ма вала. Iодика йойла. Гур ду вайна! — аьлла, Керим цIа вахара.
* * *
ЦIахь дерриг а дийцира цо Кесире.
— Цунах-м ларлуш хила веза! — элира Кесирас Тойсумах лаьцна.
— ВаллахI, ца веза! Мелхо а, нахана а, шена а дIа а хоуьйтуш, дIалалла веза-кх йуххера генна! — элира Керима.
***
Кхин а ши кIира даьлча, КеримгIеран хIусаман неI туьйхира. Корах дIа хьажча, неIарехь лаьттарг Тойсум вара.
ОьгIазе неIарехьа волавелира Керим:
— Хьайн Делан дуьхьа! Сан дуьхьа!.. Берийн дуьхьа ма вала цуьнца девне. Цо мотт а тоьхна, цхьа доццург а кхоьллина, чувуллур ву хьо йуха а.
Керима, шен белшех тасаделла Кесирин куьйгаш нуьцкъаша охьа а даьхна, тIевахана, неI йиллира.
— О-о! Сан хьоме вешин кIант! — мор баржийра Тойсума.
Цуьнан некха тIе куьг тоьхна и йухатеттира Керима:
— Ахь хIун делаххьий, кхин, хьо дийна а

