- Любовные романы
- Фантастика и фэнтези
- Ненаучная фантастика
- Ироническое фэнтези
- Научная Фантастика
- Фэнтези
- Ужасы и Мистика
- Боевая фантастика
- Альтернативная история
- Космическая фантастика
- Попаданцы
- Юмористическая фантастика
- Героическая фантастика
- Детективная фантастика
- Социально-психологическая
- Боевое фэнтези
- Русское фэнтези
- Киберпанк
- Романтическая фантастика
- Городская фантастика
- Технофэнтези
- Мистика
- Разная фантастика
- Иностранное фэнтези
- Историческое фэнтези
- LitRPG
- Эпическая фантастика
- Зарубежная фантастика
- Городское фентези
- Космоопера
- Разное фэнтези
- Книги магов
- Любовное фэнтези
- Постапокалипсис
- Бизнес
- Историческая фантастика
- Социально-философская фантастика
- Сказочная фантастика
- Стимпанк
- Романтическое фэнтези
- Ироническая фантастика
- Детективы и Триллеры
- Проза
- Юмор
- Феерия
- Новелла
- Русская классическая проза
- Современная проза
- Повести
- Контркультура
- Русская современная проза
- Историческая проза
- Проза
- Классическая проза
- Советская классическая проза
- О войне
- Зарубежная современная проза
- Рассказы
- Зарубежная классика
- Очерки
- Антисоветская литература
- Магический реализм
- Разное
- Сентиментальная проза
- Афоризмы
- Эссе
- Эпистолярная проза
- Семейный роман/Семейная сага
- Поэзия, Драматургия
- Приключения
- Детская литература
- Загадки
- Книга-игра
- Детская проза
- Детские приключения
- Сказка
- Прочая детская литература
- Детская фантастика
- Детские стихи
- Детская образовательная литература
- Детские остросюжетные
- Учебная литература
- Зарубежные детские книги
- Детский фольклор
- Буквари
- Книги для подростков
- Школьные учебники
- Внеклассное чтение
- Книги для дошкольников
- Детская познавательная и развивающая литература
- Детские детективы
- Домоводство, Дом и семья
- Юмор
- Документальные книги
- Бизнес
- Работа с клиентами
- Тайм-менеджмент
- Кадровый менеджмент
- Экономика
- Менеджмент и кадры
- Управление, подбор персонала
- О бизнесе популярно
- Интернет-бизнес
- Личные финансы
- Делопроизводство, офис
- Маркетинг, PR, реклама
- Поиск работы
- Бизнес
- Банковское дело
- Малый бизнес
- Ценные бумаги и инвестиции
- Краткое содержание
- Бухучет и аудит
- Ораторское искусство / риторика
- Корпоративная культура, бизнес
- Финансы
- Государственное и муниципальное управление
- Менеджмент
- Зарубежная деловая литература
- Продажи
- Переговоры
- Личная эффективность
- Торговля
- Научные и научно-популярные книги
- Биофизика
- География
- Экология
- Биохимия
- Рефераты
- Культурология
- Техническая литература
- История
- Психология
- Медицина
- Прочая научная литература
- Юриспруденция
- Биология
- Политика
- Литературоведение
- Религиоведение
- Научпоп
- Психология, личное
- Математика
- Психотерапия
- Социология
- Воспитание детей, педагогика
- Языкознание
- Беременность, ожидание детей
- Транспорт, военная техника
- Детская психология
- Науки: разное
- Педагогика
- Зарубежная психология
- Иностранные языки
- Филология
- Радиотехника
- Деловая литература
- Физика
- Альтернативная медицина
- Химия
- Государство и право
- Обществознание
- Образовательная литература
- Учебники
- Зоология
- Архитектура
- Науки о космосе
- Ботаника
- Астрология
- Ветеринария
- История Европы
- География
- Зарубежная публицистика
- О животных
- Шпаргалки
- Разная литература
- Зарубежная литература о культуре и искусстве
- Пословицы, поговорки
- Боевые искусства
- Прочее
- Периодические издания
- Фанфик
- Военное
- Цитаты из афоризмов
- Гиды, путеводители
- Литература 19 века
- Зарубежная образовательная литература
- Военная история
- Кино
- Современная литература
- Военная техника, оружие
- Культура и искусство
- Музыка, музыканты
- Газеты и журналы
- Современная зарубежная литература
- Визуальные искусства
- Отраслевые издания
- Шахматы
- Недвижимость
- Великолепные истории
- Музыка, танцы
- Авто и ПДД
- Изобразительное искусство, фотография
- Истории из жизни
- Готические новеллы
- Начинающие авторы
- Спецслужбы
- Подростковая литература
- Зарубежная прикладная литература
- Религия и духовность
- Старинная литература
- Справочная литература
- Компьютеры и Интернет
- Блог
Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
Грозный-гIалахь со набахтехь волуш, цигахь Сату а гира. Иза — шен йуьхьсибатца и хилар соьга чIагIдайта со чувигнера талламчо.
— ХIинца идда ваьллий хьо, стешха кIилло! — тIечевхира талламча, куьйгаш а дихкина, шена хьалха лаьттачу Сатуна…
— Со шух идда вац… Со шуна тIаьхьа идда… Сох стешха кIилло ма ала! — жоп делира Сатус.
— Ву хьо стешха кIилло!.. Бийшина Iохку тхан салтий а бойуш!..
— Ткъа дийна боллушехь аша багийна тхан зударий, бераш?!. И шайна иштта дуьсийла лаьара хьуна! — аьлла, Сатус талламчин йуьхь тIе шеташ туьйхира. Талламча ша лаьттачахь:
— ДIавига и карцер чу… Ас кхана Iуьйранна гойтур ду хьуна, кIиллo! — мохь белира талламче. HeIcaгIe дIакхоччуш, Сатус, вуха а вирзина, кхоьссира талламче:
— Иза а хаьа суна… Кхана аш со вуьйр вуй… Амма хьоьга сан цхьа дехар ду: со муха ле хьажа, кхана соьга хьажа, мукъна, волахьа!
— Къонаха! Сату — вуьззина къонаха!.. — цунах ша аьлла дош йуха хийцира хIинца Тавсолтас.
— Кхана Iуьйранна, набахтин кертахь, цхьаболчу, кхозлагIчу этаж тIерачу лецначеран тидам а хуьлуш, гIовгIа йоккхуш латийна мотоцикл а йекаш, банин пенаца а хIоттийна, цунна тоьпаш туьйхира…
Со халла велира воь суд йечуьра: фронтовик хилла хиларна, ца вуьйш а витна, со йуха а фронте — амма гIудан-батальоне дIахьажийра.
Дуьненахь доллучу хIуманах а догдаьлла, сайн са ца кхоош, со вере сатуьйсуш, лар а ца луш, лийтира со фронтехь… Хьовсийша, тIом дIабаьллачул тIаьхьа, йуха а шортта орденш а йахьаш, цIавеъна волу со, тоххара дIадаьлларг цхьамма карла а даьккхина, итт шо хан а тоьхна, Сибрех ма хьажий!.. Йуха цигахь мала а Iеми, дечиг тIекхетта бойна ког а дIабаьккхи…
Массара a, гIap яйъина, ладоьгIура…
— И боьха хIума Берия хIинца а коьртехь ву-кх… Цуьнан хIуманаш ду уьш! — эккхийтира Керима.
— ХIан-хIа!.. Коьрта бехкеверг и вац — Сталин ву! — ша Iачуьра хьалаайвелира Еланцев. — Берия цуьнан хьанала лай ву!.. Коьрта бехкеверг а, чалтач а ша Сталин ву!.. Исторехь цуьнга а кхочуш боьха стаг хилла а вац: цо шегахь цхьаьнатоьхна Неронан маьттазалла, Иван Грозныйн къизалла, Азефан йамарталла! — элира, хIинца йуьхь цIиййеллачу Еланцевс.
Селита йай-й йелакъежира, тоххара Эскинойхь, школехь ша доклад йеш, Еланцевс Сталинах аьлла кхитайпа дешнаш дагадаьхкина.
Нурседас, неIаре а йахана, и дика тIечIегIира: Сталин веллехь а, Берия хIинца а дийна вара.
* * *
Кхин а масех бутт баьлча, цхьа гIуллакх хилла, правлене ваханчохь, Тавсолтина учахь, акъбевлла, радиога ладоьгIуш нах гира. Хьехориг Берия вара: халкъан а, партин а мостагI и хиларна, чувоьллинера хIинца Берия. «Хьай, делазхо йаI! И вара и, цкъа а вийна дIа а ца воккхуш, даим вен везарг!» — ойла хилира Тавсолтин. Сиха, гIанташ тIе а буьйлуш, сакъералуш, дIадохура цуьнан портреташ чуьрачара. «Хийцамаш буьйлабелла!» — дагатесира Тавсолтина: «Делан чIир кхочушхилаза ца йуьсу. КIелхьарчунна тIехула гIа а бехкамаза, церан меттигаш йуха ца хуьйцуш, дуьтур дац Ша, аьлла цу Дала», — шен ойла йора Тавсолтас…
…Кхин а цхьа хан йаьлча:
— ГIарчI-аьлла схьа а лецна, занкъаьлла чу а боьхкина, гарраст аьлла, тоьпаш тоьхна-кх вай махках даьхначарна! — аьлла, ТавсолтагIеран чувелира самукъадаьлла Керим, газета а карахь. Газето хоуьйтура: Берияна а, цуьнца цхьаьна хиллачу йамартхошна а тоьпаш тохар. Дерриг советски халкъо доккха садаьккхира, и даггара къобалдарца. Массарна а хиира 1937-чу шарахь берриг Советски махкахула чекхдевлла, хIинццалц жоп даланза дисина, инзаре зуламаш хьан дина. ХIинца партис бехкечарна хьакъдоллу таIзар а деш, иза Iорадаккхарна, адамашна хьаам белира. Къаьсттина хазахийтира и, бехк а боцуш, цу йамартхоша сийсаздина, шайн махках даьхначу къаьмнашна.
Керима шена газета доьшучу хенахь, Тавсолтас синкъераме корта хьийзабора:
— Хьажал, Церетели вуй царна йуккъехь?
— Ву, Къуръанора-кх, хIокху меттехь-м!
— Хьай, йовсар яI! — Тавсолтина дагадеара цуьнан Эскиной вар. — Ма дера дилли церан! — воккхавера Тавсолта:
— ХIуъа дийцича а, нийса ду вайн Советан Iедал! — тIетуьйхира Тавсолтас. — ХIинца вай цIа дахийтахьара!..
— Делахь а… хIинца а… сатоха деза, — элира Керима. РаьгIнаш йу гIуллакхийн…
* * *
— Районан комендант чохь вацара. Хьалхарчу цIа чохь стоьла тIехьа, таьптар а даржийна, Iapa НКВД-н лейтенант, цунна хьалха, чоь йуьззина, ирахь лаьттара цхьа нах, цо цхьацца тIе а воьхуш, массо уьш дIа а йазбеш. Цхьаберш сонешкахь, дехачу гIенташ тIехь хевшина Iapa.
Керимна йуххехь ирахь лаьтта, дика тIедуьйхина, цхьа хьаьрса интеллигент вара, шена уллохь Iаьржа дуьйхина, корта а оллийна, Iачу зудчуьнга луьйш, гуьржийн акцентаца:
— Хьо хIунда хIоьттина сел холча? Хьуна-х и хIокху тIаьххьарчу дейтта шарахь цкъа бен гучуваьлла а вац… Цо-х хьоьга шеран коьртехь цкъа бен телефон а ца тухура!..
Зуда IадIара, корта а оллийна.
Лейтенанта и шиъ шена тIе дехча, хиира Керимна уьш муьлш бу: Iаьржа дуьйхина зуда Бериян йиша хиллера — Мария Павловна, важа — цуьнан майра. Чохь болу вуьйш а Берияца цхьаьна, дукха хан йоццуш, хIаллакбинчу цуьнан гIоьнчийн доьзалхой бара, хIинца шайх спецпереселенцаш а бина, махках а баьхна, кхузахьа схьалаьхкина. Кабуловн зудий, йоIIий, ший а, сирла-хьаьрса, стигалан басахь долу бIаьргаш а лепош, шекйоцуш, йела а къежна, Iapa сонерчу гIантахь, шайна хилларг хIумма а доцуш санна. Кхиберш-м маларан хьожа а йетталуш бара.
— Хьуна хIун оьшура? — лейтенантан Керимах бIаьрг кхийтира.
— Со-м Идрисовца гIуллакх долуш веънера.
— Иза, цомгуш а хилла, балхара а дIаваьлла хIинца… ЦIахь ву…
И волчу церан цIа ваха дагалецира Керима, хьалха ша цуьнан цIахь хилла вацахь а, хIинца цунна тIехIоттар шен декхар хетта: хIуъа дийцича а, цхьана къомах а, цхьана хьолехь а, вовшийн цIе йевзина а вара. Кериман дагахь даим а кхин xIума а дара: цуьнга 1937-чу шарах лаьцна хаттар дан. «Оцу муьрехь НКВД-хь доккхачу хьаькамаллехь а лелла, ша лацаза а висина, чекхваьлла ма ву иза… Ма дукха хаьа хир ду

