- Любовные романы
- Фантастика и фэнтези
- Ненаучная фантастика
- Ироническое фэнтези
- Научная Фантастика
- Фэнтези
- Ужасы и Мистика
- Боевая фантастика
- Альтернативная история
- Космическая фантастика
- Попаданцы
- Юмористическая фантастика
- Героическая фантастика
- Детективная фантастика
- Социально-психологическая
- Боевое фэнтези
- Русское фэнтези
- Киберпанк
- Романтическая фантастика
- Городская фантастика
- Технофэнтези
- Мистика
- Разная фантастика
- Иностранное фэнтези
- Историческое фэнтези
- LitRPG
- Эпическая фантастика
- Зарубежная фантастика
- Городское фентези
- Космоопера
- Разное фэнтези
- Книги магов
- Любовное фэнтези
- Постапокалипсис
- Бизнес
- Историческая фантастика
- Социально-философская фантастика
- Сказочная фантастика
- Стимпанк
- Романтическое фэнтези
- Ироническая фантастика
- Детективы и Триллеры
- Проза
- Юмор
- Феерия
- Новелла
- Русская классическая проза
- Современная проза
- Повести
- Контркультура
- Русская современная проза
- Историческая проза
- Проза
- Классическая проза
- Советская классическая проза
- О войне
- Зарубежная современная проза
- Рассказы
- Зарубежная классика
- Очерки
- Антисоветская литература
- Магический реализм
- Разное
- Сентиментальная проза
- Афоризмы
- Эссе
- Эпистолярная проза
- Семейный роман/Семейная сага
- Поэзия, Драматургия
- Приключения
- Детская литература
- Загадки
- Книга-игра
- Детская проза
- Детские приключения
- Сказка
- Прочая детская литература
- Детская фантастика
- Детские стихи
- Детская образовательная литература
- Детские остросюжетные
- Учебная литература
- Зарубежные детские книги
- Детский фольклор
- Буквари
- Книги для подростков
- Школьные учебники
- Внеклассное чтение
- Книги для дошкольников
- Детская познавательная и развивающая литература
- Детские детективы
- Домоводство, Дом и семья
- Юмор
- Документальные книги
- Бизнес
- Работа с клиентами
- Тайм-менеджмент
- Кадровый менеджмент
- Экономика
- Менеджмент и кадры
- Управление, подбор персонала
- О бизнесе популярно
- Интернет-бизнес
- Личные финансы
- Делопроизводство, офис
- Маркетинг, PR, реклама
- Поиск работы
- Бизнес
- Банковское дело
- Малый бизнес
- Ценные бумаги и инвестиции
- Краткое содержание
- Бухучет и аудит
- Ораторское искусство / риторика
- Корпоративная культура, бизнес
- Финансы
- Государственное и муниципальное управление
- Менеджмент
- Зарубежная деловая литература
- Продажи
- Переговоры
- Личная эффективность
- Торговля
- Научные и научно-популярные книги
- Биофизика
- География
- Экология
- Биохимия
- Рефераты
- Культурология
- Техническая литература
- История
- Психология
- Медицина
- Прочая научная литература
- Юриспруденция
- Биология
- Политика
- Литературоведение
- Религиоведение
- Научпоп
- Психология, личное
- Математика
- Психотерапия
- Социология
- Воспитание детей, педагогика
- Языкознание
- Беременность, ожидание детей
- Транспорт, военная техника
- Детская психология
- Науки: разное
- Педагогика
- Зарубежная психология
- Иностранные языки
- Филология
- Радиотехника
- Деловая литература
- Физика
- Альтернативная медицина
- Химия
- Государство и право
- Обществознание
- Образовательная литература
- Учебники
- Зоология
- Архитектура
- Науки о космосе
- Ботаника
- Астрология
- Ветеринария
- История Европы
- География
- Зарубежная публицистика
- О животных
- Шпаргалки
- Разная литература
- Зарубежная литература о культуре и искусстве
- Пословицы, поговорки
- Боевые искусства
- Прочее
- Периодические издания
- Фанфик
- Военное
- Цитаты из афоризмов
- Гиды, путеводители
- Литература 19 века
- Зарубежная образовательная литература
- Военная история
- Кино
- Современная литература
- Военная техника, оружие
- Культура и искусство
- Музыка, музыканты
- Газеты и журналы
- Современная зарубежная литература
- Визуальные искусства
- Отраслевые издания
- Шахматы
- Недвижимость
- Великолепные истории
- Музыка, танцы
- Авто и ПДД
- Изобразительное искусство, фотография
- Истории из жизни
- Готические новеллы
- Начинающие авторы
- Спецслужбы
- Подростковая литература
- Зарубежная прикладная литература
- Религия и духовность
- Старинная литература
- Справочная литература
- Компьютеры и Интернет
- Блог
Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
Нурседина дагадеара: «Ма хала дийшира хIетахь ас а… шимма а… Ткъа хIинца а… кхета ца бохку-те вайн нах? Россехара специалисташ кхуза схьабоьхуш, уьш кхузахь сецош, къахьоьгу, ткъа вешачаьрга деша а ца доьшуьйту… Дош дац xIapa», — стоьла тIе буй а тоьхна, йуха, хьалхара йоI а гина, йелакъежира Нурседа:
— Миспаъ, гул а дай, кхана схьада хьайн доллу документаш. ТIаьхьо-м ду, делахь а хьожур йу со.
— Баркалла хьуна, Нурседа.
Миспаъ арайелира. Йуха а, беснех буй а гIортийна, ойла йора Нурседас: «Интернат йан йеза!.. ГIишлошна оьшу гIиpc а, ахча а, гIоьртича, схьакарор ду. Йан йолийчахьана чекх йер йу, амма»… Нурседин ойла кхоьлира: Iадатийн гуш боцу маша, нохчашлахь Казахстанехь мелла а малбелла хилла болу, уьш йуха цIабирзича, сихха андлуш богIура кху йуьртахь. Мехкарий доьшучуьра йукъахбохуш, цIахь сецор а, тоххара йицйелла чIираш йухахьейар а хезара, белхаш беш арахь алссам хуьлу зударий, кинохь ганне а ца гора. Iадаташ эша а диний бен, дIадахьа йиш йацара халкъ культурехь кхиор!
«Амма муьлхачу йуьххьера, хьалха хIун схьалаьцна, дIаболо беза и къийсам?» — ойла йopa цо. Кхин цхьа хIума а дара дагахь: Тавсолта… иза а дуьхьал вер ву… Шен деца девне а йолуш, цунна вас а йеш бен, и гIуллакх дIадоло йиш йацар дара уггар халаниг: да везара! Бераш ца дезна вацара иза. Делахь а цхьаьнгге а хецца цу хьокъехь йистхила йуьхь-м йац, цкъа шен чуьрчу Iадатех ца тасалуш. «ТIаккха — дена дуьхьал йаьлларг хир йу… Селита а тIе ца тан мега», — кхуьнан ойла хуьллушехь, Селита чуйелира:
— Халла саций-кх ас Джейран, хIинцца дIагIур йу ша аьлла, тохайеллачуьра.
— XIун хилла?
— Дадас дов дина-кх, коьртаIуьйра ара хIунда йаьлла аьлла…
— И-м дош ма дац, дадас лелориг: дуьненан йистера схьа а йалийна!.. Кхин хIун ду?
— Ниночкин, Каташан ловзар… Комсомольски ловзар! Кхана хуьлу… тхан школехь… Вайга а кхайкхина Анна Львовнас, — йекхайелира Селита.
— Кечло, сихха совгIаташ а эций, — резахилира Нурседа.
И дIайахча, ойла йора Нурседас:
«Бакъду, Iадаташ хIинца а чIогIа ду, амма бертахь тIетаIахь, эша лур ду!» Нурседас сацийра йуьртахь цу тIеман йуьхь кханнехь дIайоло! Оцу комсомольски ловзаргахь! «Амма стенна тIера, муха? — ойла йора цо. — И комсомольски ловзар ша а ду Iадатна дуьхьал керла хIума. ХIетте а, кхин ондо цхьа агитационни хIума тIетоха деза цигахь. ХIун тухур дара? Муьлхарг ду- техьа и, пайдехь долу, «цхьа хIума?»… «Райкомах цкъа дагайала деза», — ойла хилла, хьалагIаьттира и.
Чувелира жима стаг, боьмаша костюм а тIехь, кIайчу кучаца, кепка а тиллина, IатIаран хьожа а йетталуш — клубан заведующи Баштиров:
— XIapa-м со вара, Нурседа! Хьо кхойкху, бохура-кх…
— Кхойкхура. XIapa шун куьпара йоI, школе оьхучуьра сецна. Къаста а дай, Iуьйрре и школе йуха дIа а хьажайай, соьга хаийта! — Нурседас кехатан цуьрг дIайелира цуьнга: — Хьо ма ву культкомиссин председатель!..
Жима стаг, бIаьргаш тIедугIуш вела а къежна, дIавахара.
«ХIуьрцIаьлдиг!.. Кхуьнан зуда беркъа лела тIехь, — шеца фермехь болх бина Алпату дагаеара кхунна. — Ткъа xIapa… и бIаьргаш хьандина, нIаьна санна, сетта!» — оьгIазе ойла йира Нурседас…
Кабинета чуьра ара а йаьлла, шоссейни новкъахула меллаша йоьдура и райцентрехьа, хьалабаьллачу малхо дацдина шен IиндагIа а хьоьшуш. ШолгIачу этажа тIехь йолчу райкоман секретаран кабинетахь Нурседина хьалхара а, шолгIа а секретарь карийра, аравала дагахь, ший а коьрта техкинчу фуражкашца, ирахь къамел деш.
— Де дика хуьлда шун!
— А, Нурседа!.. марша йогIийла. Дийцал, йуьртда, xIун дохьуш йеана хьо? — элира хьалхарчу секретаро.
Нурседас доцца дийцира. Коьртара фуражка схьайаьккхина, стоьла тIе а йуьллуш, хийцавеллачу йуьхьаца шен метте охьалахвелира хьалхара секретарь, леррина шолгIачуьнга а хьожуш. Иза а, шен фуражка, гIентах а уллуш, охьахиира вукхунна дуьхьал. ТIаккха хиира охьа Нурседа а. Хьалхарчу секретара горгали а тоьхна, чуйеара жима йоI.
— Рая! Схьакхайкхал женотделей, комсомолан секретарей.
Уьш а чубаьхкира. Нурседас, хIинца сих ца луш, дерриг йухадийцира. Хьалхарчу секретаро элира: «Кечам чIогIа бан беза», — шозлагIчу секретаре дIахьаьжира хьалхарниг:
— Вайн районехь дуьххьара хуьлучу комсомольски ловзаро вайн декхарш алсамдоху! — йуха завженотделехьай, цунна йуххехь Iачу райкоман комсомолан секретарехьай вирзира иза:
— Муха хета шуна? Чекхдаьррий-те?
— Дала-м деза! — элира шимма а.
— Делахь, со воьду… соь хьоьжуш хир бу… Ахь дисина гIуллакхаш чекхдаха кхаьрца… тIаьхьа тIевогIур хьо, — аравелира хьалхара секретарь…
* * *
Шена нисйеллачу киракхоьхьучу машенахь райцентрера йухайирзина Нурседа Эскинойн школин кетIахь машен тIера охьайоьссира. Кертахь, «Дада-бIарана» уллохь ойлане лаьттара Егорыч; дешаран корпусан учахь къамел деш йара Селитий, Анна Львовний. УьйтIе шера дIацIанйинера.
— О-о! Шу-м дика кечделла, Анна Львовна!.. Со райцентрера йoгIy.
— И шиъ а ду кестта цигара схьакхача дезаш. Райзагсера. Ца гира хьуна?
— ХIан-хIа. Ма дика ду, ма дика ду и, Анна Львовна!
Уьш массо школа тIехьа бевлира, комиссис интернатана магийначу майдане хьовса. Йуха, буьйлабелла, «Дада-бIар» долчухьа схьабаьхкира. Цунна кIел ойлане лаьттачу Егорыче:
— ТIаккха, хIун саций ахь, Егорыч? — хаьттира Анна Львовнас.
— ХIокху къеначу дитто оцу кхаа диттана новкъарло йо, уьш лакхадовла ца дуьтуш. Ткъа цара кхунна а йо новкъарло, шайн орамашца дIо бухара тIуналла шайна дIауьйзуш. ХIорш вовшашна йуххехь кхин дIа тарлац… ХIокхарех цхьаъ: йа и кхо къона дитт, йа xIapa къена цхьаъ — новкъара дIадаккха деза! Амма и къонанаш хьалакхиа хьакъ ду, Ткъа xIapa къенаниг а ду, сох тера, къена делахь а, кхин а вайна пайденна, даха ницкъ болуш. Цундела кхунах а, сайх санна, къахета… ХIетте а, цхьаъ ца дича а ца волу! Къахетахь a, xIapa 6Iap дIа а даьккхина, оцу къоначу кхаанна некъ бита сацадо ас-м. Ахьа?
— Кхин дан хIума-м, дера, дац, Егорыч! — резахилира директор.
— Диалектикехь а нийса хьесап ду-кх ахь динарг! — забаре йукъаIоьттира Нурседас:
— «ДIадоьдучо тIекхуьучунна некъ буьту».
Селитин йуьхь кхоьлира:
— Муха?.. «Дада-бIар» дIахадой? Иза-х вайн тIамехь байначийн чурт ду! — дуьхьалйелира и.
Нурседа йелакъежира:
— Дика ду, Селита. Вай дитча а, кестта ша а дакъалур ма ду иза, вуьш а хIаллак а деш! Уьш а ма ду вайн тIаме баханчеран безамна доьгIна.
Селита, йоьгIча санна, лаьттара хьаж тIехь белхи а бина, ойла йеш:
— Суна хаьа дан дезарг! — йуьхь серлайелира цуьнан.
— Дийцал! — лерина схьахьаьжира цецваьлла Егорыч, тIехилира: «ХIун карий-техьа кхунна?» — дагатесна.
— И кхо дитт кхузара, бух а даьккхина, хьуьлла татолан йисте догIа деза… Гой шуна: хIетахь, синтарш а ца тоьъна, цигахь паргIат йисина меттиг йу! Цу хин йистехь къона уьш кхин а сиха кхуьур ду! Ткъа «Дада-бIарна» а паргIато йолу!
— ОстопираллахI! И ду-кх доггах вилхинчун бIаьргех цIий деъна бохург! — тамаш бира Нурседас.
Егорыч велакъежара:
— Селита Тавсултановна! Оха кхунна йина къиза кхел хийци-кх ахь! Лечуьра даьккхи-кх ахь xIapa

