- Любовные романы
- Фантастика и фэнтези
- Ненаучная фантастика
- Ироническое фэнтези
- Научная Фантастика
- Фэнтези
- Ужасы и Мистика
- Боевая фантастика
- Альтернативная история
- Космическая фантастика
- Попаданцы
- Юмористическая фантастика
- Героическая фантастика
- Детективная фантастика
- Социально-психологическая
- Боевое фэнтези
- Русское фэнтези
- Киберпанк
- Романтическая фантастика
- Городская фантастика
- Технофэнтези
- Мистика
- Разная фантастика
- Иностранное фэнтези
- Историческое фэнтези
- LitRPG
- Эпическая фантастика
- Зарубежная фантастика
- Городское фентези
- Космоопера
- Разное фэнтези
- Книги магов
- Любовное фэнтези
- Постапокалипсис
- Бизнес
- Историческая фантастика
- Социально-философская фантастика
- Сказочная фантастика
- Стимпанк
- Романтическое фэнтези
- Ироническая фантастика
- Детективы и Триллеры
- Проза
- Юмор
- Феерия
- Новелла
- Русская классическая проза
- Современная проза
- Повести
- Контркультура
- Русская современная проза
- Историческая проза
- Проза
- Классическая проза
- Советская классическая проза
- О войне
- Зарубежная современная проза
- Рассказы
- Зарубежная классика
- Очерки
- Антисоветская литература
- Магический реализм
- Разное
- Сентиментальная проза
- Афоризмы
- Эссе
- Эпистолярная проза
- Семейный роман/Семейная сага
- Поэзия, Драматургия
- Приключения
- Детская литература
- Загадки
- Книга-игра
- Детская проза
- Детские приключения
- Сказка
- Прочая детская литература
- Детская фантастика
- Детские стихи
- Детская образовательная литература
- Детские остросюжетные
- Учебная литература
- Зарубежные детские книги
- Детский фольклор
- Буквари
- Книги для подростков
- Школьные учебники
- Внеклассное чтение
- Книги для дошкольников
- Детская познавательная и развивающая литература
- Детские детективы
- Домоводство, Дом и семья
- Юмор
- Документальные книги
- Бизнес
- Работа с клиентами
- Тайм-менеджмент
- Кадровый менеджмент
- Экономика
- Менеджмент и кадры
- Управление, подбор персонала
- О бизнесе популярно
- Интернет-бизнес
- Личные финансы
- Делопроизводство, офис
- Маркетинг, PR, реклама
- Поиск работы
- Бизнес
- Банковское дело
- Малый бизнес
- Ценные бумаги и инвестиции
- Краткое содержание
- Бухучет и аудит
- Ораторское искусство / риторика
- Корпоративная культура, бизнес
- Финансы
- Государственное и муниципальное управление
- Менеджмент
- Зарубежная деловая литература
- Продажи
- Переговоры
- Личная эффективность
- Торговля
- Научные и научно-популярные книги
- Биофизика
- География
- Экология
- Биохимия
- Рефераты
- Культурология
- Техническая литература
- История
- Психология
- Медицина
- Прочая научная литература
- Юриспруденция
- Биология
- Политика
- Литературоведение
- Религиоведение
- Научпоп
- Психология, личное
- Математика
- Психотерапия
- Социология
- Воспитание детей, педагогика
- Языкознание
- Беременность, ожидание детей
- Транспорт, военная техника
- Детская психология
- Науки: разное
- Педагогика
- Зарубежная психология
- Иностранные языки
- Филология
- Радиотехника
- Деловая литература
- Физика
- Альтернативная медицина
- Химия
- Государство и право
- Обществознание
- Образовательная литература
- Учебники
- Зоология
- Архитектура
- Науки о космосе
- Ботаника
- Астрология
- Ветеринария
- История Европы
- География
- Зарубежная публицистика
- О животных
- Шпаргалки
- Разная литература
- Зарубежная литература о культуре и искусстве
- Пословицы, поговорки
- Боевые искусства
- Прочее
- Периодические издания
- Фанфик
- Военное
- Цитаты из афоризмов
- Гиды, путеводители
- Литература 19 века
- Зарубежная образовательная литература
- Военная история
- Кино
- Современная литература
- Военная техника, оружие
- Культура и искусство
- Музыка, музыканты
- Газеты и журналы
- Современная зарубежная литература
- Визуальные искусства
- Отраслевые издания
- Шахматы
- Недвижимость
- Великолепные истории
- Музыка, танцы
- Авто и ПДД
- Изобразительное искусство, фотография
- Истории из жизни
- Готические новеллы
- Начинающие авторы
- Спецслужбы
- Подростковая литература
- Зарубежная прикладная литература
- Религия и духовность
- Старинная литература
- Справочная литература
- Компьютеры и Интернет
- Блог
Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
— ТIетоха! Ма кхоае чангIалкхаш! — аьлла, урс а карахь иза тIевогIуш, дуьхьалваьллачу Керима:
— ДIаэца хьайна! — аьлла, коьртах бел туьйхира цунна. Вукху зекаша а тIетоьхна иза вожийра.
— «Берзан мара вий! Берзан мара вий!» — аьлла, маьхьарий девлира урканашна йуккъехь. Цхьаберш бухабевдира цигара. Важаберш, маьхьарий а детташ, летара. Бодашкахь, шайнаш дика ца къаьсташ, уркаша вовшашна а йеттара.
Сатоссуш чекхделира летар. Барака чохь а, баракан неIарна хьалха а Iуьллуш шина a aгIop къузткъа сов дакъа дара. Кхин а дукха чевнаш хилларш а бара, узарш деш, Iохкуш. «Бургат» а вара, биллинчу бIаьргашца, корта а бохийна, урканашна йуккъехь аркъалвоьжна Iуьллуш, садеIар доцуш. БIаьргех хи охьахьаьдира Кериман: «Хьаьнга эр ду?.. Хьенан бехк бу?.. Ма совдаьлла кху дуьнен чохь адам!» — ойла хилира цуьнан.
Iуьйранна гучубевлира лагеран хьаькамаш, белхахой. Башха таллам беш къа а ца хьийгира. Белла урканаш дийначаьрга дIабохкийтира. Нохчий а, кхиболу зекаш а нохчаша дIабоьхкира, шаьш къастийна. Цхьаберш лазартне охьабехкира. Дийна бисина урканаш вукху дийннахь, лаххьийна, берриш а кхечу лагершка дIасахьовсийра, таллам беш къа ца хьегархьама, кхузара церан ур — атталла лар а йойуш.
«Тхуна хIун до-те цара?» — бохуш, ладоьгIура Керима. Кхин цхьа-ши де даьлча, кхеран барака чуьра дийна бисна зекаш а, дукха хьолахь нохчий, xIapa а тIехь, бес-бесарчу лагершкахула дIасабийкъира.
* * *
ХIинца Керим хьажийна, Карагандахьара а генна дIа къилбседехьа йолу лагерь, шийлачохь хилла ца Iаш, шен ражца кхин а халачех йара. Хьун хьакха атта дацара: цхьана денна хIоттийна барам 12 кубометр, охьатоьхна йаьлла, гIулч йеш гулйина хьун лорура. Йуучунна зекашна лора, чорпин метта, дечигийн жирах тера, дакъаделла Iаьвн буьртигаш чохь хаалу цхьа хIума, шех «жиран берам» цIе тиллина. Бепиг, Iаьржаниг хилла ца Iаш, буьйда хуьлура, шех зекаша «доьлху бепиг» олуш. Iаьвдича, хин тIадам а болуш, хьаьхьамчин метта кехат вовшахлаточохь лело а мегар долуш дара и. Делахь а кхузахь Керимна цхьа хIума товра: кху лагерехь урканаш бацара. ХIокху лагерехь берш хьалха партийни куьйгаллехь, йа советан эпсарш лелла, йа Iилманан белхахой хилла, интеллегенташ бара дукха хьолахь.
Керим нисвеллачу, виъ бIе гергга чохь зек а волуш, йоккхачу баракехь Керим пхоьалгIачу бригадин коьрте хIоттийра. Iуьйранна йуург чекх ма — йаьлла, масех бригада йигира хьун хьакха, тIаьхьа каной а хIиттийна. Зонел арахьа гун йерриге шера аре, тIе ло диллина, шурул-кIайн лепара, дегIах чекхбуьйлура шийла мох. ХIорамма а, дIакхаьчча цигахь кхалла, киснахь цхьацца хIума хьора: картол, баьпкан йуьхк, газета йуккъе хьарчийна дакъаделла Iаьвнан худар йа кхийерг. ДIакхоччушехь, шайн-шайн меттахь, сихха болх бан буьйлабелира — сецна лаьттарг планан барамна тIаьхьа а вуьсура, шел а лора. Цхьаболчийн куьйгех ахкаргаш девллера. Дукханнан а, масех де хьалха дуьйна а лестайолайелла цергаш кхуззахь охьаоьгура. Керимна йевзира и цамгар, цинга олура цунах: витамин «С» цатоарца хуьлура иза. Амма кхузара баган хьун хьакха шаьш дуьйладелчхьана, Кериман хьехамца, зекаш цу дитташ тIера гIаш а, кевстигаш а Iуьйшура багахь, уьш къаьхьа йелахь а. Кестта дуккханнийн а доьлашкара дуьйлу цIий а, охьаоьгучуьра цергаш а севцира. Керимах «доктор» олуш, долийра лецначара забарина.
ХIинца а царех дукхахберш, гезарий санна, диттийн кевстигех леташ а, гIаш охьаийзош а бохкура. Канойх лакхарчо мохь туьйхира:
— Тоийт! ДIахIийт белхашк!
Керима болх бора, йа тIехсиха а ца беш, йа меллаша бан а ца гIерташ, гIеххьачу барамехь, шелваларх а, хенал хьалха гIелваларх а ларлуш.
Масех сахьт даьлча, гIелбелла зекаш, соцунгIа а хилла гIийлла дIасахьаьвсира: ах план а кхочуш ца хиллера, садан а дукха хан ца йиснера. Малхбалехьа бIаьрг ма-кхийтти, сакъераделира массеран а: кхаьрга хьоьжуш лаьттара хьаьллахь шайн тIоьрмигашца, хIинцца схьакхаьчна, къинхетаме киржакаш. Уьш денна а луларчу йуьртара схьаоьхура кхуза миэл баккха. Каноша царна йуххе хила а, йа цаьрца къамел дан а ца могуьйтура. Шаьш болччохь, зекашна сагIийна йеъна йуург, лай тIе охьа а йиллина, доIнаш а дина, кхаьргахьа кортош а ластийна, меллаша дIабахара уьш. Зекех шимма — кхаамма, вахна, тоьрмигаш схьабеара. Ирахь лаьтташехь сиха йиира кхехкийна, даьттала керчийна, йовха картолаш, хьийна хьокхамаш, нехча, шишанаш чохь йеъна йовха шура. Каношна а кхечира жим — тIама. Дикка бIаьрг серлабелира массеран а.
— Тоийт! ДIахIийтт белхашк!.. — йуха а мохь белира.
ХIинца каной а зекашна тIетаьIира: план ах бен кхочуш ца йинера, ткъа йисна хан кIезиг а йара. Де суьйренга ма-лестти, шело а тIекхийтира, къилбседехьара мох а баьлла. Цхьаболу зекаш, къаьсттина тIехь беркъа берш а, озанаш а, хIинцале мохехь а лесташ гIийла лаьттара, дукха гIелбелла, гIopa хадийна.
Дехьарчу бригадера шиъ лайла охьавуьйжира: цхьаъ вукхунна йуххе — и ший а веллера.
Кхин цхьа-ши сахьт далале кхин кхоъ охьавуьйжира…
БIаьсте а тIекхачале, КеримгIеран баракера цу тайпана ах гергга белира. Керима ойла йора: «Со а кестта иштта… сайн доьзална а ца хууш»…
ХIинца схьахIоьттинчу кху бIаьстенан денойх а кIезиг воккхавера и: денна а лара адамаш цингех, чахоткех, чуьйнех. Барак кхин а йассайелира.
Сарахь Керимна тIевеара луларчу баракера, йуьххьенгахь кхуьнан бригадехь а хилла волу, армехь майор лелла, пхийтта шо хан тоьхна волу Леонид. Лохочу дегIахь, ондда, шуьйрра белшаш а йолуш, цкъа а дукха луьйш а воцуш, шега аьлларг, вист а ца хуьлуш, сихха кхочуш а деш волу иза, тохара дуьйна а Кериман бIаьрг шена тIехь соцуш стаг вара, и тешаме накъост хила тамехь хеташ. Амма цо хIинца Керимна тIедеънарг сов луьра гIуллакх дара.
Пхьарс а лаьцна, Керим меллаша сонехьа ваьккхира цо. Цхьацца гIуллакхашна зекаша шайн староста йистехьа озош меттигаш хуьлуш делахь а, амма хIинца ша Леонида, вист ца хуьлуш, меллаша йистехьа ваккхар ха— захета цахилар даго Керимна ша-шаха хьоьхура. Керима ши бIаьрг Леонидана тIехь сацийра. Кериман некхан хьалхарчу нуьйданех дайн куьг а хьоькхуш, Леонида шабарш дира:
— Доктор, гой хьуна, вай кхузахь хIинцале ах кIезиг дисна, денна а леш лаьтта. Баккъал а аьлча, вай кхуза иштта далийта а далийна, массарна тоьпаш тоха йиш а ца хилла. И гуш ду хIинцале! Довда хьажа деза вай кхузара. Хьо а, со санна, эпсар, майор хилла ву, вайшинна онддачех кхин цхьа ши накъост а тIекхетчхьана тоьар а ву. Довда деза — далале! Аьтто хуьлий — ду! Ца хуьлий — тIаккха а царех летта валар тоьлу, кху чохь, мозий санна, мацалла лечул! Кестта хьуьн чохь гIa-буц а дукълур ду, довда а, лачкъа а аьтто беш.
Керим цецвелира:
— Ткъа мича довдур ду вай: къилбаседехьа сов генахь шийла полюс йу, къилбехьа — вай тIеоьцур а доцуш, Китай йаьржина, малхбузехьа — Москва лаьтта, малхбалехьа — Аляска, Япони — вай тIекхочехь а йац! Дехха лечкъина лела вайна меттигаш а

