- Любовные романы
- Фантастика и фэнтези
- Ненаучная фантастика
- Ироническое фэнтези
- Научная Фантастика
- Фэнтези
- Ужасы и Мистика
- Боевая фантастика
- Альтернативная история
- Космическая фантастика
- Попаданцы
- Юмористическая фантастика
- Героическая фантастика
- Детективная фантастика
- Социально-психологическая
- Боевое фэнтези
- Русское фэнтези
- Киберпанк
- Романтическая фантастика
- Городская фантастика
- Технофэнтези
- Мистика
- Разная фантастика
- Иностранное фэнтези
- Историческое фэнтези
- LitRPG
- Эпическая фантастика
- Зарубежная фантастика
- Городское фентези
- Космоопера
- Разное фэнтези
- Книги магов
- Любовное фэнтези
- Постапокалипсис
- Бизнес
- Историческая фантастика
- Социально-философская фантастика
- Сказочная фантастика
- Стимпанк
- Романтическое фэнтези
- Ироническая фантастика
- Детективы и Триллеры
- Проза
- Юмор
- Феерия
- Новелла
- Русская классическая проза
- Современная проза
- Повести
- Контркультура
- Русская современная проза
- Историческая проза
- Проза
- Классическая проза
- Советская классическая проза
- О войне
- Зарубежная современная проза
- Рассказы
- Зарубежная классика
- Очерки
- Антисоветская литература
- Магический реализм
- Разное
- Сентиментальная проза
- Афоризмы
- Эссе
- Эпистолярная проза
- Семейный роман/Семейная сага
- Поэзия, Драматургия
- Приключения
- Детская литература
- Загадки
- Книга-игра
- Детская проза
- Детские приключения
- Сказка
- Прочая детская литература
- Детская фантастика
- Детские стихи
- Детская образовательная литература
- Детские остросюжетные
- Учебная литература
- Зарубежные детские книги
- Детский фольклор
- Буквари
- Книги для подростков
- Школьные учебники
- Внеклассное чтение
- Книги для дошкольников
- Детская познавательная и развивающая литература
- Детские детективы
- Домоводство, Дом и семья
- Юмор
- Документальные книги
- Бизнес
- Работа с клиентами
- Тайм-менеджмент
- Кадровый менеджмент
- Экономика
- Менеджмент и кадры
- Управление, подбор персонала
- О бизнесе популярно
- Интернет-бизнес
- Личные финансы
- Делопроизводство, офис
- Маркетинг, PR, реклама
- Поиск работы
- Бизнес
- Банковское дело
- Малый бизнес
- Ценные бумаги и инвестиции
- Краткое содержание
- Бухучет и аудит
- Ораторское искусство / риторика
- Корпоративная культура, бизнес
- Финансы
- Государственное и муниципальное управление
- Менеджмент
- Зарубежная деловая литература
- Продажи
- Переговоры
- Личная эффективность
- Торговля
- Научные и научно-популярные книги
- Биофизика
- География
- Экология
- Биохимия
- Рефераты
- Культурология
- Техническая литература
- История
- Психология
- Медицина
- Прочая научная литература
- Юриспруденция
- Биология
- Политика
- Литературоведение
- Религиоведение
- Научпоп
- Психология, личное
- Математика
- Психотерапия
- Социология
- Воспитание детей, педагогика
- Языкознание
- Беременность, ожидание детей
- Транспорт, военная техника
- Детская психология
- Науки: разное
- Педагогика
- Зарубежная психология
- Иностранные языки
- Филология
- Радиотехника
- Деловая литература
- Физика
- Альтернативная медицина
- Химия
- Государство и право
- Обществознание
- Образовательная литература
- Учебники
- Зоология
- Архитектура
- Науки о космосе
- Ботаника
- Астрология
- Ветеринария
- История Европы
- География
- Зарубежная публицистика
- О животных
- Шпаргалки
- Разная литература
- Зарубежная литература о культуре и искусстве
- Пословицы, поговорки
- Боевые искусства
- Прочее
- Периодические издания
- Фанфик
- Военное
- Цитаты из афоризмов
- Гиды, путеводители
- Литература 19 века
- Зарубежная образовательная литература
- Военная история
- Кино
- Современная литература
- Военная техника, оружие
- Культура и искусство
- Музыка, музыканты
- Газеты и журналы
- Современная зарубежная литература
- Визуальные искусства
- Отраслевые издания
- Шахматы
- Недвижимость
- Великолепные истории
- Музыка, танцы
- Авто и ПДД
- Изобразительное искусство, фотография
- Истории из жизни
- Готические новеллы
- Начинающие авторы
- Спецслужбы
- Подростковая литература
- Зарубежная прикладная литература
- Религия и духовность
- Старинная литература
- Справочная литература
- Компьютеры и Интернет
- Блог
Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
— Ловза вайшиъ?
Важа кхоьлинчу бIаьргашца, вист ца хуьлуш, гIийла схьахьаьжира. Йалхийтта шо бен хир доцуш, жима кIант вара.
Рыжийс кхин цкъа а хаьттира. И вист ца хуьлура.
Рыжийс нохчийн маттахь хаьттира цуьнга:
— ХIун хилла хьуна? Нохчо вуй хьо?
— Ву, — элира гIийла. Шина а бIаьргех хи делира.
«Рыжийс» а, вукхара а ша волччохь, шен сонехь витира и, кхин хье ца веш, мелла а иза хьекъална телхинчух тера хетта. Иштта масех де а даьккхира жимачу кIанта, схьа ца уьйш, йелла йуург халла йууш, шен соне а тебна. Камера чохь цхьа «Рыжий» вара къаьсттина цунах къахеташ, цуьнан тидам беш, йуххе а воьдий, цуьнца дехха цхьацца шабарш деш. Эххар а «Рыжийна» хиънарг дара жима кIант цу лазартне кхарна дехьарчу, урканаш чохь бохкучу камерера дIавигна хилар.
Уьш болу камера йара, набахтехь а цIейахна, вон йуьйцуш: цу чохь бохкурш урканаш хилла ца Iаш, къиза рецедивисташ бара. Цара тIехьожурго аьлларг а ца дора, шайна ца лиъча. Шайх воцург, хьовха, къуйх воцург, шаьш долчу нисвелча, цунна тIехь луьра таIзар а латтадора.
ТIехьожургаша а кхечу камершкара шаьш реза цахилларг, цхьана-шина денна, олий, таIзарна церан камери чукхуссура. Иштта чукхоьссинчех хилла и кIант а. ТIаьххьара цуьнан цIе а хиира «Рыжийна» — Цатаури Валет, Гуьржехь кхиинчу нохчех схьаваьлла. «Валет» боху цуьнан цIе а, «Валид» бохучух, гIалат а бевлла, йазйина йара. ТIаьххьар Валета дийцира «Рыжийна» дерриг а ма-дарра: ша урканаш болчу камерера мича бахьаница, хIун «цамгарца» лазартне ваьккхинера. Цо и шега дийцинчул тIаьхьа «Рыжий» а вара хIинца кхоьлина, камера чухула, вусавелла, ойлане дIасалелаш, цхьаьнгге вист ца хуьлуш. Массара а тамаш бора, хилларг хIун ду а ца хууш, иштта и хийцаваларх. HeIape веъначу тIехьожургна а, цхьа а бахьна а доцуш, йуьхь тIе туйнаш туьйхира «Рыжийс», чуьрнаш а цецбохуш.
— И хIунда дира ахьа? — хаьттира Гумера.
— И боьха хIума йолу дела.
— Йовссар! Ас гойтур ду хьуна! — аьлла, давахара тIехьожург.
Оццу сарахь шеца гIоьнчий а балош, вухавеанчу тIехьожурго хIинца, ваьхьна, Рыжий кхоьссира урканаш чохь болчу камере. Iуьйранна урканаш чохь болчу камера чуьра, такхийна, диъ дакъа арадоккхуш гира, балхана уьйтIа вуьгучу Гумерна. Царна йуккъехь «Рыжий-м» вацара цхьадика. Балхара, суьйренгахьа шен камеран чу вуха схьавалийначу Гумерна чохь самукъане велакъежна «Рыжий» гира. Хазахийтира и дийна висна:
— Дийцал хIинца ма-дарра ахь лелориг! — тIетаьIира цунна Гумер а, Керим а. Валет а вара, хIинца дуьххьара векхавелла, шен сонехь Iаш.
«Рыжийс», и шиъ йуьстаха ваьккхина, кхечарна ца хозуьйтуш, дийцира:
— Оцу веаммо Валетана ницкъ бина, лелийна цара иза. Оцу гIуллакхах цомгаш а хилла, виллина хилла иза лазарете а. И сайна цуьнгара хиъначул тIаьхьа, суо оцу камера чу ваккхийтаран дуьхьа, туьйхира ас тIехьожургана туйнаш. Со церан камера чуволлушехь, урканех воккхахверг цецвелира: со вевзара царна. Виъ бен вацара чохь. Ас барт хаьттира: кIантана ницкъбинарг мил-мила ву шух аьлла. Шай-шай вац бохуш, вовшашна тIетуьттура. Амма кIанта бийцарехь а, уьш бара уьш. Ас веа вийра! ХIокху хьостамца! — беха ира шелокан хьостам дIагайтира Рыжийс
— Чекх муха баьккхира ахь? Мичара баьлла?
— И-м даима а сайца лелош бара сан… цхьана меттехь… — тIетуьйхира цо. — Бехчалгана йуккъехь.
Кхин дIа и ца хиттира Гумера: цунна хезнера хьалха дуьйна а къуша и тайпа хьостам дегIаца мичахь лелабо. Шен сонера, кхарна тIе а веъна, Валета маравоьллира Рыжий.
— Дика дина и ахь! — къобалдира Гумера. — Делахь а, кхана дуьйна вай киэга-м дийр ду цара и гIуллакх толлуш, — тIетуьйхира Гумера.
* * *
Кхана дагахь а доццург хилира: набахтин хьаькмаша акт хIоттийра, и йиъ урка, вовшах а летта, цара вовшийн байина хилар чIагIдеш, и гIуллакх талламе даьккхича, шайх а тасалуш, генна даларна кхоьруш: «Рыжий» церан камере ваккхар дIайаздан кхиаза а хиллера уьш. TIe, лар а буха ца йита, цу дийннахь цара, шаьш шекболу Рыжий а, цуьнца и Валет а кхечухьа ваьккхира ший а. Церан камера чуьра биснарш а, Гумер а, Керим а тIехь, тайп-тайпанчу, вовшашна ген-геннахь йолчу лагершка дIасахьовсийра.
* * *
Керим дIакхаьчна лагерь Караганда-гIалина гена йоцуш йара. Ло дара… Мох хьоькхура… КхойтталгIачу бараке нисвира Керим. Нохчех, гIалгIайх йаьккхинера барак. Йукъ — кара кхарачай а, балкхарцаш а нислора. Наггахь гIалмакхо а, немцо а хаалора. Массо а, наггахь воцург, цхьаъ санна, «Iедало шайна хIоттийна низаман раж цалардарна» лецна бара. Керим санна, шайн цIерачу бандашца уьйр хилла аьлла, тIекхоьллинчу бехкаца лецнарш а, мацалла ца бала, хIума лачкъийнарш а нислора. Пеш ледара йелахь а, чохь дуькъа хиларна башха шийла ца хетара.
Керима шозлагIчу дийнахь кхузара а дахьийтира кехаташ Москва, генеральни прокуроре а, тIаккха шен Гродековохь бисинчу доьзале а: «ДIакхачахь а, ца кхачахь а», — аьлла! ЧIогIa сагатдора, КесирагIар муха Iа ца хууш а, шегара хаам цаьрга дIа ца кхочуш а…
Кху лагерехь лецначийн хьал набахтехьчул кхин а эшна гира: йуучун кхачам бацара, шелонгахь бойту белхаш а нуьцкъала бара… Тахана Iуьйранна дуьйна а Кериман бригада, шайн баланда а йиъна, Керим а коьртехь, йуха а аьчган некъан станце йеара, тIаьхьабаьхна каной а болуш.
КIоранах йуьззина вагонаш йара кхаьрга хьоьжуш, I9-чу шахтера схьакхаьчна. Воккхахволчу канос, хIорш могIарехь нисбеш, дIа а хIиттийна, кхайкхира:
— ХIоранна а, садале шишша вагонетка план йу. Сов кхочушйинчунна делкъехь совнах баьпкан йуьхк лур йу. План кхочуш ца йинчунна ахбарам бен йууург лур йац…
Куьйгаш дахьадора, уьш дахьа ца дайта, болх сиха а, тIетаьIIина а бора зекаша. Кериман куьйгаш а, пIелгаш а, кIоран ира чан чуьйоьлла, лозура. Болх бечуьра минотна а соццушехь, уьш тIе дахьа а дора, тIаккха йуха а балхана тIетаьIира иза. Кхарна генабоцуш, кхечу канойн гIаролехь, шаьш къастийна балийна, болх беш дIо урканаш а бохкура.
Царах, дегIана жимо волчу цхьамма, кхаьргахьа схьа тIе а вирзина, мохь туьйхира:
— ХIей, изменникаш! Тоьур ду шуна! Охьатаса белаш! Шу бахьанехь тхо а латтадо кху шелехь! Садовш лаьтта!
«Царна а хаьа-кха хIинца тхо изменникаш дуйла», — велакъежира ша — шена Керим. Оцу жимачу уркано кхин тIе а хилла, йуха а мохь туьйхира, Керим цецвоккхуш, цIенчу нохчийн маттахь:
— ХIей, чангIалкхаш! Шуьга ца лоь тхо! Охьатаса и белаш.
— Ой — й! Хьо-х нохчо ву! ХIетте а тхуна иштта муха алало хьоьга?.. Мичара, мила ву хьо? Дийцахьа! — цуьнга йуха мохь туьйхира Керима.
— Кхин хIумма а оьший хьуна?! — аьлла, вела а велла, иза, ведда, шен тобанах дIакхийтира.
«Миска вай йаI!.. Миска вай йаI!.. Ма доьхна ду-кх вайн гIуллакх кху дуьнен чохь!», — гIийла ойла йира Керима. Мацалла корта

