- Любовные романы
- Фантастика и фэнтези
- Ненаучная фантастика
- Ироническое фэнтези
- Научная Фантастика
- Фэнтези
- Ужасы и Мистика
- Боевая фантастика
- Альтернативная история
- Космическая фантастика
- Попаданцы
- Юмористическая фантастика
- Героическая фантастика
- Детективная фантастика
- Социально-психологическая
- Боевое фэнтези
- Русское фэнтези
- Киберпанк
- Романтическая фантастика
- Городская фантастика
- Технофэнтези
- Мистика
- Разная фантастика
- Иностранное фэнтези
- Историческое фэнтези
- LitRPG
- Эпическая фантастика
- Зарубежная фантастика
- Городское фентези
- Космоопера
- Разное фэнтези
- Книги магов
- Любовное фэнтези
- Постапокалипсис
- Бизнес
- Историческая фантастика
- Социально-философская фантастика
- Сказочная фантастика
- Стимпанк
- Романтическое фэнтези
- Ироническая фантастика
- Детективы и Триллеры
- Проза
- Юмор
- Феерия
- Новелла
- Русская классическая проза
- Современная проза
- Повести
- Контркультура
- Русская современная проза
- Историческая проза
- Проза
- Классическая проза
- Советская классическая проза
- О войне
- Зарубежная современная проза
- Рассказы
- Зарубежная классика
- Очерки
- Антисоветская литература
- Магический реализм
- Разное
- Сентиментальная проза
- Афоризмы
- Эссе
- Эпистолярная проза
- Семейный роман/Семейная сага
- Поэзия, Драматургия
- Приключения
- Детская литература
- Загадки
- Книга-игра
- Детская проза
- Детские приключения
- Сказка
- Прочая детская литература
- Детская фантастика
- Детские стихи
- Детская образовательная литература
- Детские остросюжетные
- Учебная литература
- Зарубежные детские книги
- Детский фольклор
- Буквари
- Книги для подростков
- Школьные учебники
- Внеклассное чтение
- Книги для дошкольников
- Детская познавательная и развивающая литература
- Детские детективы
- Домоводство, Дом и семья
- Юмор
- Документальные книги
- Бизнес
- Работа с клиентами
- Тайм-менеджмент
- Кадровый менеджмент
- Экономика
- Менеджмент и кадры
- Управление, подбор персонала
- О бизнесе популярно
- Интернет-бизнес
- Личные финансы
- Делопроизводство, офис
- Маркетинг, PR, реклама
- Поиск работы
- Бизнес
- Банковское дело
- Малый бизнес
- Ценные бумаги и инвестиции
- Краткое содержание
- Бухучет и аудит
- Ораторское искусство / риторика
- Корпоративная культура, бизнес
- Финансы
- Государственное и муниципальное управление
- Менеджмент
- Зарубежная деловая литература
- Продажи
- Переговоры
- Личная эффективность
- Торговля
- Научные и научно-популярные книги
- Биофизика
- География
- Экология
- Биохимия
- Рефераты
- Культурология
- Техническая литература
- История
- Психология
- Медицина
- Прочая научная литература
- Юриспруденция
- Биология
- Политика
- Литературоведение
- Религиоведение
- Научпоп
- Психология, личное
- Математика
- Психотерапия
- Социология
- Воспитание детей, педагогика
- Языкознание
- Беременность, ожидание детей
- Транспорт, военная техника
- Детская психология
- Науки: разное
- Педагогика
- Зарубежная психология
- Иностранные языки
- Филология
- Радиотехника
- Деловая литература
- Физика
- Альтернативная медицина
- Химия
- Государство и право
- Обществознание
- Образовательная литература
- Учебники
- Зоология
- Архитектура
- Науки о космосе
- Ботаника
- Астрология
- Ветеринария
- История Европы
- География
- Зарубежная публицистика
- О животных
- Шпаргалки
- Разная литература
- Зарубежная литература о культуре и искусстве
- Пословицы, поговорки
- Боевые искусства
- Прочее
- Периодические издания
- Фанфик
- Военное
- Цитаты из афоризмов
- Гиды, путеводители
- Литература 19 века
- Зарубежная образовательная литература
- Военная история
- Кино
- Современная литература
- Военная техника, оружие
- Культура и искусство
- Музыка, музыканты
- Газеты и журналы
- Современная зарубежная литература
- Визуальные искусства
- Отраслевые издания
- Шахматы
- Недвижимость
- Великолепные истории
- Музыка, танцы
- Авто и ПДД
- Изобразительное искусство, фотография
- Истории из жизни
- Готические новеллы
- Начинающие авторы
- Спецслужбы
- Подростковая литература
- Зарубежная прикладная литература
- Религия и духовность
- Старинная литература
- Справочная литература
- Компьютеры и Интернет
- Блог
Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
— Ас бечул хала-м хир бацара иза… делахь… хьо бакълоь… тIе, вайша цхьаьна а хир йу… — атта тIетайра Селита.
И иштта сиха тIейерзарх сакъераделлачу Нурседас маракъевлира йиша.
— Со реза цахиларна кхоьру хир йара хьо! — кхийтира Селита. — Со-м иштта коча а йаций.
Тавсолта а резахилира: ши йоI балхахь а цхьаьна хир йу.
Селита цкъа а йацара куьйган балхах къехкаш, тIе, чохьчул арахь даима самукъане а хетара цунна. ХIетте а, цхьаьна болх беш кхо бутт а балале, цкъа суьйранна шаьш чохь Iаш, апрелан дийнахь, Селитас кхоьллина-а элира Нурседе:
— Айса хьан звенохь бечу балхана реза йац со.
Нурседа цецйаьлла хьаьжира цуьнга: массарна а гуш, Селитас дог догIуш бора шен керла болх.
— Онда гIуллакх ца хета суна иза! Суна… сайнна къастийна цхьа звено йеза, — йелакъежира Селита.
— А-xIa-a! И дара иза. Хьайн жимачу йишин куьйга кIел хилар ца лайний ахь! — забаре тIекхохкайелира Нурседа.
Колхозан правленис, ша а йаьккхина, кхечу звенон коьрте хIоттийра Селита. Кестта шина йишин ши звено вовшашца йохье йалар дара районерчу газета тIехь дуьйцуш… Оцу гурахь хьалхара меттиг йекъначу шинне а сийлаллин грамоташ йелира. Нурседий, Кериммий правленин членаш а хаьржира! Шо а дика нисделира: шайна деллачу йалтех хIургон йоьттина керта йогIу шен ши йоI йайча, учахь Iачу Тавсолтин бIаьргаш къегира: «Иштта мехкарий-м цхьа мисхал а ца оьшу кIентел!» — дагатесира дена, амма цу сохьта, Дауд дагавеъна, бIаьргаш кхоьлира цуьнан.
* * *
Вукху I948-чу шеран мартехь Кериммий, Нурседий йуха а правленин членаш а хоржуш, Аскеров Джатыбай йуха а председателан заместитель хIоттийра. И-м хIумма а дацара, амма цо шен гамо кхаьрца, йуха а гоьйаьккхира. Правленехь шина йишина хIинца а кечйина грамоташ Аскеровс:
— Даима а цхьанне йалар нийса дац… кхин а бу… бицбан цабезарш! — аьлла, кхечарна хьовзийра. ХIорш IадIийра: и къийсар кIезга хIума а хетта. Йуха майхь а правленис ахчанца кхарна магийна совгIат а кхечунна дерзийра цо. Бакъду, Москва выставке йаха июнь баттана йолу путевкаш — м кхарна йала сацийра. Иза кху шинна кхин а хазахийтира.
Амма Керимна хезира Аскеровс, шена йуххерчун лере а таьIна, олуш: «Цига уьш комендатуро бохуьйтур а бац-кх, хьуна: кху шара царна тIехь хIоттийна режим кхин а чIагIйина цхьадика…»
Ши кIира а делира — путевкаш схьайалар хьаха а ца дора. Правлене йахара Нурседа. Стоьл тIехь йаздеш Iapa Аскеров. Цкъа хьала а хьаьжна, йуха а шен кехаташна тIе вирзира иза.
— Де дика хуьлда, накъост Аскеров! Со-м… оцу путевкех хатта йеанера!
— ХIа-а!.. Де дика хуьлда, Нурседа, — пIелгашна йуккъехь къолам хьийзабора цо. — Собардан деза боху цкъачунна… Тхуна-м дика накъост хетара хьо… Делахь а, лакхара бохург а ду-кх лара дезаш. Шу санна болчарна цкъачунна уьш ца луш, собардар тадо!
«Шу санна болчарна» дешнаш цхьа шатайпа элира Аскеровс.
Нурседин голаш малйелпра.
— Тхо саннарш хIун оьшу, масала, хьо санначел? Цхьабосса дац вай?
Аскеровс бат саттийра:
— Дац-те. Со окопа чохь ваьллина… тIамехь! Цу хенахь шуьнчара лелийна тешнабехк а… хезна вайна… Шух хуьлу тешам! Нийса даьхна шу цIера!
Нурседин йоIбIаьрг шорбелира, йуьхь, кехат санна, кIайелира. И цецйелира бахьана а доцуш, сел чIогIа шаьш цунна цадезарх. «ХIун тешнабехк?» — ца кхетара иза. Аскеровга цкъа дера йистхила дог а хилла, амма легашка хорам хIоьттина, арайелира и, шен дагахь «цкъачунна, Къуръанор-кх!» — аьлла.
Цу хьокъехь Нурседас цкъа-шозза а Джамбул-гIаларчу хьаькамашка дахьийтинчу аьрзнашна дуьхьал цхьа а жоп ца деана, хIинца цо Москварчу хьаькамашка йаздина кехат цуьнан дехарца тахана Керима, Джамбул-гIалин станце а веана, Москох йоьдучу цIерпоште дIадахьийтира.
ЛАГЕРШКАХУЛА
Нурседин кехат Москва йоьдучу цIерпоштан почта лелочу йаьшки чу а тесна, Керим перронехула вухавогIуш, цхьамма-м тIехьахула байн пхьарс лецира цуьнан гоьллехь.
Схьакхетта и куьг дайн доллушехь а, ца дезаделира Керимна.
Йухахьаьжча, аьчка-некъахойн хормехь вокзалан дежурни вара, кхунна тIе ши бIаьрг а боьгIна, лаьтташ.
— Валол соьца, — элира меллаша.
— Мича? ХIунда?
— ДIакхаьчча, хуур ду хьуна.
Станцерчу комендатурехь стоьл тIехьа хиъна Iаш, кхаьрга хьоьжуш, НКВД-н капитан вара.
— Схьагайтал документаш. — Керима паспорт дIауьйхьира.
— Комендатурера гIали чу бакъо?
— XIapa йу! — дIакховдийра Керима.
— XIapa лоьрашна тIекхача йелла йу, кхуьнан хан селхана дIайаьлла. Станце ван бакъо хьан йелла хьуна?
— Станци а гIалин дакъа дац?
— Хилча хIун ду? XIapa шуна дихкина доза дуй ца хууш ву хьо?
— Делахь, кхузара генахь а йац тхан комендантура. Цига телефон а тохий, хаттахь сох лаций. Со маьрша стаг ву.
— ДIавигал и КПЗ-е чу! — элира капитана.
— ХIунда? — цецвелира Керим.
— Ахьа Iедало хIоттийна низам цаларарна.
— Ас доьху суо Жал — тюберчу комендатуре дIавалар, йа цаьрга телефонехула хаттар: со церан учетехь ву.
— ДIавига! — омра дира капитана дежурничуьнга.
Керим стоьл тIехь лаьттачу телефонна тIекхевдира. ЦIеххьана ластош тоьхначу буйно карара телефонан мукъ кхоьссина дIабахийтира, Кериман куьг лазош. Дежурничо шозлагIа тоьхна буй Кериман лерган йуххе кхетта, бIаьргех суйнаш а тосуш, Керим охьавожийра. Цу сохьта айвелла, ша мичахь ву а дицделлачу Керима гIоддах йуха буй балийтира дежурничунна. Иза охьавуьйжира, мерах цIийш туьйсуш. Луларчу цIа чуьра схьаиккхира НКВД-н кхо сержант.
— ДIавехка! — капитана омра дешшехь, цхьамма Керимна тIе тапча а лаьцна, вукху шимма Кериман букъ тIехьа даьхначу куьйгех аьчган хIоз тесира. КIоргерачу ойлане вахна Iapa Керим хIинца сонерчу табуретки тIехь: цуьнан даго хьоьхура, кху цхьана минотехь собар цатоарна, кхуьнан дерриге дахар хIинца дуьйна беххачу муьрехь харцахьадаьлла догIург хилар.
Керимна а гуш, цу-сохьттехь акт хIоттийра, Керима дежурничунна, цо белхан декхар кхочушдечу хенахь, тохарх лаьцна. Кхайкхина схьавалийначу, эскаран хормехь волчу лоьро, куьг а таIош, тIечIагIдира дежурничунна йина чов кхерамечех хилар.
— Сан лерг а ма ду, цо хьалха лазийна! ХIокхунна а де хьайн тешалла! — элира Керима.
Лор цкъа тидаме цуьнгахьа хьаьжира.
— Иза цуьнан ша охьа а кхетта лазийра… Хьажа оьшуш а дац! — аьлла, капитана дIавахийтира лор.
Керим КПЗ-чу дIавигира. КПЗ нохчех, гIалгIайх йоьттинера. Йукъ-кара кхарачайш а, балкхарцаш а нислора. Цхьамма а ца хоттура, вовшашка, къам хиъначул тIаьхьа: «Хьо хIунда валийна»? Массарна а дика хаьара коьрта бахьана спецпереселенец хилар дуйла.
Буьйса тIееара. Леккха, тIе ца кхочехь, тхевнах дIатесна электролампа йогура гIийло, тIехула аьчган бой а лаьцна. Наб ца кхетара: хала дара, кIелтесна черт бен кхин хIума а йоцуш, йекъачу цементан цIенкъахь набкхета. Амма чохь берш-м Iохкура, вовшашна тIеттIатевжина «харр» деш. Эххар а наб озийра Керимна а. Кестта хааделира шен вортан йуххехула, лергашна тIехьа, садолу хIумнаш лелаш.
IадIара, набарх ца воха гIерташ. ЦIеххьана къовзийра лога тIехь. «Къийзоргаш хир йу», — дагатесна, бIаьргаш биллина охьахиира и. Кхин цкъа

