- Любовные романы
- Фантастика и фэнтези
- Ненаучная фантастика
- Ироническое фэнтези
- Научная Фантастика
- Фэнтези
- Ужасы и Мистика
- Боевая фантастика
- Альтернативная история
- Космическая фантастика
- Попаданцы
- Юмористическая фантастика
- Героическая фантастика
- Детективная фантастика
- Социально-психологическая
- Боевое фэнтези
- Русское фэнтези
- Киберпанк
- Романтическая фантастика
- Городская фантастика
- Технофэнтези
- Мистика
- Разная фантастика
- Иностранное фэнтези
- Историческое фэнтези
- LitRPG
- Эпическая фантастика
- Зарубежная фантастика
- Городское фентези
- Космоопера
- Разное фэнтези
- Книги магов
- Любовное фэнтези
- Постапокалипсис
- Бизнес
- Историческая фантастика
- Социально-философская фантастика
- Сказочная фантастика
- Стимпанк
- Романтическое фэнтези
- Ироническая фантастика
- Детективы и Триллеры
- Проза
- Юмор
- Феерия
- Новелла
- Русская классическая проза
- Современная проза
- Повести
- Контркультура
- Русская современная проза
- Историческая проза
- Проза
- Классическая проза
- Советская классическая проза
- О войне
- Зарубежная современная проза
- Рассказы
- Зарубежная классика
- Очерки
- Антисоветская литература
- Магический реализм
- Разное
- Сентиментальная проза
- Афоризмы
- Эссе
- Эпистолярная проза
- Семейный роман/Семейная сага
- Поэзия, Драматургия
- Приключения
- Детская литература
- Загадки
- Книга-игра
- Детская проза
- Детские приключения
- Сказка
- Прочая детская литература
- Детская фантастика
- Детские стихи
- Детская образовательная литература
- Детские остросюжетные
- Учебная литература
- Зарубежные детские книги
- Детский фольклор
- Буквари
- Книги для подростков
- Школьные учебники
- Внеклассное чтение
- Книги для дошкольников
- Детская познавательная и развивающая литература
- Детские детективы
- Домоводство, Дом и семья
- Юмор
- Документальные книги
- Бизнес
- Работа с клиентами
- Тайм-менеджмент
- Кадровый менеджмент
- Экономика
- Менеджмент и кадры
- Управление, подбор персонала
- О бизнесе популярно
- Интернет-бизнес
- Личные финансы
- Делопроизводство, офис
- Маркетинг, PR, реклама
- Поиск работы
- Бизнес
- Банковское дело
- Малый бизнес
- Ценные бумаги и инвестиции
- Краткое содержание
- Бухучет и аудит
- Ораторское искусство / риторика
- Корпоративная культура, бизнес
- Финансы
- Государственное и муниципальное управление
- Менеджмент
- Зарубежная деловая литература
- Продажи
- Переговоры
- Личная эффективность
- Торговля
- Научные и научно-популярные книги
- Биофизика
- География
- Экология
- Биохимия
- Рефераты
- Культурология
- Техническая литература
- История
- Психология
- Медицина
- Прочая научная литература
- Юриспруденция
- Биология
- Политика
- Литературоведение
- Религиоведение
- Научпоп
- Психология, личное
- Математика
- Психотерапия
- Социология
- Воспитание детей, педагогика
- Языкознание
- Беременность, ожидание детей
- Транспорт, военная техника
- Детская психология
- Науки: разное
- Педагогика
- Зарубежная психология
- Иностранные языки
- Филология
- Радиотехника
- Деловая литература
- Физика
- Альтернативная медицина
- Химия
- Государство и право
- Обществознание
- Образовательная литература
- Учебники
- Зоология
- Архитектура
- Науки о космосе
- Ботаника
- Астрология
- Ветеринария
- История Европы
- География
- Зарубежная публицистика
- О животных
- Шпаргалки
- Разная литература
- Зарубежная литература о культуре и искусстве
- Пословицы, поговорки
- Боевые искусства
- Прочее
- Периодические издания
- Фанфик
- Военное
- Цитаты из афоризмов
- Гиды, путеводители
- Литература 19 века
- Зарубежная образовательная литература
- Военная история
- Кино
- Современная литература
- Военная техника, оружие
- Культура и искусство
- Музыка, музыканты
- Газеты и журналы
- Современная зарубежная литература
- Визуальные искусства
- Отраслевые издания
- Шахматы
- Недвижимость
- Великолепные истории
- Музыка, танцы
- Авто и ПДД
- Изобразительное искусство, фотография
- Истории из жизни
- Готические новеллы
- Начинающие авторы
- Спецслужбы
- Подростковая литература
- Зарубежная прикладная литература
- Религия и духовность
- Старинная литература
- Справочная литература
- Компьютеры и Интернет
- Блог
Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
— ЛадогIахь! — Керимехьа а вирзина, велакъежира Урусевский, шен гай тIе пIелг а хьежош, — хезий хьуна?
Керимна ша лаьттачохь а хезаш, къекъара цуьнан чоь.
— Йаккхий чуьйраш йу-кх кегийчарех леташ, сан доктор! TIe, кху мецачу чоьн тIе чуьйна а ду, жIаьлешна хиларг! — йуьстахвелира иза. Керима тIаьхьа корта ластийра: цхьана хенахь райкомпартин хьалхара секретарь а лелла, фронтехь подполковник, замполит а хилла волу Славян Модестович Урусевский хIинца кхузахь, тIехь тIелхигаш а кхозуш, «МозгIар» аьлла, зекаша цIе а тиллина, даим а меца лелаш вара. Кестта вухавеара иза:
— Доктор!.. — шабарца элира, — эццахь, тIехьа, цхьа, амбар санна, гIишло йу… Чуьра чIеран хьожа йеттало.
— Вало, талла! — тIедиллира Керима.
Цхьа ах сахьт далале вухавеара, хечин йистошца хьулйина, жимо ши иргIу а йахьаш:
— Цигахь чIерий а чохь черманийн дийнна paгI йу!
— Тсс!.. ГIара ма даккха!.. — йуха а деара… Дийкъира, канойх лар а луш, зекашна. Киснара мIарашца къийзош, схьа а дохуш, цхьацца цуьргаца бага а туьйсуш, каношна гарна кхоьруш, тийна диира зекаша. Кестта хьогалло хьовзийра. Хи гена доцуш карийра кхузахь. Амма чуьйна — чуьйна доладелира дукханнен а. Кест-кеста коьллашка ида буьйлира. Каной йуьхьенца ца кхетара. Шаьш эххар а кхетча каноша, болх йукъах а буьтуш, уьш хенал хьалха баракашка йухабалийра. Цхьаберш циггахь белира: «ЧIерех дIовш даьлла», — хиира кхано набахтин лоьрашна, тIаккха хьаькамашна а. Цул тIаьхьа кхеран баракернаш, кхин цигахьа балха ца буьгуш, хьун хьакха буьгура.
Йуха а мацалла, денна а — мацалла: лагерехь лург шина сохьтана а ца тоьура. Амма хьуьн чохь шортта дара цIена xIo, сийна гIаш, лекха дитташ. Йуха а Керимна тIевеара «МозгIар» — Славян Модестович:
— Доктор!.. Хьуьлларчу лекхачу диттана гонах шорта акха накхарш хьийза.
— Хьийзича хIун ду?
— Акха моз!..
— Лекха буьххьехь ма ду и. TIe муха кхочур ву?
— Кегийчаьрга эр ду вай.
— Ткъа каной?
— Вай доьхур ду цаьрга. Уьш дуьхьал хир бац цунна: и къола ма дац! Вай царна а лур ду.
— Нийса лоь!.. Вало!..
Акха моз чIерел дуккха а мерза а, вузош а дара, амма хьогалла а самайоккхура кхин а чIогIа. Ткъа кхузахь тIекхочехь хи дацара! Цхьаболчара уьшалш чуьра мелира, вукхара… шайн хьаткъа! Йуха а чуьйна! Кериман хьехамца зекаша ножа диттан кевстигаш Iийшира. Мелла а чуьйна лагIделира дуккханнийн а, амма хьогаллина дан хIума дацара. Шиъ велира. Каноша, къахетта, бисиначарна дийкъира шайгарчу кегийрачу фляганаш чуьра хи. Йуха а хенал хьалха баракашка бухабалийра зекаш.
Хи а мелла, aгIop а ваьлла, гIийлла шен нар тIехь Iуьллура Керим.
— Албастов! — мохь туьйхира неIаре хIоьттинчу дежурничо:
— Сихха конторе!
Ший а дIавахара.
Йоккхачу кабинета чохь цхьана пена тIехь — генералиссимус Сталин, цунна уллохь — бIаьргех пенснэ а дохкуш, Берия, вукху пена тIехь йуха а «Правда» доьшуш Ленин.
— Накъост Албастов! Ахь йаздинерий СССР-н Генеральни прокуроре?
Керима цу сохьта тидаме лецира цо аьлла «накъост». Дог мерза тохаделира.
— Дукхазза, накъост майор! — жоп делира Керима.
— Хьан гIуллакх йухателлина. Хьуна тоьхна хан яцъйина шина шарна тIекхаччалц — ахь дежурничунна тохарна. Кхиболу бехкаш тIерабаьхна. Кхана нийсса хьан и ши шо дузу. XIapa хьайн документаш а эций, кхана цIехьа йахийта! Кхин цхьаннах лета а ма лета! — аьлла, велакъежира майор…
Барак чу вухавеара: «Бакъдуй-те xIapa» — дог хIинца а ца тешара. Чуьрачаьрга ала а эхь хетара: кхуьначул кхин сов бехк бацара церан а — уьш буьсур бу, ткъа xIapa пapгIатваьлла.
* * *
Керима Iуьйранна дийцира и зекашка. Цара го бира цунна. Дукхамма шайн цIерачеран адресаш делира, косташ а дира, шайн кехаташ цаьрга а, Iедале а дIахьажадахьара аьлла. Царах, дог Iовжош, дIасакъаьстина Керим, шен тIелхигашца, цу Iуьйранна, кисанахь зекаша гулдина делла иттех туьма ахча а долуш, лагеран кех а ваьлла, уггар а йуххе йолчу станцехьа гIаш дIатаьIира.
ЛЕНИНОГОРСКЕХЬ
Вокзале дIакхоччуш, милиционеро сацийра Керим, цуьнан эттIачу бедаршка а хьаьжна:
— Къонах! Хьан некъан кехаташ?!
Керима дIагайтира:
— Лаьцначуьра паргIатваьккхина цIа воьдуш ву.
— Дика ду. Суна-м веддачех ву моьттура…
«Сихха цIерпошта ца хаахь, хIинца сецор ву-кх со, xIapa бедарш бахьанехь», — ойла хилира Кериман. Станцехь хиира: массарел хьалха схьакхача йеза цIерпошт Лениногорске йоьдург йара.
«Цигара Джамбулехьа дIатаьIар ву-кх», — сацийра цо ойланехь. Лениногорск шена ца эшахь а, кхузара сихха дIавалар гIоле хеташ, цхьамма, тIаьхьа а веъна, ша лагере вухавигарна кхоьруш санна. «Ткъа Джамбулера Жал-тюбе, доьзална тIекхача сахьт бен хан а йац», — лерира цо йуха а ойланехь. «Кестта, хIинца-х гур дай суна Кесирий, Каташий, Зареттий», — бохуш, йух-йуха дагалелхачу ойлано гилгаш дохура дерриге а дегIax. Амма цIерпошт схьакхача хIинца а масех сахьт дара.
Йеана, хьалхара платформа йерриге дIалоцуш, цхьа йехха товарняк дIахIоьттира. Кхунна дуьхьалнисйеллачу шина вагонах, цхьанна чуьра белхар, вукхунна чуьра эшарш хезна, сакхвелира Керим. Вагонаш йоьттина цIа богIурш, эскарера хIинцца паргIатбаьхна, тIом чекхбаьллачул тIаьхьа а, дозанал дехьара гIуллакхаш чекхдовллалц, сецийначех тIемалой бара. Белхар схьахезначу вагона чу вахара Керим: xIapa сагIадоьхург ву моьттина, цу сохьта кхунна цхьана сержанта баьпкан булка кховдийра, вист ца хуьлуш, боьлхучаьргахьа дIа а хьоьжуш.
— ХIунда боьлху уьш? — хаьттира Керима меллаша.
— Кхо ваша ву, тIамехь шайн кхо ваша а вийна, цIа вогIуш… ХIинца шайн йуьртана гергакхочуш, уьш дагабаьхкина…
Вукху вагон чу вахара: кху чуьранаш-м, мелхо а, хьалха малар а, даар а хIоттийна, пондар а, эшарш а лоькхуш, даздеш бара шайн цIадерзар.
— Схьачувола! — тIевийхира лейтенанто корта чукъадийна Керим. — Охьахаа тхоьца!
Керим, чоьхьа а ваьлла, маршаллина корта а ластийна, охьахиира йистехь, гали тIе.
— Мичхьара догIу шу? — хаьттира цо.
— Цхьаццанхьара: Чехословакера, Югославера, Германера… — охьадагардира гIеххьа кеп хилла волчу лейтенанта. — Хьо мила ву? Ахь хIун леладо?
Пондар а, эшарш а севцира.
— Со а ву фронтовик — майор…
— Ткъа… духар ма тамаше ду хьан?!
— ХIинцца лаьцначуьра паргIат а ваьккхина, цIехьа ваха араваьлла…
— Цкъа xIapa цхьаъ дIабаккхал, накъост майор!
Керима «дIабаьккхира», тIе хIума кхалларан дуьхьа. Доцца дийцира ша лацар а, шегара даьлларг а. Йуххехь ладоьгIуш Iачу, дуькъа хьаьрса мекхаш долчу сержанта элира:
— Бакъ тоьхна! Суна тоьхнехь, ас и ворта а кагйийр йара! Муха ваьхьна и, мукадахка, фронтовикна, майорна тоха?
— Гой, хьуна, со… нохчех ву… Тхан къам дерриге а бехке а дина, махкахдаьккхина. Тхох фронтовик верг а, воцург а — хIинца цхьабосса ву.
— Аьшпаш!.. И муха тарло? Дерриге къам… Хьоьгара цхьаъ даьлла хир ду… Тхоьца хилла ши нохчо — Гелани а, Айдамир а Ростохахь охьавоьссира.
— Воьссинехь… цIа кхоччушшехь хуур ду царна а, — элира Керима.
ТIемалой ца тешара. Керима уьш тешшош дийцира.
Массо а вовшашка хьаьвсира, гIap

