- Любовные романы
- Фантастика и фэнтези
- Ненаучная фантастика
- Ироническое фэнтези
- Научная Фантастика
- Фэнтези
- Ужасы и Мистика
- Боевая фантастика
- Альтернативная история
- Космическая фантастика
- Попаданцы
- Юмористическая фантастика
- Героическая фантастика
- Детективная фантастика
- Социально-психологическая
- Боевое фэнтези
- Русское фэнтези
- Киберпанк
- Романтическая фантастика
- Городская фантастика
- Технофэнтези
- Мистика
- Разная фантастика
- Иностранное фэнтези
- Историческое фэнтези
- LitRPG
- Эпическая фантастика
- Зарубежная фантастика
- Городское фентези
- Космоопера
- Разное фэнтези
- Книги магов
- Любовное фэнтези
- Постапокалипсис
- Бизнес
- Историческая фантастика
- Социально-философская фантастика
- Сказочная фантастика
- Стимпанк
- Романтическое фэнтези
- Ироническая фантастика
- Детективы и Триллеры
- Проза
- Юмор
- Феерия
- Новелла
- Русская классическая проза
- Современная проза
- Повести
- Контркультура
- Русская современная проза
- Историческая проза
- Проза
- Классическая проза
- Советская классическая проза
- О войне
- Зарубежная современная проза
- Рассказы
- Зарубежная классика
- Очерки
- Антисоветская литература
- Магический реализм
- Разное
- Сентиментальная проза
- Афоризмы
- Эссе
- Эпистолярная проза
- Семейный роман/Семейная сага
- Поэзия, Драматургия
- Приключения
- Детская литература
- Загадки
- Книга-игра
- Детская проза
- Детские приключения
- Сказка
- Прочая детская литература
- Детская фантастика
- Детские стихи
- Детская образовательная литература
- Детские остросюжетные
- Учебная литература
- Зарубежные детские книги
- Детский фольклор
- Буквари
- Книги для подростков
- Школьные учебники
- Внеклассное чтение
- Книги для дошкольников
- Детская познавательная и развивающая литература
- Детские детективы
- Домоводство, Дом и семья
- Юмор
- Документальные книги
- Бизнес
- Работа с клиентами
- Тайм-менеджмент
- Кадровый менеджмент
- Экономика
- Менеджмент и кадры
- Управление, подбор персонала
- О бизнесе популярно
- Интернет-бизнес
- Личные финансы
- Делопроизводство, офис
- Маркетинг, PR, реклама
- Поиск работы
- Бизнес
- Банковское дело
- Малый бизнес
- Ценные бумаги и инвестиции
- Краткое содержание
- Бухучет и аудит
- Ораторское искусство / риторика
- Корпоративная культура, бизнес
- Финансы
- Государственное и муниципальное управление
- Менеджмент
- Зарубежная деловая литература
- Продажи
- Переговоры
- Личная эффективность
- Торговля
- Научные и научно-популярные книги
- Биофизика
- География
- Экология
- Биохимия
- Рефераты
- Культурология
- Техническая литература
- История
- Психология
- Медицина
- Прочая научная литература
- Юриспруденция
- Биология
- Политика
- Литературоведение
- Религиоведение
- Научпоп
- Психология, личное
- Математика
- Психотерапия
- Социология
- Воспитание детей, педагогика
- Языкознание
- Беременность, ожидание детей
- Транспорт, военная техника
- Детская психология
- Науки: разное
- Педагогика
- Зарубежная психология
- Иностранные языки
- Филология
- Радиотехника
- Деловая литература
- Физика
- Альтернативная медицина
- Химия
- Государство и право
- Обществознание
- Образовательная литература
- Учебники
- Зоология
- Архитектура
- Науки о космосе
- Ботаника
- Астрология
- Ветеринария
- История Европы
- География
- Зарубежная публицистика
- О животных
- Шпаргалки
- Разная литература
- Зарубежная литература о культуре и искусстве
- Пословицы, поговорки
- Боевые искусства
- Прочее
- Периодические издания
- Фанфик
- Военное
- Цитаты из афоризмов
- Гиды, путеводители
- Литература 19 века
- Зарубежная образовательная литература
- Военная история
- Кино
- Современная литература
- Военная техника, оружие
- Культура и искусство
- Музыка, музыканты
- Газеты и журналы
- Современная зарубежная литература
- Визуальные искусства
- Отраслевые издания
- Шахматы
- Недвижимость
- Великолепные истории
- Музыка, танцы
- Авто и ПДД
- Изобразительное искусство, фотография
- Истории из жизни
- Готические новеллы
- Начинающие авторы
- Спецслужбы
- Подростковая литература
- Зарубежная прикладная литература
- Религия и духовность
- Старинная литература
- Справочная литература
- Компьютеры и Интернет
- Блог
Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
— Нохчий, гIалгIай бу… Шайн махках а баьхна, Iедало кхечу махка кхалхош бу берриш а. Мича буьгу — ца хаьа хIинца а, амма, хазарехь, Казахстане буьгучух тера ду.
— Массо а?
— Массо а! Къаной а, зударий а, бераш а…
— ХIунда? Мича бахьаненна?! — цецвелира иза.
— Советан махкана хIокху тIамехь хьанала ца хилла аьлла, бехке бина.
— Ткъа хьо?.. Хьо хIун деш лаьтта кхузахь? — ца кхеташ, хаьттира цо, Кериман некха хьалха а хьаьжна.
— Со а… цаьрца ву-кх! Кху вагона тIера… Со нохчо ву!..
Пассажирски цIерпошт тохайелира.
— Ма инзаре хIума ду xIapa!.. — аьлла, шен вагона тIе вахара воккхастаг.
Пассажирски къайлайаьллачул тIаьхьа КеримгIеран эшелон а кестта меттахйелира…
Керим хьалавелира шен вагона тIе. Йуха а ойлане вахара: «Дешарна тIаьхьависинчу Тавсолтин ойланехь-м xIapa а ма ву… Бакъ ву-те Тавсолта?»… Керимна шен дагахь лаъане ца лаьара дукха хан йоццуш, фронтехь, ша саннарчу эзарнашца цхьаьна, шайн синош а ца кхоош, шаьш лардина долу, берахь дуьйна шайн дагах доьлла долу Советан Iедал а, цунах дIакъасто йиш йоцу Сталин а бехке ван.
«Делахь-хIета… бехк церан бацахь — хьенан бу?» — йух-йуха ойланехь хоьттура цо ша-шега: кху инзаречу харцонна бехке верг цIе йаккха шен дагахь а ца каравора цунна цхьа а. Жоп доцчу оцу хеттаршна базбеллера корта. «Баккъал а бакъ ву-те и?» — Тавсолтехьа дIахьаьжира Керим. Тавсолта хиъна Iapa. Жоп доцу хаттар, Кериман дагах йух-йуха а йу Iуьттуш, карзахдуьйлура. Амма оцу хаттаро синтем байинарш кхин а дукха бара — и дерриге, шайна а гуш хилла даьллашехь а, адамийн даго хIинца а тIе ца оьцура, Советан Iедало дийнна халкъ, доллу къам, берашца цхьаьний, махках даьккхина бохург. Советан Iедалан амалца йа тарлуш а, йа догIуш а ца хетара иза. Цундела хIетахь наха долийра: йамартлонца Iедалан буьххье а бевлла, цуьнан цIарах вайн мостагIаша лелош хIума ду xIapa, йа Сталинна а, йа Iедална а ма-дарра хууш а доцуш. «Кестта дерриге а ма-дарра гучу а даьлла, и мостагIий Iopa а баьхна, вай йуха цIа дерзор ду», бохург йукъадаьллера. Цул тIаьхьа цIерпошт миччахьа а цхьана станцехь хьеелча, вовшашка кхаьънаш дохура наха:
— «ХIинца Сталинна а, Iедална а дIахиъна, бах, кхузара дуьйна вайн цIерпошташ Кавказехьа йухайерзайо боху. Вай йуха цIа доьлху»…
Амма… цIерпошташ хьалхахьа дIаоьхура!.. ДIаоьхура пана арахула, цхьанаэшшарехь чкъургийн тата а деш, шайн чкъургийн татанца и хабарш эрна хилар гойтуш. Оцу хабарша дог а этIадора Кериман, амма, цунна йуххехула, оццу хабарша кхин цхьа доккха бакъдерг а схьаухьура цунна: цара гойтура адамийн дегнашкара Советски Iедалх болу тешам, оццул боккха тешнабехк шайна бича а, дIабовш цахилар! Советан адамаш тешара Советан Iедалх — церан тешам байнарг Сталинан Iедал дара. Царна и хаа а ца хууш, цара буьйцу, йамартлонца Советан Iедалан буьххье а бевлла, цуьнан цIарах, халкъана и тешнабехк бинарш а бара и Сталинний, цуьнан гIоьнчий МолотовгIаррий. Амма уьш Iорабахаза бара…
ЦIерпошташ дIаоьхура йист йоцчу пана арахула, мича оьху ца хууш, цхьана эшшарехь чкъургаша шайн тата а деш…
* * *
КеримгIеран эшелон йуха а сецира цхьана станцехь. Вагонан неIарш схьайоьллушехь, цIеххьана къегина малх чухьаьжира, чутуьйхира, мераIуьргаш а йагош, бIаьстенан xIyo: март-беттан хьалхарчех де дара. Аренашкахь Iуьллу ло кIадделла догIура, схьагарехь цIерпошт къилбехьа оьхура амма хIинца а и аре ма-йу, малхехь суйнаш а туьйсуш, ло дашаза лаьттара, генна дIа шен кIайн шаршуш а йаржийна. Керим цецвоккхуш, схьахезира цIеххьана гена йоццуш йетта, нохчийн жиргIа а, лоькху нохчийн кехат пондар а, нохчийн синкъераман маьхьарий а.
Цкъа Керим ша волччохь, ладугIуш, вогIавелира: «Баккъал а кхочушхили — те наха бохург?.. Духадерзош ду-те тхо?» — дагатесира цунна. ДIахьаьжира: дIо платформин майданахь, го бина, адамаш лаьттара. ТIевахана, хаьттича, кхузахь, КеримагIеран эшелонал а хьалха схьакхаьчна кхин шиъ, нохчех йоьттина, эшелон хиллера лаьтташ, цхьана бахьаница кхузахь хьеелла. Царна тIера кегийрхой хиллера уьш, цхьанхьара-м кехат-пондар а, жиргIа а карийна, сихйинна цаьрга болх а бойтуш, го а бина, хелхарш деш.
Керима тамаш бора: «Къоналла къарлур йац!»… — элира цо шен дагахь.
Цу сохьта цхьа нохчо — къона стаг — галпешца, эткаш йуьйхина, коьртахь чола куй а болуш, цхьаъ-м дагадеанчух, цIеххьашха йуххерчу вагонан лами тIе кхоссавелира. Мохь туьйхира:
— ХIей! Нохчий! Ненах сте йойла таханлерчу дийнахь ша корта оллийна гойтун волчо!
Йуха охьакхоссавелла, гонна йуккъе иккхина, хелхар долийра цо. Мехкаршна йуккъера меллаша схьакъаьстира, коьртахь цIен йовлакх а долуш, куьцехь цхьа йоI. Шен хаза пхьаьрсаш, лечанан тIемаш санна, шуьйрра даржийна, йайн шершина, кIантана дуьхьал йахара иза.
Дуьнен чохь цхьа а бала боцуш санна, цу шимма шайн хелхар дора, вовшашка бIаьцаш а йеш, вовшашна дела а къежаш.
— ХIорс-тох!
— Тох-хIорс! — бохуш, гонахарчу кегийрхоша иракарахIиттабора уьш.
Керим хьоьжура, меттах ца хьовш, бIаьрг тIера ца боккхуш. ТIеххьа лерехь цхьаъ-м вистхилира:
— ХIан-хIа! Довр дац нохчийн къам!.. Довр дац вай нехан доьналла!
Вухахьаьжча, Тавсолта вара лаьтташ, резахилла, шен можах ка а хьоькхуш.
— Хьо хIунда ца волу хелха? — гай тIе муьшка йира цо Керимна. — ЭхI-йаI-кх!.. Со велара-кха цхьа иттех шо къона! — тIетуьйхира Тавсолтас.
И хезна, галпеш йуьйхина жима стаг, шен хелхар чекх а даьккхина, тIевеара цунна:
— Ваши! Йукъавалахь!.. Айдехьа къоначийн дог!.. — хьасене дийхира цо.
Шен гIовталх, и нисйеш, куьг а хьаькхна, Тавсолта, дегI айдина, дайдинчу боларца йукъавелира:
— Же-йама, кIентий! — аьлла, тIараш туьйхира къоначо.
Хиъна мел верг а массо ирахIоьттира, сихдинна тIараш а детташ. Тохарлера, цIен йовлакх коьртахь долу, йоI тохара санна, шен хаза пхьаьрсаш шуьйрра даржош, дуьхьал йеара Тавсолтина.
— Же-йама, кIентий! — тохавелира Тавсолта хелхаргахь.
ТIееъна Селитий, Кесирий лаьттара йух-йуххехь, цецйаьлла, хьоьжуш. Хелхар чекх а даьккхина, Тавсолта, йоIана «баркалла» олуш корта а таIийна, шен метте, Керимана улло дIахIоьттира. РогI-роггIана шишша цхьана йукъадоккхуш, хелхаран бал дIакхоьхьура галпеш йуьйхина волчу кIанта…
Кегийрхоша кест-кеста мохь тухура:
— Тархан!.. Хазбика йаккха! — олий. Массарна а хазахетара цIен йовлакх коьртахь долу йоI. Тархан ша велира хIинца Хазбикица.
Вота йеттара, кехат-пондар бекара…
Эххар а, циггахь, дагахь доццург а хилира: Тархана Хазбикица, йуьстаха хилла, цкъа къамел а дина, нах бахийтира и йоьхуш, Тавсолта а коьртехь. Цу шимма бартбира, шаьш дIа ма-кхаьччи, цхьа доьзал беш, вовшахкхета. И хезна кегийрхойн синкъераме гIyгl делира.
— Же-йама, кIентий! ДIахьор вай xlapa бал!.. — мохь туьйхира Тархана.
Ши автоматчик тIевеара цунна.
— Валол тхоьца!
— Мича?
— Вагон-карцер чу!
— ХIунда?
— Низам лар ца дарна!
Иза цара дIавигира. Вуха а вирзина, Тархана мохь туьйхира, йоIана а хазийта:
— Суна са ма гатделаш: со вухавогIур ву, шуна!..
— И кIант вуй, и вуьззина къонах ву-кх, хьуна! — элира Тавсолтас Кериме…
— И санна берш мел бу духур дац-кх, хьуна, вайн къам!..
Цу хенахь оццу станце схьакхаьчна, паргIатчу платформе дIахIоьттира кхин

