- Любовные романы
- Фантастика и фэнтези
- Ненаучная фантастика
- Ироническое фэнтези
- Научная Фантастика
- Фэнтези
- Ужасы и Мистика
- Боевая фантастика
- Альтернативная история
- Космическая фантастика
- Попаданцы
- Юмористическая фантастика
- Героическая фантастика
- Детективная фантастика
- Социально-психологическая
- Боевое фэнтези
- Русское фэнтези
- Киберпанк
- Романтическая фантастика
- Городская фантастика
- Технофэнтези
- Мистика
- Разная фантастика
- Иностранное фэнтези
- Историческое фэнтези
- LitRPG
- Эпическая фантастика
- Зарубежная фантастика
- Городское фентези
- Космоопера
- Разное фэнтези
- Книги магов
- Любовное фэнтези
- Постапокалипсис
- Бизнес
- Историческая фантастика
- Социально-философская фантастика
- Сказочная фантастика
- Стимпанк
- Романтическое фэнтези
- Ироническая фантастика
- Детективы и Триллеры
- Проза
- Юмор
- Феерия
- Новелла
- Русская классическая проза
- Современная проза
- Повести
- Контркультура
- Русская современная проза
- Историческая проза
- Проза
- Классическая проза
- Советская классическая проза
- О войне
- Зарубежная современная проза
- Рассказы
- Зарубежная классика
- Очерки
- Антисоветская литература
- Магический реализм
- Разное
- Сентиментальная проза
- Афоризмы
- Эссе
- Эпистолярная проза
- Семейный роман/Семейная сага
- Поэзия, Драматургия
- Приключения
- Детская литература
- Загадки
- Книга-игра
- Детская проза
- Детские приключения
- Сказка
- Прочая детская литература
- Детская фантастика
- Детские стихи
- Детская образовательная литература
- Детские остросюжетные
- Учебная литература
- Зарубежные детские книги
- Детский фольклор
- Буквари
- Книги для подростков
- Школьные учебники
- Внеклассное чтение
- Книги для дошкольников
- Детская познавательная и развивающая литература
- Детские детективы
- Домоводство, Дом и семья
- Юмор
- Документальные книги
- Бизнес
- Работа с клиентами
- Тайм-менеджмент
- Кадровый менеджмент
- Экономика
- Менеджмент и кадры
- Управление, подбор персонала
- О бизнесе популярно
- Интернет-бизнес
- Личные финансы
- Делопроизводство, офис
- Маркетинг, PR, реклама
- Поиск работы
- Бизнес
- Банковское дело
- Малый бизнес
- Ценные бумаги и инвестиции
- Краткое содержание
- Бухучет и аудит
- Ораторское искусство / риторика
- Корпоративная культура, бизнес
- Финансы
- Государственное и муниципальное управление
- Менеджмент
- Зарубежная деловая литература
- Продажи
- Переговоры
- Личная эффективность
- Торговля
- Научные и научно-популярные книги
- Биофизика
- География
- Экология
- Биохимия
- Рефераты
- Культурология
- Техническая литература
- История
- Психология
- Медицина
- Прочая научная литература
- Юриспруденция
- Биология
- Политика
- Литературоведение
- Религиоведение
- Научпоп
- Психология, личное
- Математика
- Психотерапия
- Социология
- Воспитание детей, педагогика
- Языкознание
- Беременность, ожидание детей
- Транспорт, военная техника
- Детская психология
- Науки: разное
- Педагогика
- Зарубежная психология
- Иностранные языки
- Филология
- Радиотехника
- Деловая литература
- Физика
- Альтернативная медицина
- Химия
- Государство и право
- Обществознание
- Образовательная литература
- Учебники
- Зоология
- Архитектура
- Науки о космосе
- Ботаника
- Астрология
- Ветеринария
- История Европы
- География
- Зарубежная публицистика
- О животных
- Шпаргалки
- Разная литература
- Зарубежная литература о культуре и искусстве
- Пословицы, поговорки
- Боевые искусства
- Прочее
- Периодические издания
- Фанфик
- Военное
- Цитаты из афоризмов
- Гиды, путеводители
- Литература 19 века
- Зарубежная образовательная литература
- Военная история
- Кино
- Современная литература
- Военная техника, оружие
- Культура и искусство
- Музыка, музыканты
- Газеты и журналы
- Современная зарубежная литература
- Визуальные искусства
- Отраслевые издания
- Шахматы
- Недвижимость
- Великолепные истории
- Музыка, танцы
- Авто и ПДД
- Изобразительное искусство, фотография
- Истории из жизни
- Готические новеллы
- Начинающие авторы
- Спецслужбы
- Подростковая литература
- Зарубежная прикладная литература
- Религия и духовность
- Старинная литература
- Справочная литература
- Компьютеры и Интернет
- Блог
Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
Бериян омранца и салтий таханналц ишттачу ойланехь Iамош, схьавеъна волу ша Еремеев а вара, нохчашна массарна а тоьпаш тоха кийча цхьажимма а бахьана далахь. Оцу ойланехь Iамийна ша хиларал совнаха, цу ойланехь и кхин тIе а чIагIвала бахьана а дара цуьнан шена гергахь: Белоруссехь, Минскана гена доцуш, шайн хIусамехь, дийна боллушехь, неIарш, кораш тIе а чIагIийна, багийнера фашисташа цуьнан дай-наний, жима ши ваший. Ткъа нохчийн къам фашисташна гIo деш хилла бохург Еремеевс, ойла ца йеш, цуьнан бухе ца хьоьжуш, тIеэцнера.
Цундела хIумма а къа ца хеташ хьоьжура Еремеев лайлахула схьатекхачу шен къепале. Эххар, Яьссийн тогIех чекхбевлла, хIорш схьабогIуш, цIеххьана, хечин барч а лаьцна, некъан йистехьа дIахьаьдира Эскинойхь массарна а вевзаш, наха «ах бIаьрзе, ах хьераваьлла» ву а олуш волу Сайхан.
ГIароло автомат йалийтира. Иза хьакхалуш кхетча, Сайхан, воьжначуьра маса айвелла, кхайкхира:
— Ва, нах! Со ма виэ алийша цуьнга: йуьртана а хууш, хьераваьлла вар-кха со!..
Амма хьерабевлларш цу дийнахь мехехь бацара: шозлагIа тоьхначу автомато, цуьнан аз хадош, охьавиллира иза. Оццу могIарера схьаиккхина, шийтта шо долу, Сайханан йуьхьлело вешин кIант — Салауддин, тIулг а карахь, чухьаьдира гIаролна. Иза а автоматан багара, бода а батIош, схьатоьхначу цIеро даиманна а дIанисвира хьерабевллачийн могIаре.
Ший а и шиъ Iуьллучохь а витина, Iадийна къепал, цул тIаьхьа гIap йайна, болар сихдинна йогIура.
Райцентре дIакхечира. Кхуза схьабалийнарш берриш а гулбина, йоккха Iаьржа пхьоьха гора шуьйрачу майданахь. Стогарш а латийна, кийчча лаьттара йаккхийра студебеккерш. Накхармозий санна, даккхий, месала лайн чимаш саццанза тIеоьхура. Тохара, Керимна а гуш, нанна хьалха, шегахь тапча карайарна эскархоша вийна Iуьллучу жимхин хIинца, хIетахь гуш хилла, мера буьхьиг а, йа эткийн буьхьиг а ца гора кхин: иза верриг а, тIехула кIайн барз беш, дIахьулвинера, Iожаллел а цIенчу, кIайчу лайно. Оцу жимхан хIинца хIумма а дацара йа гуш а, йа дозуш а хIокху доккхачу, бакъдоцчу, и ца кхеташ дисинчу дуьненах.
Школехь иза доьшуш волчу хенахь дуьйна а и ца кхеташ дисна дара: ширачу Римехь хьоладас, ша кхобуш болу, шен хьал дебош болу леш, цхьа кIеззиг а бехк баьлча, хазахета хи чу а кхуьссий, дийна боллушехь чIерашка баийтар.
Йа малхбалера тIамца веанчу бIаьнчо, ша ма-аьлла кара ца йеъначу шахьаран бахархой, кегийчу берашца цхьаьна, дийна боллушехь багор. Йа адамашна дика дан шортта таро йолчу оьрсийн паччахьо, шега дехаре баьхкина мискахой тоьпаш тоьхна байийтар. Йа гитлерхоша эзарнашца жуьгтийн бераш, дийшина Iохккучохь, балдех дIовш а хьоькхуш, дайар — дуьххьалдIа уьш къомаца жуьгтий хиларна! Уьш дерриге а и жимха ца кхеташ дисна дара. Амма массо хIуманал а и ца кхеташ — кхеттане а ца кхеташ! — дисинарг дара, дуьнен чуьра массо а харц хIумнаш дIадаха кхоьллина йолчу, Советан пачхьалкхехь, xIapa а нийсонан ойланехь кхиийначу махкахь, тахана, цхьа а бехк боцуш, кхунна а гуш, дуьххьалдIа къомаллин бахьница, дерриг а кхуьнан халкъ, кегийчу берашца цхьаьна, делхош, шен махкахдаккхар!
И жимха ца кхеташ дисна долу и тIаьххьара хаттар дара, и вуьйчу секундехь а адамашна цо тIедоьгIначу цуьнан бIаьргаш чохь нахана гинарг.
Саццанза ло оьхура цуьнан барза тIе…
Схьагулбина нах, хIинца машенашна тIебахале, эскархоша йух-йуха багарбеш, къаьстина хилла доьзалш йуха вовшахтухуш, кхин а бехха лаьттира майданахь цIийзачу шелонгахь.
Баккхийчу наха, шаьш болччохь, лай тIехь, гонаха автоматчикаш а лаьтташ, ламазаш дора. Зударий гIийла тийжара. Кегийра бераш доьлхура шелонна, йовхарш йетташ. Баккхийчех цхьаберш, кхуззахь дог а гIеллой, лайла охьа а оьгий, кхин хьала ца гIовтталуш буьсура. Беллачарна, циггахь цхьана ор чу а тосий, тIе ло хьоькхура салташа. Эпсаро шен блокнота тIехь тIаккха билгало йора.
ТIаьххьара а берриге нах схьагулбина а бевлла, хIинца машенаш тIебаха болийча, массо зударийн цхьабосса белхар делира, шайн доьзалех хаьдда бисначеран цIерш а йохуш.
Студебеккерш а массарна тоьуш ца хилира: хIоранна тIе нах шозза а сов тарбора. Мисканийн оьшу хIуманаш а, совнаха йу а бохуш, машенаш тIера салташа йуха охьакхуьйсура, нахана тIе а чехаш…
Эххар а Iуьйранна йалх сахьт доллуш, майданара машенаш, нохчех йоьттина, йерриш а, цхьаъ вукхунна тIаьхьа, Грозный-гIaлехьа новкъа йевлира.
Тийналла хIоьттира майданахь.
Райкоман шозлагIчу этажа тIехь Iачу Анна Львовнина тамашена хийтира лахарчу этажа тIера цIеххьана схьахезна самукъане эшарш а, пондар а. Сихха йахана зал чу хьаьжира и: стоьлаш тIе маларш, даарш а хIиттийна, эпсарш бара гонаха Iаш, коьртехь полковник Петросов а волуш:
— Схьайола чехка! Схьайола!.. Операци дика чекхйалар билгалдер вай цхьаьний! — элира цо Анна Львовне.
Анна Львовнас, корта а ластийна, дийхира ша Эскиной сихха дIакхетайар, цомгушчу мардений, йоIаний тIекхачош…
* * *
«Виллис» тIера школин кетIахь охьайоьссина Анна Львовна, сихха шайн чухьаьдира: оцу кIуркаманехь, ца хууш а, кхуьнанаш а махкахбаьхний-те? — аьлла, дагатесна. ДIасахьаьжира чухула: жимачу маьнги тIехь, балдаш дусийна, набйеш Iуьллура Ниночка. Савва Ильич чохь вацара. Кертахь тийна дара. Арахьаьжира: йуьртахь a гIap яйнера, цхьана-шина туьнкалгах бен кIур ца болура. Сихха уьйтIа йелира: «Дада-бIар» лаьттара, лайн чечакхаш охкийна кIайн гаьннаш, куьйгех тера, Деле кхойкхуш санна, стигала а кховдийна.
Сахиллалц ихна ло сатоссуш сецира. Йерриге аре бIаьрго ма-лоццу шурула кIайн йара, амма дIо лакхахьарчу басехь, кешнашкарчу хIолламийн баххьашкахь, мохо лестош, цIарула цIен кегий байракхаш гора, схьалаьцначу олхазаран тIам санна, йетталуш. Уьш школерчу комсомольцаша xIop шарахь а эскаран дезде тIекхочуш царна тIе ухкура. Малделлачу боларца, даго цхьа вон хьоьхуш, ТавсолтагIеран цIийнехьа йахара Анна Львовна: кешнаш санна, тийна а, йеса а йара керт. Учахь лаьттара бертиг йихкина ахьаран гали.
Сихха, неI ца тухуш, чуйелира Анна Львовна. Аддам дацара. Этажерка, стол, нар йерззина лаьттара. Коран боьхначу бIаьргехула чухьоькхура Iаьнан шийла мох. Масийтта шарахь Ленинан сурт кхаьзначу дуьхьаларчу пена тIехь дисина гуран деакIов сирла томмагIа гора. Портрет дацара. Анна Львовна ша-шах вукху аьрру агIорхьа а хьаьжира: десачу цIа чохь, дай мохо а хьедеш, ша кхозура сапаргIат схьахьоьжучу Сталинан портрет. БIаьрзе чухула хьаьвзира Анна Львовна. Этажерки йуххехь Iуьллура «Сталинах эшарш» тIейазйина Селитин стомма тетрадь.
Йуха а Сталинан суьрте хьалахьаьжира Анна Львовна.
— Ахь динарг, ахь динарг! — аьлла, шина куьйга корта а лаьцна, десачу цIа чохь, мохь тоьхна йилхира иза. Цкъа соцуш, тIаккха йуха а дог карзахдуьйлуш, йоьлхура и. Цуьнан йелхарца дара, тохара дуьйна а цо шен кийрахь къуьйлуш, IаIийначу халахетарийн Iеткъар; хIинццалц шен даг чохь сецийна майрачух дерг а, жимачу йоIаца хIинца цхьалха йисар а;

