- Любовные романы
- Фантастика и фэнтези
- Ненаучная фантастика
- Ироническое фэнтези
- Научная Фантастика
- Фэнтези
- Ужасы и Мистика
- Боевая фантастика
- Альтернативная история
- Космическая фантастика
- Попаданцы
- Юмористическая фантастика
- Героическая фантастика
- Детективная фантастика
- Социально-психологическая
- Боевое фэнтези
- Русское фэнтези
- Киберпанк
- Романтическая фантастика
- Городская фантастика
- Технофэнтези
- Мистика
- Разная фантастика
- Иностранное фэнтези
- Историческое фэнтези
- LitRPG
- Эпическая фантастика
- Зарубежная фантастика
- Городское фентези
- Космоопера
- Разное фэнтези
- Книги магов
- Любовное фэнтези
- Постапокалипсис
- Бизнес
- Историческая фантастика
- Социально-философская фантастика
- Сказочная фантастика
- Стимпанк
- Романтическое фэнтези
- Ироническая фантастика
- Детективы и Триллеры
- Проза
- Юмор
- Феерия
- Новелла
- Русская классическая проза
- Современная проза
- Повести
- Контркультура
- Русская современная проза
- Историческая проза
- Проза
- Классическая проза
- Советская классическая проза
- О войне
- Зарубежная современная проза
- Рассказы
- Зарубежная классика
- Очерки
- Антисоветская литература
- Магический реализм
- Разное
- Сентиментальная проза
- Афоризмы
- Эссе
- Эпистолярная проза
- Семейный роман/Семейная сага
- Поэзия, Драматургия
- Приключения
- Детская литература
- Загадки
- Книга-игра
- Детская проза
- Детские приключения
- Сказка
- Прочая детская литература
- Детская фантастика
- Детские стихи
- Детская образовательная литература
- Детские остросюжетные
- Учебная литература
- Зарубежные детские книги
- Детский фольклор
- Буквари
- Книги для подростков
- Школьные учебники
- Внеклассное чтение
- Книги для дошкольников
- Детская познавательная и развивающая литература
- Детские детективы
- Домоводство, Дом и семья
- Юмор
- Документальные книги
- Бизнес
- Работа с клиентами
- Тайм-менеджмент
- Кадровый менеджмент
- Экономика
- Менеджмент и кадры
- Управление, подбор персонала
- О бизнесе популярно
- Интернет-бизнес
- Личные финансы
- Делопроизводство, офис
- Маркетинг, PR, реклама
- Поиск работы
- Бизнес
- Банковское дело
- Малый бизнес
- Ценные бумаги и инвестиции
- Краткое содержание
- Бухучет и аудит
- Ораторское искусство / риторика
- Корпоративная культура, бизнес
- Финансы
- Государственное и муниципальное управление
- Менеджмент
- Зарубежная деловая литература
- Продажи
- Переговоры
- Личная эффективность
- Торговля
- Научные и научно-популярные книги
- Биофизика
- География
- Экология
- Биохимия
- Рефераты
- Культурология
- Техническая литература
- История
- Психология
- Медицина
- Прочая научная литература
- Юриспруденция
- Биология
- Политика
- Литературоведение
- Религиоведение
- Научпоп
- Психология, личное
- Математика
- Психотерапия
- Социология
- Воспитание детей, педагогика
- Языкознание
- Беременность, ожидание детей
- Транспорт, военная техника
- Детская психология
- Науки: разное
- Педагогика
- Зарубежная психология
- Иностранные языки
- Филология
- Радиотехника
- Деловая литература
- Физика
- Альтернативная медицина
- Химия
- Государство и право
- Обществознание
- Образовательная литература
- Учебники
- Зоология
- Архитектура
- Науки о космосе
- Ботаника
- Астрология
- Ветеринария
- История Европы
- География
- Зарубежная публицистика
- О животных
- Шпаргалки
- Разная литература
- Зарубежная литература о культуре и искусстве
- Пословицы, поговорки
- Боевые искусства
- Прочее
- Периодические издания
- Фанфик
- Военное
- Цитаты из афоризмов
- Гиды, путеводители
- Литература 19 века
- Зарубежная образовательная литература
- Военная история
- Кино
- Современная литература
- Военная техника, оружие
- Культура и искусство
- Музыка, музыканты
- Газеты и журналы
- Современная зарубежная литература
- Визуальные искусства
- Отраслевые издания
- Шахматы
- Недвижимость
- Великолепные истории
- Музыка, танцы
- Авто и ПДД
- Изобразительное искусство, фотография
- Истории из жизни
- Готические новеллы
- Начинающие авторы
- Спецслужбы
- Подростковая литература
- Зарубежная прикладная литература
- Религия и духовность
- Старинная литература
- Справочная литература
- Компьютеры и Интернет
- Блог
Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
– Мел хаза ву иза!
– Мел къона ву!
– Оццул хьалхе вала воллу-кх иза!
– Къинхетам беха хьайна!
– Дуьне деза хaн мa йу хьан!
– Къинхетам!
– Къинхетам!..
Дадин йуьхь йекхайелира. Иза баркаллица хьоьжура, шех даггара къахеташ, наной, йижарий санна, боьлхуш, маьхьарий хьоькхучу кхечу къомах болчу оцу зударшка. Куьг хьала а лаьцна, ладогIар дийхира Дадас.
– Хьомсара дамаш, господаш! – мохь туьйхира цо халла хаалуш дегочу озaца. – Хьомсара дамаш, господаш! Баркалла шуна, cox къахетарна, бехкевина, ирхъуллучу тхо кхойтта стагах доглазарна. Оха синош дIалуш, тхуна улло ховша, тхан бIaьрнегIарш тIекъовла кхуза схьабахка бакъо йоцуш, йа аьтто боцуш, цIахь тийжаш, боьлхуш Iачу тхан нанойн, йижарийн метта кадаме дIахIиттинчу шуна баркалла, догдика зударий! Оха синош дIаделча, хIокху тангIалкхаш тIера тхо охьа а даьхна, динчу йарташка а дигна, дайн кешнашка тхо лаьттах дохка кхуза бахка бакъо йоцуш йа таро йоцуш бисинчу тхан дайн, вежарийн метта тезета хIиттинчу шуна а баркалла, муьжгий…
Дадас цIeначу оьрсийн маттахь доггах дечу къамеле ладоьгIучу адамашна йукъахь белхарш лилхира. Комаьршша бIaьрхиш Ieнaрa мyьжгийн беснеш тIехула а. Лечкъийна хIун до цуьнан – соьга а ца совцаделира сайн бIaьрхиш.
– Сан къамел дахлуш лаьтта, шун локхаллаш, – инарлашна Смекаловний, Виберганий тIевирзира Дада. – Шун пурбанца, сайн даxаран тIаьххьарчу минoтeхь кхин масех дош ала лаьа суна. КIез-кIезиг мийлича, дIовш дегIах дулу, иза дахарна кхераме хилац, олу. Къона велахь а, йаккхий чевнаш йу сан дагах, цара вахчийна, кечвина со таханлерчу денна. Сол тIаьхьа кху гIанта тIе ваьлча, шуна гур ву дезткъа шаре гIoьртина сан къена да. Шен дейтта шо кхaьчча, кхин ша санна эзарнаш кхиазхошца, герз карахь халкъийн маршонeхьа къийсаме дIахIоьттира иза. Хьалха хиллачу нохчийн гIаттамийн тхьамданех цхьаъ а вара иза. Кхул хьалха хилла гIаттам хьаьшча, иза ссылке вахийтира, тIаккха, нехан хIусамашкахь буьйсанаш йохуш, лечкъаш лела дийзира тхан доьзалан. Со, амалтана а вигна, Петербурге эпсарна деша хьажийра. Цигара цIа вирзича, эскaрeхь гIуллакхдеш вара со. Доггах а, тешаме а. Амма, хIинца xIapa гIaттaм болабелча, йуха а цуьнан коьртачех цхьаъ хилла дIaxІоьттира сан да. Областан начальнико господина Свистуновс суна приказ делира, хьайн да дийна йа вийна, шена тIевалаве аьлла…
ХIетта лагIделла дарц йуха а хьераделира. ХIаваэxь xьийзаш, ловзадуьйлура лайн чимаш. Амма адамо тапъаьлла тийна ладоьгIура Даде. Къоначу стага собаре, паргIат охьабалxабора ткъе йалх шарахь шен кийрахь IaьIна бала.
– Суна хаьара, да ша схьалаьцначу новкъара вер воцийла. XIетте а, герз охьа а диллина, Iедалца машарбар дийхира ас цуьнга доггах. Да реза ца хилира къийсам сацо. Цо бийцира халкъера бала. Иза-м суна а гуш бара. Суна хьалха ши некъ хIоьттира: бакъонехьа къyьйсучу сайн дена, сайн халкъана дуьхьал латар йа, айса паччахьна муьтIахьаллина биъна дуй къарбеш, дегахьа а, халкъехьа а ваьлла, церан бакъ гIуллакхехьа къийсар. Аш хIун дийр дара, господа, оцу хьоле шаьш эгча? Ас шолгIа некъ къастийра. И ницкъ бу тахана со хIокху тангIалкхаш кIел валийнарг. Эхь дина а, зулам дина а ца хIиттина со а, сан накъостий а xІокху кIел. Тхо цивилизацино кхоьллина якобинцаш йа декабристаш дац. Амма церан а, тхан a Iалашо цхьаъ йара – маршо, нийсо, адамийн ирс. Цара цивилизацин серлонехьа къyьйсура, ткъа оха, боданечу ламанхоша, боданeхь, тxайна ма-хуъу, тхешан ницкъ ма-ббу. ХІeттe a, церан а, тхан а кхоллам цхьаъ бу – гильотина а, тангIалкхаш а. Амма шуна, господа, – инaрлaшна, эпсаршна тIевирзира Дада, – тхо кхойтта ирхъолларх, эзарнаш махкахбахарх, оцу тIехь къийсам чекхболу ма мотталаш. Тхо цкъа а къарлур дац… цкъа а… Халкъел тоьлур бац паччахьаш… тоьлур бац… ЛадогIарна баркалла шуна, дамаш, господаш…
Хьалха Iаьлбаг санна, цIеххьана дIакхоссавелла, шен когаш кIелхьара гIант дIа а xарцийна, хьалаоллавелира иза а.
Зударшлахь йуха а Iадаме маьхьарий девлира…
Муьшаца хьийзa Дaдин дегІ, йуьxь къилбехьа а йерзош, нисдира Юсуп-къедас.
КІeнтaн садаллалц цуьнга хьоьжуш а лаьттина, шен цIе йаккхалц ца Iаш, тангIалкхашна тIеволaвeлира Iумма. Иза мел лечкъо гIертахь а, кийрахь цIе йара марсайаьлла йогуш. Оцу цхьана минотехь цуьнан шуьйра букъ хаъал сеттича санна хийтира суна. Цo Iийшинчу баланашка хьаьжча, иза-м дика а висинера оцу хьолехь. Ткъа таханлeрниг ирча де дара. Цуьнан къеначу бIaьргашна хьалха саделира тIаьххьарчу кIентан.
КIанта когаца йуьстахкхоьссина гIант схьа а эцна, цунна уллорчу тангIалкха кIел сецна, нисдеш, гIант дIа а хIоттийна, везза цунна тIевелира Iумма. ТIаккха, хьалакхевдина, муш схьа а лаьцна, шиний куьйга озийна, цуьнан чIогIалла а зийна, шершад шен логах тесира цо. Иза бухара гIант дIaxарцо кхиале, лахахь лаьттачу инарло Чермоевс мохь туьйхира цуьнга.
– Ва Іумма-Хьаьжа, ладогIахьа соьга!
Iумма дIахьаьжира инарле.
– XIун боху ахь, Орца?
– XIинца хиин хьуна, хьайга аьлларг ца дича, хIун хуьлу? Масазза элира хьоьга, мa гIepтa Iедална дуьхьал, и хьоьга дохалур дац, къанвелча мукъане а йита и хьайн сонталла, цо эххар а хIаллаквийр ву хьо. Соьга ла ца дуьйгIиpa axь, ас аьлларг ца дира аxь. Айхьа лоьхучу-м кхечира хьо… Ши кIант а хIаллакви ахь. XIинца мукъане а дохковала, хьан цхьана кIентан бераш байлахь ма дуьсу.
Орцин курачу хабаре леррина ла а доьгIуш, шен логах тесначу муьшан шад дика тIебоьдий хьаьжира Іумма. ТІаккха Чермоевна тIeвирзира иза.
– Ва инарла Орца, ахь дукха бехира соьга, халкъана хьалха а вуьйлуш, Iедалца ма къийса, цул тоьлур вац хьо, цкъа хIаллакьхир ву хьо, Iедало боxург дахь, хьайн санна, сий хир ду. Ахь соьга бехира, Орца, паччахьо мохк дIа а баьккхина, мацалла кIелдисина, мостагІчо сийсазден халкъ дIа а тасий, хьо санна, паччахьан лай хила. Соьга дог ца диллалора маршонах, машар ца балора сайн халкъан мостагIашца, суна, ламанан аьрзу санна, маьрша ваха лиира. Эххар a cайх хIара хир дуйла а хаьара суна, ас лeхнарг хили-кх суна. Сан да а, вежарий, кIентий а белла халкъан гIуллакхна, со а ле. Суна хетарехь, хьан да а ца хилла, вежарий а ца хилла, тайпа а дац хьан, тукхам а дац. КІeнтий аьлча а, цхьа-ши къутIа ду хьан, хьо санна, цкъа нахана бале дер долуш. Сол тIаьхьа дуьненаxь вуьсучу ахь хIун дийр ду, хьан карахь хIун ду? Цхьа дуо хьаьжкIаш а йуур йу ахь, боьхаллех цхьа ор а дузур ду ахь, кхин хьоьгара хила пайда бац-кх!
Чермоевн йуьхь, даI санна, цIиййелира. Схьахетарехь, цо шена дуккха а зиэн хуьлуьйтур дара ша Iумме вистхилла ца хилийта. Ткъа ша аьлларг Чермоевн дагах кхеттийла хиъна Iумма, там хилла вела а велла, шен накъостийн Iодика йеш, куьг а ластийна, когаш кIелхьара гIант дIа а тесна, дезачу дегIaца муьшах кхозавелира…
Ирхъохка кхиэл хилла тутмакхаш, шайн цIераш йахape a ца хьуьйсуш, гIант мукъа

