- Любовные романы
- Фантастика и фэнтези
- Ненаучная фантастика
- Ироническое фэнтези
- Научная Фантастика
- Фэнтези
- Ужасы и Мистика
- Боевая фантастика
- Альтернативная история
- Космическая фантастика
- Попаданцы
- Юмористическая фантастика
- Героическая фантастика
- Детективная фантастика
- Социально-психологическая
- Боевое фэнтези
- Русское фэнтези
- Киберпанк
- Романтическая фантастика
- Городская фантастика
- Технофэнтези
- Мистика
- Разная фантастика
- Иностранное фэнтези
- Историческое фэнтези
- LitRPG
- Эпическая фантастика
- Зарубежная фантастика
- Городское фентези
- Космоопера
- Разное фэнтези
- Книги магов
- Любовное фэнтези
- Постапокалипсис
- Бизнес
- Историческая фантастика
- Социально-философская фантастика
- Сказочная фантастика
- Стимпанк
- Романтическое фэнтези
- Ироническая фантастика
- Детективы и Триллеры
- Проза
- Юмор
- Феерия
- Новелла
- Русская классическая проза
- Современная проза
- Повести
- Контркультура
- Русская современная проза
- Историческая проза
- Проза
- Классическая проза
- Советская классическая проза
- О войне
- Зарубежная современная проза
- Рассказы
- Зарубежная классика
- Очерки
- Антисоветская литература
- Магический реализм
- Разное
- Сентиментальная проза
- Афоризмы
- Эссе
- Эпистолярная проза
- Семейный роман/Семейная сага
- Поэзия, Драматургия
- Приключения
- Детская литература
- Загадки
- Книга-игра
- Детская проза
- Детские приключения
- Сказка
- Прочая детская литература
- Детская фантастика
- Детские стихи
- Детская образовательная литература
- Детские остросюжетные
- Учебная литература
- Зарубежные детские книги
- Детский фольклор
- Буквари
- Книги для подростков
- Школьные учебники
- Внеклассное чтение
- Книги для дошкольников
- Детская познавательная и развивающая литература
- Детские детективы
- Домоводство, Дом и семья
- Юмор
- Документальные книги
- Бизнес
- Работа с клиентами
- Тайм-менеджмент
- Кадровый менеджмент
- Экономика
- Менеджмент и кадры
- Управление, подбор персонала
- О бизнесе популярно
- Интернет-бизнес
- Личные финансы
- Делопроизводство, офис
- Маркетинг, PR, реклама
- Поиск работы
- Бизнес
- Банковское дело
- Малый бизнес
- Ценные бумаги и инвестиции
- Краткое содержание
- Бухучет и аудит
- Ораторское искусство / риторика
- Корпоративная культура, бизнес
- Финансы
- Государственное и муниципальное управление
- Менеджмент
- Зарубежная деловая литература
- Продажи
- Переговоры
- Личная эффективность
- Торговля
- Научные и научно-популярные книги
- Биофизика
- География
- Экология
- Биохимия
- Рефераты
- Культурология
- Техническая литература
- История
- Психология
- Медицина
- Прочая научная литература
- Юриспруденция
- Биология
- Политика
- Литературоведение
- Религиоведение
- Научпоп
- Психология, личное
- Математика
- Психотерапия
- Социология
- Воспитание детей, педагогика
- Языкознание
- Беременность, ожидание детей
- Транспорт, военная техника
- Детская психология
- Науки: разное
- Педагогика
- Зарубежная психология
- Иностранные языки
- Филология
- Радиотехника
- Деловая литература
- Физика
- Альтернативная медицина
- Химия
- Государство и право
- Обществознание
- Образовательная литература
- Учебники
- Зоология
- Архитектура
- Науки о космосе
- Ботаника
- Астрология
- Ветеринария
- История Европы
- География
- Зарубежная публицистика
- О животных
- Шпаргалки
- Разная литература
- Зарубежная литература о культуре и искусстве
- Пословицы, поговорки
- Боевые искусства
- Прочее
- Периодические издания
- Фанфик
- Военное
- Цитаты из афоризмов
- Гиды, путеводители
- Литература 19 века
- Зарубежная образовательная литература
- Военная история
- Кино
- Современная литература
- Военная техника, оружие
- Культура и искусство
- Музыка, музыканты
- Газеты и журналы
- Современная зарубежная литература
- Визуальные искусства
- Отраслевые издания
- Шахматы
- Недвижимость
- Великолепные истории
- Музыка, танцы
- Авто и ПДД
- Изобразительное искусство, фотография
- Истории из жизни
- Готические новеллы
- Начинающие авторы
- Спецслужбы
- Подростковая литература
- Зарубежная прикладная литература
- Религия и духовность
- Старинная литература
- Справочная литература
- Компьютеры и Интернет
- Блог
Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
– Цхьана стаге гIатталур дац халкъ. Муьлш бара хьан гIоьнчий?
– Бакъду иза. Цхьаьнга а, иттанга а, бIенга а гIатталур дац халкъ. Нагахь гIатта цунна дуккха а, даккхийн а бахьанаш дацахь. Ткъа уьш оьшучул а тIех ду кхузахь.
– Хьайн гIоьнчийн цIерш йахал.
– Сан гIоьнчий кхузахь бу. Амма цара шайггара хIумма а ца дина. Динарг дерриг а сан омрица дина цара.
Iаьлбагера кхин жоп ца долий хиъча, тIаьххьара а хаттар дира цуьнга.
– Хьо паччахьна, цуьнан Iедална дуьхьал гIеттина. Ахь пачхьалкхана, даймахкана йамартло йина. Пачхьалкхан законаца уггар луьра таІзар догIу хьуна. Дехар дуй хьан суьде?
– Дац, – ойла а ца йеш, сихха жоп делира Іaьлбага. – Со зуламхо, йамартхо велахь а, вацахь а, халкъана шена дика хаьа. Йуха а боxу ас, со Iедалан харцонна дуьхьал гIеттинера. Халкъана маршо, нийсо, сискал йаккхайаларе догдохуш. Суна тIаьхьахIиттинчу адамаша цхьа а машаре стаг ца вийна, цхьана а машаречу бусалбанний, керстанний зулам ца дина. Оха байъинарш паччахьан йалхой бу.
– Айхьа лелийначунна дохковаьллий хьо?
– ХIан-хIа. Цуьрриг а ца ваьлла. Аш дIахецахь а, йуха а оццу новкъа вер ву со.
– Ахь элира, айхьа цхьана а машаречу стагана зулам ца дина. Ткъа ахь гIаттийна адам таIзарна кIел ма доьжна. Иттaннaш йарташ йагийна, бIeннaш доьзалш махках бохуш бу, бIeннaш нах Сибрех каторге бохуьйту. Церан къа ца дужу хьуна тIе? Адам хIунда Iexийра ахь?
Цхьана минотана йуьхь кхоьлира Iаьлбаган.
– Цхьа а ас нуьцкъах гIаттийна вац, – элира цо гIайгIане. – Массо а шайн лаамехь гIеттина. Суна санна, хIоранна а йезара маршо, нийсо, сискал. Ас ца аьллера цаьрга, сайга Iедал хийцалур ду.
– ТІаккха?
– Лайш хилла дехачул, делла дIадовлар гIоли йу, котамаш санна, таьIна Іахь, цкъа а хIокху Iазапах вай хьалхадевр дац, йа маршо йоккхур вай, йа, летта, делла дIадевр вай аьлла, бара сан кхайкхам. Ша резаверг суна тIаьхьахIуттура, резавоцург шен цIахь Iара.
– Ахь цхьацца йарташна таIзар ма дира?
– Ieдaлaн мaттaцa сaйнa дуьхьалйевллачарна дира иза а.
Мартан 4–6-чуй деношкахь дIайаьхьира суд. Бехкевина ткъе цхьаъ стаг, шаьш суьйранна пхьоьхана бевлча санна, лохха вовшашка къамелаш а деш, хевшина Iара. Наггахь, цара гоьл тIе баьккхина ког хуьйцуш, йа куьг хьадича, татанаш дора когex a, куьйгеx а тоьхнaчу болатан буржалша. Суьдо делкъe йeш, шаьш цхьана цIа чу а дуьгийтий, делкъан ламазаш дора тутмакхаша.
Цхьа а бехках хьалхавала ца гIоьртира, цхьаммо а гечдар а, таIзар кIаддар а ца дийхира. Хьала мел гIаттийначо, Iаьлбага аьллачунна тIетоха а, тIера дIадаккха а хIумма а дац шайн, олура.
Суд бехказлонна йеш йара даррехь. Бехкебечийн кхоллам хьалххе дуьйна билгалбинера. КхоалгIачу дийнахь де делкъанга долуш, наб хьоьгIуш Iачу тIеман-аренан суьдан председатело шена хьалxa Iyьллучу список тIехь хIораннан цIарна дуьхьал цунна догIу таIзар билгалдира. Гарехь, бехкебечийн кхолламах дерг Iедало, хьалххе сацам тIеэцна, чекхдaьккхинера…
* * *
XIинций-хIинций тутмакхаш схьакхочу бохуш, ладоьгIуш лаьтта адам. Шийла йу. Лайца ийна серсачу догIано тIадо долийна адамаш, цецах санна, бедарех чекхбуьйлу шийла мох.
Кхузахь а декъаделла адам социальни классашка хьаьжжина. Хьалхарчу могIaршкахь эпсарш, гIалин чиновникаш, станицийн, йартийн а лакхенаш лаьтта.
Ткъа тангIалкхашна гергахьара меттиг хьаькамашна йелла. Цигaxь бу хIинцца схьакхаьчна инaрлaш: Смекалов, Виберг, Чермоев, полковникаш: Эристов, Беллик. Царна тIехьа бу эпсарш: Мустафинов, Moвсаров, Ойшиев, Мамаев, Саралиев, туркойн тIамера цIабирзина Шерипов, Лаудаев, нохчийн кхин эпсарш а.
Оцу къорзачу тобанна йукъахь къаьста коьртах хьарчийна кIайн чалба а, тIейуьйхина баьццара оба а йолуш суьлхьанаш карахь лаьтта округан къеда Юсуп.
Кхуза гулделлачу адамашна йукъахь дуккха нохчий а бу. Къений, къоний. Зударий, бераш. Гонахарчу йарташкара нуьцкъах балийна уьш. ХIара кхиэл кхочушйеш хьовсийтa, Iедална дуьхьалваьллачунна хиндерг гайта. Кхузахь гинaрг цаьрга йарташкахь даржадайта. Адам кхеро, Іадо. Халкъ кхин цкъа а Iедална дуьхьал ца гIаттийта.
Oьрсийн божарел дукха зударий бу кхузахь. Цунна реза вац инарла Смекалов. Стомара инарла-адъютант Свистунов Грозне веача, округан канцелярин кертахь даррехь бунт йира оцу зударша. Маьхьарий дeтташ, инарлина неIалт кхайкхош. Кхойтта стагана ирхъолла йина кхиэл йохайе бохура. Йуьхьанца начальнико тергал ца дира и маьхьарий. ТІаккха шайн некхера бераш канцелярин уча охьадехкира зударша. Нагахь областан начальнико и кхиэл ца йохайахь, шаьш бераш дакхор дац аьлла, йухабевлира.
Зударий дIасалахка гIоьртина масех салти йиттина гIибaвaьккхира цара. ГІуллакх забарна тIера даьллийла хиъна, Свистунов аравелира. Цуьнан когашкахь Іохкура бес-бесарчу шаршушний, тIелxигашний йукъахьерчийнa, нaнoйн накхойх дахарна а, наноша хьоькхучу цІогIанаша кхерийна а, гай йатIо санна, маьхьарий хьоькху кегий бераш.
– Харц кхиэл дIайаккха!
– Мичахь йу нийсо?!
– Харцо йу массанхьa a!
– Кхиэл дIайоккхуш, приказ йазде!
– Ца йаздахь, оха бераш дакхор дац!
– Адамаш дац шу?!
Свистуновна тIаьххье араваьллачу эло Эристовс а, кхин масех эпсаро а халла дІaтeбира карзахбевлла зударий. Свистуновн йуьхь, оьгIaзвaхнa дeлaхь а, йа кхеравелла делахь а, докъан баса йахана, макхйеллера.
– Лераме зударий! – кхайкхира иза, логера кочан ши мIара дIa a хецна. – XIун ду аш лелориг?
Зударийн йуха а маьхьарий девлира.
– ЛадогIал цкъа! – куьг хьалха тесира инарлас. – Cyьдо кхиэл йинарш муьлш бу ца хаьа шуна? Уьш-х пачхьалкхан зуламхой бу. Вайн сийлаxьчу паччахьна дуьхьал гIевттина, шаьш тоьллехь шу, кху махкара берриг оьрсий байъа йа кхузара дIабаха гIевттина…
– Aьшпаш!
– МозгIаро дукха лекхна тхуна и зурма!
– Бакъ дац аш дуьйцург!
– Уьш маршо лоьхуш гIевттина!
– Аш цIий Іyьйду тхан а, нохчийн а!
– Маьршабаха тутмакхаш!
И хьербевлла зударий цигара дIалахка салтий кхайкха аьлла, Эристовга приказ делира Свистуновс. Амма хьекъалечу эло къобал ца дира иза. Ницкъо къарбийр бацара уьш. Хаза дийцина, Iexийна, дIабаха безара. Эристовс, дехарш дина, жимма тебира зударий.
– Хьомсара зударий, эрна гIовгIанаш йо аш. Сан бакъо йац суьдан кхиэл хийца. И гIуллакх паччахьан карадахана, – элира Свистуновс.
– Паччахье дIахаийта тхан резадацар!
– Телеграмма ло, царна гечдар доьхуш!
– Дика ду, зударий… Ас государе дехар дийр ду, оцу кхойтта стагах къинхетам бе аьлла…
Свистуновн дашах тешнехь а, йа, маьхьарий хьоькхуш, доьлхучу шайн берех къахеттeхь а, цхьацца-шишша йоьдуш, дIасабаха буьйлабелира зударий.
Ткъа зударша букъ ма-тоьххинeхь, ша делла дош а дицдина, Владикавказе дIавахара Свистунов.
* * *
Ши де дайра гIалин Iедало оцу кхойтта стагана йина кхиэл кхочушйан чалтач лоьхуш.
Амма цхьаннeнна а ца лаьара и эхье болх тIелаца.
Эххар а, селхана карийра. ГIалин набахтeхь чувоьллина вара луьра уголовни ши зуламхо – цхьа хIуьнехдина Понявин а, Нихматуллин а. Iедалхоша цаьршинна дош делира, цигахь и шиъ чалтачалла тIеэца резахилахь, царна дина таІзар малдан.
Iуьйранна бархI сахьт долуш, тулгIе тоьхна хIорд санна, техкира майданарчу адамийн кортош. ГIалех арайелира гIалгIазкхийн отрядан йуьхь.
Тутмакхаш гуш бацара. Хьалхий, тIаьхьий, агIонашций ха

