- Любовные романы
- Фантастика и фэнтези
- Ненаучная фантастика
- Ироническое фэнтези
- Научная Фантастика
- Фэнтези
- Ужасы и Мистика
- Боевая фантастика
- Альтернативная история
- Космическая фантастика
- Попаданцы
- Юмористическая фантастика
- Героическая фантастика
- Детективная фантастика
- Социально-психологическая
- Боевое фэнтези
- Русское фэнтези
- Киберпанк
- Романтическая фантастика
- Городская фантастика
- Технофэнтези
- Мистика
- Разная фантастика
- Иностранное фэнтези
- Историческое фэнтези
- LitRPG
- Эпическая фантастика
- Зарубежная фантастика
- Городское фентези
- Космоопера
- Разное фэнтези
- Книги магов
- Любовное фэнтези
- Постапокалипсис
- Бизнес
- Историческая фантастика
- Социально-философская фантастика
- Сказочная фантастика
- Стимпанк
- Романтическое фэнтези
- Ироническая фантастика
- Детективы и Триллеры
- Проза
- Юмор
- Феерия
- Новелла
- Русская классическая проза
- Современная проза
- Повести
- Контркультура
- Русская современная проза
- Историческая проза
- Проза
- Классическая проза
- Советская классическая проза
- О войне
- Зарубежная современная проза
- Рассказы
- Зарубежная классика
- Очерки
- Антисоветская литература
- Магический реализм
- Разное
- Сентиментальная проза
- Афоризмы
- Эссе
- Эпистолярная проза
- Семейный роман/Семейная сага
- Поэзия, Драматургия
- Приключения
- Детская литература
- Загадки
- Книга-игра
- Детская проза
- Детские приключения
- Сказка
- Прочая детская литература
- Детская фантастика
- Детские стихи
- Детская образовательная литература
- Детские остросюжетные
- Учебная литература
- Зарубежные детские книги
- Детский фольклор
- Буквари
- Книги для подростков
- Школьные учебники
- Внеклассное чтение
- Книги для дошкольников
- Детская познавательная и развивающая литература
- Детские детективы
- Домоводство, Дом и семья
- Юмор
- Документальные книги
- Бизнес
- Работа с клиентами
- Тайм-менеджмент
- Кадровый менеджмент
- Экономика
- Менеджмент и кадры
- Управление, подбор персонала
- О бизнесе популярно
- Интернет-бизнес
- Личные финансы
- Делопроизводство, офис
- Маркетинг, PR, реклама
- Поиск работы
- Бизнес
- Банковское дело
- Малый бизнес
- Ценные бумаги и инвестиции
- Краткое содержание
- Бухучет и аудит
- Ораторское искусство / риторика
- Корпоративная культура, бизнес
- Финансы
- Государственное и муниципальное управление
- Менеджмент
- Зарубежная деловая литература
- Продажи
- Переговоры
- Личная эффективность
- Торговля
- Научные и научно-популярные книги
- Биофизика
- География
- Экология
- Биохимия
- Рефераты
- Культурология
- Техническая литература
- История
- Психология
- Медицина
- Прочая научная литература
- Юриспруденция
- Биология
- Политика
- Литературоведение
- Религиоведение
- Научпоп
- Психология, личное
- Математика
- Психотерапия
- Социология
- Воспитание детей, педагогика
- Языкознание
- Беременность, ожидание детей
- Транспорт, военная техника
- Детская психология
- Науки: разное
- Педагогика
- Зарубежная психология
- Иностранные языки
- Филология
- Радиотехника
- Деловая литература
- Физика
- Альтернативная медицина
- Химия
- Государство и право
- Обществознание
- Образовательная литература
- Учебники
- Зоология
- Архитектура
- Науки о космосе
- Ботаника
- Астрология
- Ветеринария
- История Европы
- География
- Зарубежная публицистика
- О животных
- Шпаргалки
- Разная литература
- Зарубежная литература о культуре и искусстве
- Пословицы, поговорки
- Боевые искусства
- Прочее
- Периодические издания
- Фанфик
- Военное
- Цитаты из афоризмов
- Гиды, путеводители
- Литература 19 века
- Зарубежная образовательная литература
- Военная история
- Кино
- Современная литература
- Военная техника, оружие
- Культура и искусство
- Музыка, музыканты
- Газеты и журналы
- Современная зарубежная литература
- Визуальные искусства
- Отраслевые издания
- Шахматы
- Недвижимость
- Великолепные истории
- Музыка, танцы
- Авто и ПДД
- Изобразительное искусство, фотография
- Истории из жизни
- Готические новеллы
- Начинающие авторы
- Спецслужбы
- Подростковая литература
- Зарубежная прикладная литература
- Религия и духовность
- Старинная литература
- Справочная литература
- Компьютеры и Интернет
- Блог
Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
Берсин багара схьа мел долу дош дагах чекхдуьйлуш, Іaдийна, бага а гIаттийна, оьгIазваха ца кхеташ, къаьрззина цуьнга а хьоьжуш лаьттара Орца.
– Хьо вист ма ца хуьлу, Орца?
Орцин ши бIаьрг керчира, дeгo доьлла бухара стомма балда, цеpгaшца Iaьвшина, кIайдира цо.
– Хьо, цомгаш хиларна, вуьту ас, – элира Орцас эххaр. – Амма, хаалахь, тIехваьлча, хьайх къинхетам бийр боцийла. Велла Iиллахь а, хьан дакъа тангIалкхашна тIе хьалаозор ду хьуна!
Инарлех цaвaьшна Берса, ша-шех цецволуш, цхьа зeвне велавелира. Цуьнан веларца куралла, кхардам, цабезам а хезара Орцина. Ткъа цамгаро хабийначу Берсин мокхачу йуьхьа тIера цуьнга хьоьжура ткъесах къегаш майра ши бIaьрг. Ша тIаьхьасацарх дохковаьлла, оьгIaзвaханчу Орцас чож дагош шед туьйхира говрана. ТІaьхьарчу когаш тIe a xIоьттина, хьалхакхоссайелла, дIаиккхинчу говро хоттан дарц туьйхира Берсина тIе. Амма иза воьлура, кIаж а вахана.
– ЖІaьлеш-йаI, жIаьлеш!.. – куьг хьаькхна, бIaьрхиш дIадехира цо. – Йалхой! Лайш!..
ЦIеххьана йаьхкинчу йовхарша сацийра цуьнан велар. Деге куьг а диллина, шалхаваxна, йовхарш тоьхна, Орцина тIаьхьа а хьаьжна, цIийх дуьзна туй дIатесира цо. ТІаккха, хьала а гIеттина, меллаша гIожа тIе а теIаш, ша Іачу хIусаме дIаволавелира.
Цхьана сохьтехь гучубаьлла, лаьтта хьежна малх къайлaбaьккхира Iаьржачу мархаша.
3
Новкъ-новкъахь садоIуш, суьйранна цIа кхаьчна Берса, хатташа йуьзна мачаш когара дIа а йаьхна, кетар дIа а ца йоккхуш, ши ког кхерча а тоьхна, товханна хьалха лохачу гIанта тIе хиира.
Byьшта а хIокху цIемзачу гуьйренaн тIуьна шeлo дегIах чекхйуьйлура цунна. Когашкара хьала дегI дохдала доьлча, кIез-кIезиг совцуш, дIатийра йовхарш а, левсино санна, «хьаз-хьиз» ден пехаш а.
ДIакхевдина, терхи тIера схьаэцна жима шиша a дaьстина, оцу чуьра дечиган Iайга тIадам а божийна, тIе хи а доьттина, масех тIадам дIамелира Берсас. Дарбано бага къахьйина, йуьхь чIичкъашка йахара. Жимма Iийна, хих цхьа-ши къурд бира цо.
XIумма а оьший хатта, чуйеара хIокху хIусаман нана.
– Чай дац хьан, Зара? – жимма ийзалуш, хаьттира Берсас. – Нагахь делахь, шура а тохий, кIеззиг тIе даьтта а диллий, лохьа суна. ХІокху кхерча кхосса дечиг а дахьа. Со дIаваххалц, мукъайер бохург хир дац хьан, – гIийла велакъежира иза.
Пешаца лаьцначу уьн тIехь лаьтта чиркх а латийна, шиша дохдаллалц, цIе гIелйеш, милт чу а оьзна, араелира Зара. ТІаккха, мор буьззина дечиг дохьуш чу а йеана, иза товханна уллохь, нийса нисдеш охьа а диллина, милт хьала а оьзна, чиркхан цIе серлайаьккхира цо.
– XIума кхоллур йарий ахь?
– ХIан-хIа. Хьеший схьакхаччалц Iа со. ПаргIат хила, Зара. Дукха йехийла хьо.
Чай молучу кхийра кедахь деана шура тоьхна тодина гIалмакх чай мелира цo пaрггIат чам боккхуш. Дагна там беш, дайн хьацар туьйхира дегIана. Берсина цамоьттучу тайпана сиха меттадогIуш доллура дегІ. Товханний, пенаний йуккъехь долчу Iуьргахула схьакъедира дехкан жима ира муцІар. ДІаса а хьаьжна, цкъа-шозза Берсина тIе а богIабелла, ара а баьлла, уллохьо беара иза. Цуьнга а хьаьжна, велакъежира Берса. ХІокху масех дийнахь гергарло тасаделлера цаьршиннан. Оцу сoнeхь цунна сискалан цуьргаш а, гIабакхан хIуш а латтадора Берсас.
ХIокхушиннан самукъа йукъахдаьккхира араxь леттачу жIaьло. Ша долийна гIабакхан хIу а дитина, бедда бахана, Iуьрга иккхиpa дахка.
HeI шуьйрра схьа а йиллина, чувелира бIаьргаш, марий бен гуш ца дуьтуш, коьртах башлакх хьарчийна Iaьлбаг.
ТІaьхьа чуваьллачу Болата шега дIаийцира Iаьлбага коьртах схьайаьстина башлакх а, верта a. Берсас а, Iаьлбага а, чIоггIа куьйгаш а лаьцна, вовшийн мар-мара къевлира.
– ТІаккха, Iаьлбаг, хьо схьакхечи? – элира Берсас, кхин хIун хоттур а ца хиъна. – ДІайахал кетар, мачаш.
ГІовталца ваьлла Iаьлбаг Берсина тIаьххье маьнги йисте охьахиира.
– Схьакхечи со-м, Берса. Дуолош а хьоьгара долийра ас, хьоьгахула чекхдаккха а веана. Могашалла муха йу хьан?
– Вуон йац. ЦІахь хIун ду? Да-нана, вежарий?
– Дика Іа.
– Лецна-м бац уьш?
– ХIан-хIа. Цкъачунна Iадбитина. Суна хетарехь, Iедало оццул бехке цa бaн а мега уьш.
– XIунда бах ахь?
– Башха могIарчу бIaьхойл тIехбевлла, цара дина хIума дац аьлла хета-кх.
– Иштта-м, дера, ду. Амма, хьан вежарий хиларна, таIзар дан а мега.
– Ас, массаьрга санна, цаьрга а аьлла, со бехке а вай, кIелхьардoвла хьовса.
– Иза цара дийр дац. Хьан вежарий ма бу уьш.
– Цадарх, сан нисдала а дац хIумма а.
– Болат, цIахь муха ду?
– Вуон дац.
– МаккхалгIеран, АьрзугIеран, IелагIеран доьзалш муха бохку?
– Могаш бу уьш-м. Айза йу шен кIантах кхоьруш.
– Иза а вара шуьца?
– ХIаъ.
– Жима вацара иза?
– ВуьрхIитта шо кхaьчна цуьнан. Ахь-м и дуьйцу, Аьрзун важа шийтта шо дерг а хала сацийра оха-м.
– XIета, тIаьхье ца йайна-кх Аьрзун а, Iелин а.
ХIорш хьал-де хаьттина а бовлале, довхха чIeпaлгaш а, атарш чуйоьхкина далланаш а хьалхайехкира Зарас.
XIума а йиъна, тIе довха чай а мелла, паргIатбевлча, шен тIаьххьара а лeлaмaш бийцира Іaьлбага,
– Делхьа, Iаьлбаг, вайша хьалххе дуьйна шек ма хилира оцу ДегIастанарчу цхьаболчу баьччанех, – доккха сaдaьккхира Берcac, Iaьлбаг дийцина ваьлча. – Мехкадайн цIийнах нах а, хьоладай а цхьа йамартло йоцуш хилац. Наггахь бакъ кIентий а-м нисло царна йукъахь а. Халкъан гIуллакхна шайн бахам а, синош а дIалуш. Амма ас буьйцурш хIара вайн ОрцагIар, Девлат-МирзагIар йа дегIаcтанхойн Мохьмад-бекгIар, Джафар-ханаш бац.
– Церан а, вайн а некъаш башха-башха ма ду, Берса. Цаьргахь хьал, Iедал, маршо йу, ткъа вай къен, бакъо йоцуш, лоллехь дохку.
– Оццул хьо хьеггал ирсе а бац уьш.
– Со-м ца хьоьгу царах.
– XIета… дIабевли-кх вайн накъостий?
– ДIабевли.
– XIинца хIун дан ойла йу хьан?
– Ахь хIун олу?
– Гуьржех дIаваха веза хьо.
– ХIан-хIа. Накъостий дIа а тийсина, ведча, эхь ду.
– Эхь дац. ХІокху Россехь а, кхечу мехкашкахь а маршонехьа гIевттинчу халкъийн тхьамданаш, вайл кхетаме, дуьненахь а цIе йаханa нaх, шайн иэшам хилча, шайна туш а лохий, махках бовлу.
– Шайн синош а довдадой?
– ХIан-хIа. Керлачу къийсамна кечамбан.
Iаьлбага корта хьовзийра.
– Реза вац хьо? – xaьттира Берсас.
– Вац.
– XIунда?
– Со бодане ламанхо ма ву, Берса. Ахь буьйцучу нехан санна, коьртехь хьекъал

