- Любовные романы
- Фантастика и фэнтези
- Ненаучная фантастика
- Ироническое фэнтези
- Научная Фантастика
- Фэнтези
- Ужасы и Мистика
- Боевая фантастика
- Альтернативная история
- Космическая фантастика
- Попаданцы
- Юмористическая фантастика
- Героическая фантастика
- Детективная фантастика
- Социально-психологическая
- Боевое фэнтези
- Русское фэнтези
- Киберпанк
- Романтическая фантастика
- Городская фантастика
- Технофэнтези
- Мистика
- Разная фантастика
- Иностранное фэнтези
- Историческое фэнтези
- LitRPG
- Эпическая фантастика
- Зарубежная фантастика
- Городское фентези
- Космоопера
- Разное фэнтези
- Книги магов
- Любовное фэнтези
- Постапокалипсис
- Бизнес
- Историческая фантастика
- Социально-философская фантастика
- Сказочная фантастика
- Стимпанк
- Романтическое фэнтези
- Ироническая фантастика
- Детективы и Триллеры
- Проза
- Юмор
- Феерия
- Новелла
- Русская классическая проза
- Современная проза
- Повести
- Контркультура
- Русская современная проза
- Историческая проза
- Проза
- Классическая проза
- Советская классическая проза
- О войне
- Зарубежная современная проза
- Рассказы
- Зарубежная классика
- Очерки
- Антисоветская литература
- Магический реализм
- Разное
- Сентиментальная проза
- Афоризмы
- Эссе
- Эпистолярная проза
- Семейный роман/Семейная сага
- Поэзия, Драматургия
- Приключения
- Детская литература
- Загадки
- Книга-игра
- Детская проза
- Детские приключения
- Сказка
- Прочая детская литература
- Детская фантастика
- Детские стихи
- Детская образовательная литература
- Детские остросюжетные
- Учебная литература
- Зарубежные детские книги
- Детский фольклор
- Буквари
- Книги для подростков
- Школьные учебники
- Внеклассное чтение
- Книги для дошкольников
- Детская познавательная и развивающая литература
- Детские детективы
- Домоводство, Дом и семья
- Юмор
- Документальные книги
- Бизнес
- Работа с клиентами
- Тайм-менеджмент
- Кадровый менеджмент
- Экономика
- Менеджмент и кадры
- Управление, подбор персонала
- О бизнесе популярно
- Интернет-бизнес
- Личные финансы
- Делопроизводство, офис
- Маркетинг, PR, реклама
- Поиск работы
- Бизнес
- Банковское дело
- Малый бизнес
- Ценные бумаги и инвестиции
- Краткое содержание
- Бухучет и аудит
- Ораторское искусство / риторика
- Корпоративная культура, бизнес
- Финансы
- Государственное и муниципальное управление
- Менеджмент
- Зарубежная деловая литература
- Продажи
- Переговоры
- Личная эффективность
- Торговля
- Научные и научно-популярные книги
- Биофизика
- География
- Экология
- Биохимия
- Рефераты
- Культурология
- Техническая литература
- История
- Психология
- Медицина
- Прочая научная литература
- Юриспруденция
- Биология
- Политика
- Литературоведение
- Религиоведение
- Научпоп
- Психология, личное
- Математика
- Психотерапия
- Социология
- Воспитание детей, педагогика
- Языкознание
- Беременность, ожидание детей
- Транспорт, военная техника
- Детская психология
- Науки: разное
- Педагогика
- Зарубежная психология
- Иностранные языки
- Филология
- Радиотехника
- Деловая литература
- Физика
- Альтернативная медицина
- Химия
- Государство и право
- Обществознание
- Образовательная литература
- Учебники
- Зоология
- Архитектура
- Науки о космосе
- Ботаника
- Астрология
- Ветеринария
- История Европы
- География
- Зарубежная публицистика
- О животных
- Шпаргалки
- Разная литература
- Зарубежная литература о культуре и искусстве
- Пословицы, поговорки
- Боевые искусства
- Прочее
- Периодические издания
- Фанфик
- Военное
- Цитаты из афоризмов
- Гиды, путеводители
- Литература 19 века
- Зарубежная образовательная литература
- Военная история
- Кино
- Современная литература
- Военная техника, оружие
- Культура и искусство
- Музыка, музыканты
- Газеты и журналы
- Современная зарубежная литература
- Визуальные искусства
- Отраслевые издания
- Шахматы
- Недвижимость
- Великолепные истории
- Музыка, танцы
- Авто и ПДД
- Изобразительное искусство, фотография
- Истории из жизни
- Готические новеллы
- Начинающие авторы
- Спецслужбы
- Подростковая литература
- Зарубежная прикладная литература
- Религия и духовность
- Старинная литература
- Справочная литература
- Компьютеры и Интернет
- Блог
Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
Евгений Ивановича кхин а цхьацца кад боьттира тхойшинна.
– Вай-м ца бо нохчий бехке, – элира Евгений Ивановича. – Ахь нийса боху, Берса. Хала киртиг-м хьехор а йацара вай, паччахьаша-м, шайна кхин халкъ дIакхалла лиъча а, союзник лоху. Селхана мостагI хилла ши пачхьалкх, оцушиннах цхьаннан кхоалгIачуьнца дов доладелча, нагахь шайн Iалашонаш цхьаьнайагIахь, вовшашца барт а бой, кхозлагIчух лета. Наполеон Россина чувеача, вешан селханлерчу мостагIашца – австрийцашца, пруссакашца, англичанашца, туркошца – барт бира вай.
– Гена гIиртина хIун до вай, – тIетайра со а, – тахана Балканехь хIоьттина сурт гуш хилча? Вайца цхьана динехь болчу цигарчу славянаша, шаьш туркойн олаллина дуьхьал масазза гIовтту, Россига гIо доьху. Иза нийса а, бакъонца а лору вай, ткъа шайн маршонехьа гIевттинчу ламанхоша шайца цхьана динерчу туркошка гIо дехча, маьхьарий бовлу.
– Кхузахь хьо гал ву, Яков Степанович, – элира Берсас, ойла а йина. – Оьрсийн а, туркойн а шина правительствон политикийн Iалашонаш цхьаъ йелахь а – мехкаш дIалеций, кхин къаьмнаш лолле дерзой, амма жамIаш башх-башха нисло. Оцу шиний правительствона гIенах а дага ца догIу вовшаша Iазапехь дахко къаьмнаш маьршадаха. Амма оьрсийн правительствон Iалашонаш цхьаьнайогIу Балканерчу халкъийн лаамца. Россиний, Турциний йуккъехь тIом масазза хуьлу, Балканера халкъ маьршадолу туркойн Iазапна кIелхьара. Маьршадаьлла ца Iаш, хIораннах а йозуш йоцу пачхьалкх а кхоллало. Со тешна ву, хIара тIом а болгарашна маршо луш чекхбериг хиларх. ТIе, оьрсийн халкъан дог лозу шайца цхьана динехь, цхьана цIийх болчу цигарчу славянех. Церан маршонан дуьхьа, цхьа а тайпа шалхо йоцуш, шайн синош дIало оьрсийн салташа. Ткъа тхан, шайн «бусалба вежарийн» дуьхьа тIом бо бохучу туркойн правительствон а, йа туркойн халкъан а, йанне а йац и догцIена ойла. Нагахь, цхьа аьтто а баьлла, оьрсашна тIехь туркошка толам баккхалахь, хIара лаьмнаш церан карадахча, цара ламанхошна маршо, серло лур йара бохучух ца теша со. Паччахьан дукъ дIа а кхоьссина, ламанхойн коча шениг дуллур дара султано.
– Ахь ма-дийццара хилча, ламанхой Турце хIунда уьду? – хаьттира Евгений Ивановича.
– Оьрсийн правительствон харцонах а, къизаллех а, шайн къоьллех а бевдда. ТIе, Евгений Иванович, цхьа ламанхой хилла ца Iа Россера дIауьдуш. Маса эзарнаш оьрсий, малороссаш, белорусаш бахана Америке? Шайн даймок, шайн халкъаш ца дезаш ца уьду уьш цига, ткъа, хIара ламанхой санна, кхузарчу къизаллех, харцонех, къоьллех уьду. Нагахь шийтта шо хьалха нохчий Турце кхалхар царна туркой а, церан паччахь а везаш хилла моттахь, иза бакъ дац. Шайн гIаттам хьаьшча, кхелхина бахана дуккха а донски гIалгIазкхий тахана а бу Турцехь. Туркошца тIом хилча, оьрсийн эскаршна дуьхьал а лета уьш. Цигахь тахана а бу, европейски революци хьаьшча, бевдда бахана французийн, немцойн, полякийн, австрийн, венгрийн а бIеннаш революционераш. Тахана оьрсийн революционераш а бу, паччахьан Iедало Россера арабаьхна, малхбузе мехкашкахь баьржина. Кхолламо баьхна уьш шайн махках а, халкъах а. Тхешан маршо, даймохк ларбеш, тхешан ницкъ эшна, кIелдиссалц летта тхо оьрсийн паччахьна дуьхьал. Амма тхан жима халкъ эшийра дуьненахь нуьцкъалчарна йуккъехь а нуьцкъалчу оьрсийн империс. Тхан бертаза кочадеана паччахьан олалла. Тхуна мел ца лаахь а, ца дезахь а, Россица, оьрсийн халкъаца бу тхан исторически кхоллам. Тхаьш санна, Iазапехь доллуш оьрсийн халкъ хиларна, цуьнан гIоьнца мацца а цкъа тхайна маршо а, ирс а хиларх дог а доху.
ТIаккха тхан къамел туркошца тIаме йаханчу нохчийн полкана тIеделира.
Берсас гIайгIане корта хьовзийра.
– Даим туркоша, персаша хьийзош бIарзбинчу гуьржаша, шаьш Турцина, Иранна йа Россина цхьанна кога кIел дахаза ца довлийла хиъча, оцу кхааннах цхьаъ къасто дезаш, кхо некъ хIоьттича, шайца цхьана динехь йолу Росси къастийра. Дера, тхан а ма бу тхаьшца цхьана динехь болчу туркошка озабезам. ХIетте а, тхан дай цкъа а ца хIиттина туркойн, персийн, кхечу бусалба паччахьийн байракхаш кIел. Уьш, тхаьш санна, бусалбанаш хиллехь а. ХIара таханлера туркошца болу тIом – дуьненан нуьцкъалчу паччахьийн а, пачхьалкхийн а политикин, девнийн а тIаьхьало йу. Ишттачу тIамехь дакъалацар шатайпа гIо ду мехкаш дIалецархошний, халкъашкахь Iазапдаллорхошний.
Сан а, Евгений Ивановичан а шозлагIа кедаш хьадаза лаьттара.
– Амма нохчийн полк доггах а, майра а лета туркойх, – элира Евгений Ивановича. – Суна хетарехь, оцу полкера цхьа а нохчо нуьцкъах ца вигна цига.
Берсас йуха а гIайгIане корта хьовзийра.
– Бакълоь хьо, Евгений Иванович, – элира цо. – Уьш цхьаммо а нуьцкъах ца бигна цига. Амма ахь цхьа хIума дицдо. Туркошца тIаме йаханчу нохчийн полкера нах цхьаъ цахилар. Вайна ма-хаъара, кхузаманан муьлхха а къам социальни масех классах лаьтта. Олалла дийраш – дворянаш, буржуази; олаллина кIел бохкурш – белхалой, ахархой, доцца аьлча, къинхьегаман халкъ. И ший а класс – цкъа а вовшашца машар хир боцуш ши мостагI ву массо а махкахь. Муьлххачу а къоман олаллин классана шен къоман къинхьегаман халкъал гергара хета кхечу къомах, кхечу динехь долу шайца цхьана классан адамаш. Цундела масех динехь дуккха а къаьмнаш цивилизацин пачхьалкхехь, шина классана йуккъехь дов даьлча, олаллахой а, къинхьегамхой а шайш-шайн классашкахь цхьаьнакхета. Къам а, дин а ца хьехош. Цунна цхьа-шиъ классически масал далор вай. Вайна ма-хаъара, масех бIешо ду Балканера славянаш туркойн Iазапна кIел бохку. Амма, и халкъаш туркойн олаллина дуьхьал гIевттича, меттигера хьоладай даим туркошкахьа бовлу. Йа, нийса аьлча, туркойн Iедалехьа. Цул сов, Боснерий, Герцоговинерий славянийн цхьаболчу дворянаша, шайн къоман керста дин дIа а тесна, бусалба дин имперехь олаллин дин а, олалла дечу къоман дин а хиларна. Iазапехь далло къаьмнаш классаллин къийсамехь шайн йукъарчу мостагIчунна дуьхьал цхьаьнакхетаран классически масал ду Пугачев коьртехь волуш Россехь тIаьххьара хилла ахархойн тIом. Оьрсийн муьжгашца, гIалгIазкхашца цхьаьна бара гIезалой, башкираш, удмурташ, чувашаш, мордваш, марийцаш, гIалмакхой. БархI къомах а, масех динехь а долу адамаш. Ткъа 1848–1849-чуй шерашкахь Европехь хиллачу революцин дакъалацархой? Масала, Венехь баррикадашкахь цхьаьна бара австрийцаш, чехаш, словакаш, мадъяраш, полякаш, кхин а. Баррикадийн вукху агIор – оццу къаьмнийн олаллин классаш. ХIара оьрсийн-туркойн тIом а ца болабеллехьара, цунах пайда а эцна, Iедалой, килсой кху махкарчу оьрсашна йукъахь харц эладита а ца даржийнехьара, тахана дуккха а муьжгий гIевттинчу нохчашца хирг хиларан шеко йацара. Цунна тоьшалла ду, нохчийн гIаттам болабелча, салтий Нохчамахка бовда гIортар а, царах аьтто баьлла цхьаъ Iаьлбаган уггар гергара накъост хилар а.
Берсас, кисанара даьккхина йовлакх бете а лаьцна, дIа а вирзина,

