- Любовные романы
- Фантастика и фэнтези
- Ненаучная фантастика
- Ироническое фэнтези
- Научная Фантастика
- Фэнтези
- Ужасы и Мистика
- Боевая фантастика
- Альтернативная история
- Космическая фантастика
- Попаданцы
- Юмористическая фантастика
- Героическая фантастика
- Детективная фантастика
- Социально-психологическая
- Боевое фэнтези
- Русское фэнтези
- Киберпанк
- Романтическая фантастика
- Городская фантастика
- Технофэнтези
- Мистика
- Разная фантастика
- Иностранное фэнтези
- Историческое фэнтези
- LitRPG
- Эпическая фантастика
- Зарубежная фантастика
- Городское фентези
- Космоопера
- Разное фэнтези
- Книги магов
- Любовное фэнтези
- Постапокалипсис
- Бизнес
- Историческая фантастика
- Социально-философская фантастика
- Сказочная фантастика
- Стимпанк
- Романтическое фэнтези
- Ироническая фантастика
- Детективы и Триллеры
- Проза
- Юмор
- Феерия
- Новелла
- Русская классическая проза
- Современная проза
- Повести
- Контркультура
- Русская современная проза
- Историческая проза
- Проза
- Классическая проза
- Советская классическая проза
- О войне
- Зарубежная современная проза
- Рассказы
- Зарубежная классика
- Очерки
- Антисоветская литература
- Магический реализм
- Разное
- Сентиментальная проза
- Афоризмы
- Эссе
- Эпистолярная проза
- Семейный роман/Семейная сага
- Поэзия, Драматургия
- Приключения
- Детская литература
- Загадки
- Книга-игра
- Детская проза
- Детские приключения
- Сказка
- Прочая детская литература
- Детская фантастика
- Детские стихи
- Детская образовательная литература
- Детские остросюжетные
- Учебная литература
- Зарубежные детские книги
- Детский фольклор
- Буквари
- Книги для подростков
- Школьные учебники
- Внеклассное чтение
- Книги для дошкольников
- Детская познавательная и развивающая литература
- Детские детективы
- Домоводство, Дом и семья
- Юмор
- Документальные книги
- Бизнес
- Работа с клиентами
- Тайм-менеджмент
- Кадровый менеджмент
- Экономика
- Менеджмент и кадры
- Управление, подбор персонала
- О бизнесе популярно
- Интернет-бизнес
- Личные финансы
- Делопроизводство, офис
- Маркетинг, PR, реклама
- Поиск работы
- Бизнес
- Банковское дело
- Малый бизнес
- Ценные бумаги и инвестиции
- Краткое содержание
- Бухучет и аудит
- Ораторское искусство / риторика
- Корпоративная культура, бизнес
- Финансы
- Государственное и муниципальное управление
- Менеджмент
- Зарубежная деловая литература
- Продажи
- Переговоры
- Личная эффективность
- Торговля
- Научные и научно-популярные книги
- Биофизика
- География
- Экология
- Биохимия
- Рефераты
- Культурология
- Техническая литература
- История
- Психология
- Медицина
- Прочая научная литература
- Юриспруденция
- Биология
- Политика
- Литературоведение
- Религиоведение
- Научпоп
- Психология, личное
- Математика
- Психотерапия
- Социология
- Воспитание детей, педагогика
- Языкознание
- Беременность, ожидание детей
- Транспорт, военная техника
- Детская психология
- Науки: разное
- Педагогика
- Зарубежная психология
- Иностранные языки
- Филология
- Радиотехника
- Деловая литература
- Физика
- Альтернативная медицина
- Химия
- Государство и право
- Обществознание
- Образовательная литература
- Учебники
- Зоология
- Архитектура
- Науки о космосе
- Ботаника
- Астрология
- Ветеринария
- История Европы
- География
- Зарубежная публицистика
- О животных
- Шпаргалки
- Разная литература
- Зарубежная литература о культуре и искусстве
- Пословицы, поговорки
- Боевые искусства
- Прочее
- Периодические издания
- Фанфик
- Военное
- Цитаты из афоризмов
- Гиды, путеводители
- Литература 19 века
- Зарубежная образовательная литература
- Военная история
- Кино
- Современная литература
- Военная техника, оружие
- Культура и искусство
- Музыка, музыканты
- Газеты и журналы
- Современная зарубежная литература
- Визуальные искусства
- Отраслевые издания
- Шахматы
- Недвижимость
- Великолепные истории
- Музыка, танцы
- Авто и ПДД
- Изобразительное искусство, фотография
- Истории из жизни
- Готические новеллы
- Начинающие авторы
- Спецслужбы
- Подростковая литература
- Зарубежная прикладная литература
- Религия и духовность
- Старинная литература
- Справочная литература
- Компьютеры и Интернет
- Блог
Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
Ас тIаьххьара а хаттар дира инарле:
– Хьан локхалла, ахь дуьйцург а, тахана кхузара вайн гIуллакхаш а цхьаьна ца догIуш хета суна. Доцца аьлча, ахь дийцарехь, нохчийн гIаттамаш вайн администрацин политикин а, гIалатийн а жамI хуьлу. Хьан къамеле ладоьгIча, хаало нохчех мелла а хьан доглозуш хилар. ХIетте а, суна хаарeхь, хьалхалерчу тIeман а, граждански а администрацин гIалаташ а нисдина, Нохчийчохь машар а, синтем а хIотторна керлачара а ца дина хIумма а. Мелхо а, тахана оцу гIалаташна йа, нийсса аьлча, оцу харцонашна дуьхьалойийраш къинхетамза хьоьшу…
Сан хаттар ца тайначу инарлин хьаьжа йуккъе шад xIоьттира. Схьахетарехь, ишттачу хаттарна хьалххе дуьйна кийчча хиллачу цо сихха жоп делира.
– Цкъа-делахь, господин Абросимов, хьалхалера гIалаташ нисдан йеxxa зaмa оьшу. ШолгIа-делахь, уьш нисдар а, кхузахь машаррий, синтеммий хIоттор а сан лаамехь гIуллакхаш дац. ТІaьххьара а, сан гуманни ойланал лакхахь лаьтта пачхьалкхан хьашт-дезарш а, Iалашонаш а. Пачхьалкхан чоьхьарчу хьелаша а, арахьарчу йукъаметтигаша а, къаьсттина а шена тIехьа вайн нуьцкъала мостагIий лаьттачу туркошца болчу хIокху тIамо а со тIeтоьтту, къинхетам боxург диц а дина, даге лa a цa доьгIуш, нохчийн гIаттамца дерг сихха а, гуттаренна а чекхдаккхарна.
Инарлин шийлачу бIaьргашка хьаьжча, кхидIа хеттарш эрна хиларх кхийтира со…
* * *
Ламанхой, къаьсттина нохчий, вайна дуьхьалбахарна бехке вайн эскаршкахь гIуллакхдеш хилла кхечу мехкийн эпсарш а хетало суна. Царах дукхахболчарна биэн а ма ца хета Россин а, цунна чуьрчу халкъийн а кхоллам. Уьш шайна чинаш, титулш, хьал а лаха ма богIу вайн махка. Ас буьйцурш дуьххьара Нохчийчу йаьхкинчу вайн отрядийн командираш Кох, Фрауендендорф, де Медеми, Кек, Рик, Пьери а, кхиболу а кхечу мехкийн авантюристаш бу. Цара йоккхачу къизаллица xьийшира шайна тIехь олалла латточу луларчу феодалашна дуьхьал болу нохчийн гIовттамаш. ХIаъа ткъа, и шайн къизалла вайн правительствон цIарах ма лелайора оцу эпсарша. Нийсса аьлча, церан къизачу гIуллакхашка бIaьргаш хьаббой хьоьжура правительство а. Церан болх хета суна Шайх Мансур коьртехь Нохчийчоь гIаттар. ХIеттахьехь вайн правительство кхетаме йеана хиллехьара! Цо и хьере эпсарш а, инарлаш а йухаоьзнехьара, хIокху тIаьххьарчу иттaннaш шерашкахь оццул цIий Iенна хир дацара. Амма и ца дира вайн мундираша. Оьрсийн пачхьалкхан, оьрсийн герзан сий лардан дезаш хийтира! Цкъа цхьанаметта къиза тохар дина нохчий къарбарца, кхузарчу дисинчу къаьмнийн ишттаниг лелорах догдаккха деза аьлла хийтира. Амма нохчашна дага а ца догIура къизаллина кIел совца. Вайн правительствон цхьана къизалло кхин кхуллуш, деха кочар хилира цунах. Шо-шаре мел долу, кIарглора вайн инaрлaший, чиновникаший ламанхошна а, оьрсийн халкъана а йуккъехь охку ор. Шина къомана йукъахь машар кхайкхоран меттана, оцу шинна йукъа питанаш туьйсуш, йуккъexь мостагIалла марсадохура. Генна хьалха хьуьйсучу хьекъалечарна гора оцу гIалатечу, къизачу политикин хинйолу тIаьхье. ТIаьхьа делахь а, кхузахь дIакхоьхьу политика хийца йезар хьийхира цара. ХIетахь, йуьхьанца, поэтан Грибоедовн а, тIаьхьа инарла Раевскийн а, хIинца тIеман министр волчу Милютинан а хьекъалечу хьехамашка вайн правительствос ладоьгIна хиллехьара! Цхьамзанаш йуьстах а тийсий, хIокху къоман Iер-дахаран, гIиллакхийн, амалийн хьелаш тидaмeхь а латтош, ларлуш, сих ца луш, кIез-кIезиг вешан йукъараллин дIахIоттам хIокхаьрга тIеэцийта вай, хIорш мах лело, бахам кхио Iамабе вай, кхузахь школаш, больницаш йохкуш, xIокхарна йукъа лаккхара культура, серло йаржайе вай, бехира цара. Амма вайн правительствос ла ца дуьйгӀира цаьрга. Мелхо а, тIеттIа алсамйохура къизаллаш.
Иттаннаш шерашкахь тIом биначул тIаьхьа, 1859-чу шараxь, шайца машаре бартбар дийхира нохчаша. И барт цаьрца бира фельдмаршало Барятинскийс. Амма, кхузахь шен ког хIоьттича, масех шо хьалха цаьрца бина и машаран барт а бохийра вайн правительствос.
Вайн зорбaнeхь а, килсашкахь а кхайкхадо, нохчий оьрсашна дуьхьал гIевттина бохуш. Амма иза бакъ дац. ХІокху гIаттаман тхьамданаш хIумма а сонта бац. Царна дика хаьа зуламан а, шайн къомерчу къоьллин а, бохамийн а хьоста мичахь ду. Царна хаьа и зулам, бохамаш правительствос кхуллийла. Цунна дуьхьал айъина цара шайн герз. Цунах дика кхета правительствос йузийна нохчийн къоман лакхенаш а. Хаьа, гIаттам толахь, уггар хьалха шайн баккъаш кеглур дуйла. Цундела цара шайн ницкъ ма-кхоччу правительствона гIо до хIара гIаттам хьаша.
Сийсара, са а гатделла, жимма хан йайъа Евгений Иванович волчу вахара со. Сан цецваларан доза дацара хIинца цуьнан хIусамехь къена, цамгаре нохчо карийча.
– Вовзал вовшийн, – дуьхь-дуьхьал хIоттийра тхойша хIусамдас. – Сан университетски доттагI Яков Степанович. Ткъа хIара, Яков Степанович, сан нохчийн доттагIех уггар гергарниг – Берса Рохьмадович. Оьрсийн эскарехь гIуллакхдарца капитанан чин делла хIокхунна, шен халкъан маршонехьа къийсарна – итт шо каторга а, цу тIе, чахотка а.
Нохчочун професси а, могашалла а цхьаммо а йийца а ца оьшура. Цуьнан мокха йуьхь хебарша аьхнера, сирбелла корта тиллера кIеззиг чоьш бен ца дуьсуш. ДIа мел доIучу сица хьаз-хьиз хезара. ХIетте а, дегIе бIаьрг тоьхча, багах долучу даше ладоьгIча, шера хаалора иза кадрови эпсар хилар.
Евгений Ивановича стоьла тIе къаьркъанан шиша а, бепиг а, Iежаш а, самовар а хIоттийра. Берсас ца молийла хуучу хIусамдас цунна чай, тхойшинна къаьркъа доьттира.
– Вай цхьаьнакхетарна, сан хьомсарчу доттагIчун Берса Рохьмадовичан могашаллина тIера!
Хабарна тIерачу Евгений Ивановича суна дийцира хIокху Берсас Петербургехь кадетский корпусехь дешар а, венгрийн революци хьошуш дакъалацар а, оьрсийн революционер Алексей Гусев цуьнан герггара доттагI хилла хилар а, нохчийн маршонехьарчу къийсамехь тахана хIокхуьнан меттигах лаьцна а.
Цхьацца дуьйцуш, тахана банкетехь Свистуновс дийцинарг йукъаделира тхан. Нохчийн туркошца барт бу бохург хьахаделча, хаъал оьгIазвахара Берса.
– Нохчийн ойла туркошкахьа йу хIунда моьтту массарна а? – хаьттира цо. ТIаккха, тхойша вист ца хилча, шен хаттарна ша жоп делира. – Цаьрца цхьана а тайпа йукъара хIумма а дац тхан халкъан. Деккъа цхьа дин доцург. Тхан лулахой а уьш бац, цхьана цIийх а тхо дац, мотт а вовшашна аьттехьа а бац. Тхан дайша Шайх Мансуран заманахь гIо дехна туркошка-м хьовха, англичанашка а. Амма цара а йа вукхара а цкъа а цхьа топ йуза молха делла а, йа политикехула а, йа дипломатица а тхан халкъана дина гIо дац.

