- Любовные романы
- Фантастика и фэнтези
- Ненаучная фантастика
- Ироническое фэнтези
- Научная Фантастика
- Фэнтези
- Ужасы и Мистика
- Боевая фантастика
- Альтернативная история
- Космическая фантастика
- Попаданцы
- Юмористическая фантастика
- Героическая фантастика
- Детективная фантастика
- Социально-психологическая
- Боевое фэнтези
- Русское фэнтези
- Киберпанк
- Романтическая фантастика
- Городская фантастика
- Технофэнтези
- Мистика
- Разная фантастика
- Иностранное фэнтези
- Историческое фэнтези
- LitRPG
- Эпическая фантастика
- Зарубежная фантастика
- Городское фентези
- Космоопера
- Разное фэнтези
- Книги магов
- Любовное фэнтези
- Постапокалипсис
- Бизнес
- Историческая фантастика
- Социально-философская фантастика
- Сказочная фантастика
- Стимпанк
- Романтическое фэнтези
- Ироническая фантастика
- Детективы и Триллеры
- Проза
- Юмор
- Феерия
- Новелла
- Русская классическая проза
- Современная проза
- Повести
- Контркультура
- Русская современная проза
- Историческая проза
- Проза
- Классическая проза
- Советская классическая проза
- О войне
- Зарубежная современная проза
- Рассказы
- Зарубежная классика
- Очерки
- Антисоветская литература
- Магический реализм
- Разное
- Сентиментальная проза
- Афоризмы
- Эссе
- Эпистолярная проза
- Семейный роман/Семейная сага
- Поэзия, Драматургия
- Приключения
- Детская литература
- Загадки
- Книга-игра
- Детская проза
- Детские приключения
- Сказка
- Прочая детская литература
- Детская фантастика
- Детские стихи
- Детская образовательная литература
- Детские остросюжетные
- Учебная литература
- Зарубежные детские книги
- Детский фольклор
- Буквари
- Книги для подростков
- Школьные учебники
- Внеклассное чтение
- Книги для дошкольников
- Детская познавательная и развивающая литература
- Детские детективы
- Домоводство, Дом и семья
- Юмор
- Документальные книги
- Бизнес
- Работа с клиентами
- Тайм-менеджмент
- Кадровый менеджмент
- Экономика
- Менеджмент и кадры
- Управление, подбор персонала
- О бизнесе популярно
- Интернет-бизнес
- Личные финансы
- Делопроизводство, офис
- Маркетинг, PR, реклама
- Поиск работы
- Бизнес
- Банковское дело
- Малый бизнес
- Ценные бумаги и инвестиции
- Краткое содержание
- Бухучет и аудит
- Ораторское искусство / риторика
- Корпоративная культура, бизнес
- Финансы
- Государственное и муниципальное управление
- Менеджмент
- Зарубежная деловая литература
- Продажи
- Переговоры
- Личная эффективность
- Торговля
- Научные и научно-популярные книги
- Биофизика
- География
- Экология
- Биохимия
- Рефераты
- Культурология
- Техническая литература
- История
- Психология
- Медицина
- Прочая научная литература
- Юриспруденция
- Биология
- Политика
- Литературоведение
- Религиоведение
- Научпоп
- Психология, личное
- Математика
- Психотерапия
- Социология
- Воспитание детей, педагогика
- Языкознание
- Беременность, ожидание детей
- Транспорт, военная техника
- Детская психология
- Науки: разное
- Педагогика
- Зарубежная психология
- Иностранные языки
- Филология
- Радиотехника
- Деловая литература
- Физика
- Альтернативная медицина
- Химия
- Государство и право
- Обществознание
- Образовательная литература
- Учебники
- Зоология
- Архитектура
- Науки о космосе
- Ботаника
- Астрология
- Ветеринария
- История Европы
- География
- Зарубежная публицистика
- О животных
- Шпаргалки
- Разная литература
- Зарубежная литература о культуре и искусстве
- Пословицы, поговорки
- Боевые искусства
- Прочее
- Периодические издания
- Фанфик
- Военное
- Цитаты из афоризмов
- Гиды, путеводители
- Литература 19 века
- Зарубежная образовательная литература
- Военная история
- Кино
- Современная литература
- Военная техника, оружие
- Культура и искусство
- Музыка, музыканты
- Газеты и журналы
- Современная зарубежная литература
- Визуальные искусства
- Отраслевые издания
- Шахматы
- Недвижимость
- Великолепные истории
- Музыка, танцы
- Авто и ПДД
- Изобразительное искусство, фотография
- Истории из жизни
- Готические новеллы
- Начинающие авторы
- Спецслужбы
- Подростковая литература
- Зарубежная прикладная литература
- Религия и духовность
- Старинная литература
- Справочная литература
- Компьютеры и Интернет
- Блог
Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
– Везачу Дала, азаллехь Ша синош кхуллуш, хIоранга а шена оьмар тохийтина, хIоранна а ницкъ, амалш йелла, хIоранна рицкъанаш делла. Азаллехь синош кхуллуш Дала цIе тоьхнарг бен, адамийн паччахь хила йиш йац… – дека Товсолтин аз. – Тахана вайна тIехь паччахьалла деш волу Элксандар Дала хIоттийна ву, цуьнан гIoьнчий, областан хьаькам, окурган хьаькам, пурстоп, хIара вайн йуьртда ХортIа – берриг а Делан лаамца лелаш, вай лиэра безаш, вай сий дан дезаш нах бу. Цара дIакхоьхьy Iедал Делера ду. Цара ден таIзар а, цара бен къинхетам а Делера бу. Цаьрца къyьйсург, церан лаамна дуьхьалваьлларг Делаца къyьйсуш ву. Оцу стаге кханалерчу эхартан дийнахь хоттур ду, йа ибн Адам, хIай Адаман бер, Ша хьайна тIехIоттийначу Iедална, Іeдaлaн дaйшна дуьхьал хIунда ваьллера хьо, Ша хьайна белла кхоллам хийца хIунда гӀиртира хьо, Шеца хIунда къийсира аxь аьлла…
– ОстагӀпираллахI!
– …Йуха а хоттур ду Дала, йа ибн Адам, хIай Адаман бер, азаллехь Ша синош кхуллуш хIор а синна цo доьххург рицкъа деллера Ша, цхьадолчарна – кIезиг, кхечарна – дукха. Ша, хьо реза а веш, хIетахь хьайна деллачу рицкъанна реза а ца хилла, дуьненахь нехан мулкана тIе куьйгаш хIунда кховдийра аxь, Ша толийнарг эшо хIунда гIоьртира хьо аьлла… Дала хьукма дийр ду гIопал хиллачу, Iесабевллачу нахана тIехь, уьш итт эзар, бIe эзар шерашкахь жоьжахатин цIергахь багор бу…
– Дала лаpдoйлa вaй цунах!
– Амин!
– Делан лаамна дуьхьалбевлла, Дала бихкинчу новкъа бевлла, Дала хIоттийначу паччахьна, Дала цуьнга доссийначу Iедална дуьхьал гIеттина Симсaрaрчу Олдаман Іaьлбаг а, цуьнца берш а. Іaьлбаг Iеламстаг ву, хьаьжа ву, олу наха. Иза бакъ дац. Стагера Iилма а, хьекъал а шина тайпа ду. Делерий, шайтIанерий. Делера долчу Iилмано адамашна пайда ло, уьш шарIан новкъа буьгу, зуламах, хьарамчух лaрбо, хьаналниг хьоьху. Ткъа шайтIанера долчу Iилмано стаг зуламна тIетоьтту. Iаьлбаган Ӏилма шайтIанера ду. Иза а, цунна тIаьхьара Iеламнах а тиларчу бахана нах бу. Уьш бахьана долуш маситта йурт йагийна, бIeннaш aдaмaш дайъина, бIeннaш доьзалш, цIа-цIе доцуш, рицкъанах хаьдда лела. Оцу зуламхочунна тIaьхьахIиттина вайн йуьртахой Къайсар, Янаркъа, Aьрсмирза, Акхта, кхин, кхин а…
Хьалхарчу могIaршкахь йуха а гIовгIанаш йевлира:
– Дала хIаллакбойла уьш!..
– …Дала царна тIехь хьукма дийр ду, бусалба вежарий. Шена дуьхьалбевллачарах, шарІан некъах тиллачарах, Шен лаамца баьхкинчу паччахьашна дуьхьалбевллачу нахах цхьаболчарах – дуьненахь, кхечарах – кханалерчу къeмaт-дийнахь бекхам оьцур бу Ша, аьлла ду Делан дош. Шайна зуламе ваьлла стаг адамаша шайх дIахeрван веза, нажжазван веза, таІзарна Iедале дIавала веза, аьлла Дала. Iаьлбагна тIаьхьахIиттина вешан йуьртахой, совцийна, йа, лецна, Iедале дIабелла, цхьа агIо йаккха йеза вай…
ТІexьарчу могIаршкахь гIугI долу.
– …AлхьамдулиллахI, алхьамдулиллахI! Вайн везачу Дала aьтто бойла вайн паччахьан туркошна тIехь толам баккха. Махкaна чоьхьара зуламхой хIаллакбан…
– Амин!
– АллахIу амин!
Солтхана гуонах бIaьрг туху. ДоIина куьйгаш хьала а ца лоцуш, вовшашка а хьуьйсуш, кортош хьийзадо цунна уллохь болчара. Йукъ-йукъара гIеттина масех стаг, нах дIаса а тоьттуш, неIарехьа волало. Маьждиг чохь дов дойла ма йац. Товсолта-Хьаьжас дуьйцучуьнга кхидIа ладогIa сoбaр a ца тоьу.
Хьала а гIеттина, Солтха а вахара царна тIаьхьа…
IX корта. ЗУЛАМ А, ЦУЬНАН ОРАМАШ А
(Абросимовн йозанаш)
Цамгаран бахьана дIадаккха,
тIаккха цамгар а дIайер йу.
Гиппократ
1
ГIаттаман чаккхе гуш йац. Синтем байна хьийза областан а, округийн а администраци. Лахарчу эпсаршна а хиъна хIара гIуллакх забарна доцийла. Цхьаьна мел кхеттачохь къийсaмаш хуьлу, хIокху гIаттаман бехкeниш а, бахьанаш а лоьхуш. Наггахь стаг нисло ма-дарра дуьйцуш. Амма дукхахболчара хIара нохчий шаьш бехке бо. Динан фанатизмо керстанашка цабезам кхоьллина, ткъа цул хIумма а кIезиг йоцчу сонталло уьш даим дIа вайна дуьхьал гIуьттуьйту, боху.
Оцу тIехь кхин цхьаъ а ду дуьйцуш. Шайн бусалба туркошца барт хилла нохчийн, хIара тIом болабелча, царна гIoьнна уьш гIевттина, боху.
Дукха хан йоццуш цкъа инарла-адъютант Свистунов Грозне веача, лакхара эпсарш гулбеллачу банкетeхь и гIуллакх йукъадаьлча, хIокху гIаттаман бахьанаш шена мичахь го дийцира цо.
Инарлин дешнаш дaлaдo ac кхузахь дуьззина, лахахь сайна хетарг аларца, и шиъ вовшашца дуста а, бакъдерг къасто а аьтто хилийта23.
* * *
– ХIаъ, господа, хIара нохчий сих-сиха вайн Iедална дуьхьалбийларан бахьанаш тайп-тайпана дуьйцу наха, – долийра инарлас. – Оцу гIуллакхан кIорге хьовса хьекъалдоцчара йа мало йечара цхьа тIехула ойла йо. Цхьаболчара боху, хIорш карзахбохурш Iедал нийса дIа ца лело вайн чиновникаш бу, ткъа кхечара – xIокху къоман динан фанатизм а, аьрта сонталла а лору. Хьалхарниг бух боцуш ду, хIунда аьлча хьалха кхузахь областан начальник хиллачу графо Лорис-Меликовс участкийн коьрте хьанала, догцIена, тешаме, хьекъале нах хIиттийна. Приставна хаьара, ша доггах гIуллакхдича, шена округан начальникан меттигна тIе некъ биллина буйла, ткъа цигара дIа – полкан командирна тIе. Цул сов, приставашка кхузахь доггах гIуллакхдайта, царна мохк а лора, алапал сов, дуккха а ахчанца гIо а дора, оьмарна пенсеш а хIиттадора. Цундела вайн лахара чиновникаш ларлора кхаьънашъэцaрх а, бахархошна тIехь кхечу агIор ницкъашбарх а.
ХIетте а, кхузара куьйгалхой, приставна тIера хьала областан начальникна тIе кхаччалц, мел хьанала адамаш хиллехь а, уьш бахархойн Iep-дахар мел тодан гIиртинeхь а, тIом чекхбаьллачул тIаьхьа даьллачу берхIитта шарахь нохчаша маситтазза а гайтира Iедале шайн цабезам а, мостaгIалла а. Иза шозза-кхузза даррехь гIаттаме а дирзира. Бакъду, и гIовттамаш массанхьа а ца баьржира, цхьацца маIIexь лилxина уьш сихха хьаьшна дIабехира.
ХІeтa, Ieдaлхойн куьйгалла а дац хIара нохчий карзахбохург. Экономикин хьелаш дуй-те вайга церан цабезам кхуллурш? Дац. Данне а дац. Дера, цаьргара, дикачуьра а боккхуш, ах мохк дIа а ма баьккхина, вай уьш лаьмнашка а ма таIийна. Делахь а, уьш къинхьегамна тIера хилар а, хIуманан тIалам болуш хилар а, церан доьзaлийн барт чIогIa хилар а бахьана долуш, Iep-дахар уьш реза ца хиллал вуон а дац нохчийн.
ХІeттe a, кхин гуш бахьана доцуш, вайга цабезам бу церан. Вайга аьлча-м, берриг а оьрсий йукъабогIу, иштта аьлча харц ду. Церан мостагIалла вайн халкъаца дац, ткъа вайн Iедалца ду. Ткъа иза иштта хилар банне а бехк бац xІокху тIаьххьарчу берхІитта шарахь кхузахь йолчу вайн администрацин. Иза хьалха хиллачу тIамах a, xIетахьлерчу Iедалхойн политикех а дисина ун ду. ТIамо мостагIалла кхуллу дуьхь-дуьхьал летачу шина халкъана йукъа. Амма оцу девнан тIаьхьенан ойла йеш хьекъале нах белахь, цара иза тIаьхьа машаре хирриг дерзадо. И ойла ца йинера xIетахь кхузахь гIуллакх динчу Iедалхоша. Уьш итт-ткъа, бIe шарна хьалха ца хьуьйсура, шайн оцу дийнан толаман бен ойла ца йора цара.
Хууш ду, оцу бехачу тIaмeхь Шемал даим хIокху нохчашна тIетийжаш чекхваьллийла. Нохчех хаьдча, изa

