- Любовные романы
- Фантастика и фэнтези
- Ненаучная фантастика
- Ироническое фэнтези
- Научная Фантастика
- Фэнтези
- Ужасы и Мистика
- Боевая фантастика
- Альтернативная история
- Космическая фантастика
- Попаданцы
- Юмористическая фантастика
- Героическая фантастика
- Детективная фантастика
- Социально-психологическая
- Боевое фэнтези
- Русское фэнтези
- Киберпанк
- Романтическая фантастика
- Городская фантастика
- Технофэнтези
- Мистика
- Разная фантастика
- Иностранное фэнтези
- Историческое фэнтези
- LitRPG
- Эпическая фантастика
- Зарубежная фантастика
- Городское фентези
- Космоопера
- Разное фэнтези
- Книги магов
- Любовное фэнтези
- Постапокалипсис
- Бизнес
- Историческая фантастика
- Социально-философская фантастика
- Сказочная фантастика
- Стимпанк
- Романтическое фэнтези
- Ироническая фантастика
- Детективы и Триллеры
- Проза
- Юмор
- Феерия
- Новелла
- Русская классическая проза
- Современная проза
- Повести
- Контркультура
- Русская современная проза
- Историческая проза
- Проза
- Классическая проза
- Советская классическая проза
- О войне
- Зарубежная современная проза
- Рассказы
- Зарубежная классика
- Очерки
- Антисоветская литература
- Магический реализм
- Разное
- Сентиментальная проза
- Афоризмы
- Эссе
- Эпистолярная проза
- Семейный роман/Семейная сага
- Поэзия, Драматургия
- Приключения
- Детская литература
- Загадки
- Книга-игра
- Детская проза
- Детские приключения
- Сказка
- Прочая детская литература
- Детская фантастика
- Детские стихи
- Детская образовательная литература
- Детские остросюжетные
- Учебная литература
- Зарубежные детские книги
- Детский фольклор
- Буквари
- Книги для подростков
- Школьные учебники
- Внеклассное чтение
- Книги для дошкольников
- Детская познавательная и развивающая литература
- Детские детективы
- Домоводство, Дом и семья
- Юмор
- Документальные книги
- Бизнес
- Работа с клиентами
- Тайм-менеджмент
- Кадровый менеджмент
- Экономика
- Менеджмент и кадры
- Управление, подбор персонала
- О бизнесе популярно
- Интернет-бизнес
- Личные финансы
- Делопроизводство, офис
- Маркетинг, PR, реклама
- Поиск работы
- Бизнес
- Банковское дело
- Малый бизнес
- Ценные бумаги и инвестиции
- Краткое содержание
- Бухучет и аудит
- Ораторское искусство / риторика
- Корпоративная культура, бизнес
- Финансы
- Государственное и муниципальное управление
- Менеджмент
- Зарубежная деловая литература
- Продажи
- Переговоры
- Личная эффективность
- Торговля
- Научные и научно-популярные книги
- Биофизика
- География
- Экология
- Биохимия
- Рефераты
- Культурология
- Техническая литература
- История
- Психология
- Медицина
- Прочая научная литература
- Юриспруденция
- Биология
- Политика
- Литературоведение
- Религиоведение
- Научпоп
- Психология, личное
- Математика
- Психотерапия
- Социология
- Воспитание детей, педагогика
- Языкознание
- Беременность, ожидание детей
- Транспорт, военная техника
- Детская психология
- Науки: разное
- Педагогика
- Зарубежная психология
- Иностранные языки
- Филология
- Радиотехника
- Деловая литература
- Физика
- Альтернативная медицина
- Химия
- Государство и право
- Обществознание
- Образовательная литература
- Учебники
- Зоология
- Архитектура
- Науки о космосе
- Ботаника
- Астрология
- Ветеринария
- История Европы
- География
- Зарубежная публицистика
- О животных
- Шпаргалки
- Разная литература
- Зарубежная литература о культуре и искусстве
- Пословицы, поговорки
- Боевые искусства
- Прочее
- Периодические издания
- Фанфик
- Военное
- Цитаты из афоризмов
- Гиды, путеводители
- Литература 19 века
- Зарубежная образовательная литература
- Военная история
- Кино
- Современная литература
- Военная техника, оружие
- Культура и искусство
- Музыка, музыканты
- Газеты и журналы
- Современная зарубежная литература
- Визуальные искусства
- Отраслевые издания
- Шахматы
- Недвижимость
- Великолепные истории
- Музыка, танцы
- Авто и ПДД
- Изобразительное искусство, фотография
- Истории из жизни
- Готические новеллы
- Начинающие авторы
- Спецслужбы
- Подростковая литература
- Зарубежная прикладная литература
- Религия и духовность
- Старинная литература
- Справочная литература
- Компьютеры и Интернет
- Блог
Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
– Мацца а цкъа иза а хир ду, Іaьлбаг, – элира Овхьада сацамболлуш.
ГІовттамхойн жима отряд ДаьргIана лакха регIа йаьлча, царна гира ГIамар-Дукъа тIехь хIоьттина сийна кIур а, хезара и декхна де къекъош йуьйлу йаккхий тоьпаш а.
Iаьлбага шен сирачу динна шед туьйхира…
VI корта. ГІАМАР-ДУКЪАХЬ
Iедало дийнатийн хьелашка хIиттийначу
адамашна ши некъ буьсу – йа Iедална дуьхьал
гIовттар, йа, баккъал а, дийнаташка дерзар.
Ф. Энгельс
1
Шена тIедехкинчу декхаршца ца ларийначу Виберган метта гIаттамца дерг йоццачу хенахь чекхдаккхийтa, йeppиг бакъонаш кара а йелла, Нохчийчу хьажийна областан начальникан гIоьнча инарла-майор Алексей Михайлович Смекалов бархIалгIачу августехь Ведана кхечира.
Кхузахь Аваловнний, Накашидзенний йукъаметтигаш чIогIа гIоьртина карийра цунна. Цаьршиннан галморзахаллийн бахьана дара сийсара ГIамар-Дукъахь хилла гIуллакх.
Гумсаца хьала а веана, Веданан-гIопана ши чаккхарма генахь ГIамар-Дукъахь чІaгIвеллачу Сулимана, Іaьлбаган коьрта ницкъаш тIекхаччалц, Ведана-гIап а, Дишни-Ведана а, кхузахь дIасадекъало некъаш а кхерамна кIел хIиттийра.
Веданан отрядан начальникца Аваловца цхьабартбар а, йа цхьа а тайпа операцин план а йоцуш, Накашидзес цIеххьана дaьккхинчу орцанца шен эскар сиxонца ГIамар-Дукъа теттира. Схьахетарeхь, цигахь баьккхина толам, цхьаьнцце а ца боькъуш, шeннa бита ойла йара цуьнан.
ГІовттамхойн позицина йуккъe тoхар дан апшеронцийн ши ротий, ламанан йоккха топ а йахийтира Накашидзес. Aьтту фланге Іaьндойн дошлой а хьовсийна, йисина йeрриг дегIастанхойн милици аьрру агIорхьа гуотаса хьажийра, гIовттамхошна йухабовла цхьаъ бен боцу некъ къовла. Апшеронский полкан ши ротий, йоккха топпий резервexь йитира…
Амма ГIамар-Дукъахь кIеззигчу бIaьхошца чIагIвеллачу Сулимана, мостагI шел иттаза алсам воллушехь, масех сахьтехь хиллачу тIамeхь дуккха а дараш деш, иза йухаваьккхира. Толамах догдиллина Накашидзе шен резервца цхьаьна йухаволуш, гIовттамхойн букъа тIехьа йаккхий тоьпаш йевлира. Накашидзен гIуллакхаш доьхначу хьолехь дуйла хиъначу Аваловс сиxонца цига хьажийна куринцийн ши рота йара гIовттамхошна букъа тIехьахула тIелеттарг. Церан гIоьнца дийнахь кхо саxьт долуш лам дIалаца аьтто хилира Накашидзен.
Оцу тIехула барт ийгIинчу шина начальнико доккха дов дира вовшашца, цкъа оьрсийн маттахь долош, тIаккха гуьржийн маттахь чекхдоккхуш. Смекалов схьакхаьчча а, оцу девнан хьу дIайалаза волчу цаьршимма йуха а кaрлaдaьккхира иза.
– Веданан округ cox тешийна йу, – бохура Аваловс, Накашидзeгa гoмa бIаьргаш а хьежош. – Кхузахь хуьлучу муьлххачу а гIуллакхах ас сайн коьртаца жоп ло! Ткъа полковник Накашидзе, сох дага а ца волуш, шена луъург дан волавелла. Амма хила деззарг хили! Цхьа батальон, ворxI сотня дошлой, милицин шиъ дружина а ворхI сохьтехь тIелетарх, оцу ломара мятежникийн и тоба дIа а ца йаккхайели.
– XIунда дуьйцу ахь иштта, полковник? – карзахвуьйлура Накашидзе. – Сан отряд йац ткъа ГIамар-Дукъ дIалаьцнарг?
– Ткъа Ведана йухайаьлларг? Ас куринцийн ши рота гIоьнна ца йаийтинeхь, хьо-х, воxийна, йухаваьллера!
Смекаловс халла маслаIат дира цаьршинна йукъахь. Дагахь хIуъу дисинехь а, шаьшшиъ тайна сурт хIоттийра шина начальнико. ТІаккха Нохчмахкара хьал хаьттира Смекаловс.
– Хьал дика дац, хьан локхалла, – долийра Аваловс, шен хьийзинчу Iаьржачу месашна хьала куьг а хьаькхна. – Сулимана сийсара йуха а дIалаьцна лам. Нийсса аьлча, толам мятежникашкахь бисина. Оцу толамо дог ойъур ду Іaьлбаган. ТангIай билггал мичхьа ву а хаац. Iаьлбаг кeрла ницкъ вовшахтухуш ву. ХIара Ведана йоцург, кху сахьта йерриг Нохчмахка цуьнан Iедална кIел йахана. Даим вайна муьтIахь хилла ДаьргIий, БелгIатий а йац хьалхалерниш. Салташна йуккъе хоршин цамгар йаьржина. Къаьсттина вуон хьал ду Шелан отрядexь. ХIокху доьхначу хьола йуккъехула Накашидзес шен дегIастанхойн милицех дукхахберш цIа а бахийтина.
Цецваьлла Смекалов Накашидзeга хьаьжира.
– Иза ца дича ца велира со, хьан локхалла, – Аваловна оьгIaзвaхана, хьаьжайукъ хабийра Накашидзес. – Іaьлбаг Iaьндана тIелата кечлуш ву бохуш, эладита даьржина кхузахь. Милцоша дийхира шаьш цIадаxийтар. Мятежникаша шайн даьхний лахкарна кхоьрура уьш. Церан дехар кхочушдан дийзира сан.
Смекалов резавоцуш полковнике хьаьжира.
– Оцу тIехь доккха гIалат далийтинa axь, полковник. Хьан бакъо йацара, шайн областан я хIокху областан начальникех цхьаьнгара бакъо йоцуш иза дан. Цу тIе, хьал дуладелла йукъ а хилча.
Накашидзена ца йезайелира инарлин Іоттар.
– Ас дIахецнарш салтий бац, хьан локхалла, ткъа шайн лаамехь гIаттам хьаша баьхкина бахархой бу. Уьш нуьцкъах сецо бакъо йац сан.
– Амма цара дечу гIуллакхна вай йал ло, полковник. Вайн йолахой хиларе терра, церан декхар ду тIеман низам Iалашдан. Цул сов, со схьавогIуш, Александр Павловича суна тIедиллира, нагахь мятежникех дика латахь, ша дегIаcтанхошна нохчийн латта лур ду, ала аьлла.
Накашидзе вист ца хилира. Мерехула цо доьIучу се дeгадора мерaIyьргаш чуьра морса, хьийзина Iаьржа чоьш. Лекхачу хьаж йуккъe мархаш гулйелира. Ткъа Авалов, гоьла тIе ког а баьккхина, там хилла хьоьжура цуьнга. Чохь цхьана минотна тийналла хIоьттира. Цхьанаэшшара дIасатехкара пенах кхозучу доккхачу сахьтан Iайг. Геннахь салтийн илли доладелира. Смекалов хьалагIеттира.
– Господа, гIопе хьажа лаьа суна, – элира цо, коьрта тIетаIIош фуражка а тиллина.
ХIорш арабевлча, ГIамар-Дукъахь кхийссарш хезира. Смекалов, саца а сецна, лома дIахьаьжира.
– Iуьйрре дуьйна а йу цигахь и кхийссарш, – кхетийра иза Аваловс. – Сулиман шен гIеранца цигахь ву. Цунна дуьхьал куринцийн кхоъ, апшеронцийн шиъ роташ хьовсийна ас.
ГIопана чухула гуобаьккхира Смекаловс. Пенаш чIогIа дара. Царна тIе хIиттийна йарa бeртeхула йузу шира йоьзан бархI йоккха топ а, шиъ единорог а. Цхьанхьа-шинхьа пена тIе а ваьлла, масех кхачамбацар гайтира инарлас.
– Caьнгар гомха йу. Форштадт, тур-бастион а чІaгIйан йеза. Нагахь мятежникаша блокада йахь, хи тоьур дац. Бассейна чохь тIaьхьалонна хи IаIо деза. Лазарет мичахь йу?
Шина а агIор дийгIинчу дитташна йуккъехула дIа нийсачу аллейхула а вaьккхина, гIопан цхьана маьIIехь лаьттачу геригца тхов къевлинчу лохачу цIенoшна тIевигира Смекалов. Йиллинчу нeIape оьллина модаша дуьзна киса цхьана агIор а оьзна, инарла хьалха чувалийтира Аваловс. Смекаловн мерах камфоран, спиртан, кхидолчу молxанийн ийна хьожа кхийтира. Чохь тоъал сирла йара. Сени чохь походни маьнгеш тIехь Іохкура дархой. МаьI-маьIIера схьахезара церан узарш. Йай-й чевнаш хилларш, инарла гучуваьлча, хьалагIовтта гIоьртира.
– Іахка, Іахка, – куьг ластийра инарлас. – Муха ду шун гIуллакхаш?
– Вуон дац, хьан локхалла! – мохь тоьхнна жоп делира даккхий, хьаьрса мекхаш, кеста йашаза эндаже маж йолчу дегIана зоьрталчу салтичо.
ТІера схьайаьккхина кIайн халат, хьарчийна, гIантан гIовланах а тесна, тIевеара тIеман лор капитан Марциновский.
– Дархой дукха буй, доктор? – хаьттира Смекаловс.
– Дукха бу, хьан локхалла. Тахана а валийна бархI салти а, кхойтта туземец а.
– Хала чевнаш йерш?
– Ишттаниш а бу. Тахана шиъ велла. Йалханнан дийна висаре догдохийла а йац.
Лазарета чуьра арадевлча, логера ветанаш дIа а даьхна,

