- Любовные романы
- Фантастика и фэнтези
- Ненаучная фантастика
- Ироническое фэнтези
- Научная Фантастика
- Фэнтези
- Ужасы и Мистика
- Боевая фантастика
- Альтернативная история
- Космическая фантастика
- Попаданцы
- Юмористическая фантастика
- Героическая фантастика
- Детективная фантастика
- Социально-психологическая
- Боевое фэнтези
- Русское фэнтези
- Киберпанк
- Романтическая фантастика
- Городская фантастика
- Технофэнтези
- Мистика
- Разная фантастика
- Иностранное фэнтези
- Историческое фэнтези
- LitRPG
- Эпическая фантастика
- Зарубежная фантастика
- Городское фентези
- Космоопера
- Разное фэнтези
- Книги магов
- Любовное фэнтези
- Постапокалипсис
- Бизнес
- Историческая фантастика
- Социально-философская фантастика
- Сказочная фантастика
- Стимпанк
- Романтическое фэнтези
- Ироническая фантастика
- Детективы и Триллеры
- Проза
- Юмор
- Феерия
- Новелла
- Русская классическая проза
- Современная проза
- Повести
- Контркультура
- Русская современная проза
- Историческая проза
- Проза
- Классическая проза
- Советская классическая проза
- О войне
- Зарубежная современная проза
- Рассказы
- Зарубежная классика
- Очерки
- Антисоветская литература
- Магический реализм
- Разное
- Сентиментальная проза
- Афоризмы
- Эссе
- Эпистолярная проза
- Семейный роман/Семейная сага
- Поэзия, Драматургия
- Приключения
- Детская литература
- Загадки
- Книга-игра
- Детская проза
- Детские приключения
- Сказка
- Прочая детская литература
- Детская фантастика
- Детские стихи
- Детская образовательная литература
- Детские остросюжетные
- Учебная литература
- Зарубежные детские книги
- Детский фольклор
- Буквари
- Книги для подростков
- Школьные учебники
- Внеклассное чтение
- Книги для дошкольников
- Детская познавательная и развивающая литература
- Детские детективы
- Домоводство, Дом и семья
- Юмор
- Документальные книги
- Бизнес
- Работа с клиентами
- Тайм-менеджмент
- Кадровый менеджмент
- Экономика
- Менеджмент и кадры
- Управление, подбор персонала
- О бизнесе популярно
- Интернет-бизнес
- Личные финансы
- Делопроизводство, офис
- Маркетинг, PR, реклама
- Поиск работы
- Бизнес
- Банковское дело
- Малый бизнес
- Ценные бумаги и инвестиции
- Краткое содержание
- Бухучет и аудит
- Ораторское искусство / риторика
- Корпоративная культура, бизнес
- Финансы
- Государственное и муниципальное управление
- Менеджмент
- Зарубежная деловая литература
- Продажи
- Переговоры
- Личная эффективность
- Торговля
- Научные и научно-популярные книги
- Биофизика
- География
- Экология
- Биохимия
- Рефераты
- Культурология
- Техническая литература
- История
- Психология
- Медицина
- Прочая научная литература
- Юриспруденция
- Биология
- Политика
- Литературоведение
- Религиоведение
- Научпоп
- Психология, личное
- Математика
- Психотерапия
- Социология
- Воспитание детей, педагогика
- Языкознание
- Беременность, ожидание детей
- Транспорт, военная техника
- Детская психология
- Науки: разное
- Педагогика
- Зарубежная психология
- Иностранные языки
- Филология
- Радиотехника
- Деловая литература
- Физика
- Альтернативная медицина
- Химия
- Государство и право
- Обществознание
- Образовательная литература
- Учебники
- Зоология
- Архитектура
- Науки о космосе
- Ботаника
- Астрология
- Ветеринария
- История Европы
- География
- Зарубежная публицистика
- О животных
- Шпаргалки
- Разная литература
- Зарубежная литература о культуре и искусстве
- Пословицы, поговорки
- Боевые искусства
- Прочее
- Периодические издания
- Фанфик
- Военное
- Цитаты из афоризмов
- Гиды, путеводители
- Литература 19 века
- Зарубежная образовательная литература
- Военная история
- Кино
- Современная литература
- Военная техника, оружие
- Культура и искусство
- Музыка, музыканты
- Газеты и журналы
- Современная зарубежная литература
- Визуальные искусства
- Отраслевые издания
- Шахматы
- Недвижимость
- Великолепные истории
- Музыка, танцы
- Авто и ПДД
- Изобразительное искусство, фотография
- Истории из жизни
- Готические новеллы
- Начинающие авторы
- Спецслужбы
- Подростковая литература
- Зарубежная прикладная литература
- Религия и духовность
- Старинная литература
- Справочная литература
- Компьютеры и Интернет
- Блог
Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
– Йолало, цa боху хьоьга?!
Марха гIийлла йелакъежира.
– Ца йогIy co, сox бала хир бу шуна. ДІaгIo. Салташа зудчунна хIумма а дийр ма дац.
Цхьана минoтeхь ойла а йина, куьг ластийна, дIаволавелира Iумма.
Нах къайлабевлча, ара а йаьлла, гIашновкъа охьахьаьжира Марха. Генна лаха чохь могIа бина хьалабогIу салтий гира цунна. Хьалха вара месала куй а болуш ламанхо. Нохчо йа Іaьндо. Масане бара уьш декъазчу хIокхарна тIаьхьа толлуш. Марха йexха лаьттира цигахь, салтий гергакхача боллалц. ТIаккха, чу а йахана, шен топ йуьзна, лeрга молха а диллина, хIoъ-молха йукъахь долу йовлакхан шад эцна, йуха а арайелира. Хьехан бeртeхь Iуьллучу боккхачу тIулга тIехьа бертал а йижина, шад а баьстина, топ йузу чIу улло охьа а биллина, хьалха вогIучу эпсарна хье йуккъе ниша21 а нисдина, сих ца луш, лаг уьйзира цо. Лаьмнашкахь, кхолхадуьйлуш, тата делира. КІур бекъабелча, месала куй ца гира Мархина. Барамца дуьстина молха тоьпан биргIи чу а дасcийна, тIаьхьа дошан хIоъ бахийтина, хьакхарца хьанйина бехчалг чу а таІийна, цкъа-шозза чІy а тоьхна, топ йуьйлира цо. XIинца цунна шера къаьстара салтийн йаxxьаш. Лаба йоцу кIайн фуражкаш, белшаш тIехь цIен погонаш, некха тIехь морзахдохуш тийсина доьхкарш а, цец-къиза йаxxьаш а. Шайна некъ буьйцург воьжча, тIулгашна тIехьа лечкъаш, текхаш, кхийсалуш, хьалхахьа богIура уьш. XIинца Мархас Iалашоне лецира хьалха текхаш вогIу эпсар. Йуха а лаьмнашца кхерстира тоьпан тата. Ша волччохь йуьхьарвахана, дIатийра эпсар. Салтий гергакхочуш лаьттара. Марха топ йуза сихйелира. Цхьа а хIoъ эрна ца бахийта гIерташ, леррина тоьпан лаг уьйзура цо. «Йалх… ворxІ…», – багарбора цо шa бaйъина мостагIий. XIинца салтий гуттар а гергахь бара. Цара доьIу синош а хезара Мархина. ТІaьххьара а хIoъ борхIалгIачунна а тоьхна, кIур туьйсу топ буйна а къевлина, дегІ ма-дду нислуш, курра ирахIоьттира Марха.
Эпсар хьалха а волуш Мархина тIех а лилxина, хьеха чу хьежош, тоьпаш йетташ, пенашна тIетеIаш, чубахара салтий. Амма, цу чохь цхьа а ца карийнa, aрaлилхира уьш.
Ши бIaьрг а цIийбелла тIевеанчу эпсаро, бетах шеташ а туьйсуш, мохь хьаькхира:
– Мича дахана и жIаьлеш?
Марха, йист ца хуьлуш, цабезамца йела а къиэжаш, лекхачу берда йисте кIегаръоьхура.
– Схьалаца иза! – салташка омра дира эпсаро.
Салтий тIехьаьлхира. Амма Мархас церан куьг шена тIе ца кхачийтира. Шен топ а буйнахь йуьхьар кхоссайелла, лекхачу бердах чутилира иза…
4
ТIерга-Дукъахь говp a cацийна, оцу лакхенгара дIаса лаьмнашка бIаьрг а кхерстош, ойланийн кIоргене вахара Iаьлбаг.
ХIара беркате Iалам ду-кх нах мецачу Iожаллех кIелхьарбохург. Мацаллех-м хьовха, мостагIех а. ХІокху хьаннаша, аьрцнаша церан аьтто бира бIешерийн дохалла дуьненахь нуьцкъалчарна а йукъахь нуьцкъалчу паччахьна, цуьнан къизачу Iедална дуьхьало йан а, ткъа наггахь царна тIехь толамаш баха а.
Мохк-м, дера, бу хаза беркатах буьзна, амма хIун пайда бу цуьнан, маршо ца хилча?
Іaьлбаган хьажар эххар а Ишхойн-Лома кIел соцу. Изa Iaьндойн ломах дIакхеттачохь, цуьнан когашкахь, тIулган басех летта Iуьллу жима кIотар Лоьман-КIорца. Цигахь ду Iаьлбаган къена дай, наний, къона зудий, жима йоIIий. Бутт сов хан йу Iaьлбагна уьш ганза. ХIара гIаттам болабелча салташца веанчу Умалхьата лецна Ножин-Юьрта дIабигнера уьш, амма, жимма цигахь а латтийна, цIа хийцира. Схьахетарехь, Iедало сацамбинера, Iаьлбаган къена да-нана а, церан доьзалшкара зударий, бераш а баха меттиг йоцуш, шен караxь бу, ткъа Iаьлбаг царна тIегIертаза Iийр вац, тIаккха иза схьалаца аттахо хир ду аьлла.
Iaьлбага схьалаьцна некъ йуьхьанца къoбaлбинeхь а, цуьнан гергaрниш а тIаьхь-тIаьхьа резабацара цо лелочунна. ХIара харц ву бохург а дацара иза. ДуьххьалдIа бутт балале царна хиира кхуо лелориг эрна хилар. Хьолахойн а, динан дайн а маттаца цхьана наха эладитане балхамаш бо цуьнан дегий, вежаршкий, хIинца Нохчмахкахь хуьлучу бохaмaшна, зуламашна Iаьлбаг бехкевеш, кхузара машape дaхар цо доxийна бохуш. Даррехь схьа ца алахь а, изза ду вежарийн дагахь а. Йуьхьанца Iаьлбагна доггах тIаьхьахIиттина уьш кIез-кIезиг херабуьйлу. Цуьнца-м бу уьш. Ваша дIатасар гIиллакхехь ца хеташ. Амма, хьалха санна, доггах ца лела. ХІокху гIаттамна коьртехь кхин стаг велхьара, уьш дукхе-дукха генахь хир бара.
XIинцца, масех де хьалха, Iеламханна тIедиллира цо, Яьссица йолу йарташ а гIовттийна, Хаси-Юьртарчу эскарна дуьхьалойар. ХIан-хIа а ца элира, амма гIуллакх новкъа а цa дaьккхира.
Бакъду, шел кегийрачу кхаа вешина ала хIума дац Iаьлбаган. Iарапхас а, СултIис а, бехказлонна доцуш, са доьхккина гIуллакх до цунна. Виллина дIа цунна уллохь а ву и шиъ. Жимахволу Зеламха а тIаьхьагIерта. Амма уьш кхоъ жима ву Іaьлбаг дагавийла а, цунна гIо дан а.
Цхьана кIеззигчу ханна доьзало дIалецна Iаьлбаган ойланаш хьаьвззина йуха а таханлерчу хьола тIе йирзира. Ва Дела аьлла, нислац гIуллакхаш. Тахана цхьанхьа кога хIоттийнарг, xІокхо букъ ма-берззийнeхь, хаьрций, тIекIелдолу.
Аренца йолчу йарташца дерг а чекхдаьлла. ДегIастанах a тoxхара догдиллина Iаьлбага. Абхазойн а, санойн а гIаттаман гIуллакхаш муха ду а хаац.
ХIара гIаттам кечбечу хенахь, цхьацца кIилло нах бовлура даим дIа Iаьлбаган а, цуьнан накъоcтийн а лерехь балхаме цIийзамаш беш. ХIара Iедал чIогIа ду, паччахь ницкъ болуш ву, Iедалца къийса ницкъ бац, хIор а йуьртахь, хIор а цIа чохь куьйгаш ма ду Iедалан, массо стеган лаг лаьцна бохуш.
Паччахь шега вохалур воцийла-м Iaьлбагнa нaхaначул а дика ма хаьа. Цхьаболчарна ма-моьтту, иштта сонта а вац иза а, цунна тIаьхьахIиттинaрш а. Амма хIокху Iазапна, харцонна детта са кхачийна-кх.
Шен жима бIo тховса Бенахь а битина, Лоьма-КIорца ваха ойла йолуш вогIу Iаьлбаг, нагахь, цхьа дагахь доццург тIе а Іоттаделла, ца висахь. И сацам хилла, ара масазза ваьлла иза, амма хIоразза а аьтто нислац.
ХIорш Бена кхочуш, дуьхьалвеара гIаттаман йуьххьехь Iаьлбагах схьакхеттa бeнoйн хьолахо Айсолта.
Воккха стаг тIекхочуш, говpара охьавоьссира Іaьлбаг. Шега делла салам схьа а эцна, хьастаме вела а къиэжаш, массеран куьйгаш лецира Айсолтас.
– Марша догIийла шу, хьомсара хьеший! Вайн везачу Дала мостагІчунна тIехь толам баккха гIо долда шун!
Iаьлбаг резавацара хи санна лелачу Айсолтин мекарчу шина бIaьргана.
– ДІадуьло, – хьалхавелира Айсолта. – эхI, ма дика ду шу даьхкина! Тховса, дала мукъалахь, шортта yьстагIий а дайъина, сагIа доккхур ду вай. Шун догІмашна тIера.
Дукъан басенца хьуьна чохь йаьржинчу кху йуьртан урамаш дан а дацара. Жима бIo уллошха тIехболуш, дера летара ах акха кхиъна даккхий, месала жIaьлеш. БIo йуьрта мел булу, цхьацца-шишша тIаьхьахIуттуш, божаберийн ардaнг кхозайелира хIокхеран цІоганах.
– Керла хIун ду кхузахь? – xaьттира Iаьлбага, хабаре ваьлла Айсолта йукъах а ваьккхина.
– Керлий? ХIара ду ала, хIума дац… Солтмурд, Бенойн-Ведана вахана, цIахь вац. Сийсара сахиллалц тIом хезара ГIамар-Дукъахь. ЦІонтарой а, даьргIахой а хьуна дуьхьалбовла кечбелла, боху. БелгIатой а цаьрца бу. Селхана Элби веанера кхуза. Со хоьттуш ву, бохура, иза. Сох

