- Любовные романы
- Фантастика и фэнтези
- Ненаучная фантастика
- Ироническое фэнтези
- Научная Фантастика
- Фэнтези
- Ужасы и Мистика
- Боевая фантастика
- Альтернативная история
- Космическая фантастика
- Попаданцы
- Юмористическая фантастика
- Героическая фантастика
- Детективная фантастика
- Социально-психологическая
- Боевое фэнтези
- Русское фэнтези
- Киберпанк
- Романтическая фантастика
- Городская фантастика
- Технофэнтези
- Мистика
- Разная фантастика
- Иностранное фэнтези
- Историческое фэнтези
- LitRPG
- Эпическая фантастика
- Зарубежная фантастика
- Городское фентези
- Космоопера
- Разное фэнтези
- Книги магов
- Любовное фэнтези
- Постапокалипсис
- Бизнес
- Историческая фантастика
- Социально-философская фантастика
- Сказочная фантастика
- Стимпанк
- Романтическое фэнтези
- Ироническая фантастика
- Детективы и Триллеры
- Проза
- Юмор
- Феерия
- Новелла
- Русская классическая проза
- Современная проза
- Повести
- Контркультура
- Русская современная проза
- Историческая проза
- Проза
- Классическая проза
- Советская классическая проза
- О войне
- Зарубежная современная проза
- Рассказы
- Зарубежная классика
- Очерки
- Антисоветская литература
- Магический реализм
- Разное
- Сентиментальная проза
- Афоризмы
- Эссе
- Эпистолярная проза
- Семейный роман/Семейная сага
- Поэзия, Драматургия
- Приключения
- Детская литература
- Загадки
- Книга-игра
- Детская проза
- Детские приключения
- Сказка
- Прочая детская литература
- Детская фантастика
- Детские стихи
- Детская образовательная литература
- Детские остросюжетные
- Учебная литература
- Зарубежные детские книги
- Детский фольклор
- Буквари
- Книги для подростков
- Школьные учебники
- Внеклассное чтение
- Книги для дошкольников
- Детская познавательная и развивающая литература
- Детские детективы
- Домоводство, Дом и семья
- Юмор
- Документальные книги
- Бизнес
- Работа с клиентами
- Тайм-менеджмент
- Кадровый менеджмент
- Экономика
- Менеджмент и кадры
- Управление, подбор персонала
- О бизнесе популярно
- Интернет-бизнес
- Личные финансы
- Делопроизводство, офис
- Маркетинг, PR, реклама
- Поиск работы
- Бизнес
- Банковское дело
- Малый бизнес
- Ценные бумаги и инвестиции
- Краткое содержание
- Бухучет и аудит
- Ораторское искусство / риторика
- Корпоративная культура, бизнес
- Финансы
- Государственное и муниципальное управление
- Менеджмент
- Зарубежная деловая литература
- Продажи
- Переговоры
- Личная эффективность
- Торговля
- Научные и научно-популярные книги
- Биофизика
- География
- Экология
- Биохимия
- Рефераты
- Культурология
- Техническая литература
- История
- Психология
- Медицина
- Прочая научная литература
- Юриспруденция
- Биология
- Политика
- Литературоведение
- Религиоведение
- Научпоп
- Психология, личное
- Математика
- Психотерапия
- Социология
- Воспитание детей, педагогика
- Языкознание
- Беременность, ожидание детей
- Транспорт, военная техника
- Детская психология
- Науки: разное
- Педагогика
- Зарубежная психология
- Иностранные языки
- Филология
- Радиотехника
- Деловая литература
- Физика
- Альтернативная медицина
- Химия
- Государство и право
- Обществознание
- Образовательная литература
- Учебники
- Зоология
- Архитектура
- Науки о космосе
- Ботаника
- Астрология
- Ветеринария
- История Европы
- География
- Зарубежная публицистика
- О животных
- Шпаргалки
- Разная литература
- Зарубежная литература о культуре и искусстве
- Пословицы, поговорки
- Боевые искусства
- Прочее
- Периодические издания
- Фанфик
- Военное
- Цитаты из афоризмов
- Гиды, путеводители
- Литература 19 века
- Зарубежная образовательная литература
- Военная история
- Кино
- Современная литература
- Военная техника, оружие
- Культура и искусство
- Музыка, музыканты
- Газеты и журналы
- Современная зарубежная литература
- Визуальные искусства
- Отраслевые издания
- Шахматы
- Недвижимость
- Великолепные истории
- Музыка, танцы
- Авто и ПДД
- Изобразительное искусство, фотография
- Истории из жизни
- Готические новеллы
- Начинающие авторы
- Спецслужбы
- Подростковая литература
- Зарубежная прикладная литература
- Религия и духовность
- Старинная литература
- Справочная литература
- Компьютеры и Интернет
- Блог
Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
XIapa гIуллакх дийцина, чекхдаьлча, тIаьххьара къамел дира кхуза кхайкхина валийначу Кавказан наместника, граждански гIуллакхашкахула гIоьнчас Мицкевича:
– Лераме Пачхьалкхан Думин депутаташ! Ши кIира хьалха наместнике а кхечира Кавказехь хIоьттинчу хьолан хьокъехь шовзткъе берхIитта депутато Пачхьалкхан Думе белла лехам. Цуьнан xIopa пункт оха парггIат, леррина теллира. Кавказан урхаллехь дуккха а ду кхачамбацарш. Уьш цхьадерш тхан гIалаташа а, ледарлонаша а кхоьллина, цхьадерш тхан лаамах, ницкъах ца дозуш кхолладелла. Нийсса аьлча, Кавказехь хIоьттинчу чолхечу, балхамечу хьолана бехке цигара администраци хилла ца Ia, цунна бехке правительство а йу. Цундела Кавказехь галдевллачу гIуллакхашна йеккъа цхьа цигара администраци бехке йар нийса ца хета тхуна. Лехамна тIе йаздина бакъдоцурш а, бухбоцурш а ду дуккха а. Кавказан лакхарчу а, лахарчу а администрацешкахь кхаьънаш оьцу, чиновникаш националисташна а, сепаратисташна а бохкабелла, цара оьрсийн пачхьалкхана дуьхьал бечу зуламечу балхе бIаьргаш хьаббина хьуьйсу бохуш йаздинарш бакъ дац, бакъ хила йиш а йац. Тхаьш дIа мел йоккху гIулч Цуьнан императорски воккхаллех а, министрийн Советах а дагадовлий йоккху оха, церан лехамаш кхочушбан а гIерта тхо. Амма кхузахь, господина Гайдаровс а, Бобринскийс а ма-аллара, дерриг а галдаьккхинарг Кавказерчу халкъийн исторически дIадаханарг а, таханлера хьал а, церан гIиллакхаш, амалш, кхетам, дин, культура, экономика тидаме а эцна, пачхьалкхо хIоттийна политически, экономически программа цахилар ду. Иза чIагIдо тахана кхузахь суна хезначу къамелаша а. Цигара хьелаш дика хаьа массарна а, амма цигара зуламаш совцо, халкъийн барт бан, махкахь машаре, синтеме дахар кхолла, и халкъаш оьрсашна, оьрсийн пачхьалкхана муьтIахь хилийта некъ ца гойту цхьаммо а.
Зала чуьра схьа цхьаммо мохь туьйхира:
– Гайтина! Воронцов-Дашков коьртехь, шу къуй, кхаьънашъэцархой, авантюристаш цигара дIабахар!
– Наместник а, цуьнан гIоьнчий а Цуьнан императорски воккхалло хIиттийна, ша реза вацахь, цо дIа а лохкур бу. Амма администраци хийцарх нислур дац цигара гIуллакхаш. Уьш нисдан, ас лакхахь дийцинарш тидаме а оьцуш, леррина хIоттийна пачхьалкхан политически, экономически программа оьшу. Теркан областера зуламаш совцо дIадаханчу шина кIиранах дикка гIуллакхаш дина наместника. Областан начальник инарла Колюбакин шен даржах мукъаваьккхина, цуьнан метта инарла Михеев хIоттийна. Закавказьехь православни килсан коьрта епископ Гедеон мукъаваьккхина, цуьнан метта викари Агапит хIоттийна. Областан керлачу начальнико Михеевна тIедиллина разбойникаш тIеоьцучу а, царна гIo дечу а йарташка экзекуцин отрядаш хIиттор. ХIинцале пхеа йуьрта хIиттийна уьш. Нохчийчуьрчу бахархойн харжах гIалгIазкхийн партизански отрядаш вовшахтохар а. Разбойникаш дIасалелачу некъашкахь эскаран посташ, къайлах дозораш хIиттор а. Разбойникаш, кхиболу зуламхой схьалеца йа хIаллакбан областан администрацина гIоьнна эскаран командаш йалор а. Экзекуцин отрядашна, посташна, дозорашна харжаш а, разбойникаша оьрсийн бахархошна дина зенаш а разбойникаш чубитинчу, уьш схьалеца Iедална гIо ца динчу йарташа токхур йу аьлла, туземни бахархошка дIакхайкхор а. Герз схьадаккхаза йисинчу йарташкара и схьадаккхар а. Разбойникашца а, кхечу зуламхошца а къийсам латторехь ледара болх бина цхьамогIа чиновникаш даржашкара мукъабаьхна. Царна йукъахь ву Хаси-Юьртан округан начальник полковник Котляровский а. Нах йийсаре буьгуш Зеламхина гIо дина, йийсархойх даьккхина ахча цо Котляровскийца доькъуш хилла бохуш, тхоьга кхаьчна хаамаш оха толлуш бу, уьш бакъ хилахь, Котляровскийна луьра таIзар а дийр ду. Цул совнаха, оха болх болийна Теркан областерчу полицин гIуллакхалла чIагIдарехь а…
Шовзткъе берхIиттаннан лехаман хьокъехь сацаман шаьш хIиттийна проекташ йийшира депутаташа Чхеидзес а, Милюковс а. Чхеидзениг шого хийтира депутаташна. Лейборист Милюков машархо вара. Цо даим маслаIат, машар лоьхура. Монархина, буржуазина йукъахь а. Царна а, халкъана а йукъахь а. Думерчу партешна, фракцешна йукъахь а. Милюковн проекто жоп ца лора черносотенцийн лехамашна. Депутаташна а кIедо хийтира иза. Думан председатела Хомяковс масех фракцин векалех вовшахтоьхначу комиссина тIедиллира, шовзткъе берхIиттаннан лехам а, депутатийн къамелаш а, Мицкевичан хаамаш а тидаме а оьцуш, кхин проект хIоттор.
ШолгIачу дийнахь, берриг депутаташ реза а хуьлуш, Думо сацам тIеийцира:
1. Крайхь низам хIотто Кавказан администрацис йаьхна хьалхара гIулчаш къобалйан.
2. Кавказан администраци бехке йеш 58 депутатан лехам талла сенаторийн комисси кхолла.
3. Цхьайолчу областийн, округийн начальникаш, чиновникаш хийца.
4. Лаьттан, суьдан, халкъан серлонан, переселенцийн гIуллакхаш низаме дало.
5. ГIаланийн, земски урхаллашкахь реформа йар.
6. Кавказан Урхалла министрийн Советан куьйгалли кIел дIайала.
Оцу сацамца нохчийн халкъана кхин а луьра таIзарш дан администрацина маршо йелира Думо…
XIV корта. Iедалхой, хьолахой
Шаьш санна, шу а ийман доцуш
хила лаьа царна…
Къуръан. 4 Сура, 89 айат
1
Россин Iедало Нохчийчохь геноцид йолийна кхоалгIа бIешо доладеллера, амма цуьнан чаккхе гуш йацара хIинца а.
Ши бIе шо хьалха хIокху Кавказана тIехь шайн олалла xIотто гIерташ, къийсамаш болийра хIетахь дуьненахь нуьцкъалчу пачхьалкхаша – Англис, Францис, Хонкарас, Ирана, Россис. Цкъа-делахь, исбаьхьачу Iаламан, хьолечу маьIданийн мохк бара Кавказ, шолгIа-делахь, шина хIорда йуккъехь йолу иза малхбалехь олалла хIотто Iаламат доккхачу стратегически маьIне мохк бара. ХIокху лаьмнашкахь чIагIвелларг шина хIордан да хуьлура, цуьнан аьтто нислора кхузара дIа Малхбале кхоссавала, цигара мехкаш дIалеца, цигахь шен олалла хIотто. Кавказана гонаха церан дипломатийн, политикийн, разведкийн, шпионийн къийсамаш бIе шарахь сов бахбеллера, и къийсамаш цкъацкъа тIаме а боьрзура. Оцу къийсамийн хьеран шина тIулга йуккъехь хаддаза охьурш кхузара халкъаш дара.
И къийсам чекхбелира, Россигахь толам буьсуш. Цунна масех бахьана дара. Оцу къийсамехь исторически ши мостагI вара Россин – Иран а, Хонкара а. Кавказана тIехула мосазза а цаьршинца тIом хиллера Россин, уьш хIора а Иран, Хонкара оьшуш чекхбевлира. ХVIII бIешо кхаччалц дуьненарчу нуьцкъалчу пачхьалкхашца йагарйеш йолу и ши феодальни пачхьалкх, къанъелла, исторически массо а aгIop кхиарна тIаьхьайисинера, ткъа хIеттa капиталистически некъа йаьлла Росси массо aгIop чIагIлуш йара. Феодальни Хонкаран а, Иранан а ницкъ бацара тIамца цунна тIехь толам баккха.
Кавказе гIерта важа кхо пачхьалкх – Англи, Франци, Итали – шайн исторически кхиарца дуккха а лакхахь, хьалха йара Россил, амма генахь хиларо церан аьтто бохабора кхузахь чIагIбала.
Ткъа Россин массо а aгIop аьтто нисбеллера Кавказехь шен олалла хIотто. ХIетахь капитализман некъахь ондда хьалхара гIулчаш йохучу цуьнан оцу заманан лакхарчу техникаца, герзаца кечдина боккхачу барамехь эскар а, флот а йара. Иранца йа Хонкарца тIом хилча, Россин аьтто бара шен тIеман ницкъаш Каспин а, Iаьржачу а хIордашца церан мехкашка бига. Амма хIетахь Россин коьрта гIopтop кхин йара Закавказьехь – оьрсашца
