- Любовные романы
- Фантастика и фэнтези
- Ненаучная фантастика
- Ироническое фэнтези
- Научная Фантастика
- Фэнтези
- Ужасы и Мистика
- Боевая фантастика
- Альтернативная история
- Космическая фантастика
- Попаданцы
- Юмористическая фантастика
- Героическая фантастика
- Детективная фантастика
- Социально-психологическая
- Боевое фэнтези
- Русское фэнтези
- Киберпанк
- Романтическая фантастика
- Городская фантастика
- Технофэнтези
- Мистика
- Разная фантастика
- Иностранное фэнтези
- Историческое фэнтези
- LitRPG
- Эпическая фантастика
- Зарубежная фантастика
- Городское фентези
- Космоопера
- Разное фэнтези
- Книги магов
- Любовное фэнтези
- Постапокалипсис
- Бизнес
- Историческая фантастика
- Социально-философская фантастика
- Сказочная фантастика
- Стимпанк
- Романтическое фэнтези
- Ироническая фантастика
- Детективы и Триллеры
- Проза
- Юмор
- Феерия
- Новелла
- Русская классическая проза
- Современная проза
- Повести
- Контркультура
- Русская современная проза
- Историческая проза
- Проза
- Классическая проза
- Советская классическая проза
- О войне
- Зарубежная современная проза
- Рассказы
- Зарубежная классика
- Очерки
- Антисоветская литература
- Магический реализм
- Разное
- Сентиментальная проза
- Афоризмы
- Эссе
- Эпистолярная проза
- Семейный роман/Семейная сага
- Поэзия, Драматургия
- Приключения
- Детская литература
- Загадки
- Книга-игра
- Детская проза
- Детские приключения
- Сказка
- Прочая детская литература
- Детская фантастика
- Детские стихи
- Детская образовательная литература
- Детские остросюжетные
- Учебная литература
- Зарубежные детские книги
- Детский фольклор
- Буквари
- Книги для подростков
- Школьные учебники
- Внеклассное чтение
- Книги для дошкольников
- Детская познавательная и развивающая литература
- Детские детективы
- Домоводство, Дом и семья
- Юмор
- Документальные книги
- Бизнес
- Работа с клиентами
- Тайм-менеджмент
- Кадровый менеджмент
- Экономика
- Менеджмент и кадры
- Управление, подбор персонала
- О бизнесе популярно
- Интернет-бизнес
- Личные финансы
- Делопроизводство, офис
- Маркетинг, PR, реклама
- Поиск работы
- Бизнес
- Банковское дело
- Малый бизнес
- Ценные бумаги и инвестиции
- Краткое содержание
- Бухучет и аудит
- Ораторское искусство / риторика
- Корпоративная культура, бизнес
- Финансы
- Государственное и муниципальное управление
- Менеджмент
- Зарубежная деловая литература
- Продажи
- Переговоры
- Личная эффективность
- Торговля
- Научные и научно-популярные книги
- Биофизика
- География
- Экология
- Биохимия
- Рефераты
- Культурология
- Техническая литература
- История
- Психология
- Медицина
- Прочая научная литература
- Юриспруденция
- Биология
- Политика
- Литературоведение
- Религиоведение
- Научпоп
- Психология, личное
- Математика
- Психотерапия
- Социология
- Воспитание детей, педагогика
- Языкознание
- Беременность, ожидание детей
- Транспорт, военная техника
- Детская психология
- Науки: разное
- Педагогика
- Зарубежная психология
- Иностранные языки
- Филология
- Радиотехника
- Деловая литература
- Физика
- Альтернативная медицина
- Химия
- Государство и право
- Обществознание
- Образовательная литература
- Учебники
- Зоология
- Архитектура
- Науки о космосе
- Ботаника
- Астрология
- Ветеринария
- История Европы
- География
- Зарубежная публицистика
- О животных
- Шпаргалки
- Разная литература
- Зарубежная литература о культуре и искусстве
- Пословицы, поговорки
- Боевые искусства
- Прочее
- Периодические издания
- Фанфик
- Военное
- Цитаты из афоризмов
- Гиды, путеводители
- Литература 19 века
- Зарубежная образовательная литература
- Военная история
- Кино
- Современная литература
- Военная техника, оружие
- Культура и искусство
- Музыка, музыканты
- Газеты и журналы
- Современная зарубежная литература
- Визуальные искусства
- Отраслевые издания
- Шахматы
- Недвижимость
- Великолепные истории
- Музыка, танцы
- Авто и ПДД
- Изобразительное искусство, фотография
- Истории из жизни
- Готические новеллы
- Начинающие авторы
- Спецслужбы
- Подростковая литература
- Зарубежная прикладная литература
- Религия и духовность
- Старинная литература
- Справочная литература
- Компьютеры и Интернет
- Блог
Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
Трибуни тIехь шена хьалха лаьттачу стаки чуьрчу хих ши къурд а бина, балдех кIайн йовлакх а хьаькхна, йайн йовхарш а тоьхна, шен аз тодира Марковс:
– Амма оьрсийн пачхьалкхан идеяш а, оьрсийн мотт а, культура а йаржо кхоьллина цхьа а йукъаралла йац Кавказехь. Цигарчу къаьмнийн йукъара мотт оьрсийн пачхьалкхан оьрсийн мотт бац, господа, ткъа азербайджанийн, нийсса аьлча, Россин исторически мостагIийн туркойн мотт бу. Цунна ас бехке ца до цигара бусалба халкъаш. Царна йукъахь туркойн, пантюркски, панисламски идеяш йаржораш церан лидерш бу. Кавказан администрацин чиновникаш. Уггар хьалха Цуьнан императорски воккхаллин штальмейстер, Воронцов-Дашковн аьтту куьг Казаналипов! Сан боккха лерам бу цигарчу халкъийн союзашка а, йукъараллашка а. Aмма цара оьрсийн пачхьалкхана дуьхьал болх бо цигахь. Цара Кавказехь йаржораш керстанашна, оьрсашна, оьрсийн пачхьалкхана дуьхьал йолу туркойн идеалаш йу. Кхузахь бусалбанийн фракцин векал къайладаккха гIоьртира Россерчу бусалбанашна йукъахь йаьржина панисламизмам идеяш хилар. Амма уьш йолуш а йу, жигара болх беш а йу. Панисламизман болам Iаламат кхераме бу Россина. Пачхьалкхан Думо тидаме эца лаьа суна Россехь бехаш пхийтта миллион бусалбанаш хилар. Панисламизман идеяш цхьана кавказски бусалба халкъийн хилла ца Ia. Цигахула дIа Йуккъерчу Азе, казахийн аренашка, Поволжье йаьржина уьш. Доцца аьлча, панисламизман ун дерриг дуьненахь даьржина. Панисламизман Iалашо йу, дуьненара дерриг а бусалба халкъаш цхьаьна а тоьхна, туркойн султан коьртехь а волуш, керста пачхьалкхашна дуьхьал нуьцкъала бусалба пачхьалкх кхолла. ШолгIа пантюркизман идея йу: нагахь санна и хьалхара Iалашо кхочуш ца йалахь, туркойн а, российски а бусалба халкъийн цхьа пачхьалкх кхолла. Пачхьалкхан Думехь бусалбанийн фракци кхоллайалар лаа дац аьлла, хета суна. Иза кхоллайалар новкъа дац суна, амма иза оьрсийн пачхьалкхан хьашт-дезаршна болх беш хила йеза.
Марковн къамелана резахилла, дехха тIараш диттира черносотенцаша а, царна гергарчу октябристаша а.
3
Тамашийна ду цхьа хIума. Цхьацца стеган цIарца тера догIуш хуьлу цуьнан дегI, йуьхь-сибат, аз, къамел, болар, амалш. ГIалгIазкхи аьлча, вайна дуьхьалхIутту шатайпа сурт. Лекха дeгI, шуьйра белшаш, нуьцкъала пхьаьрсаш, Iаьржа йа хьаьрса даккхий мекхаш, йуькъа, йеха никIапа, гIopгIa аз, майра хьажар, иштта дIа кхин а. Ткъа хIинца трибуне хьалаваьллачу Теркан гIалгIазкхийн депутатан Лисичкинан цхьа а амат тера дацара вай сурт хIоттийнчу гIалгIазкхех. Трибуни тIехьа халла гора цуьнан баккъалла а цхьогалчух тера корта. Йуткъа, йеха йуьхь, ира, беха мара. Мукадехкачух тера цIен, горга, кегий бIаьргаш, мекара, хьастаме, цIогIане аз.
– Лераме господа депутаташ! Нохчашкара а, гIалгIашкара а ах миллион десятина латта дIа а даьккхина, цига баха охьахевшина аьлла, гIалгIазкхий бехке бира господина Гайдаровс. Нохчашкара а, гIалгIашкара а латта дIа ца даьккхина йа гIалгIазкхаша а, йа правительствос а. ГIалгIазкхаша безчу мехах эцна цаьргара и латта. Маситта эзар гIалгIазкхичун корта белла оцу лаьттах. Оцу лаьтта тIе шаьш баха охьаховшале, цунна тIе гота йаккхале, иза шайн цIийца хьандина гIалгIазкхаша. Господина Гайдаровс догдилла деза оцу лаьттах. ГIалгIазкхашкара цхьаммо а цхьа гe латта дIа а доккхур дац, даккха гIоьртича, гIалгIазкхаша цхьа ге латта цхьанна дIа а лур дац. Нагахь санна господина Гайдаровна гIалгIазкхий цига муха, хIунда охьахевшина ца хаахь, иза историга йухахьажа веза. ХIyммa а атта дацара царна, шайн дай баьхна мохк Россехь дIатесна, Кавказе а баьхкина, ламанхойн шаьлтанашна а, дIаьндаргашна а кIел баха охьаховша. Оьрсийн пачхьалкхан къилбехьара дозанаш акхачу ламанхойх лардан охьахевшина уьш цига. Цундела Пачхьалкхан Думан депутатан Гайдаровн бакъо йац аьлла, хета суна, Теркан гIалгIазкхийн бакъонех а, кхолламах а лаьцна кхузахь хабар дийца.
Шен бIаьргех куьзганаш а доьхкина, кисанара схьадаьккхина цхьа кехат даржийна хьалха лецира Лисичкина:
– Господина Гайдаровс элира, гIалгIазкхийн Iалашо йу нохчий, гIалгIай оцу махкара дIабаха, йа цигахь байъина, шайна новкъара дIабаха. ГIалгIазкхий бац нохчашна ницкъбийраш, ткъа нохчий бу оцу махкахь уьш машаре баха ца буьтурш. Цунна тоьшаллина ас бовзуьйту шуна Червленехь хиллачу гIалгIазкхийн гуламан сацам: «Зорбанехула а, округийн начальникашкахула а дIакхайкхор доьху оха туземни бахархошца гIалгIазкхийн цхьа а тайпа мостагIалла цахилар, царна ницкъ бан гIалгIазкхий кечлуш цахилар а. Иза тхуна цкъа а дагадеана а дац, дагадогIийла а дац. ГIалгIазкхашна машар беза. Цундела цхьана шуьна гонаха охьа а хевшина, вовшашка вежараллин куьг кховдоре, хIокху махкахь бертахь, машаре дахаре кхойкху тхо ламанхошка». Теркан гIалгIазкхий барте, машаре кхойкху ламанхошка, вежараллин куьг кхийдадо цаьрга, ткъа ламанхоша тхуна талораш до, тхан адамаш дойу, некъашца дIасадовла а, кхаш тIехь болх бан а, даьхни дажо а ца дуьту. Гайдаровс элира, гIалгIазкхаша ламанхошкара гIуданаш доху. Беламе ду цо аьлларг! ГIалгIазкхийн бакъо йац ламанхошна гIуда тоха а, даккха а. Иза администрацин болх бу. Ткъа оцу тIеxь администрацис, цхьа а тайпа озабезам боцуш, нийсо йо. Цхьа тоьшалла даладо ас масална. Яндаркъехь гIалгIайн, гIалгIазкхийн герзаца тасадалар хилча, уьш дIасакъасто баьхкинчу салташа шайн пулеметаш шиний агIорхьарчарна тIеерзийра. Доцца аьлча, областерчу администрацис озабезам ца бо гIалгIазкхашкахьа.
Гайдаровс председателе дехар дира, масех дош ала шена бакъо йоьхуш:
– Господин Лисичкин нийса ца кхетта гIалгIазкхех лаьцна ас аьллачух. Ламанхошца мостагIаллина ас берриг гIалгIазкхий бехке ца бо. Дукхахболу гIалгIазкхий къен беха, ламанхой санна. Церан цхьа а тайпа мостагIалла дац нохчашций, гIалгIашций. И мостагIалла кхуллурш, кIамдийраш а, марсадохурш а гIалгIазкхийн хьолахой бу, администраци а йу. Оцу питанчех цхьаъ Теркан гIалгIазкхийн идеолог господин Лисичкин а ву. Ткъа гIалгIазкхаша дIалаьцначу лаьттах лаьцна ас бакъдерг аьлла. ГIалгIазкхаша даьккхинехь а, правительствос даьккхинехь а, цаьргара дIадаьккхина-кх иза. Ахь боху, господин Лисичкин, итт эзарнаш гIалгIазкхийн кортойх эцна и латта, гIалгIазкхийн
