- Любовные романы
- Фантастика и фэнтези
- Ненаучная фантастика
- Ироническое фэнтези
- Научная Фантастика
- Фэнтези
- Ужасы и Мистика
- Боевая фантастика
- Альтернативная история
- Космическая фантастика
- Попаданцы
- Юмористическая фантастика
- Героическая фантастика
- Детективная фантастика
- Социально-психологическая
- Боевое фэнтези
- Русское фэнтези
- Киберпанк
- Романтическая фантастика
- Городская фантастика
- Технофэнтези
- Мистика
- Разная фантастика
- Иностранное фэнтези
- Историческое фэнтези
- LitRPG
- Эпическая фантастика
- Зарубежная фантастика
- Городское фентези
- Космоопера
- Разное фэнтези
- Книги магов
- Любовное фэнтези
- Постапокалипсис
- Бизнес
- Историческая фантастика
- Социально-философская фантастика
- Сказочная фантастика
- Стимпанк
- Романтическое фэнтези
- Ироническая фантастика
- Детективы и Триллеры
- Проза
- Юмор
- Феерия
- Новелла
- Русская классическая проза
- Современная проза
- Повести
- Контркультура
- Русская современная проза
- Историческая проза
- Проза
- Классическая проза
- Советская классическая проза
- О войне
- Зарубежная современная проза
- Рассказы
- Зарубежная классика
- Очерки
- Антисоветская литература
- Магический реализм
- Разное
- Сентиментальная проза
- Афоризмы
- Эссе
- Эпистолярная проза
- Семейный роман/Семейная сага
- Поэзия, Драматургия
- Приключения
- Детская литература
- Загадки
- Книга-игра
- Детская проза
- Детские приключения
- Сказка
- Прочая детская литература
- Детская фантастика
- Детские стихи
- Детская образовательная литература
- Детские остросюжетные
- Учебная литература
- Зарубежные детские книги
- Детский фольклор
- Буквари
- Книги для подростков
- Школьные учебники
- Внеклассное чтение
- Книги для дошкольников
- Детская познавательная и развивающая литература
- Детские детективы
- Домоводство, Дом и семья
- Юмор
- Документальные книги
- Бизнес
- Работа с клиентами
- Тайм-менеджмент
- Кадровый менеджмент
- Экономика
- Менеджмент и кадры
- Управление, подбор персонала
- О бизнесе популярно
- Интернет-бизнес
- Личные финансы
- Делопроизводство, офис
- Маркетинг, PR, реклама
- Поиск работы
- Бизнес
- Банковское дело
- Малый бизнес
- Ценные бумаги и инвестиции
- Краткое содержание
- Бухучет и аудит
- Ораторское искусство / риторика
- Корпоративная культура, бизнес
- Финансы
- Государственное и муниципальное управление
- Менеджмент
- Зарубежная деловая литература
- Продажи
- Переговоры
- Личная эффективность
- Торговля
- Научные и научно-популярные книги
- Биофизика
- География
- Экология
- Биохимия
- Рефераты
- Культурология
- Техническая литература
- История
- Психология
- Медицина
- Прочая научная литература
- Юриспруденция
- Биология
- Политика
- Литературоведение
- Религиоведение
- Научпоп
- Психология, личное
- Математика
- Психотерапия
- Социология
- Воспитание детей, педагогика
- Языкознание
- Беременность, ожидание детей
- Транспорт, военная техника
- Детская психология
- Науки: разное
- Педагогика
- Зарубежная психология
- Иностранные языки
- Филология
- Радиотехника
- Деловая литература
- Физика
- Альтернативная медицина
- Химия
- Государство и право
- Обществознание
- Образовательная литература
- Учебники
- Зоология
- Архитектура
- Науки о космосе
- Ботаника
- Астрология
- Ветеринария
- История Европы
- География
- Зарубежная публицистика
- О животных
- Шпаргалки
- Разная литература
- Зарубежная литература о культуре и искусстве
- Пословицы, поговорки
- Боевые искусства
- Прочее
- Периодические издания
- Фанфик
- Военное
- Цитаты из афоризмов
- Гиды, путеводители
- Литература 19 века
- Зарубежная образовательная литература
- Военная история
- Кино
- Современная литература
- Военная техника, оружие
- Культура и искусство
- Музыка, музыканты
- Газеты и журналы
- Современная зарубежная литература
- Визуальные искусства
- Отраслевые издания
- Шахматы
- Недвижимость
- Великолепные истории
- Музыка, танцы
- Авто и ПДД
- Изобразительное искусство, фотография
- Истории из жизни
- Готические новеллы
- Начинающие авторы
- Спецслужбы
- Подростковая литература
- Зарубежная прикладная литература
- Религия и духовность
- Старинная литература
- Справочная литература
- Компьютеры и Интернет
- Блог
Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
Свистуновс, цигаьрка а латийна, боккха баьккхина, кIур чутуьйхира.
– Иштта-м дара иза, Николай Богданович, амма и тайпаниш йарташкахь кIезиг бу-кх хIинца цкъа. Вукху дисинчу халкъо дийр дуй-те цара аьлларг?
– Нохчийн йарташкара нах тайпанийн гергарлонаша къевллина цхьана зIенаца бихкина бу, хьан локхалла. Ткъа оцу зIенийн йуьхьигаш оцу «вайчийн» буйнахь а йохку.
ХIорш чай мелла бевлча, чувеанчу йалхочо дIайаьхьира самовар а, пхьегIаш а.
– Хьан умматан ойланаш муха йу, да Викентий? – мозгIарна тIевирзира Свистунов.
Вохвеллачу мозгIаро, шуьйра, йеха цIен маж хьала а тоьхна, обанан логера ветанаш дIа а даьхна, стоммачу логах йовлакх хьаькхира. Гай тIехь кхозура, аьлча а, йижина Iуьллура, детин стоммачу зIенах тесна дато йоккха жIар.
– Адамийн дeгнаш – къайленаш йу, хьан локхалла, – элира мозгIаро, куьг тоьхна, маж шина декъе а йекъна. – Дегнийн къайленаш Даллий бен хаа йиш йац. Ткъа со Делан лай бен вац.
Инарлин хьаьжа йуккъе шад хIоьттира.
– Вай дерриг ду Делан лайш. Амма, цул сов, вай паччахьан йалхой хилар а ма дицде, да Викентий.
– Цунна а хастам кхайкхабо ас денна…
– Хастамаш баро чІaгIбийр ма бац Iедалан а, килсан а бух, – элира Александр Павловича. – Хьуна хаа ма йеза хьайн умматан деган къайленаш.
МозгIаран корта охьабахара, шуьйра маж некха тIехь шалха а кагйеш. ТІaьххьара кIур а баьккхина, цигаьрка, хьакхош, чимтосурга чу а таIийна, хьалагIеттира командующи.
– Ас къайлах цхьа масех дош ала кхайкхина шу, господа, – элира цо, ши куьг букъа тIехьа лаьцна, чухула дIаса а волалуш. – Империн араxьара йукъаметтигаш а, чоьхьара хьал а шуна дика хаьа. Вайн тIом цхьана Турцица хилла цa Ia. Вайца даррехь тIом беш йацахь а, амма массо агIор туркойн гIо лоцуш а, вайца мостагIалла лаьцна а йу Европера йeрриг пачхьалкхаш. Иза цхьаъ ду. Амма хIокху халачу муьрехь цуьрриг а дика дац мехкан чоьхьара хьелаш а. Революцин ун ду дено-дено даьржаш. Йарташкахь муьжгий а, гIаланашкахь белхалой а дуьхьалбуьйлу Іeдална. Тешам бац кхузарчу оьрсийн муьжгex а.
ГIантан гIовла шина буйна a Iaьвдина, сeцира командующи.
– Нохчий гIевттина. Вайн ледарлонна! Цара къайлах бузу маша шен хеннахь вайна цахаабаларна. Ма мотталаш, церан гIаттам тIамца зӀе йолуш бу. Туркошца цхьа а тайпа зIe йац церан. Туркойн цхьана а эмиссаран лар ца йеана Нохчийчу. Иза цIена бакъдеpг ду. ГIаттам цара шаьш кечбина. Вайн мера кIел, вай дийшина Іохккушехь… Вайн гIалат нисдан цхьа некъ бу: мятеж сиxонца хьаьшна дIайаккхар. Амма оцу тIехь вайна новкъарло йан тарло мeттигерчу оьрсийн бахархойн цхьана декъо. Ас буьйцурш гIалгIазкхий бац, муьжгий а, салтий а бу. ГІaлaрa мyьжгий, лам чу а бахана, мятежникех дIа-м кхетарг хир бац. Амма, мятежникаш гIалина тIелатахь, цаьргахьа ца бовлахь а, дуьхьало а-м йийр йац. Цундела, да Викентий, хьоьга цхьа дехар ду сан.
Александр Павлович, охьа а хиъна, мозгIаран бIаьра вогIавелира. Шен ира-бехачу мера тIера схьаэцна куьзганаш йовлакхца цIандан хIоьттира инарла Виберг а.
– ГIалин а, массо станицийн а килсашкахь халкъ кхето деза хIоьттинчу хьолах. Хьалхара: вай туркошца болийначу тIеман Іaлашо – деа бIe шарахь туркойн Iазапна кIел бохку ваьшца цхьана динeхь, цхьана цIийх болу славянаш а, ваьшца цхьана динехь болу гуьржий а, эрмалой а маьршабахар хиларх. ШолгIа: нохчийн гIаттам, оьрсашна дуьхьал хилла цa Iаш, ткъа оьрсийн а, берриг славянийн а бIeшeрийн мостагІчунна – туркошна – гIоьнна болийна хиларх. КхозлагIа: гIевттинчу нохчаша шайн каравоьлла оьрси къинхетамза хIаллаквийриг хиларх. ДоьазлагIа: массо а керста стаг, и ца хилийта, царна дуьхьал гIатта везарх. Хьо кхийтин, да Викентий?
Дехачу цІоцкъамашца цIен бIaьрнегIарш меллаша охьа а хецна, байн кхузза корта таIийра мозгIаро. ХIeтталц хIара хIунда кхайкхина ца хууш Іийна эла Эристов, хIинца кхийтира динан да кхайкхаран бахьанех.
– Ткъа шуна тIехь, хьомсара Александр Карлович, Николай Богданович, – Вибергний, Эристовний тIевирзира командующи, – шуьшинна хьалха а лаьтта даккхий декхарш. ГIалгIазкхех тешийла ду вайн хIокху муьрехь. Нохчашний, гIалгIазкхашний йукъахь мостагIалла ду латта бахьана долуш. Нохчаша шайн мохк шайгара дIабаккхарна кхоьруш, гIалгIазкхий дика летар бу мятежникех. Амма муьжгийн а, салтийн а, нохчийн а цхьа а тайпа гамо йац вовшашца. Церан атта барт хир бу. Шуьшиннан декхар ду нохчашца церан цхьа а тайпа зIe цахилийтар. Цул сов, Александр Карлович, хьайн дивизи ахь гуттар сиxонца тIеман низаме йалайе. Хаац, вайна иза гIалахь, йа ломахь – мичахь хьалха оьшур. Нагахь гIаларчу къехошна йа салташна йукъахь бунт эккхахь а, иза хьаша уггар тешамечу салтех шиъ-кхоъ рота кечйе.
– Цул а оцу гIуллакхна гIалгIазкхийн цхьа-ши сотня гIала йалийча, тешам болуш хир дацара, Александр Павлович? – хаьттира Виберга.
– Иза-м данза цадериг ма ду, Александр Карлович. Сан кхyзахь социйла дац. Областан йисинчу округеx а тешац со. ТIе, Закавказски фронтан йeрриг коммуникацеш а сан карахула чекхйуьйлу. Кхана Iуьйранна со Владикавказе йухавоьду. Варийлаш, ледара ма хилалаш. Ткъа гIала чIагIйеш Белликна гIо де. Мукъа бисча, харцахьа ойланаш йан а тарло гIалин бахархоша. XIинца мукъа ду шу, господа…
Х корта. ХЬАЛХАРА ТОЛАМ
ХьалхатаIа майрра! ХьалхатаIа, Даймохк!
Ах гIуллакх дина вай! ХьалхатаIа!
Ш. Петефи
1
Тахана пхоьалгIа де дара гIаттам болабелла. Амма схьагучубаьлла хIара бу аьлла кхиам бацара. Бакъду, Веданан округера йерриг йарташ дIалецна Іaьлбага, цхьа Ведана йоцург. Амма иза башха кхиам а ца хета цунна. XIиццалц схьа хIара ду аьлла цхьа а латар ца хилла паччахьан эскаршца. Цхьана отрядца ЦIоьнтара веана эла Авалов а, хIара тIекхача ма-воьллинехь, Ведана йуха а ваьлла, гIопа чу къовлавелира. Хаси-Юьртара эскар а дац лам чу гIоьртуш. Iаьлбаган кхин дан хIума ца дисира, шена дуьхьало йен йуьртдай лецар бен. Ткъа цунах а толам ма ца хуьлу!
Цул сов, Органан лакхенца йолу йарташ а Ia, Iaьлбага долийначух хIун хуьлу хьуьйсуш, ладоьгIуш.
Оцу ойланашца ЖугIуртахула дукъаца охьавогIура Іaьлбаг. ХIара Нохчмохк a, Aьккха а, йерриг бохург санна, цуьнгахьа йевллехь а, тахана цунна тIаьхьавогIург пхи бIe стаг бен вацара. Уьш а дукхахберш – кегийрхой.
Iаьлбаг санна, ойланаша дIалаьцна, цунна тIаьххье вогIу Къайсар. Стенна делахь а, цхьа Овхьад ву цкъа а ца хиллачу тайпана хIайте. Иза, шен гIоьнча вина, шeцa сaцийна Iaьлбага. Цунна оьрсийн мотт а, дешар а хаарна.
Хьалхахьа Іохку нохчийн йарташ. Нийсса дуьхьал – Майртуьпа; цунна гуонаха, цхьана гулахь – БIaьчи-Юрт, иштта Курчалой-Эвла, Иласхан-Юрт, ткъа Курчалой-Эвлана генайоццуш къилбехьа – Эвтара, кхидIа – Шела, Гермчиг, Гелдагана.
Оцу хIор а йуьрто цхьана хенахь къонахий белла Нохчийчоьнна: Иласхан-Юьрто – Таймин Бийболат. Майртуьпара вара Бийболатан хьалхaрa гIоьнча хилла молла

