- Любовные романы
- Фантастика и фэнтези
- Ненаучная фантастика
- Ироническое фэнтези
- Научная Фантастика
- Фэнтези
- Ужасы и Мистика
- Боевая фантастика
- Альтернативная история
- Космическая фантастика
- Попаданцы
- Юмористическая фантастика
- Героическая фантастика
- Детективная фантастика
- Социально-психологическая
- Боевое фэнтези
- Русское фэнтези
- Киберпанк
- Романтическая фантастика
- Городская фантастика
- Технофэнтези
- Мистика
- Разная фантастика
- Иностранное фэнтези
- Историческое фэнтези
- LitRPG
- Эпическая фантастика
- Зарубежная фантастика
- Городское фентези
- Космоопера
- Разное фэнтези
- Книги магов
- Любовное фэнтези
- Постапокалипсис
- Бизнес
- Историческая фантастика
- Социально-философская фантастика
- Сказочная фантастика
- Стимпанк
- Романтическое фэнтези
- Ироническая фантастика
- Детективы и Триллеры
- Проза
- Юмор
- Феерия
- Новелла
- Русская классическая проза
- Современная проза
- Повести
- Контркультура
- Русская современная проза
- Историческая проза
- Проза
- Классическая проза
- Советская классическая проза
- О войне
- Зарубежная современная проза
- Рассказы
- Зарубежная классика
- Очерки
- Антисоветская литература
- Магический реализм
- Разное
- Сентиментальная проза
- Афоризмы
- Эссе
- Эпистолярная проза
- Семейный роман/Семейная сага
- Поэзия, Драматургия
- Приключения
- Детская литература
- Загадки
- Книга-игра
- Детская проза
- Детские приключения
- Сказка
- Прочая детская литература
- Детская фантастика
- Детские стихи
- Детская образовательная литература
- Детские остросюжетные
- Учебная литература
- Зарубежные детские книги
- Детский фольклор
- Буквари
- Книги для подростков
- Школьные учебники
- Внеклассное чтение
- Книги для дошкольников
- Детская познавательная и развивающая литература
- Детские детективы
- Домоводство, Дом и семья
- Юмор
- Документальные книги
- Бизнес
- Работа с клиентами
- Тайм-менеджмент
- Кадровый менеджмент
- Экономика
- Менеджмент и кадры
- Управление, подбор персонала
- О бизнесе популярно
- Интернет-бизнес
- Личные финансы
- Делопроизводство, офис
- Маркетинг, PR, реклама
- Поиск работы
- Бизнес
- Банковское дело
- Малый бизнес
- Ценные бумаги и инвестиции
- Краткое содержание
- Бухучет и аудит
- Ораторское искусство / риторика
- Корпоративная культура, бизнес
- Финансы
- Государственное и муниципальное управление
- Менеджмент
- Зарубежная деловая литература
- Продажи
- Переговоры
- Личная эффективность
- Торговля
- Научные и научно-популярные книги
- Биофизика
- География
- Экология
- Биохимия
- Рефераты
- Культурология
- Техническая литература
- История
- Психология
- Медицина
- Прочая научная литература
- Юриспруденция
- Биология
- Политика
- Литературоведение
- Религиоведение
- Научпоп
- Психология, личное
- Математика
- Психотерапия
- Социология
- Воспитание детей, педагогика
- Языкознание
- Беременность, ожидание детей
- Транспорт, военная техника
- Детская психология
- Науки: разное
- Педагогика
- Зарубежная психология
- Иностранные языки
- Филология
- Радиотехника
- Деловая литература
- Физика
- Альтернативная медицина
- Химия
- Государство и право
- Обществознание
- Образовательная литература
- Учебники
- Зоология
- Архитектура
- Науки о космосе
- Ботаника
- Астрология
- Ветеринария
- История Европы
- География
- Зарубежная публицистика
- О животных
- Шпаргалки
- Разная литература
- Зарубежная литература о культуре и искусстве
- Пословицы, поговорки
- Боевые искусства
- Прочее
- Периодические издания
- Фанфик
- Военное
- Цитаты из афоризмов
- Гиды, путеводители
- Литература 19 века
- Зарубежная образовательная литература
- Военная история
- Кино
- Современная литература
- Военная техника, оружие
- Культура и искусство
- Музыка, музыканты
- Газеты и журналы
- Современная зарубежная литература
- Визуальные искусства
- Отраслевые издания
- Шахматы
- Недвижимость
- Великолепные истории
- Музыка, танцы
- Авто и ПДД
- Изобразительное искусство, фотография
- Истории из жизни
- Готические новеллы
- Начинающие авторы
- Спецслужбы
- Подростковая литература
- Зарубежная прикладная литература
- Религия и духовность
- Старинная литература
- Справочная литература
- Компьютеры и Интернет
- Блог
Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
– Айсолта хIокху Нохчмахкарчу уггар хьалдолчех ву, хьан локхалла, – элира Пруссаковс. – Цуьнан даккхий бахьанаш ду Iaьлбаг ца веза. Суна хетарехь, цо харцо йийр йац вайна. Мел дийцича а, шен цIока йеза йу цунна мятежникел.
– Айсолтех дош далалур ду соьга, хьан локхалла, – тIeтуьйхира Элбис а. – Цхьана ханна тилавелла леллехь а, иза вайн стaг ву.
Смекаловс тIаьххьара а сацам тIеийцира, командующин приказ цкъачунна тIаьхьа а теттина, цкъа Симсара экспедици йан. Делкъал тIаьхьа, меттиган топографически карта a Iaмийна, хьалха цигахь хиллачу эпсарех дага а ваьлла, суьйранна йоцца кхеташо а гулйина, шен план царна хьалхахIоттийра цо.
– ДегIаcтaнaxь xIоьттинчу хьоло кхузара коьрта ницкъаш цига дIабигарна тIетоьтту, – элира цо. – Амма, шен гIеранца Iаьлбаг букъа тIехьа а витина, ДегIастана дIагIойла а дац вайн. Iаьлбагца дерг кхана чекхдала деза. Мятежникаш чIагIбелла Дуьйран-Коьртехь, малхбузехьара схьа лома тIебогIу цхьаболу цхьа некъ къевлина цара, генна хьалха пикеташ а хIиттийна. Дуьххьал тIелетарх кхиам хир бац вайн. Цундела, ламанца дахана, мятежникийн букъа тIехьа а девлла, буьйсанна цIеххьана тIелата кхоъ колонна йахийта дезар ду. Хьалхарчу колоннин декхар хала а, жоьпалле а хиларна, иза вовшахтуху уггар майрачу, доьналла долчу шиъ ах бIe гIалгIазкхичух. Цунна коьрте хIоттаво старшина Рогожин, ткъа капитан Пруссаков – цунна гIоьнна. ШолгIa a, кхоалгIа а колоннаш вовшахтуху куринцех а, тенгинцех а. Церан командираш хIиттабо капитанаш Виноградов а, Шетихин а. ТIaьххьара а новкъайолучу колонни тIехь куьйгалладар тIедуьллу штабс-капитанна Наумовна. Хьалхара колонна новкъа йолу Iуьйранна диъ сахьт долуш. ТІaьхьарниш – шишша сахьт йукъа а долуьйтуш. ТІaьххьара кхyьй а колонна суьйранна йалх сахьт долуш Дуьйран-Коьртана гуобина хила йеза. Колоннаш цига дIакхачале ши сахьт хьалха подполковнико Козловскийс шен отрядца Симсарна дуьххьал тIелатар дийр ду, мятежникаш Iехо. Операци чекхйаллалц сема тергам латтабе лагерехь болчу туземцашна тIеxь.
– Хьан локхалла, сан отрядехь пaтaрмaш кIезго ду, – элира Рогожина.
– Сан отрядехь къаьркъа дац, – эккхийтира капитано Виноградовс. – ХІокху йочанашна кIел шелло салтий. ТІe, операце боьлхуш, церан жимма дог-ойла айъа а йезара.
– Иза а, важа а хуьлуьйтур ду, господа. ТІaьхьалонна дитина дерриг къаьркъа а, патармаш а, гулдай, операце боьлхучарна дIало. Операцexь гоьбевллачарна йала жIараш а йу кхана-лама схьакхочур йолуш. Кхин хеттарш дуй? Кханалера де тIаьххьара хила деза Iаьлбаган гIеранан. Диэхар ду господа эпсаршка. Варийлаш, цхьа мятежник а кIелхьара ма валийталаш. ТIe, салташка кхайкхаде, Iаьлбаган туьпахь гулйина дуккxa a xІонс йу алий.
2
Iаьнда вахар ца нисделлачу Іaьлбага догдиллира хIoкху шарахь кхиам хир бу бохучyx. Кхоччуш кIелйиснера Нохчмохк. Iа а дара гергагIерташ. Беркъа буxабеллачу гIовттамхойн ницкъ бацара Iaьнан шелонца къийсам латто. Вуьшта а, машаречу хенахь a aьтто бацара царах дукхахболчийн Iай йуьртара йуьрта баха а.
Ткъа Iа хIинццалчул а хьалхе тIегIертара. Хьаннашкахь Iадоккхур бохург хьехoчохь а дацара. ГIовттамхойх тIаьххьара бисинчех цхьакIеззигниш гена аренгарчу йарташка, цхьацца-шишша баьржаш, дIасабаьржира. Iаьлбагца висина ши бIe cтaг вала сецнера. Имамо бохуш хIумма а доццушеxь, цара шаьш дуйнаш биира тIаьххьара минот тIехIотталц къийса.
Хьал доьхна делахь а, деган кIоргеxь догдохийлаш йисинера. Iаьлбаг оцу шина бIe стагаца симсаройн хьаннашка йухавирзира. Цкъа ойла хилира цуьнан винчу йуьртахь Iа доккхуш саца. Амма иза кхераме дара. Кхуза некъаш шарделлера паччахьан эскаршна. ТIe, кхерошший, Iехошший, гIовттамхошна дуьхьалйаьхнера йуьхьанца массарел а доггах Iаьлбагна тIаьхьахIиттина хилла лулара aьккхийн а, суьйлийн а йарташ. Уьш-м хьовха, кхyзара даьттахой, чеччалхой, гeндaргaной а цхьаьна. Симсара церан гуонна йукъахь йара хIинца.
Кхерамна йуьстахо аьлла, Симсарахь ца соцуш, цунна къилба-малхбузехьа догIучу Яркхсун лакхенга а ваьлла, гонаха лекха тIулган бeрдаш долуш йуькъачу хьаннаша дIалаьцначу Дуьйран-Коьртeхь Іa дaккха сацамбинера цо.
КхоалгIа де дара гIовттамхоша кхузахь Іaьнна кечам бен. Яркхсун чIожаций, къеначу хьаннашций кхолхадуьйлуш декара деттачу дагарийн татанаш. Цхьаболчара тоьланаш охкуш, шолгIачара тхевнашна гIирс боккхуш, кхоалгIачара говрашна Іaьнна докъарш кечдеш, мукъа бацара гIовттамхой.
Тахана эxxар а йина йаьллера Михаилан, Юсупан, Елисейн, Янаркъин а тоьла. Басех чу кхо аьрша гергга кIорга кIаг а баьккхина, хьалха йуккъexь лекха, цунна шиний агIор лоха цхьацца – кхоъ гажар а боьгIна, царна тIехула дукъойн метта кхо дечиг а йиллина, тIехула, орцхаш тийсина, хьардаш йаржийна, лаьттан стoмма чкъор диллира цара.
Чохь пенашца, цIенкъел лакхо айъина, маьнгин хьесапахь терхи йитира тIе охьадийша. Цхьана маьIIexь пенаца хьалайаьхьна товханан туьнкалг тховх чекх а йаьккхина, тIехь поппарца дIахьаьхира. ХIетта веаммо мор буьззина йеана йекъа къаж, стомма чкъор деш, «маьнги» тIе а йаржийна, паргIатбевлира уьш.
– Нускалш делахьара, кхин хIумма а ца оьшура вайна, – элира кIедачу къожа тIе аркъалваьллачу Янаркъас. – ХIан, Элса? Дом есть, матушка нада. Жина нада!
– Вуон-м хир дацара, Янек! – куьйгаш хьакхийра Елисейс. – Цхьа хазо жеро хилча, дикахо летар вара со. ЭхI, Янек, схьахетарехь, иштта кIантстаг волуш лийр ву-кх со.
– XIунда ле? ХIокху йалх баттахь дуккха а жерой бевлла йарташкахь. ХортIин Асхьадах йисина Буцани йу хьуна ма-йезза. Гиний хьуна иза? Ахь боху-ца боху хьийкъина йу иза! ДеакIов дегI, оцу хьан гIодайукъал стaммий настарш, пхьаьрсаш. Бад йу-кх, йеккъа ша бад!
– Суна реза хир йуй иза?
– Муха ца хуьлу! Суна хазарехь, Асхьадна резайацара иза. Ледара айгIар болчух тера дара иза, кхин а бухахь валларг. Ткъа Буцанина, хьо санна, цхьа стомма ворта а йолуш, некхан ваз даьлла хьаьрса бугIа оьшу.
– Керстане маре гIур йац шун зуда.
– XIун башхо йу – кeрста а, бусалба а! КІeзиг дац ишта маренаш а. Тхайниш шуьга а, шуьниш тхоьга а богIуш. Ишттачу кхолламан кIеза ма ду хIара Юсуп а. Хьажал хьо цуьнга. Нохчочун мара, оьрсичун бIаьргаш, шиннахьара схьаэцна шалго майралла!
– Baйниш жоьра ма бисахьара, Янаркъа, – элира, кIадвелла забарех самукъа ца долучу Къайсара.
– Сайниг-м йуьсур йац. Мишкица барт бина ас хьалххе. Сайл тIaьхьа ЖовхIар цунна йерзош. ХIа-ан, Мишка?
– Суна стенна оьшу хьан йакъайелла къена баба?
– XIумма а къена йац. Оза-м йу, бакъдерг аьлча. Ахь, жижиг даош, дика кхабахь, бутт балале йерстар йу, даIам санна. ТIаккха, гIала а вaханa, подар-басар деана, кечйича, мел хаза меъ хир ду цунах. ТІe, ши бер а ду анддадаьлла. Йеккъа са йу хьуна, Мишка. Со а паргIат хир ву эхартахь!
– Забар-м – забар йара, неIаран гIайгIа йу-кх, – элира Къайсара.
– ГIайгIа бу иза-м, ца хилчхьана. ТІe, вай хIун до цуьнан? Тахана йа кхана йалсамане йа жоьжахате гIур долуш хилча.
Къайсар, гIеттина, аравелира. ГІовттамхойн кIотарна йуккъexь йиначу гIишло кIелхьара схьахезира малхбузу ламаз доьхкучу Iаьлбаган дуькъа, кIеда аз.
Елисей накъосташка хьаьжира.
– Шуьшиъ хIунда ца воьду ламазе?
– Тхойшиннан делаца дийца къайлах хIуманаш ду, Элса. Цхьа бIe стагана йуккъe a xIоьттина, дийца мегар доцуш. ЭхI, Элса,

