- Любовные романы
- Фантастика и фэнтези
- Ненаучная фантастика
- Ироническое фэнтези
- Научная Фантастика
- Фэнтези
- Ужасы и Мистика
- Боевая фантастика
- Альтернативная история
- Космическая фантастика
- Попаданцы
- Юмористическая фантастика
- Героическая фантастика
- Детективная фантастика
- Социально-психологическая
- Боевое фэнтези
- Русское фэнтези
- Киберпанк
- Романтическая фантастика
- Городская фантастика
- Технофэнтези
- Мистика
- Разная фантастика
- Иностранное фэнтези
- Историческое фэнтези
- LitRPG
- Эпическая фантастика
- Зарубежная фантастика
- Городское фентези
- Космоопера
- Разное фэнтези
- Книги магов
- Любовное фэнтези
- Постапокалипсис
- Бизнес
- Историческая фантастика
- Социально-философская фантастика
- Сказочная фантастика
- Стимпанк
- Романтическое фэнтези
- Ироническая фантастика
- Детективы и Триллеры
- Проза
- Юмор
- Феерия
- Новелла
- Русская классическая проза
- Современная проза
- Повести
- Контркультура
- Русская современная проза
- Историческая проза
- Проза
- Классическая проза
- Советская классическая проза
- О войне
- Зарубежная современная проза
- Рассказы
- Зарубежная классика
- Очерки
- Антисоветская литература
- Магический реализм
- Разное
- Сентиментальная проза
- Афоризмы
- Эссе
- Эпистолярная проза
- Семейный роман/Семейная сага
- Поэзия, Драматургия
- Приключения
- Детская литература
- Загадки
- Книга-игра
- Детская проза
- Детские приключения
- Сказка
- Прочая детская литература
- Детская фантастика
- Детские стихи
- Детская образовательная литература
- Детские остросюжетные
- Учебная литература
- Зарубежные детские книги
- Детский фольклор
- Буквари
- Книги для подростков
- Школьные учебники
- Внеклассное чтение
- Книги для дошкольников
- Детская познавательная и развивающая литература
- Детские детективы
- Домоводство, Дом и семья
- Юмор
- Документальные книги
- Бизнес
- Работа с клиентами
- Тайм-менеджмент
- Кадровый менеджмент
- Экономика
- Менеджмент и кадры
- Управление, подбор персонала
- О бизнесе популярно
- Интернет-бизнес
- Личные финансы
- Делопроизводство, офис
- Маркетинг, PR, реклама
- Поиск работы
- Бизнес
- Банковское дело
- Малый бизнес
- Ценные бумаги и инвестиции
- Краткое содержание
- Бухучет и аудит
- Ораторское искусство / риторика
- Корпоративная культура, бизнес
- Финансы
- Государственное и муниципальное управление
- Менеджмент
- Зарубежная деловая литература
- Продажи
- Переговоры
- Личная эффективность
- Торговля
- Научные и научно-популярные книги
- Биофизика
- География
- Экология
- Биохимия
- Рефераты
- Культурология
- Техническая литература
- История
- Психология
- Медицина
- Прочая научная литература
- Юриспруденция
- Биология
- Политика
- Литературоведение
- Религиоведение
- Научпоп
- Психология, личное
- Математика
- Психотерапия
- Социология
- Воспитание детей, педагогика
- Языкознание
- Беременность, ожидание детей
- Транспорт, военная техника
- Детская психология
- Науки: разное
- Педагогика
- Зарубежная психология
- Иностранные языки
- Филология
- Радиотехника
- Деловая литература
- Физика
- Альтернативная медицина
- Химия
- Государство и право
- Обществознание
- Образовательная литература
- Учебники
- Зоология
- Архитектура
- Науки о космосе
- Ботаника
- Астрология
- Ветеринария
- История Европы
- География
- Зарубежная публицистика
- О животных
- Шпаргалки
- Разная литература
- Зарубежная литература о культуре и искусстве
- Пословицы, поговорки
- Боевые искусства
- Прочее
- Периодические издания
- Фанфик
- Военное
- Цитаты из афоризмов
- Гиды, путеводители
- Литература 19 века
- Зарубежная образовательная литература
- Военная история
- Кино
- Современная литература
- Военная техника, оружие
- Культура и искусство
- Музыка, музыканты
- Газеты и журналы
- Современная зарубежная литература
- Визуальные искусства
- Отраслевые издания
- Шахматы
- Недвижимость
- Великолепные истории
- Музыка, танцы
- Авто и ПДД
- Изобразительное искусство, фотография
- Истории из жизни
- Готические новеллы
- Начинающие авторы
- Спецслужбы
- Подростковая литература
- Зарубежная прикладная литература
- Религия и духовность
- Старинная литература
- Справочная литература
- Компьютеры и Интернет
- Блог
Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
Доьхначу некъаша халачу йаьккхинера йарташна йукъара зIe.
Симсаройн хьаннаш тIаьххьара туш дара Iаьлбаган. Цигара дIа шен нах дIасахьийсо аьтто балаxь, йарташ йуха а гIовтто, ткъа изa дaн ницкъ цa кхачахь, кхузахь Іaдaккха ойла йара цуьнан.
Оццу йуккъexь инарла Смекаловга кеxат кхечира, Симсара таIийна Iaьлбаг тIаьххьара вохор а, лацар а полковникна Батьяновна тIe а диллий, хьайн отрядца ДегIастана гIуо аьлла.
Командующин кеxат Козловскийга дешийтира инарлас. Подполковник хаттаре Смекаловга хьаьжира.
– Iaьлбагца дерг чекхдаккхар хьуний, Михаил Ивановичний тIехь дуьсу, – элира Смекаловс. – Cоьгахь болчу хаамашца, Iaьлбагца, дукха велахь, кхо бIe стаг бен вац. Гонахара йарташ къарйелла. Шуьшиъ атта ларор ву цуьнца. Амма, xIapa aгIo хецна а йуьтуш, дІaгIoйлa дaц сан. Iаьлбаг, шен тунгари чуьра ара а ваьлла, Яьссин йарташка вер ву. Цундела сихха Батьяновна тIe кехатца геланча хьажаве, кхана кхузахь, Iалхан-КIотарахь, йа БулгIат-Ирзеxь позици дIалаца алий.
– ХIарра кеxат Батьяновга а кхаьчна, хьан локхалла.
– Гуттар дика ду-кх тIаккха. Цo аттачу доккху гIуллакх.
– Амма Михаил Иванович реза вац xІокху тIедахкаршна.
– Реза вац бохург хIун ду? – цецвелира Алексей Михайлович. – Приказ – приказ ма ду.
– ХIетте а, Батьяновс кеxат дахьийтина, ша резавацаран бахьанаш дуьйцуш.
– Масала?
– Тхан полкера шиъ батальон а, цхьа сотня а, хьуна ма-хаъара, Темирхан-Шypаxь йу…
– Йисина батальонаш тIех а тоьур йу Іaьлбаган гІера йохо.
– ХIокху карахь йолчу хенахь иза кIезиг ницкъ бу, хьан локхалла. Хьаннашкара гIа ца доьжна хIинца а. Цига йаханa oтряд мятежникаша лаххьийна хIаллакйийр йу.
– ЭхIей, сан Дела, йаІ! Кху сохьтa бeнoйн йарташкахь цхьа са а ма ца дисина. Даьттахой, чеччалхой, гeндaргaнoй a вaйгахьа бу. ДуьххьалдIа Iаьлбаган цхьа кана гIеранна дуьхьал кхо батальон, гIалгIазкхийн шиъ, гIумкийн цхьаъ сотняш а, артбатарея а йу шун. ТIe, отрядна гIоьнна аьккхийн, салатавхойн дружинаш йу вовшахтоьхна. ХІетте а, бIo цa булу шун? Суна-м эхь хета хьоьга ладоьгIуш, подполковник.
– Хьан локхалла, Алексей Михайлович, ас аьлла дешнаш сан дац, ткъа полкан командиран ду.
– Ой, xIoкxo Iaьнда гIо мa бoxy cоьга! Ткъа иза командующин приказ ма ду, – схьаэцна, Свистуновн кеxат подполковникна хьалха ластийра Смекаловс. – Ас хIун де ткъа, къинхетаме государь?
– Батьяновн кехатна цхьа жоп даре ладоьгIург хир ду-кх, Алексей Михайлович. Тхан отрядан ницкъ кIезиг ма бу, симсаройн хьаннашка йаха.
Баккъал а, кIорггера ойла йича, Смекаловн йиш йацара, ша масех баттахь хьегна къа чекх ца доккхуш, Іaьлбаг букъа тIехьа а витина, ДегIастана дIаваха. Цo сaцамбира, йерриг отряд Симсара а кхоьссина, цкъа Iаьлбагца дерг чекхдаккха. Сацам – сацам бу, амма иза кхочушбан тешаме план йезара. ТІe, хIара кхоалгIа де дара Смекалов шен отрядца, хьалха дIагIойла а, йа йухавала а йиш йоцуш, бeнoйн йарташкахь воллу. ХIара йагийна Іалхан-кIотар шатайпа резиденци йара цуьнан.
Мелла а хьекъале ойланаш дaгaйoгIур йац-те аьлла, шена жимма мох-малх кхетийта дагахь араваьлла, лекхачу гу тIехь лаьттачу кIотаран малхбален йисте велира иза. Кхузара дIа дика гора йeрриг бeнoйн йарташ. Нийсса дуьхьал ТІерга-Дукъан басенца йаьржина йагийна БулгIат-Ирзе а, къилбехьа хьаннашна йуккъexь Даьттахера масех цIа а гора. Цигахула Яркхсуца хьала беккъа цхьа некъ бара симсаройн хьаннашка боьдуш. Некъаш-м кхин а хила тарлора, амма отрядехь цхьа а вацара уьш хууш.
Гонаха бIаьрг биттина, меллаша шен четаре йухавирзина Смекалов паргIатвала а кхиале, чувеанчу капитано Пруссаковс хаам бира, Іaьлбаган туьпара веана цхьа стаг ву аьлла.
– XIун стаг ву иза? – xaьттира цецваьллачу Смекаловс.
– Хаац. Ша вайна пайдexь xаамаш беана, боху цо.
– Схьачукхайкха. Мичахь ву прапорщик Мовсаров? Чехка схьалаха иза.
Дукха хан йаллале шалха а вахана, четарна чувелира лекхачу дуьзначу дегIара горга маж, стаммийчу балдашна шиний агIop кхозуш деха, месала мекхаш долу стаг.
– Дарасти, инарла! – элира цо, можа йаккхий цеpгaш гучу а йохуш.
– Здравствуй, здравствуй, кунак! – корта таIийра Смекаловс. – Хьо мичара ву?
– Бено, бено!
– Хьо хIунда веана?
– Симсар, Iаьлбаг.
– Охьахаa, – дуьхехь лаьтта лоха гIант гайтира инарлас беночунна.
ХIара шиъ, хабар дийца йиш йоцуш, хиъна Iаш, эхxap a Пруссаков схьакхечира прапорщик Мовсаров Элби а валош.
– Хаттал цуьнга, прапорщик, цIe хIун йу, мичара ву.
– Ша бено ву, цIе Айсолта а йу, боху цо, хьан локхалла.
– Хьо хIунда веана?
– Co Iaьлбаган тобанца вара, инарла. Цунах ведда веана со.
– XIунда?
– И зуламхо а, цуьнан гIера а лаца хьуна гIo дaн.
– Муха?
– Йерриг цуьнан къайленаш хаьа суна.
– Схьадийцал, хIун хаьа хьуна?
Айсолтин мукадехкачух тера горга, цIен ши бIаьрг сутара къегира.
– Маьхза гIуллакхаш ден зама йац хIара, кIант, – элира цо Элбига. – Ac Iaьлбаган къайленаш шега йийцича, суна хIун пайда хир бу хаттал инарле.
– Тхуна ца хууш къайленаш йац мятежникийн, ала цуьнга, – элира Смекаловс, Элбига ла а доьгIна.
– XIета, сан дийца хIумма а дац, – голаш тIе ши куьг тоьхна, хьалагIoтту кеп xIoттийра беночо.
– XIун до цо? – xaьттира оьгIазваха воьллачу Смекаловс.
– ДІaвоьду со-м.
– Тхешан каравеана мятежник иштта дIавахийтац оха. Лаций, цхьанхьа чуволла иза.
Элбис гочдира инарлин дешнаш.
– Ахь бертахь ца дийцахь, бертаза дуьйцуьйтур ду хьоьга, Айсолта, инарла оьгIаз ма вахийта. Хьо чуволла, боху цо.
– Со хIун динчунна вуллу чу?
– Iaьлбагна тIаьхьа а хIоьттина, Iедална дуьхьало йарна.
Айсолта, цавешаш, велавелира.
– Хьан боху, со Iaьлбагца хилла?
– Ахь айхьа боху-кх.
– Со цхьаьнггexьa a вaцара. Цунах а, шух а кхоьруш лелла.
– XIинца?
– Iаьлбаг кхераме хуьлучуьра ваьлла хIинца.
– Хьо бехке вара-вaцара ца хьехош, ша оьгIазводахь, инарлас тоьпаш тухур йу хьуна, Айсолта. Цул хьайга боxург де. Мел мах боьху ахь хьайн къайленах?
– Оцу инарле хаттийта ахь, тIаккха ас жоп лур ду.
– Цуьнан цIарах хоьтту ас хьоьга.
– Суна мах ца оьшу, ала инарле. Мухха делахь а, Iаьлбагах кхоьруш, ас цунна гIуллакхаш динa мeттигаш йу. Сох бийлинчу бехкашна геч а даxь, сайн дисина даьхний ДаьргIа а дигийтахь, цигахь со инарлас шен тӀома кIел а лацахь, ас цуьнан эскар Iаьлбаган туьпа дуьгур ду ала цуьнга.
Смекаловс дош делира Айсолтин дехар кхочушдан. ТIаккха цо дийцира Iаьлбаган туьпара хьал. Айсолтас дийцарехь, цуьнца ши бIe сoв стаг ву. Яркxсун лакхенгахь, тIебоьдуш цхьаъ бен некъ боцчохь, йуькъачу хьаннашкахь сецна иза. ХIара Iа цигахь даккха ойла йолуш, дуккха а йалтий, дакъийна жижиггий оьзна цо цига. Iаьлбагца ву Солтмурд, суьйлийн Раджаб-Iела, Тозуркъа, Къосам, Нурхьаьжа, ЯнгIулби, кхин тхьамданаш а.
– Уьш дерриг тхуна хууш ду, – хьесапе ца лерира Смекаловс айкхан хаамаш. – Иштта атта хьайн бехках кIелхьарвер вац хьо.
Амма Айсолта ца вуьйхира.
– Ас дийцинарг хаахь а, амма Iаьлбаган туьша тIе боьду некъ-м ца хаьа шуна, – толаме велакъежира иза. – Сан дехар аш кхочушдахь, ас церан букъа тIехьахула туьпа дуьгур ду шун эскар.
Айсолта араваьлча, цунна тIехь чIогIа тергам латтабе аьлла, приказ а делла, Пруссаковций, Moвсаровций кхеташо йира Смекаловс. Maceх шо

