- Любовные романы
- Фантастика и фэнтези
- Ненаучная фантастика
- Ироническое фэнтези
- Научная Фантастика
- Фэнтези
- Ужасы и Мистика
- Боевая фантастика
- Альтернативная история
- Космическая фантастика
- Попаданцы
- Юмористическая фантастика
- Героическая фантастика
- Детективная фантастика
- Социально-психологическая
- Боевое фэнтези
- Русское фэнтези
- Киберпанк
- Романтическая фантастика
- Городская фантастика
- Технофэнтези
- Мистика
- Разная фантастика
- Иностранное фэнтези
- Историческое фэнтези
- LitRPG
- Эпическая фантастика
- Зарубежная фантастика
- Городское фентези
- Космоопера
- Разное фэнтези
- Книги магов
- Любовное фэнтези
- Постапокалипсис
- Бизнес
- Историческая фантастика
- Социально-философская фантастика
- Сказочная фантастика
- Стимпанк
- Романтическое фэнтези
- Ироническая фантастика
- Детективы и Триллеры
- Проза
- Юмор
- Феерия
- Новелла
- Русская классическая проза
- Современная проза
- Повести
- Контркультура
- Русская современная проза
- Историческая проза
- Проза
- Классическая проза
- Советская классическая проза
- О войне
- Зарубежная современная проза
- Рассказы
- Зарубежная классика
- Очерки
- Антисоветская литература
- Магический реализм
- Разное
- Сентиментальная проза
- Афоризмы
- Эссе
- Эпистолярная проза
- Семейный роман/Семейная сага
- Поэзия, Драматургия
- Приключения
- Детская литература
- Загадки
- Книга-игра
- Детская проза
- Детские приключения
- Сказка
- Прочая детская литература
- Детская фантастика
- Детские стихи
- Детская образовательная литература
- Детские остросюжетные
- Учебная литература
- Зарубежные детские книги
- Детский фольклор
- Буквари
- Книги для подростков
- Школьные учебники
- Внеклассное чтение
- Книги для дошкольников
- Детская познавательная и развивающая литература
- Детские детективы
- Домоводство, Дом и семья
- Юмор
- Документальные книги
- Бизнес
- Работа с клиентами
- Тайм-менеджмент
- Кадровый менеджмент
- Экономика
- Менеджмент и кадры
- Управление, подбор персонала
- О бизнесе популярно
- Интернет-бизнес
- Личные финансы
- Делопроизводство, офис
- Маркетинг, PR, реклама
- Поиск работы
- Бизнес
- Банковское дело
- Малый бизнес
- Ценные бумаги и инвестиции
- Краткое содержание
- Бухучет и аудит
- Ораторское искусство / риторика
- Корпоративная культура, бизнес
- Финансы
- Государственное и муниципальное управление
- Менеджмент
- Зарубежная деловая литература
- Продажи
- Переговоры
- Личная эффективность
- Торговля
- Научные и научно-популярные книги
- Биофизика
- География
- Экология
- Биохимия
- Рефераты
- Культурология
- Техническая литература
- История
- Психология
- Медицина
- Прочая научная литература
- Юриспруденция
- Биология
- Политика
- Литературоведение
- Религиоведение
- Научпоп
- Психология, личное
- Математика
- Психотерапия
- Социология
- Воспитание детей, педагогика
- Языкознание
- Беременность, ожидание детей
- Транспорт, военная техника
- Детская психология
- Науки: разное
- Педагогика
- Зарубежная психология
- Иностранные языки
- Филология
- Радиотехника
- Деловая литература
- Физика
- Альтернативная медицина
- Химия
- Государство и право
- Обществознание
- Образовательная литература
- Учебники
- Зоология
- Архитектура
- Науки о космосе
- Ботаника
- Астрология
- Ветеринария
- История Европы
- География
- Зарубежная публицистика
- О животных
- Шпаргалки
- Разная литература
- Зарубежная литература о культуре и искусстве
- Пословицы, поговорки
- Боевые искусства
- Прочее
- Периодические издания
- Фанфик
- Военное
- Цитаты из афоризмов
- Гиды, путеводители
- Литература 19 века
- Зарубежная образовательная литература
- Военная история
- Кино
- Современная литература
- Военная техника, оружие
- Культура и искусство
- Музыка, музыканты
- Газеты и журналы
- Современная зарубежная литература
- Визуальные искусства
- Отраслевые издания
- Шахматы
- Недвижимость
- Великолепные истории
- Музыка, танцы
- Авто и ПДД
- Изобразительное искусство, фотография
- Истории из жизни
- Готические новеллы
- Начинающие авторы
- Спецслужбы
- Подростковая литература
- Зарубежная прикладная литература
- Религия и духовность
- Старинная литература
- Справочная литература
- Компьютеры и Интернет
- Блог
Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
– Цигахула лела могашалла ма йац хьан, дада. Иза гена некъ ма бу.
– Могашалла-м, Дала мукъалахь, хIинца цкъа дика йу сан. Ткъа геналлех дерг аьлча, ас Сибрехара цIа вогIуш бинчу некъаца буьстича, Хонкаран дозане некъ уьттазза боца бу. Гуьмсехь цIерпошта тIехиъча, цхьана-шина дийнахь дIакхочур ву.
Ден нийат дохо а ца лаьара Iусманна. Амма массара а велларг лерина, вицвина лаьттина, ткъе берхIитта шо даьлча, Дала шайна схьавелла къена да дIахеца а ца лаьара. ХIинца вахча, иза йуха ца верзарна а кхоьрура. Къена ма ву иза. Iожалла а ма йу къоначарна а, къеначарна а тIаьхьахIоьттина лелаш…
– ХIета, хьо Iанне а ца Iахь, цхьаьний гIур ву вайша.
– Хьо ца оьшу. Суо гIyp ву со. Хьан цIера волийла дац. ЦIахь а, кхаш тIехь а шopттa болх бу.
– Хьеха ма делахь!
– ХIан-хIа, Iусман. Со-суо вахана вогIур ву. Къоначарна кхераме ду цигахула лела. ХIара синтем боцуш зама йу. Доьзалца цIахь хила веза хьо. Ткъа суна са ма гатде. Дала мукъалахь, могаш ву со. Суна оьрсийн, туркойн, Iаьрбийн меттанаш а хаьа. Гуьржашца бийца гIеххьачул церан мотт а хаьа. Гена некъ ма бац цига. Мохьмад лоьхуш ца хьелахь, цхьана баттахь цIа вогIур ву.
Цхьана йукъана йуьхь кхоьлира Iелин. Шовзткъе ворхI шо хьалха, Аьрзу а, Маккхал а, Чора а Хонкара ваха кечвелча, шен а, Аьрзун а хилла къамел карладаьккхира цунна хIинца шен а, Iусманан а хиллачу къамело. Iелина ца лаьара шен цхьаъ бен воцу ваша, ша уллохь а воцуш, гена махка вахийта. Аьрзу дуьхьал вара Iела шеца ваийта. Хьан зуда а, ши кIант а ду, хьо цIера ваьлча, керт йаьсса йуьсу, цIахь Ie, бохура цуьнга. Амма Iела ца къарвелча, мара а воьллина, цуьнан коьртах куьг хьаькхира Аьрзус. Мацах тIамо да-нана, йижарий-вежарий байъина, жима волуш шаьшшиъ цхьалха висинчу хенахь санна…
Деган цхьана кIоргехь халла хаалуш кхераман пха бетталора Iусманан. Даго диканиг ца хьоьхура. Делахь а деца къийса бакъо а йацара. Ахьмаде орца ала сацам бира цо…
2
Iела Хонкара воьду боху хабар сиха даьржира йуьртахь. Ахьмаде а йуха ца ваккхавелира иза шен сацамна тIера. ХIара зама синтеме йацарна, новкъахь цунна цхьа бохам хиларна кхоьрура иза а, нах а. Амма IабдигIарна боккха кхаъ хиллера цунах. Цхьана ханна иза кхузара дIавалар а маслаIат хетара царна. Цигара иза йуха цаверзаре дог а дохура.
Iела кхана новкъаволу аьлча, тховса суьйранна цуьнан хIусамехь мовлад деша гулбелира нах. Iела могаш-маьрша цIаверзор доьхуш, Деле доIанаш а дина, цуьнан Iодика йеш дика мел дерг а аьлла, дIабахара. ТIаьххьалц иза волчохь севцира Ахьмад, Лорса, Овхьад, Соип, Янаркъа, кхин масех а.
Iелас царна дийцира шаьш Хонкара кхалхар, цигахь шаьш лелийнарг, лайна халонаш, хьегна баланаш, тIаьххьара а даймахка цIa верза новкъа ваьлла ши эзар сов нохчо, дозане кхаьчча, туркоша тIе йаккхий тоьпаш а йетташ, йухаверзор а.
– Эрчонаш дукха гина вайна. ТIамехь. МостагIаша вайн йарташ йагош, зударий, бераш дойуш а. Амма оцу дийнахь цигахь хIоьттина сурт шатайпа дара. Хийрачу махкахь мацалла ца дала шайн даймахка цIа гIоьртира ши эзар сов адам. Къена нах, зударий, бераш. Адамаш аьлча а, адамийн чархаш, гIаларташ дара-кх. Чохь синош ду аьлча, стаг тешар а воцуш. Царна дуьхьалдаьхнера туркойн а, оьрсийн а эскарш. Уьш шайн даймахка цIа ца берзийта. ГIуллакх оьрсашка ца долуьйтуш, тIе йаккхий тоьпаш йетташ, йуханехьа лаьхкира уьш туркоша. Уггар хьалха вуьйжира Чора, тIаккха Аьрзу. ТIаккха и тогIи йуьзира зударийн, берийн декъаша…
Хонкара кхелхинчеран кхоллам буьйцу-м дукхазза а хезнера чохьболчарна. Амма цул тIаьхьа иттаннаш шераш девлча, и дерриг шен бIаьрга гинчо дуьйцуш, лерина ладоьгIура цара.
– Бусалбанаша бусалбанашна тIехь и къематде хIоттийна бохучух тешар вацара-кх со, Iела, иза кхечо дийцинехь! – элира Лорсас. – Дала дихкина ма ду бусалбано бусалба вер…
– Дуьне къийса боьлча, ца хоьржу бусалба а, керста а, – йукъавуьйлира Ахьмад. – Бусалбанаш хилла ца Iаш, цхьа нохчий долу вай а дац ткъа вовшийн дойуш? Шемалан заманахь вовшех лийтира, тайпанашка а декъаделла. Iаьлбаг-Хьаьжа имам ваьллачу хенахь цунна дуьхьал леташ а бара нохчий. Оьрсийн эскарийн могIаршка а хIиттина. Тахана вайга безам болуш Iаш бу ткъа IабдигIар, ХьуьсагIар?
– Туркойн эскарша тхуна тIе йаккхий тоьпаш йеттарх, туркойн халкъ бехке дан мегар дац, – элира Iелас. – XIeтахь цига кхелхинчу масех эзар ламанхоша Iаламат холчухIоттийнера бухара туркой. Шаьш мел къен-миска белахь а, тхуна гIo дора. Кхачанций, хIусамашций. Массо aгIop а тхан дог эца гIертара. Дозанехь тхуна и бохам хилча, орцах баьхкира гондIара туркой, курдой, гуьржий, эрмалой. Байъинарш дIабухкуш гIo а дира, дийна бисинарш кIелхьара а бехира. Цхьана къоман кIеззигчу нахах зулам даьлча, и къам дерриг бехке до. Ткъа оцу къоман кIеззигчу наха дина дика церан шайн цIарах кхайкхадо, йа дийца а ца дуьйцу. Вон халкъаш дан а дац дуьненахь. Уьш дерриг а цхьана Дала кхоьллина. Амма xIopa халкъана йукъахь зуламе адамаш ду. Нохчашлахь а хIумма а кIезиг дац йамарт, зуламе, оьздангаллех доьхна адамаш. Уьш гуш ду вайна. Халонгахь девза адамаш. Сибрехь соьца лагерехь бара массо къаьмнех нах. Майра, оьзда, хьекъале къонахий а бара царна йукъахь дуккха а, адамаллех цхьа чо боцуш нах а бара. Дерриг а Дала кхоьллина ду-кх вай. Диканаш а, вонаш а.
Къамелаш хьаьвззина тахана Нохчийчохь хIоьттинчу хьолана тIе девлира.
– Цхьацца йарташа Iедална йечу дуьхьалонех хIун хир ду-те, Iела?
– ТIехь лан ца даллал Iазап а, харцо а латтош хилча, дуьхьало ца йеш, таьIна Iep лайн амал йу. Амма и дуьхьало муха а, маца а йан йеза, хаа деза. Вайн цхьа декъаза амал йу: даим герзаца, майраллица ваьшна маршо йаккха гIертар. Цундела даим вай оьшуш, вайна бохаме доьрзу. Цкъа мукъана а и маршо хьекъалца йаккха гIорта дезара вай. Цхьадолу халкъаш шаьш гIовтту. Iедало уьш хьошу. ТIаккха раж кхечаьрга кхочу. Бусалбанаш, керстанаш ца къестош, ваьш санна Iазапехь дахкочу кхечу къаьмнашца барт а бина, ницкъаш цхьаьна а тоьхна, ца гIовттахь, Россерчу цхьана а къомана шегга маршо йаккхалур ма йац.
– И барт хир буй ткъа къаьмнийн?
– Хилийта гIерташ къахьоьгуш цхьа нах бу Россехь.
– Дала аьтто бойла церан.
– Кхечу къаьмнашца барт хилар-м хьехочохь а дацара. Вайн нохчийн шайн барт хилахьара. Цкъа тайпанашка, йуха вирдашка бекъабелла, вовшашца хьагI-гамо лелайо. Цундела вайна тIехь атта олалла латтадо муьлххачу Iедало а…
Хьеший дIабоьлхуш цхьана минотана тIаьхьасецира Ахьмад.
– Iела, дукха-м доьхура ас… Ваийтахьа со хьайца!
– ХIан-хIа, Ахьмад. ХIара зама карзахе йу. Нагахь цIеххьана дарц далахь, хьо оьшур ву йуьртахь. Буьрса дарц, мох баьлча, къоначу диттийн хьун тaьIa, царна йуккъехь Iаламан ницкъо дахчийна къена, зоьртала пепнаш, нежнаш ца хилча.
