- Любовные романы
- Фантастика и фэнтези
- Ненаучная фантастика
- Ироническое фэнтези
- Научная Фантастика
- Фэнтези
- Ужасы и Мистика
- Боевая фантастика
- Альтернативная история
- Космическая фантастика
- Попаданцы
- Юмористическая фантастика
- Героическая фантастика
- Детективная фантастика
- Социально-психологическая
- Боевое фэнтези
- Русское фэнтези
- Киберпанк
- Романтическая фантастика
- Городская фантастика
- Технофэнтези
- Мистика
- Разная фантастика
- Иностранное фэнтези
- Историческое фэнтези
- LitRPG
- Эпическая фантастика
- Зарубежная фантастика
- Городское фентези
- Космоопера
- Разное фэнтези
- Книги магов
- Любовное фэнтези
- Постапокалипсис
- Бизнес
- Историческая фантастика
- Социально-философская фантастика
- Сказочная фантастика
- Стимпанк
- Романтическое фэнтези
- Ироническая фантастика
- Детективы и Триллеры
- Проза
- Юмор
- Феерия
- Новелла
- Русская классическая проза
- Современная проза
- Повести
- Контркультура
- Русская современная проза
- Историческая проза
- Проза
- Классическая проза
- Советская классическая проза
- О войне
- Зарубежная современная проза
- Рассказы
- Зарубежная классика
- Очерки
- Антисоветская литература
- Магический реализм
- Разное
- Сентиментальная проза
- Афоризмы
- Эссе
- Эпистолярная проза
- Семейный роман/Семейная сага
- Поэзия, Драматургия
- Приключения
- Детская литература
- Загадки
- Книга-игра
- Детская проза
- Детские приключения
- Сказка
- Прочая детская литература
- Детская фантастика
- Детские стихи
- Детская образовательная литература
- Детские остросюжетные
- Учебная литература
- Зарубежные детские книги
- Детский фольклор
- Буквари
- Книги для подростков
- Школьные учебники
- Внеклассное чтение
- Книги для дошкольников
- Детская познавательная и развивающая литература
- Детские детективы
- Домоводство, Дом и семья
- Юмор
- Документальные книги
- Бизнес
- Работа с клиентами
- Тайм-менеджмент
- Кадровый менеджмент
- Экономика
- Менеджмент и кадры
- Управление, подбор персонала
- О бизнесе популярно
- Интернет-бизнес
- Личные финансы
- Делопроизводство, офис
- Маркетинг, PR, реклама
- Поиск работы
- Бизнес
- Банковское дело
- Малый бизнес
- Ценные бумаги и инвестиции
- Краткое содержание
- Бухучет и аудит
- Ораторское искусство / риторика
- Корпоративная культура, бизнес
- Финансы
- Государственное и муниципальное управление
- Менеджмент
- Зарубежная деловая литература
- Продажи
- Переговоры
- Личная эффективность
- Торговля
- Научные и научно-популярные книги
- Биофизика
- География
- Экология
- Биохимия
- Рефераты
- Культурология
- Техническая литература
- История
- Психология
- Медицина
- Прочая научная литература
- Юриспруденция
- Биология
- Политика
- Литературоведение
- Религиоведение
- Научпоп
- Психология, личное
- Математика
- Психотерапия
- Социология
- Воспитание детей, педагогика
- Языкознание
- Беременность, ожидание детей
- Транспорт, военная техника
- Детская психология
- Науки: разное
- Педагогика
- Зарубежная психология
- Иностранные языки
- Филология
- Радиотехника
- Деловая литература
- Физика
- Альтернативная медицина
- Химия
- Государство и право
- Обществознание
- Образовательная литература
- Учебники
- Зоология
- Архитектура
- Науки о космосе
- Ботаника
- Астрология
- Ветеринария
- История Европы
- География
- Зарубежная публицистика
- О животных
- Шпаргалки
- Разная литература
- Зарубежная литература о культуре и искусстве
- Пословицы, поговорки
- Боевые искусства
- Прочее
- Периодические издания
- Фанфик
- Военное
- Цитаты из афоризмов
- Гиды, путеводители
- Литература 19 века
- Зарубежная образовательная литература
- Военная история
- Кино
- Современная литература
- Военная техника, оружие
- Культура и искусство
- Музыка, музыканты
- Газеты и журналы
- Современная зарубежная литература
- Визуальные искусства
- Отраслевые издания
- Шахматы
- Недвижимость
- Великолепные истории
- Музыка, танцы
- Авто и ПДД
- Изобразительное искусство, фотография
- Истории из жизни
- Готические новеллы
- Начинающие авторы
- Спецслужбы
- Подростковая литература
- Зарубежная прикладная литература
- Религия и духовность
- Старинная литература
- Справочная литература
- Компьютеры и Интернет
- Блог
Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
– Нийса боху ахь. ХIинца Зеламхас а шен гIеранца кхерамна кIел латтабо нохчий. Иза вен а, Iедале схьавала а ца баьхьа.
– XIaх-хIа, Зеламхех кхоьруш ца Ia нохчий, иза новкъара ца воккхуш. Шайгахь Iазап латточу оьрсийн паччахьна, оьрсийн Iедална иза дуьхьал хиларна вуьту. Витина ца Ia, цунна гIо до, иза ларво. Халкъ Зеламхехьа ду. XIyн йу Нохчийчоь? Ши бIе шовзткъе итт эзар аьрзонан бен бу иза! Вайн цхьана уездал бен йац иза, амма чугIорта ков доцуш, чIагIйина шатайпа гIап йу. Массанхьа а бIешерийн къена, йуькъа хьаннаш, лекха лаьмнаш. Лахара хьалахьаьжча, халла бен стигал ца гуш, кIорга чIажаш, гаттий тогIеш. ГIашлойнаш доцурш, кхин некъаш дац. Говрашна, варрашна тIехь дIасалела уьш. XIоpa дитт, кол, чхар гIап йу нохчочунна. Ас-м элира нохчашна цхьа а Iедал а, законаш а ца деза. Ткъа церан шатайпа законаш ду. Церан йукъараллин дIахIоттам а, кхетам а тайпанийн йукъараллин дIахIоттаман тIегIанехь бу хIинца а. Нохчий шатайпа магометанаш бу, бусалба динах кхетам лахара болуш. Уьш хьекъалца ца беха, дукхахдерг фантазица, бIаьргаш гушдолчуьнца, даго хьоьхучуьнца беха. ТIаьхьалонан ойла ца йо. Далла Iамал йо цара, Дала а, Мухьаммад пайхамара а бусалба адамашна тIедехкина декхарш кхочушдийриш Iаламат кIезиг бу царна йукъахь. Нохчийн демократи йу. Элий, дворянаш, лакхарнаш, лахарнаш бац. Массеран а цхьатерра бакъонаш йу. Вуьшта аьлча, уьш маьрша бу шайна луъург дан. Хьекъалечу, оьздачу, доьналлечу нехан сий ца до цара, зуламхочунна йукъаралло таIзар а ца до. Церан демократи а, маршо а разбойникийн демократи, маршо йу. Коьртехь хьекъале, оьзда, доьналле баьччанаш боцу, цхьа закон массара а лардеш, кхочушдеш доцу халкъ маьрша дац, иза декъаза халкъ ду.
Шен кофе дIа а мелла, дассаделла фарфоран жима зока охьахIоттийра Липрандис.
– Кхин а кечъе ас?
– Баркалла. Цкъачунна тоуьйту ас.
– Жимма коньяк?
– ТIаьхьа. Тамашийна хIума ду иза. Цхьа а Iедал, закон, барт боцчу оцу халкъо дезткъа шарахь Россина дуьхьал тIом бина.
– Нохчийн вовшашлахь бац барт. Уьш санна, вовшашца хьагI-гамо йолуш къам ца хаьа суна дуьненахь. Амма арахьара кхерам тIегIоьртича, вовшашна йукъара хьагI-гамо а, мостагIалла а дицдой, бертахь гIовтту уьш. Цундела нохчийн амалш йевзарг цецвер вац цара Россина дуьхьал дезткъа шарахь тIом барах. Нохчаша дин лелорах дийца гIоьртира со. Исламан кIоргалла ца йевза царна. Цуьнан кIорггера Iилма хууш молланаш кIезиг хиларна. Цундела бусалба динера кхета атта дерг, безамехь дерг схьаоьцу цара. Цхьа наггахь воцчо малар ца молу, томка ца узу. Цара дика тIеэцнарг шайн мостагIашка – гауршка, оьрсашка – цабезам бу. Гаур а вуьйш, ша вала кийча ву нохчо. Велча, хIумма а ца дов цуьнан. Дуьненахь къен-миска, меца, гаурийн Iедална кIел Iазапехь ву иза. Ткъа цуьнан кхетамехь, велча, вукху дуьненахь шена йалсамане, хIуьрлаIа мехкарий, шурин татолаш хирг хиларх теша. Къаьсттана, ша гаур вехь, йа гауро ша вехь. Нохчочун бахам хIумма а чолхе бац. Цхьа десятина латта, цхьаъ-шиъ бежана, ши сту, масех уьстагIа берг хьолахо лору. Дукхахболчу нохчийн латта дац, йа кIезиг ду иза. Куйна кIел, вертана кIел хоъал. Бежанаш, уьстагIий, доцца аьлча, даьхни доцурш дукха бу. Амма уггар къечу нохчочун а дика говр а, тоьлла герз а ду. Бераллехь дуьйна цхьа сатийсам бу нохчочун – шен майралла, хьуьнар гайтар. Гауршца тIамехь. Гауршна талораш деш. Оьрси-гаур ву цуьнан мостагI. Шен махка а веана, шегара цо мохк дIабаккхарна. Маршо дIайаккхарна. Ша лолле верзорна.
Пенах кхозучу доккхачу сахьте бIаьрг туьйхира Алексей Павловича. Исс сахьт долуш хан йара. ЦIа гена ваха ца дезахь а, дорце аравала сагатдора цо.
4
Арахь дарц жимма а лагIделла хиларе дог даьхна, коре а вахана, арахьаьжира Липранди. Iаьржа бода боцург, гуш хIумма а дацара. Амма чехкачу махо дегадора тIе лайн шатI хьахабелла коран ангалеш. Тховх хьалакхаччалц пенаца шкафаш чу хIиттийнчу безчу механ книгашка хьежа хIоьттира иза, хIусамден къамеле ла а доьгIуш.
– Тахана хIоьттинчу хьолах кхета вешан къоман дIадахнарг хаа а, цуьнан ойла йан а дезара вай. Делахь а вайна ца лаьа и хаа а, цуьнан ойла йан а. Сутаралла, къизалла йу вайгахь. Вайн пачхьалкхан йерриг а истори тIoм бу. ГIорасизчаьрца ваьш тIoм бо вай, нуьцкъалчаьрца – кхечу пачхьалкхийн союза йукъа а кхетий. ГIорасизчу халкъийн мехкаш дIалецна вай, цигара халкъаш вешан олаллина кIел дерзийна. Малхбузехьара, малхбалехьара, къилбехьара. Вешан гергара а, генара а лулахой. Цхьаболчара кIезиг дуьхьало йира, дукхахберш цхьа топ кхоьссина а, дуьхьало ца йеш, вайн олаллина кIел баьхкира. Амма нохчий вешан олаллина кIел бало гIерташ, цаьрца бIе шарахь гергга тIом бан дийзира. Нохчийчохь хIаллакьхиллачу оьрсийн салтийн хьесап далур дац. Уш бIе эзарнаш бу. Ткъа нохчий хIинца а, къарбелла, кIел ца севцца. Совца дагахь а бац. ХIокху тIаьхьарчу шийтта шарахь Зеламха ву оцу халкъан коьртехь. Даррехь вайн пpaвительcтвox воьлу иза. Цо ца деш хIун дисина? Дийнан делкъехь гIали чу а вогIий, гражданаш, банкаш, кассаш талайо. Маьрша дIасалела оьрсийн бахархой ца буьту. Губернаторна йийсаре вига кхерамаш туьйсу. Вайн эскарша гонна йукъахьовзийча, йукъара а волий, дIавоьду. Администрацин начальникаш бойу. Хьолахой йийсаре буьгу. Кхо де хьалха атамане Вербицкийга хаам бой, ГIизлара чу а вогIий, банк талайо. Зеламха разбойник ву, олу. ХIан-xIa, иза разбойник вац! Иза нохчо, нохчийн халкъан, Нохчийчоьнан имам ву! Цхьа а тайпа шеко йац вай зикризм олучу Нохчийчуьрчу уггар доккхачу вирдан коьртехь Зеламха хиларан!
– 1864-чу шарахь Кунта-Хьаьжа, лаьцна, ссылке вахийтича а, дIа ца тийнера цуьнан секта?
– Цхьана ханна. ХIокху тIаьхьарчу шерашкахь шен болх жигарабаьккхина цо. Къаьсттана Зеламха халкъан коьрте хIоьттичхьана. Оцу сектан масех шайх, лаьцна, ссылке вахийтина бохуш, хезна суна…
– Царах коьртаниг, Баматгери-Хьаьжа, Калугехь дIакхелхина. Цуьнан кIенташа а, гергарчу наха а, дIа а ваьхьана, даймахкахь дIавоьллина иза.
– И ца хезна суна.
– Кхин хаьий хьуна? Минусинскехь ссылкехь болу Зеламхин доьзал а, маршабаьккхина, даймахка цIа берзийна.
– ХIунда? Пхеа шарна ца бахийтинера иза ссылке?
– Хан гечйина. Шина шарна тIе охьайалийна. Пачхьалкхан Думера масех депутат а, юстицин министр а орцахбевллера. Зударий, бераш бехке дац Зеламхин зуламашна бохуш.
– Эрна дина гIуллакх ду иза. Шен доьзал ссылкехь болуш, жимма йухаваьллера Зеламха. Оцу шина шарахь хIара ду ала доккха зулам ца даьллера цуьнгара. Инженерийн комиссина тIелатар динчул тIаьхьа дIатийнера. Зикристаш меттахбевлла, боху. Балканашкарчу вайн вежарийн-славянийн туркошца тIом болабелча. Иза дуьххьара дац. Хонкаран, Россин йукъаметтигаш ийгIича, тIом хила гергабахча, йа тIом болабелча, нохчашна йуккъехь шайн пропаганда жигарайоккху туркоша. Макка боьлхуш а, цIа богIуш а Хонкарахула чекхбовлу нохчий. Коьртачу декъана цаьрца болх
