- Любовные романы
- Фантастика и фэнтези
- Ненаучная фантастика
- Ироническое фэнтези
- Научная Фантастика
- Фэнтези
- Ужасы и Мистика
- Боевая фантастика
- Альтернативная история
- Космическая фантастика
- Попаданцы
- Юмористическая фантастика
- Героическая фантастика
- Детективная фантастика
- Социально-психологическая
- Боевое фэнтези
- Русское фэнтези
- Киберпанк
- Романтическая фантастика
- Городская фантастика
- Технофэнтези
- Мистика
- Разная фантастика
- Иностранное фэнтези
- Историческое фэнтези
- LitRPG
- Эпическая фантастика
- Зарубежная фантастика
- Городское фентези
- Космоопера
- Разное фэнтези
- Книги магов
- Любовное фэнтези
- Постапокалипсис
- Бизнес
- Историческая фантастика
- Социально-философская фантастика
- Сказочная фантастика
- Стимпанк
- Романтическое фэнтези
- Ироническая фантастика
- Детективы и Триллеры
- Проза
- Юмор
- Феерия
- Новелла
- Русская классическая проза
- Современная проза
- Повести
- Контркультура
- Русская современная проза
- Историческая проза
- Проза
- Классическая проза
- Советская классическая проза
- О войне
- Зарубежная современная проза
- Рассказы
- Зарубежная классика
- Очерки
- Антисоветская литература
- Магический реализм
- Разное
- Сентиментальная проза
- Афоризмы
- Эссе
- Эпистолярная проза
- Семейный роман/Семейная сага
- Поэзия, Драматургия
- Приключения
- Детская литература
- Загадки
- Книга-игра
- Детская проза
- Детские приключения
- Сказка
- Прочая детская литература
- Детская фантастика
- Детские стихи
- Детская образовательная литература
- Детские остросюжетные
- Учебная литература
- Зарубежные детские книги
- Детский фольклор
- Буквари
- Книги для подростков
- Школьные учебники
- Внеклассное чтение
- Книги для дошкольников
- Детская познавательная и развивающая литература
- Детские детективы
- Домоводство, Дом и семья
- Юмор
- Документальные книги
- Бизнес
- Работа с клиентами
- Тайм-менеджмент
- Кадровый менеджмент
- Экономика
- Менеджмент и кадры
- Управление, подбор персонала
- О бизнесе популярно
- Интернет-бизнес
- Личные финансы
- Делопроизводство, офис
- Маркетинг, PR, реклама
- Поиск работы
- Бизнес
- Банковское дело
- Малый бизнес
- Ценные бумаги и инвестиции
- Краткое содержание
- Бухучет и аудит
- Ораторское искусство / риторика
- Корпоративная культура, бизнес
- Финансы
- Государственное и муниципальное управление
- Менеджмент
- Зарубежная деловая литература
- Продажи
- Переговоры
- Личная эффективность
- Торговля
- Научные и научно-популярные книги
- Биофизика
- География
- Экология
- Биохимия
- Рефераты
- Культурология
- Техническая литература
- История
- Психология
- Медицина
- Прочая научная литература
- Юриспруденция
- Биология
- Политика
- Литературоведение
- Религиоведение
- Научпоп
- Психология, личное
- Математика
- Психотерапия
- Социология
- Воспитание детей, педагогика
- Языкознание
- Беременность, ожидание детей
- Транспорт, военная техника
- Детская психология
- Науки: разное
- Педагогика
- Зарубежная психология
- Иностранные языки
- Филология
- Радиотехника
- Деловая литература
- Физика
- Альтернативная медицина
- Химия
- Государство и право
- Обществознание
- Образовательная литература
- Учебники
- Зоология
- Архитектура
- Науки о космосе
- Ботаника
- Астрология
- Ветеринария
- История Европы
- География
- Зарубежная публицистика
- О животных
- Шпаргалки
- Разная литература
- Зарубежная литература о культуре и искусстве
- Пословицы, поговорки
- Боевые искусства
- Прочее
- Периодические издания
- Фанфик
- Военное
- Цитаты из афоризмов
- Гиды, путеводители
- Литература 19 века
- Зарубежная образовательная литература
- Военная история
- Кино
- Современная литература
- Военная техника, оружие
- Культура и искусство
- Музыка, музыканты
- Газеты и журналы
- Современная зарубежная литература
- Визуальные искусства
- Отраслевые издания
- Шахматы
- Недвижимость
- Великолепные истории
- Музыка, танцы
- Авто и ПДД
- Изобразительное искусство, фотография
- Истории из жизни
- Готические новеллы
- Начинающие авторы
- Спецслужбы
- Подростковая литература
- Зарубежная прикладная литература
- Религия и духовность
- Старинная литература
- Справочная литература
- Компьютеры и Интернет
- Блог
Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
Нохч-ГӀалгӀайн ВКП (б) обкоман цӀарах 1942-чу шарахь 4-гӀа гвардейски кубански гӀалагӀазкхийн дошлойн корпусан командующис, инарла-лейтенанта Кириченкос даийтинчу кехата тӀехь йаздина: «Ваши люди, представители Чечено-Ингушетии, дерутся в боях замечательно, показывая пример и мужество настоящих сынов нашего народа» (4) («Шун нах, Нохч-ГӀалгӀайчоьнан векалш, тӀамехь дика лета, вайн халкъан доьналла а, къонахалла а гойтуш»). Ткъа цӀахь болчара, бӀеннашкахь шайн лаамца тӀаме бахийтар доьхуш, военкоматашка заявленеш делла хилла. Оцу хенан сурт дика хӀоттадо «Комсомольски правдин» тӀеман корреспондент хиллачу, тӀаьхьа гӀараваьлла оьрсийн йаздархо хилла дӀахӀоьттинчу Калинин Анатолийс шен дуьххьара «Искры над Грозным» цӀе йолчу литературин очеркехь.
Цо йаздо: «Грозный называли прифронтовым городом… В военкоматы шли толпы: безусые юнцы и седые ветераны…». Мехала ду цо шен очеркехь зорбатоьхна Вашандаройра воккхачу стага Ильясов Исалис, ша тӀаме вахийта аьлла, йаздина заявлени: «Сан кхузткъе ворхӀ шо кхаьчна, амма сайн дегӀехь ницкъ хаало суна хӀинца а. Сан лаам бу, ЦӀечу Эскаран могӀаре а хIоьттина, мостагӀ ата. Со дошлойн дивизе дӀаэцар доьху ас. Сан дехар кхочуш ца дахь, сан сий лахдина хетар а ду суна» (5). Пхийтта шо кхачаза волу макажо Алиев Ваха къайллах Висаитов Мовлидан эскадронца тӀаме воьду. Нохчийн къам, ДегӀастанара, дохийна Сибрех дахийтича, Алиев Вахас Сталине девне кехат йаздо. Хан цакхачарна, АллахӀ-Делан къинхетам хьалха а болий, тоьпаш ца тухуш, кӀелхьара а волий, итт шарахь Колымахь чохь воллу жима Ваха, амма къар-м ца ло, ша динчунна дохко а ца волу. Цу кепара хилла йукъара хьал Нохчийчохь тӀом болабале а, болабеллачу хьалхарчу шерашкахь а Сулаевс шен дуьххьара доӀанаш кхуллучу хенахь. Кхин а цхьа шой, биъ буттий ца кхоччуш хан йисина хилла нохчийн халкъ дохийна Сибрех дахийта. Поэта оцу муьрехь кхоьллина ши доӀа а, «Малх тулур бу» цӀе йолу поэма а. Уьш йешча, вайна хаало Сулаевгахь болу кӀорггера сингаттам. Иза боьдучу луьрачу тӀамца боьзна ца Ӏа. Поэтана дукхахболчу нахана цагург го, цунна дукха хӀума хаьа, хинйолу халонаш а, сингаттамаш а сема хеза.
Цул сов, бусалба дин а, шен къоман барта кхолларалла а дика йевзаш хилла Сулаевна. Оцу хьелаша къастийна хилла поэтан нохчийн литературехь керлачу жанрийн лехамашна тидам тӀебахийтар. И дерриг билгалдолу, шен доӀанашкахь поэтически гӀирсашца цо хӀиттош долу исбаьхьаллин суьрташ тидаме эцча. Сулаевс нохчийн литературехь дуьххьара кхоьллина доӀанаш. Уьш нохчийн фольклоран доӀанех терра, диалогех пайдаоьцуш, цундела драмин билгалонаш йолуш, керлачу поэзин жанрехь йазйина исбаьхьаллин говзарш йу. И диалог, фольклоран доӀанехь диалог санна, шатайпана йу. Поэта дуьйцуш йерг (кхайкхам, дехар) ша тешаш волчу вай Кхоьллинчуьнга хьажийна ду, амма Цуьнгара къамелаца жоп хиларе сатесна дац. АллахӀ-Дала къинхетам а бина, доӀанехь деш долчу дехарна йоццачу хенахь йа заманан йохаллехь хиндолчу хьолаца жоп даларе сатесна ду. Цундела нохчийн литературехь а, фольклорехь а доӀанехь йолу диалог шина агӀор дуьхь-дуьхьал къамел цхьаьнадогӀуш йац. ДоӀанан диалог йацйина йа юьззина йоцу диалог йу. Иза доӀанан жанран коьртачех билгало йу ала тарлуш ду. Нохчийн литературин поэзехь поэтан исбаьхьаллин говзалле хьаьжжина, доӀанан жанран башхалло цхьацца халонаш а, аьттонаш а кхуллу. Халонийн агӀо йоьзна йу поэтан хӀора дешан а, вастан а дерриге а маьӀнийн инзаречу жоьпаллица. Поэтан динца доьзна долу Ӏилманан, историн, философин, филологин Ӏилманийн кӀорггера хаарш хила деза Кхоьллинчуьнга доӀанца дехаре, кхайкхаме волуш. Ткъа аьттонех коьрта ду аьлла хетало поэтан доӀанера лирически турпалхочуьнца цхьаьна шатайпа исбаьхьаллин цхьааллехь шен дог-ойла дешархочунна гайта аьтто баларца.
ХӀокху статьяца дӀаболо дагахь ду вай Сулаев Мохьмадан доӀанаш а, кхийолчу жанрийн говзарш а толлуш болу Ӏилманан болх. Кхузахь вай, филологически тидам беш, анализ йан хьовсур ду хьалхарчу доӀина. Сулаевн хьалхара доӀа шина декъе декъало. Хьалхарчу декъехь поэта ша доӀа дале, АллахӀ-Деле кхайкхам бале, шен йерриге а ойланца, дагца ша бина кечам буьйцу: «Сайн синца, йуьхьаца Хьоьгахьа вирзина, Йерриге а ойланца Хьуна тӀевирзина, Меттан ницкъ берриг а Сайн дагца гулбина, Йо, Дела, со Хьоьга Доьхуш ву тахана…». –8. Нохчийн фольклорца исбаьхьаллин уьйраш билгалйовлу поэтан доӀанан хьалхара могӀанаш долалушшехь. Вай къастадо коьчалниг дожарехь доӀанехь хьалхарчу стихашкахь коьрта долу ши дош: синца, йуьхьаца. Поэта тидаме оьцуш дерг, къастош дерг ду адамо деш долчунна жоьпаллин ши хӀума хилар: стаг велча Кхоьллинчунна жоп дала дуьхьалхӀуттун долу са а, лаьттах схьайаьлла йолу, йуха лаьттан кийра гӀон йолу дегӀан чӀуьйриг (чарх) а адаман йуьхьаца (дагца) цхьаьна. Сулаевн хьалхарчу доӀанехь пайдаоьцуш вай лакхахь къастийначу шина дешан маьӀница шен-шен уьйр йолуш дешнийн ши тоба йу: 1. Синца — ойла, хьекъал, корта; 2. Йуьхьаца — дог, мотт. Дешнийн и тобанаш къастош, реконструкци йеш, вайна билгалйолу Сулаевс пайдаэцна нохчийн фольклорехь а, буьйцучу маттахь а поэтически формула хилла лелаш йолу дешнийн цхьаалла: дог-ойла. И дешнийн цхьаалла, поэта ма-ярра, шен кепехь доӀанан текстехь йалийна йац. Амма и поэтан синкхетаман контекстехь хиларан тачанаш билгалдовлу, хьалхарчу стихан коьртачу дешнийн тобанаш къастийча. Контекстехь йолу формулан дешнийн рогӀалла а, цуьнца цхьаьна йукъара маьӀна а хуьйцу Сулаевс, поэтана дика йевзаш йолчу фольклоран поэзехь а, буьйцучу маттахь а (халкъан философехь) хьалхадоккхуш — цундела коьрта ларалуш дерг дог ду. Масала, «Мусин Юсупан илли» тӀехь Юсупа шен даге боху:
— Да велла диса хьо, Кийрара дилхан дог, Хьайна там ва хилча, Йишин бер ва санна, Ма коча качло хьо. Хьайна там ца хилча, Меца борз ва санна, Ма чӀогӀа дарло хьо. Сайн нанас биллинчу КӀедачу ва меттахь, Хьешана диначу Готтачу оти чохь, Наб кхета ца вуьтуш, Ахь чӀогӀа хьийзаво, Кийрара дилха дог. Диканна ва хуьлда Хьан карзахдалар, Сан ойла дӀайаьхьна, Сан синтем бохийна, Обарган хала дакъа Ва соьга кхийдош, Ахь чӀогӀа хьийзаво, Кийрара дилха дог…(6). ХӀокху узаман жанран билгалонаш йолчу инзаре хазачу исбаьхьачу говзарехь дог гуттар а эпитеташца (кийрара, дилха) къастадо. Ткъа ша узам диалоган кепехь кхоьллина бу. Диалог узаман турпалхочо (Юсупа) шен дагца йеш йу. Юсупа карзахдаьлчу шен даге бехкаш доху: даго вижа ца вуьтуш шен ойла дӀайаьхьна хиларна, синтем бохийна хиларна,

