- Любовные романы
- Фантастика и фэнтези
- Ненаучная фантастика
- Ироническое фэнтези
- Научная Фантастика
- Фэнтези
- Ужасы и Мистика
- Боевая фантастика
- Альтернативная история
- Космическая фантастика
- Попаданцы
- Юмористическая фантастика
- Героическая фантастика
- Детективная фантастика
- Социально-психологическая
- Боевое фэнтези
- Русское фэнтези
- Киберпанк
- Романтическая фантастика
- Городская фантастика
- Технофэнтези
- Мистика
- Разная фантастика
- Иностранное фэнтези
- Историческое фэнтези
- LitRPG
- Эпическая фантастика
- Зарубежная фантастика
- Городское фентези
- Космоопера
- Разное фэнтези
- Книги магов
- Любовное фэнтези
- Постапокалипсис
- Бизнес
- Историческая фантастика
- Социально-философская фантастика
- Сказочная фантастика
- Стимпанк
- Романтическое фэнтези
- Ироническая фантастика
- Детективы и Триллеры
- Проза
- Юмор
- Феерия
- Новелла
- Русская классическая проза
- Современная проза
- Повести
- Контркультура
- Русская современная проза
- Историческая проза
- Проза
- Классическая проза
- Советская классическая проза
- О войне
- Зарубежная современная проза
- Рассказы
- Зарубежная классика
- Очерки
- Антисоветская литература
- Магический реализм
- Разное
- Сентиментальная проза
- Афоризмы
- Эссе
- Эпистолярная проза
- Семейный роман/Семейная сага
- Поэзия, Драматургия
- Приключения
- Детская литература
- Загадки
- Книга-игра
- Детская проза
- Детские приключения
- Сказка
- Прочая детская литература
- Детская фантастика
- Детские стихи
- Детская образовательная литература
- Детские остросюжетные
- Учебная литература
- Зарубежные детские книги
- Детский фольклор
- Буквари
- Книги для подростков
- Школьные учебники
- Внеклассное чтение
- Книги для дошкольников
- Детская познавательная и развивающая литература
- Детские детективы
- Домоводство, Дом и семья
- Юмор
- Документальные книги
- Бизнес
- Работа с клиентами
- Тайм-менеджмент
- Кадровый менеджмент
- Экономика
- Менеджмент и кадры
- Управление, подбор персонала
- О бизнесе популярно
- Интернет-бизнес
- Личные финансы
- Делопроизводство, офис
- Маркетинг, PR, реклама
- Поиск работы
- Бизнес
- Банковское дело
- Малый бизнес
- Ценные бумаги и инвестиции
- Краткое содержание
- Бухучет и аудит
- Ораторское искусство / риторика
- Корпоративная культура, бизнес
- Финансы
- Государственное и муниципальное управление
- Менеджмент
- Зарубежная деловая литература
- Продажи
- Переговоры
- Личная эффективность
- Торговля
- Научные и научно-популярные книги
- Биофизика
- География
- Экология
- Биохимия
- Рефераты
- Культурология
- Техническая литература
- История
- Психология
- Медицина
- Прочая научная литература
- Юриспруденция
- Биология
- Политика
- Литературоведение
- Религиоведение
- Научпоп
- Психология, личное
- Математика
- Психотерапия
- Социология
- Воспитание детей, педагогика
- Языкознание
- Беременность, ожидание детей
- Транспорт, военная техника
- Детская психология
- Науки: разное
- Педагогика
- Зарубежная психология
- Иностранные языки
- Филология
- Радиотехника
- Деловая литература
- Физика
- Альтернативная медицина
- Химия
- Государство и право
- Обществознание
- Образовательная литература
- Учебники
- Зоология
- Архитектура
- Науки о космосе
- Ботаника
- Астрология
- Ветеринария
- История Европы
- География
- Зарубежная публицистика
- О животных
- Шпаргалки
- Разная литература
- Зарубежная литература о культуре и искусстве
- Пословицы, поговорки
- Боевые искусства
- Прочее
- Периодические издания
- Фанфик
- Военное
- Цитаты из афоризмов
- Гиды, путеводители
- Литература 19 века
- Зарубежная образовательная литература
- Военная история
- Кино
- Современная литература
- Военная техника, оружие
- Культура и искусство
- Музыка, музыканты
- Газеты и журналы
- Современная зарубежная литература
- Визуальные искусства
- Отраслевые издания
- Шахматы
- Недвижимость
- Великолепные истории
- Музыка, танцы
- Авто и ПДД
- Изобразительное искусство, фотография
- Истории из жизни
- Готические новеллы
- Начинающие авторы
- Спецслужбы
- Подростковая литература
- Зарубежная прикладная литература
- Религия и духовность
- Старинная литература
- Справочная литература
- Компьютеры и Интернет
- Блог
Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
— ТIаккха, тIаккха, Муси… хIун эли цо?
Элдаровна йуххерчо ца вешаш эккхийтира:
— Цо, дера, элира, культурин министр сов сиха дIа а ваккхий, цуьнан метта хьо хIоттае!
Гонахарнаш гIадбахана бийлабелира. Дуккханна а хезнера: луларчу республикашкахь а культурин министраш зударий бу, ша а кхузахь цу балха йахийта, бохуш, ТIаус хьийзар. Иза ша лаьттачохь а йитина, букъ берзийна, кхин ТIаусе вист ца хуьлуш, шен накъостаца дIавахара Элдаров: массарна а гучохь шен цуьнца гергарло дацарх нах кхетийта! Охьаихинчу хьацаро хьоькхнаш а хIиттийна, хIинца шен йуьхь эрчайаьллачу ТIауса, цунна тIаьхьа, гIам-гIим дора, шеца лаьттачу зудчуьнга:
— Iовдал! Боьха хIума! Суна ца хаьа моьтту-кх цунна, шен да мила хилла! Соьга ша мел дийцинарг а суна дицделла моьтту-кх цунна! Iовдал! Ас гойтур ду цунна и-м! — аьлла, вокзалан йуькъаллехь, коьллашлахь моьлкъа санна, тIепаза йайра ТIаус.
* * *
Перронехь, йистехьо а йаьлла, Усмановца къамел деш лаьттара Нурседа. ТIехволучу Элдаровс, хIинца тидаме схьа а хьаьжна, Iодика йеш, корта таIийра кху шинга. Нурседа дIа а ца хьаьжира. ХIинцца шена хиллачу йуьхькIомах йоккхайерна, цуьнан кийрахь лекхалора, цунний бен хезаш йоцу, исбаьхьа зурма: «ХIинца сихха чекхйер йу интернат!»
Кхуьнца лаьттачуьра Усманов, кхуьнан Iодика а йина, шозлагIчу некъа тIерачу поездан «Москва — Баку» тIейаздинчу вагонна тIе волавелира, цхьана накъостах бIаьрг кхетта. Оццу вагон тIера охьавоьссина, аьрру куьйга лаьцна чамда а йолуш, схьанехьа вогIучу кхечу стага, саца а вина, хаьттира, xIapa шега нисвелча, оьрсийн маттахь:
— Бехк ма биллалахь! Уггар йуххерчу гостинице муха кхочур вара со?
Оцу стага цIеххьана тидам тIеоьзна, Нурседа а сецира. ТIехьаьжча, шовзткъа шо сов хир долуш, погонаш тIера йаьхна, эпсаран тишо хорма а йуьйхина вара иза. Цуьнан шатайпа, аьрру ког кIеззиг дIа а тесна, дIахIоттар а, цхьаьнга-м ладоьгIучух тера, корта жимма агIор а саттийна латтар а, цхьанначух-м тера хетта, амма дагалаца ницкъ ца кхочуш, хьоьжура Нурседа.
Цу стеган йуьхьан сибато-м цхьа а дага ца воуьйтура: аьрру бесни тIехула раз охьабогIура вагийна муо. ЧIогIа къежделла гиччош тадаза дара. Схьахеза цуьнан аз а цхьанненчух а тера ца хетара йуьхьанца. Цо, шегара чамда охьа а йиллина, цигаьрка латийра. Усмановгара йехначу сирникца. Амма йуха а цуьнан аматаша, леларо тамашена цхьаъ-м дагаоьхуьйтура Нурседина. Усмановна баркалла а аьлла, и схьаволуш, цо шен чамда лаьттара йуха схьаоьцуш, Нурседина, цхьаммо-м цIеххьана бодашкахь йуьхьа хьалха фонар лаьцча санна, цецйолуш гира цуьнан аьрру куьйган чолакха хьажон пIелг, тапчин лаг озош санна, сеттинчохь бисна болу. «Ма тамаш бу-кх хIара а сел тера нисдалар… Хоттур ма ду ас», — дагадеъна, Нурседас хаьттира оьрсийн маттахь:
— Бехк ма биллалахь, хьо сайна вевзачух тера хеттера суна! Хатта мегар дарий?
— Дера мегар ду. Хаттал! — шегара чамда, йуххе охьа а хIоттош, велакъежира и, бага йуьззина кIайн болатан цергаш гучу а йохуш.
— Муьлхачу къомах ву хьо?
— Нохчо ву, — элира цо вайнехан маттахь.
— Увайс!
— Нурседа! — и шиъ, ваший, йиший санна, вовшашна маракхийтира:
— Берхитта шо даьлла-кх вай ганза!
* * *
Оццу «Кавказ» гостиницехь хIусам а лаьцна, ша паргIатваьлча, Увайса дийцира Нурседега шеца мел хилларг. Кхуьнан истори тера йара Терентьевичух. I943-чу шарахь, атакехь, вагош, чов а хилла, хIара, кхетамчохь а воцуш, йийсаре вигнера фашисташа. Словакехь фашистски лагерера ведира xIapa шина накъостаца. ХIорш леца тIаьхьабевллачара пхьаьрсах чов а йина, эрзан цхьана уьшалахь Iиллира хIара, шина-кхаа дийнахь, накъостех хаьдда. ТIаьххьара а тIеIоттабеллачу словацки «таллархоша», аьлча а, партизанийн разведчикаша дIа а вигна, вехха Iалашвира xIapa, куьг тадаллалц. Цул тIаьхьа, церан партизанийн отряде хIоьттира: динамитца лелхийтина тIеш, Iина йуххехь херцийна мостагIчун поездаш; тоьпан дIаьндаргаца эгийна обер- эпсарш; хехошна бага горгамаш а йуьхкуш, сатоссуш кIелхьарбаьхна байа кечбинарш; Москваца хьуьнахара латтийна радион зIе — дукха дара масех баттахь цара дина гIуллакхаш. Амма тIамехь майрачийн а гуттар ца хуьлу аьтто. Цхьана дийнахь мостагIчун герзийн складаш лелхийта богIуш, кхеран план айкхехула хиъначу фашисташа хIорш, кIело а йина, бохийра. Шина-кхаа йуьртах а ваьлла воьду хIара, немцойн дозорнийша, кхуьнгахь документаш цахиларна, шекбевлла, лаьцна, гестапога дIавелира. Цигахь кхуьнгара шайна пайдехьа дош дериг а ца хилла, xIapa ма-варра ца вевзаш, «Бухенвальд» концлагере хьажийра. Йуххерчу тIеман гIирсийн заводехь кхуьнга, кхечаьрца цхьаьна, куьйга хала болх бойтура. Меллаша йоьдура Iазапе хан… Цхьана дийнахь оцу заводана американски кеманаша, къаьхьа-къурс оьккхуьйтуш, бомбанаш йиттира. Фашистски гIaрол дIасаделира. Лецначех дуккха а адам цигахь хIаллакьхилира, амма бисинчех бохазнаш, хIара а тIехь, цу йуккъера а бевлла, бевдира. И дара тIом чекхболлучу муьрехь, I945-чу шеран апрелехь, нисса пхийтта шо хьалха! ХIетахь вайца союзни долчу англо-американски эскаро шайна тIекхаьчча хIара, кхуьнан дехарца, вайн эскарх схьакхетийра.
— Циггахь йийцира ас дуьххьара сайн бакъйолу цIе а, со мила ву а, айса лелийнарш а, — дуьйцура Увайса!
— Амма фашистийн тIеман гIирсийн заводехь болх бина ву аьлла, шекбевлла, чу а воьллина, махкана йамарт хилларг веш, ткъе пхиъ шо хан а тоьхна, со Сибире хьажийра. Малх гуттаренна а дIабайча санна, хийтира суна. Ас мел лайнарг — ткъа суна хилларг! — дагара ца долура. Цхьаьнгге а йаздан а, йа суо дуьненахь вуйла хаийта а дог ца догIура сан йуьхьанца. Делахь а, цхьа хан йаьлча, кIеззиг меттавеана, со а волавелира, кхиберш санна, сайн бехк бацар далхош, кехаташ йаздан. Жоп ца догIура. Эххар а лагеран коменданто тIе а кхайкхина, суна мера кIел уьйхьира сан леткъамийн барз: «Маца соцур ву хьо хIара эрна аьшпаш буьттучуьра!.. ДIахоуьйту хьоьга: кхин йаздахь, карцер чу вуллург хилар! Куьг таIаде! ХIоккхуза!» — Ас мел йаздина кехаташ суна хьалхха пеша кхиссира цо! ТIетуьйхира кхерош: «И хIун ду?» «Со нохчо ву… цигахь, хаттий, къастаде, сан цIе хIун хилла, со хIун стаг ву?!» Хаьий хьуна, хьан дерриг къам пачхьалкхана йамарт хиларна махках даьккхинийла? Ма хIума а карийна: «Со нохчо ву», — тIетуьйхира цо йуха а заявлени тIера сан дешнаш…
— Тхайн лагере керла лецнарш кхаьчча, хиира суна цо аьлларг бакъ дуйла! ТIаккха гуттар дуьненах догделира сан: бер санна, вилхира со, йуьстах а ваьлла. Сайна хиллачул ззарзза халахийтира халкъе деанарг. ХIумманах а ца кхетара со: мел хиънарг а, Iамийнарг а — шадерг коьрта чохь кегаделлера цу хенахь, хиллачун дуьхье ца кхуьуш. Сибрехахь цинга а хилира суна. ХIетахь, туйнаца багара дIа а кхийсалуш, охьаийгира цергаш. Амма лагершкара хьал цIеххьана хийцаделира: Сталин веллачул тIаьхьа бандит Берия а чувоьллинера! Йуха а катоьххна, заявленеш кхехьийта долийра оха, тхешан бехк бацар дуьйцуш. Кестта, ХХ-гIа

