- Любовные романы
- Фантастика и фэнтези
- Ненаучная фантастика
- Ироническое фэнтези
- Научная Фантастика
- Фэнтези
- Ужасы и Мистика
- Боевая фантастика
- Альтернативная история
- Космическая фантастика
- Попаданцы
- Юмористическая фантастика
- Героическая фантастика
- Детективная фантастика
- Социально-психологическая
- Боевое фэнтези
- Русское фэнтези
- Киберпанк
- Романтическая фантастика
- Городская фантастика
- Технофэнтези
- Мистика
- Разная фантастика
- Иностранное фэнтези
- Историческое фэнтези
- LitRPG
- Эпическая фантастика
- Зарубежная фантастика
- Городское фентези
- Космоопера
- Разное фэнтези
- Книги магов
- Любовное фэнтези
- Постапокалипсис
- Бизнес
- Историческая фантастика
- Социально-философская фантастика
- Сказочная фантастика
- Стимпанк
- Романтическое фэнтези
- Ироническая фантастика
- Детективы и Триллеры
- Проза
- Юмор
- Феерия
- Новелла
- Русская классическая проза
- Современная проза
- Повести
- Контркультура
- Русская современная проза
- Историческая проза
- Проза
- Классическая проза
- Советская классическая проза
- О войне
- Зарубежная современная проза
- Рассказы
- Зарубежная классика
- Очерки
- Антисоветская литература
- Магический реализм
- Разное
- Сентиментальная проза
- Афоризмы
- Эссе
- Эпистолярная проза
- Семейный роман/Семейная сага
- Поэзия, Драматургия
- Приключения
- Детская литература
- Загадки
- Книга-игра
- Детская проза
- Детские приключения
- Сказка
- Прочая детская литература
- Детская фантастика
- Детские стихи
- Детская образовательная литература
- Детские остросюжетные
- Учебная литература
- Зарубежные детские книги
- Детский фольклор
- Буквари
- Книги для подростков
- Школьные учебники
- Внеклассное чтение
- Книги для дошкольников
- Детская познавательная и развивающая литература
- Детские детективы
- Домоводство, Дом и семья
- Юмор
- Документальные книги
- Бизнес
- Работа с клиентами
- Тайм-менеджмент
- Кадровый менеджмент
- Экономика
- Менеджмент и кадры
- Управление, подбор персонала
- О бизнесе популярно
- Интернет-бизнес
- Личные финансы
- Делопроизводство, офис
- Маркетинг, PR, реклама
- Поиск работы
- Бизнес
- Банковское дело
- Малый бизнес
- Ценные бумаги и инвестиции
- Краткое содержание
- Бухучет и аудит
- Ораторское искусство / риторика
- Корпоративная культура, бизнес
- Финансы
- Государственное и муниципальное управление
- Менеджмент
- Зарубежная деловая литература
- Продажи
- Переговоры
- Личная эффективность
- Торговля
- Научные и научно-популярные книги
- Биофизика
- География
- Экология
- Биохимия
- Рефераты
- Культурология
- Техническая литература
- История
- Психология
- Медицина
- Прочая научная литература
- Юриспруденция
- Биология
- Политика
- Литературоведение
- Религиоведение
- Научпоп
- Психология, личное
- Математика
- Психотерапия
- Социология
- Воспитание детей, педагогика
- Языкознание
- Беременность, ожидание детей
- Транспорт, военная техника
- Детская психология
- Науки: разное
- Педагогика
- Зарубежная психология
- Иностранные языки
- Филология
- Радиотехника
- Деловая литература
- Физика
- Альтернативная медицина
- Химия
- Государство и право
- Обществознание
- Образовательная литература
- Учебники
- Зоология
- Архитектура
- Науки о космосе
- Ботаника
- Астрология
- Ветеринария
- История Европы
- География
- Зарубежная публицистика
- О животных
- Шпаргалки
- Разная литература
- Зарубежная литература о культуре и искусстве
- Пословицы, поговорки
- Боевые искусства
- Прочее
- Периодические издания
- Фанфик
- Военное
- Цитаты из афоризмов
- Гиды, путеводители
- Литература 19 века
- Зарубежная образовательная литература
- Военная история
- Кино
- Современная литература
- Военная техника, оружие
- Культура и искусство
- Музыка, музыканты
- Газеты и журналы
- Современная зарубежная литература
- Визуальные искусства
- Отраслевые издания
- Шахматы
- Недвижимость
- Великолепные истории
- Музыка, танцы
- Авто и ПДД
- Изобразительное искусство, фотография
- Истории из жизни
- Готические новеллы
- Начинающие авторы
- Спецслужбы
- Подростковая литература
- Зарубежная прикладная литература
- Религия и духовность
- Старинная литература
- Справочная литература
- Компьютеры и Интернет
- Блог
Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
—
ХIумма а дац… Делан цхьа кхиэл хир йу xIapa… Веллачун дахар а дара гара… ХIинца цуьнан чурт а гара ду, — аьлла, сацийра царех воккхах волчо…
Баккъал а, хIетахь дуьйна цу чуьртан цIе, «Тойсуман чурт» ца олуш, «Гара чурт» олий, йоккхура наха. Цунна йуххера меттиг а «Гара чурт» долчухьа, олий, билгалйора. Амма йуьртахоша, Тойсуман «гарачу дахаран» мах даиманна а, оцу тайпана йемалбеш, билгалбинехь а, делахь а, и вийначунна а — иза ламаз тIехь а лаьтташехь, тешнабехкаца, цо тIехьашхула цунна тIетохарна — неIалт кхайкхийра, шайна Тойсум мел ца везаш хиллехь а. Тойсум, цо вийна, чувоьжна болчу оцу бердах а, йуьртахь, «шина къутIанан берд» аьлла, цIе йисира.
ДАГАХЬ А ДОЦУ ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ
Эскинойхь массо хIума а, Нурседа реза йолуш, дика дIадоьдура, амма интернат йаран гIуллакх чIогIа тIаьхьатитталора… Телефонехула дийцарх, дIасайаздарх, дош а ца хилла, Нурседа Грозный — гIала йахара хIинца, Минфинан куьйгалхошна тIекхача. Минфинехь, и гIуллакх карахь ду бохучу министран заместитело — иза хIинца министрехь ду, амма и селхана Москва вахана, цIахь вац элира. Цигара Нурседа йехачу учахула вукху маьIIерчу, министран кабинета чохь Iачу цуьнан секретарана тIейахара:
— Министро ша Москва дIавахале гIуллакх, дерриг кеч а дина, кхо де хьалха Совминан зампреде накъост Элдаровга чIагIдайта делла ду, — элира кхуьнга секретаро.
Сихха кхозлагIчу этажа тIе йелира Нурседа. «Накъост Элдаров Мусит Бекович» аьлла, ангали кIелахь тIейаздина, Iаьржачу дермантинца аьхна, йоккха ножан неI чIагIйина йара: цига чоьхьа а йаьлла, йерриге приемнин цIенкъахула тесначу куза тIехула, татанза, тIейахара Нурседа сонехь Iачу секретарна. Балдех а, мIарех а цIен басар хьаькхна къона секретарша, йиъ телефон роггIана хьалаийеш, жоьпаш луш Iapa:
— ЧIогIа мукъа вац… — доцца элира секретаро, — приемни де а дац.
— Ас-м собар дийр ду, гIуллакх сиха ду!.. — аьлла, Нурседа корехь лаьттачу кIедачу кресли тIе охьахиира…
Йуххерчу диван тIехь ша, сагатдеш, йуххе шен Iaca а йиллина, цхьа воккха стаг a Iapa. МаьI-маьIIехь пенех кхозура: «Кху чохь цигаьрка ца узу», «ГIовгIанаш ма йе», «ЦIано хаза йу!» — тIейаздина ангалин бIаьргаш. Шен кога кIелхьарчу кузашка а хьаьжна: «Тата дайа тесна-кх. ХIорш а, хьаха, дара тхан интернатана бакъахьа», — дагатесира Нурседина. Корах хьаьжча, гора генна дIасайаьржинчу гIалин сурт. Гена доццуш охьадогIура, кхузара шен даьржина хилар ца гун, ангали санна малхехь лепа, Соьлжа. Цуьнан аьрру агIорчу «Трамвайни тIай» тIехула дIасатекхара, шайн аьчкийн гIoвгIa кхуза схьа ца кхочу, цIен-можа трамвайш. Вукху йуххерчу «Ленинан тIай» тIехула дIасалелара, кхузара кегийра хетало, цхьацца гIашлой; дIасашершара кIайн- можачу басара хаза автобусаш; дIасалелхара гIовгIане мотоциклаш; цIен жIараш тIехь йогу лоьраллин машенаш; йаккхийра кIайн рефрижаторш — хIораммо а шеца хьора халкъан дахаран цхьацца кийсак. Оцу тIай тIера дуьйна генна дIабоьдура нийса Ленинан урам. Нурседина кхечарел диках а бевзира, беза а беллера и: цуьнца диках гора гIалин кхиар. Нурседина дика девзара цуьнан керла а, шира а цIенош.
ДIо дIахьаьжча, ураман аьрру агIорхьа, трамвайн некъаца ша къаьсташ гора, кхузза тIекIелйина, сирачу тIулган йоккха лекха гIишло, шех, паччахьан заманчохь дуьйна а, и йайтинчу нохчийн совдегаран цIарах — «Абубакаран цIенош» олуш йолу. И йеххачу заманахь лаьттара кху агIорхьа, йуьртан маьждиг санна, массо а цIеношна тIехула хьоьжуш, шега нийсанаш кхин доцуш, — тIом чекхбаллалц! Амма дукха хан йоццуш, тIай тIера дуьйна дIа, ураман шина а агIорхьа, хьаладахара керла лекха цIенош, хIусамаш, «Абубакаран цIенойн» хIинццалц хилла башхалла йойуш.
Урамна йуьххьехь, «Хьалхарчу поликлиникана» аьрру агIорхьа, дIахIоьттира лекха керла гостиница «Чайка». Цул а дехьа цхьаьний ирхдахара, йух-йуххе тIекIелдина, нах чохь Iен керла даккхий цIенош. Царна пурхнехьа йахйелла, тоххара хьалха «Рынок» олуш хилла йолу, шозза тIекIелйина шира гIишло хIинца хаа а ца лора. Аьтту агIорхьа, пурх боьдучу Партизански урамал а дехьахь, издательствона а тIехваьлча, дийнна могIа боьдура даккхийчу керлачу цIенойн! Корал арахьа маьI-маьIIехь гора цIенош дуттучохь лекха кранаш. Хьуьллахь, гIодайуккъе муш а бихкина, лекхачу цIенойн тхов тIера чу а кхозабелла, пенашна кираш тухуш бохкура белхалой. Секретаран стоьла тIерачу календарах бIаьрг кхетта: «Апрелан 25 де, кхаара, I960 шо… Майна кечлуш бохку-кх»… — дагатесира Нурседина. — «Сихха цIа а йирзина… чекхбаккха беза оха а болийна кечам», — меттахъхьайра и, ша хьиэлуш а хетта. Секретаре дийхира цо:
— Чу а гIой, алахьа цуьнга, со хьоьжуш йу.
— Ша ма хьеве аьлла. Собарде, хьайна лаахь.
Ша гича, мукъна, чукхойкхур йацара-те аьлла, секретаре а ца хоттуш, тIейахана, неI йиллина, чукъедира Нурседа. Секретаро цу сохьта: «Мегар дац!» — хазийра. Важа-м схьа а ца хьаьжира, шен кехаташна чувоьлла.
ХIинца баккъал ша хьиэйаларна сахьийзаш, йуха а шен меттахь тем боцуш Iapa Нурседа. Цхьа кIеззиг хан йаьлча, йуха а хьалагIаьттина, телефон тоха дагахь xIapa секретаран стоьл тIе йолайелча, цIеххьана чуйелира, коьртаIуьйра, дика костюм йуьйхина, кечйелла, IатIаран хьожа а йетталуш, басарша кхин а хазйина TIayc.
— A-а, хьо а йу кхузахь? — куро хаьттира цо. — ХIунда йеана хьо?
— Сайн гIуллакхна йеанера со-м… — чам боцуш жоп делира Нурседас
— Дика ду-кх, тIаккха! — аьлла, TIayc, секретаре байн корта а таIийна, хецца кабинета чу йахара.
— Мегар дуй? — аьлла, цунна тIаьххье неIаре Нурседа а хIоьттира.
— Жимма собарде! Ца го хьуна! — схьахезира чуьра.
Дог этIаш чухула дIасалелара Нурседа. Дехха цхьаьна чохь а Iийна, Элдаров a, TIayc а, ший дела а къежаш, цхьаьний араделира. Реза йоцуш йистхилира Нурседа:
— Накъост Элдаров! Со хьоьга хьоьжу дукха хан йу. Ас деанарг сиха а, доккха а гIуллакх ду, чIогIа хьан гIo оьшуш… интернатан хьокъехь, — и кхетийта тIетуьйхира цо. — Со тIе ца оьцуш, дIа ма гIохьа!
Кхунах цайашарца, цIоцкъам а саттош, йела а къежна, TIayc парггIат тIехйелира парталчу боларехь, шен хаза горга корта кIеззиг аркъал а тесна. Шен дагахь хIинцца шa оцу чохь кхунна тоьхначу дIаьвшах йоккхайера иза.
Элдаровс, кIеззиг соцунгIа а хилла, кхуьнга ладугIучу куьцехь, цкъа, охьадийшийра шен бIаьргнегIарш, тIаккха шен хан цахилар дагадеъна, йуха дIаволавелира иза, йуххе йогIучу Нурседина шийла жоьпаш а луш:
— Со хIинца мукъа вац. Обкоме кхойкху… тIе, цу гIуллакхна тIаьхьайан хьоьга хIун хIоьттина? Албастов Кериман декхар ма ду иза. Цунна тIе гIyo. Йа

