- Любовные романы
- Фантастика и фэнтези
- Ненаучная фантастика
- Ироническое фэнтези
- Научная Фантастика
- Фэнтези
- Ужасы и Мистика
- Боевая фантастика
- Альтернативная история
- Космическая фантастика
- Попаданцы
- Юмористическая фантастика
- Героическая фантастика
- Детективная фантастика
- Социально-психологическая
- Боевое фэнтези
- Русское фэнтези
- Киберпанк
- Романтическая фантастика
- Городская фантастика
- Технофэнтези
- Мистика
- Разная фантастика
- Иностранное фэнтези
- Историческое фэнтези
- LitRPG
- Эпическая фантастика
- Зарубежная фантастика
- Городское фентези
- Космоопера
- Разное фэнтези
- Книги магов
- Любовное фэнтези
- Постапокалипсис
- Бизнес
- Историческая фантастика
- Социально-философская фантастика
- Сказочная фантастика
- Стимпанк
- Романтическое фэнтези
- Ироническая фантастика
- Детективы и Триллеры
- Проза
- Юмор
- Феерия
- Новелла
- Русская классическая проза
- Современная проза
- Повести
- Контркультура
- Русская современная проза
- Историческая проза
- Проза
- Классическая проза
- Советская классическая проза
- О войне
- Зарубежная современная проза
- Рассказы
- Зарубежная классика
- Очерки
- Антисоветская литература
- Магический реализм
- Разное
- Сентиментальная проза
- Афоризмы
- Эссе
- Эпистолярная проза
- Семейный роман/Семейная сага
- Поэзия, Драматургия
- Приключения
- Детская литература
- Загадки
- Книга-игра
- Детская проза
- Детские приключения
- Сказка
- Прочая детская литература
- Детская фантастика
- Детские стихи
- Детская образовательная литература
- Детские остросюжетные
- Учебная литература
- Зарубежные детские книги
- Детский фольклор
- Буквари
- Книги для подростков
- Школьные учебники
- Внеклассное чтение
- Книги для дошкольников
- Детская познавательная и развивающая литература
- Детские детективы
- Домоводство, Дом и семья
- Юмор
- Документальные книги
- Бизнес
- Работа с клиентами
- Тайм-менеджмент
- Кадровый менеджмент
- Экономика
- Менеджмент и кадры
- Управление, подбор персонала
- О бизнесе популярно
- Интернет-бизнес
- Личные финансы
- Делопроизводство, офис
- Маркетинг, PR, реклама
- Поиск работы
- Бизнес
- Банковское дело
- Малый бизнес
- Ценные бумаги и инвестиции
- Краткое содержание
- Бухучет и аудит
- Ораторское искусство / риторика
- Корпоративная культура, бизнес
- Финансы
- Государственное и муниципальное управление
- Менеджмент
- Зарубежная деловая литература
- Продажи
- Переговоры
- Личная эффективность
- Торговля
- Научные и научно-популярные книги
- Биофизика
- География
- Экология
- Биохимия
- Рефераты
- Культурология
- Техническая литература
- История
- Психология
- Медицина
- Прочая научная литература
- Юриспруденция
- Биология
- Политика
- Литературоведение
- Религиоведение
- Научпоп
- Психология, личное
- Математика
- Психотерапия
- Социология
- Воспитание детей, педагогика
- Языкознание
- Беременность, ожидание детей
- Транспорт, военная техника
- Детская психология
- Науки: разное
- Педагогика
- Зарубежная психология
- Иностранные языки
- Филология
- Радиотехника
- Деловая литература
- Физика
- Альтернативная медицина
- Химия
- Государство и право
- Обществознание
- Образовательная литература
- Учебники
- Зоология
- Архитектура
- Науки о космосе
- Ботаника
- Астрология
- Ветеринария
- История Европы
- География
- Зарубежная публицистика
- О животных
- Шпаргалки
- Разная литература
- Зарубежная литература о культуре и искусстве
- Пословицы, поговорки
- Боевые искусства
- Прочее
- Периодические издания
- Фанфик
- Военное
- Цитаты из афоризмов
- Гиды, путеводители
- Литература 19 века
- Зарубежная образовательная литература
- Военная история
- Кино
- Современная литература
- Военная техника, оружие
- Культура и искусство
- Музыка, музыканты
- Газеты и журналы
- Современная зарубежная литература
- Визуальные искусства
- Отраслевые издания
- Шахматы
- Недвижимость
- Великолепные истории
- Музыка, танцы
- Авто и ПДД
- Изобразительное искусство, фотография
- Истории из жизни
- Готические новеллы
- Начинающие авторы
- Спецслужбы
- Подростковая литература
- Зарубежная прикладная литература
- Религия и духовность
- Старинная литература
- Справочная литература
- Компьютеры и Интернет
- Блог
Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
— Баркалла!.. Молуш вац! — элира ас.
— Делахь, суна бехк ма биллалахь, — аьлла, соьца гIиллакх лоцуш, букъ а берзийна, цо дIамелира шен кад.
Ас ойла йора: «Ца хаало-те цунна хIинцца шегара даьллачуьнан къаьхьалла а, цул тIаьхьа ша мел лелочун гIиллакхан бухбацар а»… Цигара гIала вухавогIуш, айса-сайга барт хоьттуш веара, со цIа кхаччалц: «Дика ду: ахь ца вийра цхьа а… Ахь ца йалийтира маузер а… Амма и цхьаъ, мукъна, и вилхина жима стаг, «ма вехьара аш и аьлла, кIелхьараваккха хIунда ца хьаьжира хьо?» — хоьттура ас сайга… «Хьо а ву, уьш санна, нахбайархо!» — элира сан даго. Амма: «Ахь и аьллехь а — и вийна хир вара… Хьо балхара дIа а воккхур вара», — бохура вукху ойлано. «Делахь-хIета, хьоьгахь герз а дара, — ахь и маузер карахь йерг а, Алейсенко а, цуьнца хилла важа ши эпсар а, тоьхна охьа хIунда ца виллира циггахь, цул тIаьхьа, кIелхьарволийла дацахь, айхьа хьайна а тоьхна, вала йиш а йара хьан-х?» — бохура сан даго. «Стаг вац хьо!.. Коммунист а вац хьо!»… — тIечIагIдора ойлано.
Бакъду, ас и динехь а, тIаккха а гIуллакх ца хуьлура: ас сайна тоьхначул тIаьхьа а и нах, ца кхоош, байина а хир бара, цу тIе, иштта велла волу со а кхин тIе а бехвеш, суна тIехула, сан гергарнаш а, соьца уьйр мел хилларш а, хьийзор бара, хIаллак а бийр бара, гIенах а гина доцу цхьа боьха гIуллакх тIе а кхоьллина. Оцу буса наб ца йира аса, Iуьйранна а йуучух ца кхийтира: доллучу хIуманах а — йуучух а, дахарх а, сайх а, доьзалх а — чам байнера. Iуьйранна балха веанчул тIаьхьа а вехха Iийра кабинета чохь ойла йеш, и дерриге Сталине хьалайазде-те бохуш. Амма, нахана а хуург, суна а дика хаьара: и дерриге а лакхара охьадогIуш дуйла а, и тайпа кехат, Сталине кхачале, Ежовн каракхочур дуйла а, цул тIаьхьа суо тIепаза войур вуйла а. ТIаьххьара а диснарг цхьаъ дара: кхин хIумма а ца деш, сайн цIа а веъна, доьзале цхьа доцца кехатан цуьрг а йазйина, айса-сайна а тоьхна, кхин дIа бех ца луш, йуккъера дIавалар… Чекисташна йуккъехь иштта динарш а бара хIетахь! Амма соьга иза а ца даделира: доьзалх а къахийтира… ХIун хаьа, кестта дерриг а диканехьа хийцалой — бохург а, дагадеара… Иштта айса-сайна ца тухуш а висира. И бехк-м… бу сан! ХIетахь дуьйна, со вехаш велахь а, суо стаг а ца хета суна, йа коммунист а ца хета сайн даг чохь!..
Йуьхь цIийелира Бакаран:
— Со а лай ву-кх вайн махкахь, вай массо а санна, — ойлане соцунгIа хилира. — Эххар а, бакъ ма ду хьуна, — йуха а волавелира Бакар, — аса сатийсинарг хила доллу моттуьйтуш, хаам кхечира: Ежов лаьцна, законехь доцурш леладарна!.. Цул тIаьхьа, кестта лаххьийна чу а боьхкина, байира, хьуна, кхузахь а и беззакони мел лелийнарш: Алейсенко а, и санна хилла кхиболу НКВД-н белхахой а, иштта дуккха а. Доккха са даьккхира аса а, кхечара а… Амма тхуна моьттинарш бакъ ца хиллера. Ежовн метта хIоттийначу Берияс а изза план йуха дIайолийра. Бехк боцурш чубухкура, бойура — тохара санна, амма тIехулара йолу законан хорма кхочушйар хьалхачул мелла а луьро хоттура: протокол, дуьззина хIоттош, чекхдаьккхина хила дезара; лаьцначо, шен бехкана мукIарло деш, кIел куьг таIадар массо хIуманал а деза лорура. Амма иза цуьнга таIадойту гIирс хIинца а тохаралерраниг бара… Бакъду, хIинца лаьцначунна йеттар Iорадалахь, талламхошна а балха тIехь таIзар хуьлура: цундела царна а хIинца Iеминера, буха моьнаш а ца дуьтуш, йетта. Ткъа лаьцнарг, шен бехкана мукIарло деш, протоколана куьг а таIош, къарвелла ваьллехь, цунна вен кхиэл йан атта хуьлура. Къар а ца луш, мел ницкъ барх а, мукIарло ца деш, чекхваьллачунна дукха хьолахь, вен кхел ца йеш, хан тухура, и ара ца валийта.
— Ткъа хуьлурий ишттанаш? — хаьттира Керима, шена камерехь бина ницкъ дагабеъна.
— Наггахь хуьлура-кх! Цигахь бен ницкъ мел хала белахь а… Масала, хIетахь лаьцна вара Республикин къона прокурор а, нохчийн йаздархо а волу Мамакаев Мохьмад… Барт хатта ша кхин цкъа а чувигначохь цо талламхочунна йуьхьа тIе, стоьл тIера схьаэцна, шекъачудуттург тоьхнера… ша цуьнга эццигахь, тапча а тоьхна, вейта дагахь, дуьненах а догдаьлла, кхин дIа и ницкъ лан кIорда а дина. Амма и ца вийра: когаш а, куьйгаш а дихкина, карцер чу а кхоьссина, кхин цкъа а йиттинера, церг а йоккхуш, аьтту куьг а лазош, цхьа пIенда а бош. Мамакаевс, вукху дийнахь ша меттавеъча, талламче аьллера: дIайазде ас хIинца массо хIуманна а даре до хьуна!
— Тоххарехь дан дезара… Тхо а, хьуо а кху тайпана холчу а ца хIиттош, — аьлла, эццахь самукъадаьллачу, йалх класс бен чекхйаьккхина а воцчу талламчо, кху гIуллакхах шена хьаькамашкара хин болчу хастамах воккхавеш, хаза а хеташ, хецца дIайаздира шена йаздархочо — тIе, прокуроро! — мел до и тамаше мукIарлонаш:
«ХIаъ, 1933-чу шарахь дуьйна а со член ву Нохч-ГIалгIайн республикехь подпольни болх бечу буржуазин — националистически тобанехь. Цо тIе а диллина, аса эккхийтира 1934-чу шарахь Шара-Аргунера ГЭС a, Гуьмсера йогIу тIемалой тIехь болу цIерпошт а… Со оцу организацина 1933-чу шарахь Тифлисехь шен хIусамехь йукъаоьзнарг вара гуьржийн троцкист Шота Руставели, цуьнца цхьаьна оцу чохь вара Бакохара мусаватист Сабир а, Мирза Фетх-Али Ахундов а»… Талламхочо, дукха чIогIа хазахеташ, дIайаздора Мамакаевс мел бохург: цуьнан организацин, дистина догIу хи санна, шорлуш йогIура… И дара цунна оьшург, ткъа иза историца цанисдалар а, йа ур-атталла, лаьцначуьнан хенаца цадагIар а талламчин тидам боцуш диснера. Мамакаевна-м сихха ша воьйла лиъначух тера дара, кхиберш бех а ца беш…
Лазийначу куьйга Мамакаевга халла куьг а таIадайтина, талламчо протокол лакхарчарна тIе дIадаьхьира, Мамакаев, цо даре дарна совгIат деш, дикачу камере а ваьккхира, кIеда мотт а белла, шортта йуург-мерг а хьалха хIоттийна. Мамакаевна дика хаьара шен «йалсамане» дукха йахлур йоцийла… Эххар а, ши де даьлча, сенвелла талламча чувелира, уллохь ши кано а волуш:
— Куьйгаш а дехкий, йуха дIавига карцере!..
— Шайна лаахь со ве! Амма ас хIинца кхин хIуманна а даре дийр дац шуна! — аьлла, дIахадийнера Мамакаевс.
Мамакаев тIаккха, йоккха хан а тоьхна, ца вуьйш висира… Ткъа xIeтахь даре дина сан нуц Анатолий Сурупин вийра!

