- Любовные романы
- Фантастика и фэнтези
- Ненаучная фантастика
- Ироническое фэнтези
- Научная Фантастика
- Фэнтези
- Ужасы и Мистика
- Боевая фантастика
- Альтернативная история
- Космическая фантастика
- Попаданцы
- Юмористическая фантастика
- Героическая фантастика
- Детективная фантастика
- Социально-психологическая
- Боевое фэнтези
- Русское фэнтези
- Киберпанк
- Романтическая фантастика
- Городская фантастика
- Технофэнтези
- Мистика
- Разная фантастика
- Иностранное фэнтези
- Историческое фэнтези
- LitRPG
- Эпическая фантастика
- Зарубежная фантастика
- Городское фентези
- Космоопера
- Разное фэнтези
- Книги магов
- Любовное фэнтези
- Постапокалипсис
- Бизнес
- Историческая фантастика
- Социально-философская фантастика
- Сказочная фантастика
- Стимпанк
- Романтическое фэнтези
- Ироническая фантастика
- Детективы и Триллеры
- Проза
- Юмор
- Феерия
- Новелла
- Русская классическая проза
- Современная проза
- Повести
- Контркультура
- Русская современная проза
- Историческая проза
- Проза
- Классическая проза
- Советская классическая проза
- О войне
- Зарубежная современная проза
- Рассказы
- Зарубежная классика
- Очерки
- Антисоветская литература
- Магический реализм
- Разное
- Сентиментальная проза
- Афоризмы
- Эссе
- Эпистолярная проза
- Семейный роман/Семейная сага
- Поэзия, Драматургия
- Приключения
- Детская литература
- Загадки
- Книга-игра
- Детская проза
- Детские приключения
- Сказка
- Прочая детская литература
- Детская фантастика
- Детские стихи
- Детская образовательная литература
- Детские остросюжетные
- Учебная литература
- Зарубежные детские книги
- Детский фольклор
- Буквари
- Книги для подростков
- Школьные учебники
- Внеклассное чтение
- Книги для дошкольников
- Детская познавательная и развивающая литература
- Детские детективы
- Домоводство, Дом и семья
- Юмор
- Документальные книги
- Бизнес
- Работа с клиентами
- Тайм-менеджмент
- Кадровый менеджмент
- Экономика
- Менеджмент и кадры
- Управление, подбор персонала
- О бизнесе популярно
- Интернет-бизнес
- Личные финансы
- Делопроизводство, офис
- Маркетинг, PR, реклама
- Поиск работы
- Бизнес
- Банковское дело
- Малый бизнес
- Ценные бумаги и инвестиции
- Краткое содержание
- Бухучет и аудит
- Ораторское искусство / риторика
- Корпоративная культура, бизнес
- Финансы
- Государственное и муниципальное управление
- Менеджмент
- Зарубежная деловая литература
- Продажи
- Переговоры
- Личная эффективность
- Торговля
- Научные и научно-популярные книги
- Биофизика
- География
- Экология
- Биохимия
- Рефераты
- Культурология
- Техническая литература
- История
- Психология
- Медицина
- Прочая научная литература
- Юриспруденция
- Биология
- Политика
- Литературоведение
- Религиоведение
- Научпоп
- Психология, личное
- Математика
- Психотерапия
- Социология
- Воспитание детей, педагогика
- Языкознание
- Беременность, ожидание детей
- Транспорт, военная техника
- Детская психология
- Науки: разное
- Педагогика
- Зарубежная психология
- Иностранные языки
- Филология
- Радиотехника
- Деловая литература
- Физика
- Альтернативная медицина
- Химия
- Государство и право
- Обществознание
- Образовательная литература
- Учебники
- Зоология
- Архитектура
- Науки о космосе
- Ботаника
- Астрология
- Ветеринария
- История Европы
- География
- Зарубежная публицистика
- О животных
- Шпаргалки
- Разная литература
- Зарубежная литература о культуре и искусстве
- Пословицы, поговорки
- Боевые искусства
- Прочее
- Периодические издания
- Фанфик
- Военное
- Цитаты из афоризмов
- Гиды, путеводители
- Литература 19 века
- Зарубежная образовательная литература
- Военная история
- Кино
- Современная литература
- Военная техника, оружие
- Культура и искусство
- Музыка, музыканты
- Газеты и журналы
- Современная зарубежная литература
- Визуальные искусства
- Отраслевые издания
- Шахматы
- Недвижимость
- Великолепные истории
- Музыка, танцы
- Авто и ПДД
- Изобразительное искусство, фотография
- Истории из жизни
- Готические новеллы
- Начинающие авторы
- Спецслужбы
- Подростковая литература
- Зарубежная прикладная литература
- Религия и духовность
- Старинная литература
- Справочная литература
- Компьютеры и Интернет
- Блог
Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
* * *
НеI йиллина, Тавсолта цIеххьашха чувелира: школера цIа даьхкина бераш чохь дара, йуург кечйеш пеша уллохь Нурбика а хьийзара.
Чохь, башха хьал дацахь а, гуттар санна, цIена а, самукъане а хетара. Чу ма-велли, дуьхьаларчу пенах, шина кора йуккъехь, кхозура, кепка а тиллина, пиджака тIехь цIен бант а лепаш, сирла велакъежинчу Ленинан портрет. Аьрру агIорчу пена тIера схьахьоьжура, салтин чоа а дуьйхина, чета куьг диллина, сапаргIат лаьтта Сталин. Дехьа чохь, йиллинчу неIарехула гора соне оьллина имаман Шемалан сурт. Стоьла йуххехь книжкина тIехьоьжуш Iен Дауд, сихха кIужал хьулйеш, лаба дIа а тиллина, дегI нисдеш хьалагIаьттина, дена тIе вахара, цуьнгара схьаэцна белхан гIирсаш чохь болу тIоьрмиг а, Iасанан метта лело гIаж а дIаоьллира неIарна тIехьа боллучу дечиган хьостамах. Чу нуй хьоькхучу Селитас, коьртара белшаш тIе деъна йовлакх сихха дIанисдира. Нурседа этажерки тIерачу куьзгана хьоьжуш лаьттара шен кочара цIен галстук нисйеш, коьртахь йовлакх а доцуш. И гина Тавсолта, гомо Нурбике а хьаьжна, вист ца хуьлуш, дехьа чу вахара. Цо гуттар а зуда йора бехке, берашкара даьллачунна а, тIе, берашца эвхьазаваларх ларлуш, царна догIу дов а цо зудчуьнгахула дора. Цу сохьта кхетта Нурбика тIечевхира йоIана чIоггIа, дехьарчу хIусамдена а хозуьйтуш:
— Делан дуй гIо хьох! ШайтIан ког! Латта а лаьттий кхин эхь ца хеташ! Мосазза аьлла хьоь… ДIатилла и йовлакх, йилбаз!..
Нурседас косынка дIатиллинчул тIаьхьа а, майрчунна хьалха бехказа йала гIертачу Нурбикас кхин тIе а барт беттара йоIана, кхано шена цIийндегара хинйолу йаппарш йаййан лууш:
— Лачкъаза дисина шайтIа!.. Хьо адам делхьара, и бIаьргаш сел сийна хир бацарий хьан-м!..
Нурседина, ша оьгIаз мосазза йаха а, изза олура Нурбикас. Амма, цуьрриг а дегабааме йоцу Нурседа, хIинца а, гуттар санна, шен хьаьрса чIаба ластош, сиха дIа а йирзина, йелакъежира: Нурбикин бIаьргаш а ма дара сийна! Массарна а гуш: сирла хьаьрса Нурседа цIена шен нана йара! Бакъду, амал дениг кхаьчнера цунна. Ткъа тIехула дех тера, бIаьрг-цIоцкъам а Iаьржа долу, цу шиннах хазах йолу Селита дог кIеда хиларехь ненах тера кхиънера. Маццах и жима йолуш, кертарчу кхура тIе хиъна къоркхокха Тавсолтас, шалго-топ тоьхна, чубаийтича, йоьлхуш чуйеанера Селита и йишига дийца.
— Ткъа йелха хIунда йоьлху хьо! Цо котамна урс хьаькхча а ца йоьлхий хьо?.. И хIун тоьлу котамал? — ца йешира жимахйерг.
— Котам… иштта эсала йац… — аьллера Селитас, къурдаш а деш. Селита аьнгалхех а кхоьрура. Нурседас-м коган кIажица хьоший йоьра и, ма-гиннехь. Селитин тайнагех самукъадолура, ткъа Нурседина бинжолаг безара. Шайн дов даьлча, хIетахь дуьйна жимахйолчо тIехтухура Селитина: «Эсала котам», — олий. Жима йолуш дуьйна а, аьрга хьач санна, муьста дош оьккхуьйтура Нурседас. Амма дас ца могуьйтура цхьаъ вукхунна лер, къаьсттина — жимахниг воккхахчунна: «Чуьра дуьйна доладо стеган сий», — олура цо. Цо аьлларг кхочушхила а дезара: и доьзалан да вара. Амма кертал чоьхьа долу цIийнан дукъ дерриг Нурбикин йаьIни тIехь Iуьллура: сатоссуш гIоттий, xIyсамдена хьалха тас, гIумгIий а хIоттадой, араэккхий, хи дохьура; котамашна борц тосура, узий, йетт дIалоллура. Йуха чуйогIий, майра балха вахале йуург лой, бедар кечйой, цуьнан гIуллакхийн кхачо йора. Цул тIаьхьа, дузадой, бераш школе дIа а хьовсадой, чуьра гIуллакхаш дан йолалора. ТIаккха уьйтIа девзиг хьокхура, массо а хIума шен метте дIанисйеш. Кертара гIуллакхаш дина йаьлча, Нурбика, кIел миндар а буьллий, тIаргla къажбан уча охьахуура. Цо ша йора шайна Iаьнан йовха пазаташ, каранаш, Тавсолтин окхеш а. ЦIахь а, колхозехь а сарралц хьийзара Нурбика и, шен дехий пхьуьйшаш долу, хьорканашна тIе хIутту йеха коч а йухий, лаг хьулдеш тIеуззий, шен тиша кортали а туьллий.
Цкъа а ца гора и когахь пазаташ йоцуш а: йерзина настарш эхьар маьттаза лорура Тавсолтас. Садайча, массо гIуллакхаш дIадерзадой, Тавсолта волчу а хIуттий, ша кхин цунна ца оьшийла хиъчий бен метта ца йолура иза. Цундела, Нурбика даима йекъна йара, амма Тавсолтас: «ХIумма а дац, жIаьлин даьIахк санна, чIогIа йу!» — олий, хастайора и.
Бакъдолуш, йуьртахь а ша саннарш дукха хир боцуш, беркате хIусамнана йара иза. И Тавсолтина а хаьара. ХIетте а, йиллина ладоьгIуш, йулайелла хила дезара цуьнан: данза диснарг сиха гора Тавсолтина. Цкъа а ца хаьара и муьлхачу агIорхьара тIекIирлур ву.
Тавсолтас ша дан дагалаьцна дов цу сохьта ца дора: массо а хIуманна шен меттиг хоржура цо. ХIинца а пхьор диъна довллалц тIаьхьатеттира цо шен къамел. Нара тIехь дIанисвеллачу хIусамдена шенна хьалха кхача а хIоттийна, Нурбикас берашна стоьл тIе йуург охьайуьллушехь, цхьаммо-м неI туьйхира.
— Мегар дуй? — схьахезира оьрсийн зудчун аз. НеI ма-туьйххи а, и мила йу хиъначу Нурседас, хьаьдда йахана, неI схьа а йиллина, Анна Львовна чуйелира:
— Суьйре дика хуьлда шун!
Массара, хьала а гIевттина, хазахетарца тIеийцира хьаша. Нурседас, тIекхетта схьа а эцна, соне хьалаоьллира цуьнан плащ.
— Марша йогIийла, Ана! Хьо ма дика йеа!.. Охьахаа, хIума йаа тхоьца! — элира Тавсолтас, сирла вела а къежна, оьрсийн а, нохчийн а дешнаш эдеш: Анна Львовна, стоьла йуххе берашца а ца хууш, нара тIе, Тавсолтица хиира, ша деанчу гIуллакхна мелла а оцуьнца а бух кечбеш.
Йуучух йукъах а девлла, бераш цу сохьтта, хьешана пapгlaто йуьтуш, арадовла гIоьртира, амма Анна Львовнас, дега дехна, чохь совцабайтира уьш. Нурседа, гирз даьлча санна, шен гIанта тIехь дIасахьера: иза кхоьрура, хIинца, ша а йолчохь, Анна Львовнас и гIуллакх дийца долийча, шен айкхйалар а гучудаларна.
Школера ма-йаллара, йуучух кхета ца кхиош, схьайеанчу Анна Львовнас дезаш дуура, тIера Iаь гIуьтту, чомехь кечдина жижиг-галнаш, нохчаша санна, уьш саьрамсекхан берамала а Iуттуш, йукъ-кара чадица тIе чорпа а молуш. И къаьсттина хазлора Нурбикина. Хьешана йела а къежна, товхана йуххехь лаьттара иза, йуург тIе а йуьллуш. Амма ша охьа ца хуура. Анна Львовнас дийхира:
— Охьахаа тхоьца, хIума йаа!
Цунах кхеттачу Тавсолтас а элира:
— Охьахаа…
Йела а къежна, корта ластийра Нурбикас.
— Муха Iа шу? ЙоI йуй могуш? — хаьттира Тавсолтас, кхуо деанарг хаа шена луъушехь.
— Дика Iа тхо-м… Ниночка а йу детсадехь йеддий, хьаьддий хьийзаш. Шу дахкалой… дуй могуш? — Анна Львовнас а эдора оьрсийн а, нохчийн а дешнаш… Цакхетарг Дауда гочдора.
— Дика Iа… Иван хIун деш ву?.. — цуьнан майра хаьттира Тавсолтас. Он мой хороший изнаком! — тIетуьйхира.
— Иза а ву-кх шен тракторшца воллуш…
— Савва Ильич как? — цуьнан марда а хаьттира Тавсолтас.
— Иза а могуш ву, — жоп делира Анна Львовнас.
Тавсолтина оьрсийниг хуъучул Анна Львовнина нохчийн мотт а хаьара. Бераш, хIума йиъна а девлла, арадовлуш, массарел хьалха араиккхира шех йогу Нурседа; цунна тIаьххье арайелира

