- Любовные романы
- Фантастика и фэнтези
- Ненаучная фантастика
- Ироническое фэнтези
- Научная Фантастика
- Фэнтези
- Ужасы и Мистика
- Боевая фантастика
- Альтернативная история
- Космическая фантастика
- Попаданцы
- Юмористическая фантастика
- Героическая фантастика
- Детективная фантастика
- Социально-психологическая
- Боевое фэнтези
- Русское фэнтези
- Киберпанк
- Романтическая фантастика
- Городская фантастика
- Технофэнтези
- Мистика
- Разная фантастика
- Иностранное фэнтези
- Историческое фэнтези
- LitRPG
- Эпическая фантастика
- Зарубежная фантастика
- Городское фентези
- Космоопера
- Разное фэнтези
- Книги магов
- Любовное фэнтези
- Постапокалипсис
- Бизнес
- Историческая фантастика
- Социально-философская фантастика
- Сказочная фантастика
- Стимпанк
- Романтическое фэнтези
- Ироническая фантастика
- Детективы и Триллеры
- Проза
- Юмор
- Феерия
- Новелла
- Русская классическая проза
- Современная проза
- Повести
- Контркультура
- Русская современная проза
- Историческая проза
- Проза
- Классическая проза
- Советская классическая проза
- О войне
- Зарубежная современная проза
- Рассказы
- Зарубежная классика
- Очерки
- Антисоветская литература
- Магический реализм
- Разное
- Сентиментальная проза
- Афоризмы
- Эссе
- Эпистолярная проза
- Семейный роман/Семейная сага
- Поэзия, Драматургия
- Приключения
- Детская литература
- Загадки
- Книга-игра
- Детская проза
- Детские приключения
- Сказка
- Прочая детская литература
- Детская фантастика
- Детские стихи
- Детская образовательная литература
- Детские остросюжетные
- Учебная литература
- Зарубежные детские книги
- Детский фольклор
- Буквари
- Книги для подростков
- Школьные учебники
- Внеклассное чтение
- Книги для дошкольников
- Детская познавательная и развивающая литература
- Детские детективы
- Домоводство, Дом и семья
- Юмор
- Документальные книги
- Бизнес
- Работа с клиентами
- Тайм-менеджмент
- Кадровый менеджмент
- Экономика
- Менеджмент и кадры
- Управление, подбор персонала
- О бизнесе популярно
- Интернет-бизнес
- Личные финансы
- Делопроизводство, офис
- Маркетинг, PR, реклама
- Поиск работы
- Бизнес
- Банковское дело
- Малый бизнес
- Ценные бумаги и инвестиции
- Краткое содержание
- Бухучет и аудит
- Ораторское искусство / риторика
- Корпоративная культура, бизнес
- Финансы
- Государственное и муниципальное управление
- Менеджмент
- Зарубежная деловая литература
- Продажи
- Переговоры
- Личная эффективность
- Торговля
- Научные и научно-популярные книги
- Биофизика
- География
- Экология
- Биохимия
- Рефераты
- Культурология
- Техническая литература
- История
- Психология
- Медицина
- Прочая научная литература
- Юриспруденция
- Биология
- Политика
- Литературоведение
- Религиоведение
- Научпоп
- Психология, личное
- Математика
- Психотерапия
- Социология
- Воспитание детей, педагогика
- Языкознание
- Беременность, ожидание детей
- Транспорт, военная техника
- Детская психология
- Науки: разное
- Педагогика
- Зарубежная психология
- Иностранные языки
- Филология
- Радиотехника
- Деловая литература
- Физика
- Альтернативная медицина
- Химия
- Государство и право
- Обществознание
- Образовательная литература
- Учебники
- Зоология
- Архитектура
- Науки о космосе
- Ботаника
- Астрология
- Ветеринария
- История Европы
- География
- Зарубежная публицистика
- О животных
- Шпаргалки
- Разная литература
- Зарубежная литература о культуре и искусстве
- Пословицы, поговорки
- Боевые искусства
- Прочее
- Периодические издания
- Фанфик
- Военное
- Цитаты из афоризмов
- Гиды, путеводители
- Литература 19 века
- Зарубежная образовательная литература
- Военная история
- Кино
- Современная литература
- Военная техника, оружие
- Культура и искусство
- Музыка, музыканты
- Газеты и журналы
- Современная зарубежная литература
- Визуальные искусства
- Отраслевые издания
- Шахматы
- Недвижимость
- Великолепные истории
- Музыка, танцы
- Авто и ПДД
- Изобразительное искусство, фотография
- Истории из жизни
- Готические новеллы
- Начинающие авторы
- Спецслужбы
- Подростковая литература
- Зарубежная прикладная литература
- Религия и духовность
- Старинная литература
- Справочная литература
- Компьютеры и Интернет
- Блог
Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
Ойла йеш соцунгIа а хилла, Полата тIетуьйхира:
— Амма суна хезна… цига хьажийнарш, дукхахберш, Советан Iедална дуьхьал гIаттамаш бинчу, шун ломан районашкарнаш бу бохуш.
— Баккъаллий? Амма, хьуна хаан лаахь, тхан цхьана а районехь Советан Iедална дуьхьал цхьа а гIаттам ца хилла цкъа а!
— Хьажахь!.. Тхуна-м дийцира, шу схьа а даладале, шун къомахоша Советан Iедална дуьхьал дуккха а гIаттамаш бина, кху тIамехь ЦIечу эскарна букъа тIехьахула йамартлонаш а йина 6oxyш.
— Бакъ-м дац и цхьа-а! Со гой хьуна!
— Ой-й?.. Ткъа шун наха Гитлерна совгIатна, дешица а кхелина, дин бахьийтар!
— Тхан мохк гитлерхойн карахь а ца хилла, тхан наха Гитлерна цхьа а совгIат а ца дина!
— Ой-й!.. И ма тамаш бу сел бакъдоцург, сел чIогIа бакъдина, тхуна дийцар! — лаьттах туйнаш туьйхира Полата.
— Бакъ ас хьоьга аьлларг ду-кх! — Керим нийсса цуьнан бIаьра хьаьжира.
— Делахь-хIета, сан кхин цхьа хаттар а ду: цхьа а шена гергахь бехк а боцу къаьмнаш пачхьалкхо, махках а дохуш, сел къиза хIунда дохийна? Мича хьесапца? Бехк бацахь а — цхьа хьесап, мукъна, хила ма деза?
— И ца хаьа суна а! Оцунах кхиа гIерташ, бехачу новкъа ойланаш йеш, схьакхаьчна со а.
Кесира неIаре хIоьттира:
— Чуволахь. Каташна дагар ду…
* * *
Каташан хьаж догура. Воьлхура.
— Меца-х ваций-те?
Кесирас, сихха кечдина, хи тIехь дина, Iайг даьтта а тоьхна, жоржа хударрий, довха чай делира кIантана.
Каташа кхаьллинарг а схьатесира. Воьлхура, логах ка а йетташ.
— Йало! Со кхуьнца Iа. Лор валаве. Поликлиника кхуза йуххехь йу, — йиш йоьхна, хьаьвзира Керим: дагадеара вагон тIера делла бер.
Кесира поликлинике кхаьчча, лор неIарехь лаьттара, аравала дагахь.
— Доктор! Бехк ма биллалахь, суна хьан цIе а ца хаьа… Сан бер цомгуш хилла. Волахь хьажа.
— Бехке дац… Сан цIе Лиепа Неухович Нидерз йу, — велакъежира иза, шен и цIе мел оцу зудчунна чолхе хета йеза бохург дагатесна. — Амма, и цIе йаккха хьайна чолхе хетахь, сох оьрсийн хотIехь — «Лев Наумович» аьлча а, мегар ду… Иза а дицлахь, «доктор» алий IадIе, — велакъежира лор, дашо цергаш а лепош, боьмаша бIаьргашкара сирла суйнаш тосуш. — Йало. Со вогIу хьоьца.
Шаьшшиъ новкъа догIуш, лоьро элира:
— Суна хезна шух лаьцна. Шу хIинцца далийна ду, боху… Бакъду, тхо схьалаьхкина-м дикка хан йаьлла…
— Хьо хIунда кхалхийна кхуза? — хаьттира Кесирас.
— Гой хьуна, со Польшера жуьгти ву. Шун Сталина тхан Польша, Гитлерца барт бина, пирог санна йекъча, цигара жуьгтий а реза бацара. Сталина тхо кхуза лаьхкира. Бакъду, Гитлера шен агIорхьа биснарш хIаллакбира. Тхан-м мелла а аьтту хилла Сталинан карадахна.
— Ткъа оьрсийн мотт ма цIена буьйцу ахь?
— Оьрсийн мотт-м суна кхузахь Iемина. Суна-м вуьшта полякийн а, немцойн а, французийн а, ингалсан а меттанаш хаьа. Аса лоьрийн институт Францехь, Нанси-гIалахь, чекхйаьккхина… Болх Индехь а, дукхахберг Польшехь а бина. Тхо йуха Польше дIадаха мегаш ду хIинца. Полякийн, СССР-н хIинца бартхилла Гитлерна дуьхьал: Гитлер эшна вогIу.
— Советан махкахь хIунда ца Iа хьо, Польше йуха дIа а ца воьдуш? Хьо-х кхузахь а лор ву. Вон ду хьуна кхузахь?.. — хаьттира Кесирас.
— Ахь хIун дуьйцу! Со, жуьгти велахь а, со Польшин патриот ву, тхо, жуьгтий, цигахь а, бакъду, башха дезаш дацахь а, ас цкъа а дIатосур йац тхайн Польша…
Лор тидаме хьаьжира Каташе.
— ХIума дац! Ангина йу!.. Бакъду, йаьржина шина a aгIop. Больнице охьавиллича тоьлу. Бакъду, больница луларчу Гродеково-Юьртахь йу. Амма йурт гена йац. Ши-кхо километр.
Йазйина направлени йелира:
— Цигара лор — Эзау Рудольф Рудольфович — немец ву, амма немец велахь а, дог дика стаг ву шуна! — велакъежира Нидерз, ша араволуш…
* * *
РогI-рогIана Каташ кара а оьцуш, доьдура Керим, Кесирий. ХIорш Жал-тюбена гена а бовлале, Керима тамаш а беш, лаьттан бос сихха хийцабелира: мокхачу гIамарийн метта луьстта йаьлла сийна буц а, гонаха тайна лекха акхтаргаш а алсам гора: эцца йуххехь догIура сирла шуьйра Талас. Гродеково чукхаьчча, Керим кхин а цецвелира йух-йуххехь Iуьллучу шина йуьртан башхаллех — Гродеково йерриг а дитташа хьулйина, бошмийн марахь йара. Кхузахь кхин а йуххехула догIура Талас. ХIаваъ а кхузахь цIенахо дара. Йуьртана йуккъехь айбеллачу сенчу бай тIехь гучуйелира кIайн больница, сийна раманаш а, сийна басар тоьхна, эчиган тхов а болуш…
Больницин учахь кхарна тIейеара кIайн халат йуьйхина, коьртахь а кIайн йовлакх а долуш, аьрру бIаьштига тIехь жима мо а болуш, цIоцкъамаш тамашена бес-бесара — цхьаъ доIахан басахь, важа сирлачу аматехь долу медсестра:
— Охьаховша. Лор хIинцца схьавогIу. Эцца кертахь ву, шен огород охкуш.
Цо, Каташан пульс а лерина, цуьнан пхьаьрса кIел градусник йоьллира.
Лор чувелира, йуьхь цIийелла, вехьаш, чIениган кIорггехь кIаг а болуш, шуьйрачу меран буьхьиг тIехь а, и шина декъе боькъуш, харш а гуш. Хьаьрсачу цIоцкъамашна кIелдIахула чордо схьахьаьжира. Медсестрас, градуснике а хьаьжна, элира:
— Рудольф Рудольфович! Дагар — «шовзткъа». Пульс — «бIе». Сонехь кхозучу умывальникана кIел ши куьг а дилина, Керимера схьаэцна, направлени а йешна, лор лерина хьаьжира Каташе: бага, лергашка, бIаьргашка, чкъуре, пехашка а, даге а ладуьйгIира.
— Дика ду… Юля! ЙоьалгIачу вилла!.. TIe шиъ шаршу таса.
Кесирехьа вирзира иза:
— Шу паргIатхила. ЦIа гlo. Дедда-йукъа дуьйла. Цхьацца, — аьлла, велакъежира и: нохчийн амалш хуучух тера дара цунна. — Сагатдан а ца оьшу: ангина бен кхин хIума дац. Кестта талур ву.
Кериммий, Кесирий дIадаха хьалагIаьттича, Каташ велха волавелира. Лоьро тIаккха Каташехьа а вирзина, сирла велакъежна, забаре маIаш гайтира цунна. Каташ, цецваьлла, сецира, амма хIинца а чIинкъаш дора. Лоьро тIаккха, шен куьйгийн дехий пIелгаш леккха хIаваэхь сеттош, йедда йоьдучу пхьагалан сурт хIоттийра Каташна. Йуха, Керим а, Кесира а цецдоккхуш, шен даккхий лергаш ша-шах дикка ирахдахийтира, мера тIе охьадаьхкина куьзганаш а хьаладодуш. Каташ шуьйрра велакъежира, велхар а дайна.
— Гой шуна, сагатдан ца оьшу, — элира лоьро, серлайаьллачу йуьхьца Кесирехьа вирзина. Кесирин дог тийшира лоьрах.
Цигара шаьш духадогIуш, сих ца луш, дуьхьала кхеттачуьнга Керима цхьацца хоьттуш, догIура xlapa шиъ, нохчий дуьхьалкхетаре сатуьйсуш.
Нохчо ву моьттуш, Керима новкъахь сацийначо, нохчий маттахь маршалла а хаьттина, элира:
— Со нохчо вац. Со ДегIастанера, Аксайра гIумки ву. I930-чу шарахь, кулакаш а бина, махках баьхначарех. Кхин а масех цIа ду кхузахь ишттачех. Со колхозехь бригадир ву. ДIораниг ду вайн цIа. ЧугIур ду вай, — куьг хьажийра цо аннийн керт а йина, гена доццуш, схьагучу лекхачу дикачу цIеношкахьа. Керимна безам хийтира шега цо шен цIийнах «вайн цIа» аьлча, дегIастахь нохчаша санна. Чудахара: керт а, чоь а цIена йара. ГIалмакх-чайнаца кIайн сискал, нехчий кхоллуш къамеле бевлча, Кесирас хаьттира:
— Кху йуьртахь бехарш дукхахберш казахаш хир бу?
— Дера, бац. Уьш-м кху йуьртахь массарел кIезиг бу. XIapa йурт, оьрсийн цIе

