- Любовные романы
- Фантастика и фэнтези
- Ненаучная фантастика
- Ироническое фэнтези
- Научная Фантастика
- Фэнтези
- Ужасы и Мистика
- Боевая фантастика
- Альтернативная история
- Космическая фантастика
- Попаданцы
- Юмористическая фантастика
- Героическая фантастика
- Детективная фантастика
- Социально-психологическая
- Боевое фэнтези
- Русское фэнтези
- Киберпанк
- Романтическая фантастика
- Городская фантастика
- Технофэнтези
- Мистика
- Разная фантастика
- Иностранное фэнтези
- Историческое фэнтези
- LitRPG
- Эпическая фантастика
- Зарубежная фантастика
- Городское фентези
- Космоопера
- Разное фэнтези
- Книги магов
- Любовное фэнтези
- Постапокалипсис
- Бизнес
- Историческая фантастика
- Социально-философская фантастика
- Сказочная фантастика
- Стимпанк
- Романтическое фэнтези
- Ироническая фантастика
- Детективы и Триллеры
- Проза
- Юмор
- Феерия
- Новелла
- Русская классическая проза
- Современная проза
- Повести
- Контркультура
- Русская современная проза
- Историческая проза
- Проза
- Классическая проза
- Советская классическая проза
- О войне
- Зарубежная современная проза
- Рассказы
- Зарубежная классика
- Очерки
- Антисоветская литература
- Магический реализм
- Разное
- Сентиментальная проза
- Афоризмы
- Эссе
- Эпистолярная проза
- Семейный роман/Семейная сага
- Поэзия, Драматургия
- Приключения
- Детская литература
- Загадки
- Книга-игра
- Детская проза
- Детские приключения
- Сказка
- Прочая детская литература
- Детская фантастика
- Детские стихи
- Детская образовательная литература
- Детские остросюжетные
- Учебная литература
- Зарубежные детские книги
- Детский фольклор
- Буквари
- Книги для подростков
- Школьные учебники
- Внеклассное чтение
- Книги для дошкольников
- Детская познавательная и развивающая литература
- Детские детективы
- Домоводство, Дом и семья
- Юмор
- Документальные книги
- Бизнес
- Работа с клиентами
- Тайм-менеджмент
- Кадровый менеджмент
- Экономика
- Менеджмент и кадры
- Управление, подбор персонала
- О бизнесе популярно
- Интернет-бизнес
- Личные финансы
- Делопроизводство, офис
- Маркетинг, PR, реклама
- Поиск работы
- Бизнес
- Банковское дело
- Малый бизнес
- Ценные бумаги и инвестиции
- Краткое содержание
- Бухучет и аудит
- Ораторское искусство / риторика
- Корпоративная культура, бизнес
- Финансы
- Государственное и муниципальное управление
- Менеджмент
- Зарубежная деловая литература
- Продажи
- Переговоры
- Личная эффективность
- Торговля
- Научные и научно-популярные книги
- Биофизика
- География
- Экология
- Биохимия
- Рефераты
- Культурология
- Техническая литература
- История
- Психология
- Медицина
- Прочая научная литература
- Юриспруденция
- Биология
- Политика
- Литературоведение
- Религиоведение
- Научпоп
- Психология, личное
- Математика
- Психотерапия
- Социология
- Воспитание детей, педагогика
- Языкознание
- Беременность, ожидание детей
- Транспорт, военная техника
- Детская психология
- Науки: разное
- Педагогика
- Зарубежная психология
- Иностранные языки
- Филология
- Радиотехника
- Деловая литература
- Физика
- Альтернативная медицина
- Химия
- Государство и право
- Обществознание
- Образовательная литература
- Учебники
- Зоология
- Архитектура
- Науки о космосе
- Ботаника
- Астрология
- Ветеринария
- История Европы
- География
- Зарубежная публицистика
- О животных
- Шпаргалки
- Разная литература
- Зарубежная литература о культуре и искусстве
- Пословицы, поговорки
- Боевые искусства
- Прочее
- Периодические издания
- Фанфик
- Военное
- Цитаты из афоризмов
- Гиды, путеводители
- Литература 19 века
- Зарубежная образовательная литература
- Военная история
- Кино
- Современная литература
- Военная техника, оружие
- Культура и искусство
- Музыка, музыканты
- Газеты и журналы
- Современная зарубежная литература
- Визуальные искусства
- Отраслевые издания
- Шахматы
- Недвижимость
- Великолепные истории
- Музыка, танцы
- Авто и ПДД
- Изобразительное искусство, фотография
- Истории из жизни
- Готические новеллы
- Начинающие авторы
- Спецслужбы
- Подростковая литература
- Зарубежная прикладная литература
- Религия и духовность
- Старинная литература
- Справочная литература
- Компьютеры и Интернет
- Блог
Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
— Хьо хIун деш воллу, Тавсолта?
— Цхьанххьа а уьстагI ца карийна, xlapa авст, мукъа, йен воллу-кх…
Хьешаша маларца цхьаьна чомехь йиира къона газа. Далхьада мотт ца туьйхира.
Хьеший дIабахча, Тавсолта йуха а кхоьлина вара: иза реза вацара Нурбикина, — шега геланчо дIааьллашехь, цуьнга урс ца хьокхуьйтуш, газа цо кхоайарна… TIe, Нурседас динарг а ца долура даг чуьра…
Кхин цхьа кIира даьлча хезира: Расул, райцентрехь керла квартира а йелла, шен нускалца ваха хиъна аьлла.
* * *
Тавсолта волчохь доьзалехь цхьамма а Нурседин цIе ца йоккхура.
ЦIентIера гIуллакхаш a, гlap йайина, тийна дора Селитассий, Нурбикассий. «Дауд… Увайс… хIинца… Нурседа!» — шайх къаьстинарш йух-йуха дагахь багарбора Селитас. И хIинца кест-кеста йоьдура Анна Львовна йолчу: селхана хьехархо хиллачух гIайгIано тахана нийсархо йинера.
Анна Львовнас шайн школехь йуьхьанцарчу классийн хьехархочун балха а нисйира иза, тIе, партин историн «Краткий курс» Iамочу кружоке эхар тIе а диллира, рогI-рогIана Лев Толстойн, Тургеневн, Чеховн, Горькийн, кхечийн а книжканаш, йеша а лора, мукъа ца йита гIерташ. Селита чуйуьйлира книжкаш йешарна…
Денош дIаоьхура.
Кху гурахь шайн бешара дуьххьара гулбина стоьмаш, кIезиг белахь а, посылка а йина, фронте бахьийтира дешархоша, йуккъе Селитас йаздина кехат а диллина. Бутт а балале жоп деара, майоран Терентьевн, капитанан Албастовн цхьаьний даьккхина сурт а чохь. Амма Увайсах хаам хIинца а бацара: цунах лаьцна Кесире кхин цкъа а деара, иза «тIепаза вайначех ву» аьлла, кехат. Иза воцург а лерина, селхана тезет а дина, цIерачара хIоллам буьйгIира цунна йуьртан кешнашкахь.
Селитин даг чу ша биллира. Даудера а кехат ца догIура йуха а дукха хенахь дуьйна. Почтехь кехат дуйла хьажа арайелира иза.
Почте дIа а кхачале сельсоветан маьIIехь гулйелла пхьоьха гира, хил дехьарчу гарнизонехьа куьйгаш а туьйсуш, карзахе цхьаъ-м дуьйцуш. ТIейахара:
— Уьш хIунда гулло-те кхуза?..
— Сийсара-м уьш шозза а совбевлла…
— Дера, шек ма ву со, «и» бакъ дуй-те аьлла! — пхьоьхана йуккъера дIавахара цхьа воккха стаг…
— Цо бохург хIун дара? — хаьттира цхьамма цеце.
— Ца хезна хьуна? И доллу эскар вай дерриш а, нохчий а, гIалгIай а, шайн доьзалшца цхьаьна махкахдаха гулдо бохуш?..
— И-м бакъ хир дацара…
— Ткъа хIунда гулдо xlopш сел лерина?..
Селита, йагийча санна, сиха чуйахара: и тайпа хабарш наха цкъа долийнера масех бутт хьалха, и эскар дуьххьара кхуза ма-оьззинехь. Амма хIетахь райцентрехь, туп а тоьхна, Iачу церан полковника, нах гул а бина, хаийтира: эскар кхуза ломан арешкахь Iаморан дуьхьа гулдеш ду. Хабарш севцира.
TIe, кестта эскархоша йуьртахошца цхьаьна, хелха а буьйлуш, синкъерамаш бан болийчахь-м, и хабарш диц а делира. ХIетте а, кхано, цхьа хан йаьлча, эскархоша сихдина ломан некъаш а тадеш, мел оьшучохь тIеш тохкуш, зIенаш йалош, шайна гича, цхьаберш йуха а шекбевлира:
— Стенна тадо некъаш сел лерина? ХIунда йохку зIенаш?
— Хьанна оьшу кхузахь оццул тIеш?.. — адамийн даг чохь йуха карзахйевлира къаьхьа шеконаш.
Амма йуха а и тайпа «провокацин къамелаш» дийраш, ца кхоош, Iедало чубохка болийча, севцира и хабарш: тIехула тIе, шайх цхьа а ца тешшал тIех акха а, даго тIе ца оьцуш инзаре а дара уьш. Амма тахана йуха а уьш карзахдевлира.
Селитас, чу ма-кхеччи, ламаз тIера гIаьттинчу дега хаьттира:
— Дада, и хIун ду цу арахь наха дуьйцурш?
— ХIун дуьйцу? — мохехь кол санна, дусаделира Тавсолтин цIоцкъамаш. Нурбика пешана уллохь тебира.
— И доллу эскарш, вай, нохчий, гIалгIай, — дерриш а махкахдаха гулдина ду боху-кх!
— Муха? Дерришший? Со партизан ву, Революцин тIамехь дакъалаьцна. Сан кIант фронтехь ву!.. Ткъа ишттанаш кхин а шорта бу! Бахахь, махкахбоху берш бандиташший, дезертирашший хир бу-кх!
— Делахь-хIета, сийсара и эскар шозза а сов хIунда даьлла?.. — йелхар иккхира Селитин… Нурбикас «ошшада» дийшира. Тавсолта, йоIе цкъа дIа а хьаьжна, ойлане вахана, сиха аравелира. Сельсоветехьа вахара иза, нахе хатта а, гарнизон йолчухьа ша бIаьргтоха а. Цига дIа а кхачале, новкъахь, говрахь дуьхьалвогIу Сату кхийтира. Цуьнга шен безам бацахь а, Тавсолтас хьалха салам хаьттира, мелла а шел и воккха хиларна:
— Хьо ма вогIу, Сату?
— ГIалара вогIу-кх.
— ХIун ду гIалахь?
Сату, говрара охьа а ца вуссуш, кIон велакъежира:
— Тавсолта! Вайн вежарша гIалгIаша олуш хезний хьуна: котамо, мIараш а хьаькхна, кхеллий йуккъера ша схьадаьккхина урс, кхано хIусамдас шен логах хьокху долу. Изза ду, хьуна, хIинца вай динарг а.
— ХIун хилла? — Тавсолтас говран дирста схьалецира.
— И… ахьа a гlo деш… сел лерина, «мIараш хьоькхуш», вайгара дIагулдина и доллу герз, шаьш вай махкахдоху дела, вайх ларлуш, дIаэцна ду, хьуна!
— Хьуна мичара хаьа?! — Тавсолтин бIаьргашкара, куьркара санна, сийна суйнаш тесира.
— Дера, хаьа массара а и дуьйцу дела. Со хIинцца гIалитIехь базарахь волуш, тIе а хилла, соьга цхьана гIалагIазкхийчо а, мохь тоьхнна, ма элира: «ХIей, чечен, соьгара xlapa кетар оьций ахь? Йораха ло хьуна ас. Сибирехь оьшур йу хьуна!»… гонахарнаш а бийлабелпра… Муха хета, хьуна?.. ГIалахь — м и массара а дуьйцуш ду! Ткъа стенна тадеш ду моьтту хьуна сел сихдина и некъаш а, тIеш а?
— Сату! Схьайтахь говр! Ас доьху хьоь!
— ХIун дан воллу хьо?
— Эцца райцентре а иккхина, схьавогIур вара со… Сахьт далале ас йуха хьан кеттIа дIахIоттайо, хьуна, ма-йарра. — Сатус, кхин вист ца хуьлуш, тIера охьа а воьссина, говр дIайелира Тавсолте…
* * *
Тавсолтина цIеххьана дагадеанарг дара гарнизонан полковникал а лакхара волчу Церетелига хатта. Райцентрехь милицин начальникан Джабраилан хIусамехь Церетели сецна хилар хаьара цунна.
Джабраила хьасене тIеийцира Тавсолта:
— ХIоккхуза охьахаий, жимма собарде, иза луьйчуш воллу эцца чохь, — олуш, Джабраила, велакъежна, корта ластийра аьрру агIорчу цIенгахьа. Тавсолтина йуххехилийра тIе цIен бархат а лаьцна долу кIеда гIант. Тавсолта охьахиира.
Цхьана минотна аьлла, Джабраил араваьллачохь мелла а хьевелча, Iе а ца велла, Тавсолта жимачу корехула чухьаьжира Церетели луьйчуш волчу цIа чу: шурула кIайчу йоккхачу ной чохь хиъна Церетели а волуш, цунна тIе чамешца хиш а дуьттуш, букъах цхьа горгам а хьоькхуш, иза, хи йистехь цхьа дика айгIар санна, леррина лийчош воллура, гIодайуккъелц верзина ваьлла, къона ши салти: гай йоккха хиларна Церетели ша охьа-хьала ца таIалора. Тавсолта шен дагахь: «Тхан санна дац гIуллакх-м» аьлла, шен метте йуха охьахиира. Кехатна йуккъе хьарчийна шишанаш а дахьаш, Джабраил чувеара. Лийчина ваьлла Церетели, лепа йуьхь а йина, дайчу боларца, верриг а векхавелла, схьа чу велира, шен доккха гай хьалхадаьккхина. Цунна цу сохьта вевзира Тавсолта:
— О-о, марша вогIийла, воккха стаг! — элира цо, куьг а кховдош.
Тавсолтас, гIантара гIаьттина, ийза ца луш, нийсаре санна, куьг делира Церетелига.
«Шена хаахьарий-м и мел воккха хьаьким ву, тIаккха-м сов лерина хир

