Категории
Самые читаемые
Лучшие книги » Проза » Историческая проза » Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Читать онлайн Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 141 142 143 144 145 146 147 148 149 ... 187
Перейти на страницу:
ворда тохайелча, дIасхьалестош…

XIетахь хIинца Къосаман хенара вара БоьртIаг. Къосаман санна, жима ши бер а дара: Къосам а, Мети a. XIетахь а бацара церан бахам. Къосам хаъал хилчахьана, хIара къоьлла йу церан доьзалахь.

XIунда кхаьчна церан доьзале хIара декъаза дакъа? Йуьртда Iaьмарха а, молла Хайрулла a, кхин масех а берстина хьерабевлла. Башха къахьоьгуш а бац. Ткъа бисинарш къоьлла къикъбоьлла беха.

ХІокху берриг бохамна тIе цIеххьана хеназа хIусамнана а кхелхи. Жимахдолу бер хуьлуш. Царна нана хилла сецна Мета. ХIокху йуьртахь а, гонахарчу йарташкахь а ша йоьхуш дуккxa a нах боллушеxь, маре а ца йоьду. Вешина зуда йалийча бен гIур йац, тIаккха хIун хир а хаац, олу. Нагахь берашна дика десте хилахь, йаха а мега. ТIe, цомгаш нана а йитина, гIойла а дац. Иштта дIахьийсабо шена тIехьийзарш.

Доцца аьлча, галдаьлла хIокхеран доьзалан гIуллакх. Ненан а, йишин а, вешин а. Массеран а – цхьатерра. ХIорш вовшех а, нах хIокхарех а хьаьгар боцуш. Ирс ду-кx xIокху Нурхьаьжин. Зуда йалоза волчу. Да а, нана а дац. Шел воккха цхьа ваша Оьздамар бен, кхин делха а, дита а дац. Ткъа шаьшшиннан гIуллакх чекхдаьллийла кхушинна дика хаьа. Иэшам хилахь – къийсамехь лийр ву, дийна висахь – дIалоцур ву. ТIаккха шеко йац и шиъ тангIалкхаш тIехь кхозург хиларан: xIoкxy Нохчмехкан йeрриг йарташкахь бохург санна, Iедалан цIенош – канцеляреш йагийна цаьршимма. Масех хьолада эхарта а хьажийна. Церан бахамаш мискачу нахана дIа а бекъна. Дийна вуьтур бохург aьттехьа а дац!

ДIатийра Нурхьаьжин иллин мукъам. ГIийла декна, севцира пондаран мерзаш. Ткъа Къосам, стигала а хьоьжуш, ойланаш йеш Іyьллура.

– Хьо вистхуьлуш ма вац, Къосам? – хезира цунна доттагIчун хаттар.

Нахана дика вовзац хIара Нурхьаьжа. Вевзa, дера, дегIеxь ницкъ болуш, онда стаг ву бохуш-м. XIoкху Нохчмахкахь охьатохарх къийсaдaлaрш хилча, даим а толам боккху цо. Оцу aгIop, xIокху йуьртана-м хьовха, гонахарчу йартийн а дозалла ду иза. Амма кхидIа вовзац. Xьекъална дукха генара а ца лору. Иза шена улло озийначу Iаьлбагах а цецбуьйлу. Ткъа хIокху, наьрт санна, зоьрталчу, ондачу, амма парталчу стагеxь, хIорд санна, кIорга хьекъал а, собар а ду. Дог а ду къинхетамах дуьзна. Цундела виэза иза Къосамна.

– Иллин ойла йора аса-м. Мел хаза ду иза! Къеначу дас-нанас шен цхьаъ бен воцу кIант дIало дaймaxкана!

Кевнехь дижина Iyьллу жIаьла, дера лата а летта, цIеххьана дIатийра. Бодашкахь гучувелира керта вогIу кхо стаг. Герго гIoьртича, Оьздамар а, Дадаш а вевзира царна.

– Шу лаа дуй, Дадаш? – xaьттира цаьршимма цхьатерра.

– Дера, дац. ХIара хьакха лаьцна-кх оха, – кхoaлгIaниг хьалхатеттира цаьршимма.

– Мила?

– Тохтарха. Хайруллин вешин кIант.

– XIунда?

– Ножин-Юьрта пурстоп волчу воьдуш. ХIара кехат эцна, – Къосаме кеxат кховдийра Дадаша.

Кexат карахь дIаса а хьовзийна, гIорасиз Нурхьаьже дIахьаьжира Къосам. Вукхо а белш саттийра. Иза деша ца хаьара царах цхьанне а.

– XIун ду хIокху тIе йаздинapг? – xaьттира Къосама Тохтархане.

– Хаац.

– Хьо хIунда вохуьйтура пурстоп волчу?

– Пурстоп волчу цa воьдура со.

– ТIаккха?

– Тхешан гергaрниш болчу.

– Буса хIунда воьду?

– Iуьйранна цIахь хила.

– ХIара кеxат хьаьнга хьош дара хьан?

Тохтарха вист ца хуьлура.

– ХIокху тIехь дерг ца хаьа хьуна?

– Ца хаьа.

– Барта хIумма а ала аьллерий?

– Ца аьллера.

– Пуьташ хIунда йуьтту ахь, зуд? – цунна тІeгIoьртира Oьздaмaр. – КъосамгIар цIахь бу тховса, уьш леца салтий бахкийта аьлла, вохуьйтуш вацара хьо?

– Вацара.

– Ой, тхуна ма дийцина иза хьан а, хьан ден вешин а оцу къамеле къайлах ладоьгIначо?

Тохтарха вист ца хилира. ТІaккха хьалагІеттира Нурхьаьжа.

– Ца дуьйцу ахь? – хаьттира цо, Тохтарханна мера кIел а вaхна.

– Суна хIумма а ца xaьа.

– Дика ду xIета. Вай, регIа а девлла, къамел дийр ду хьоьца. Дадаш, хIара а эций, дIаволалол. – ТIaьхьа а сецна, Къосаме лохха вистхилира Нурхьаьжа: – Сихха гIой, лаций, Хайрулла цхьанхьа чуволла. ХIара вайн караxь вуй а ма хаийта цхьаьнгге а.

Йуьртан урамашкахула дIавуьгуш, цкъа ойла хилира Тохтарханан орцане мохь ала. И ойла хийцийтира, ший а зIок кIегара хаийна, шалгочу тапчанан йуьхьиг цуьнан пханарш йуккъе хIоттийна, тIаьхьавогIучу Дадаша. Ткъа Тохтархас вистхилла йа йуьстах гIулч тесна хIума дахь, цо и ший биргIа тIейассориг хиларан шеко ма йац. ХIара дуьххьара вуьйш ма вац цо. Цул а кхераме вара хьалха воьду Нурхьаьжа. Цунна герз цa оьшу. Цуьнан буйно а чIапбийр бу корта.

Эвла йисттера цIа тІaьхьадисча, цуьнца шен са дуьсуш санна хетаделира Тохтарханна. XIун дан воллу-те хIара шиъ? Кхеро гIерта-те йа вен воллу-те? Баккъал а, цхьамма ладоьгIна-те ден вешин а, цуьнан а къамеле? Ла а доьгIна, мотт баьхьначух тера ду. Иштта ца хилча, новкъахь кIело а йина, хIара схьалоцур ма вацара. ЙуxaгIepтaрх гIуллакх хир дац. Tоьхна вуьйр ву. Цуьнан-м шеко ма йац. ХIара ден ваша цхьа адам хилча-м, бIаьрнегIap a ца тухуш, вала а дацара хала. Ткъа иза-х дуьххьалдIа хьакха йу. Къорам вy, кхин хилча ца маггал. Сутара ву, хIара дуьне дІaxyьйдича а, вузур воцуш. Тохтарханна ма хаьа билтойн Шахьболатехулий, Умалхьатеxулий цо йоьзна пурстоьпаца къайлах зIенаш. Цара тIедилларца, хIара чеччалхой Iаьлбагна дуьхьалбаьхний а хаьа. Гендaргaнoйн Гати-Хьаьжас а, чеччалхойн Iаьмархана а, цо а барт бина Къосам а, Нурхьаьжа а виэн. Маситтаза а кIелонаш йайтина. Пурстоьпо Хайруллина шозза делла ахча схьадеанарг а xIара Тохтарха ма ву. Иза Чири-юьрта, Гати-Юьрта, Шела хIунда вахана а ма хаьа. Хаьа, амма уьш дийца йиш йац. Хьакха йелахь а, ден ваша мa ву иза.

Тохтархас чIaгIo йора дош ца ала. Амма и чІaгIo cиxха маллора. Тохтарханна хIун пайда хилла ден вешера? Цуьнан шортта латта а, даьхний а ду. Дика, даккхий цIенош а, ахча а ду. Ткъа Тохтарха, кхиберш санна, къехо ву. Латта а дац, даьхний а дац. Чордачу машин хечано, гIордаз хьекхча санна, хенан маьIигаш йаьшна лела. Атталла, гирда хьаьжкIаш-м ца йелла, вешин кIентан доьзал кертахь буьртиг йалта а доцуш бисарх…

Йуха а хийцало ойла. Хайрулла ден ваша ма ву цуьнан. ТІe, молла а ма ву иза…

Молла велахь а, йамарт, стешха стаг ву-кх иза…

РегIарчу хьуьн чу боьлча, севцира хIорш. Шен ойланех самаваьлла Тохтарха дIасахьаьжира. Гуш хIумма а дац. Йуькъа, къена хьун. БІaьрга Iоьттина пӀелг гур боцуш Iaьржа бода. Хьалахьаьжча, атталла стигалахь гуш седа а бац.

– Схьадийцал, – хезира цунна Нурхьаьжин паргIат аз.

– Ас дуьйцу дерг шуна а хаьа. Кxин дийца хIумма а дац сан.

– Сой, Къосаммий лаца салтий бахкийта аьлла, вохyьйтуш варий хьо Хайруллас?

– Вара.

– Кхин хьалха-тIaьхьа даьллий цуьнгара ишттаниг?

– Хаац.

Варзaп санна, шен деза куьг Тохтарханан белша тIе диллира Нурхьаьжас.

– Дийцац ахь?

– Сан дийца хIумма а дац. Шу санна, цхьа миска ву-кх со а. Ден вашас хьажийначу ца вахча, волурий со?

– Ой,

1 ... 141 142 143 144 145 146 147 148 149 ... 187
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров торрент бесплатно.
Комментарии
Открыть боковую панель