- Любовные романы
- Фантастика и фэнтези
- Ненаучная фантастика
- Ироническое фэнтези
- Научная Фантастика
- Фэнтези
- Ужасы и Мистика
- Боевая фантастика
- Альтернативная история
- Космическая фантастика
- Попаданцы
- Юмористическая фантастика
- Героическая фантастика
- Детективная фантастика
- Социально-психологическая
- Боевое фэнтези
- Русское фэнтези
- Киберпанк
- Романтическая фантастика
- Городская фантастика
- Технофэнтези
- Мистика
- Разная фантастика
- Иностранное фэнтези
- Историческое фэнтези
- LitRPG
- Эпическая фантастика
- Зарубежная фантастика
- Городское фентези
- Космоопера
- Разное фэнтези
- Книги магов
- Любовное фэнтези
- Постапокалипсис
- Бизнес
- Историческая фантастика
- Социально-философская фантастика
- Сказочная фантастика
- Стимпанк
- Романтическое фэнтези
- Ироническая фантастика
- Детективы и Триллеры
- Проза
- Юмор
- Феерия
- Новелла
- Русская классическая проза
- Современная проза
- Повести
- Контркультура
- Русская современная проза
- Историческая проза
- Проза
- Классическая проза
- Советская классическая проза
- О войне
- Зарубежная современная проза
- Рассказы
- Зарубежная классика
- Очерки
- Антисоветская литература
- Магический реализм
- Разное
- Сентиментальная проза
- Афоризмы
- Эссе
- Эпистолярная проза
- Семейный роман/Семейная сага
- Поэзия, Драматургия
- Приключения
- Детская литература
- Загадки
- Книга-игра
- Детская проза
- Детские приключения
- Сказка
- Прочая детская литература
- Детская фантастика
- Детские стихи
- Детская образовательная литература
- Детские остросюжетные
- Учебная литература
- Зарубежные детские книги
- Детский фольклор
- Буквари
- Книги для подростков
- Школьные учебники
- Внеклассное чтение
- Книги для дошкольников
- Детская познавательная и развивающая литература
- Детские детективы
- Домоводство, Дом и семья
- Юмор
- Документальные книги
- Бизнес
- Работа с клиентами
- Тайм-менеджмент
- Кадровый менеджмент
- Экономика
- Менеджмент и кадры
- Управление, подбор персонала
- О бизнесе популярно
- Интернет-бизнес
- Личные финансы
- Делопроизводство, офис
- Маркетинг, PR, реклама
- Поиск работы
- Бизнес
- Банковское дело
- Малый бизнес
- Ценные бумаги и инвестиции
- Краткое содержание
- Бухучет и аудит
- Ораторское искусство / риторика
- Корпоративная культура, бизнес
- Финансы
- Государственное и муниципальное управление
- Менеджмент
- Зарубежная деловая литература
- Продажи
- Переговоры
- Личная эффективность
- Торговля
- Научные и научно-популярные книги
- Биофизика
- География
- Экология
- Биохимия
- Рефераты
- Культурология
- Техническая литература
- История
- Психология
- Медицина
- Прочая научная литература
- Юриспруденция
- Биология
- Политика
- Литературоведение
- Религиоведение
- Научпоп
- Психология, личное
- Математика
- Психотерапия
- Социология
- Воспитание детей, педагогика
- Языкознание
- Беременность, ожидание детей
- Транспорт, военная техника
- Детская психология
- Науки: разное
- Педагогика
- Зарубежная психология
- Иностранные языки
- Филология
- Радиотехника
- Деловая литература
- Физика
- Альтернативная медицина
- Химия
- Государство и право
- Обществознание
- Образовательная литература
- Учебники
- Зоология
- Архитектура
- Науки о космосе
- Ботаника
- Астрология
- Ветеринария
- История Европы
- География
- Зарубежная публицистика
- О животных
- Шпаргалки
- Разная литература
- Зарубежная литература о культуре и искусстве
- Пословицы, поговорки
- Боевые искусства
- Прочее
- Периодические издания
- Фанфик
- Военное
- Цитаты из афоризмов
- Гиды, путеводители
- Литература 19 века
- Зарубежная образовательная литература
- Военная история
- Кино
- Современная литература
- Военная техника, оружие
- Культура и искусство
- Музыка, музыканты
- Газеты и журналы
- Современная зарубежная литература
- Визуальные искусства
- Отраслевые издания
- Шахматы
- Недвижимость
- Великолепные истории
- Музыка, танцы
- Авто и ПДД
- Изобразительное искусство, фотография
- Истории из жизни
- Готические новеллы
- Начинающие авторы
- Спецслужбы
- Подростковая литература
- Зарубежная прикладная литература
- Религия и духовность
- Старинная литература
- Справочная литература
- Компьютеры и Интернет
- Блог
Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
– Бакъ ду иза. И къамел Зеламхе шегга динехьара дика хир дара. Йа нохчийн цхьана гуламехь. Ткъа мостагIчун Iедалан барта, цуьнан лаам кхочушбарца шен къоман стаг сийсазвеш, цунна дуьхьалваьлларг йа кIилло, йа мостагIчунна вохкавелла хила веза.
– Зеламхе дуккха а наха баьхна, хьо бахьана а лоьцуш, Iедале нахана бохамаш ма байта. Соип-Моллас а, кхечара а. Ас а дина и къамел. Хьо маьрша вита дош а даккхий, Iедална тIе гIo. Ца гIахь а, хьаькамаш байар а, талораш дар а дита.
– Аьрстхойн Саламбека диннарг дахьара цо.
– И ца лаьа Зеламхина. Шен ден да, да, ден вежарий, вежарий, шичой байарна Iедална огIазвахана иза. Шен дегIа чохь са мел ду, халкъан мостагIех бекхам оьцур бу ша, олу цо.
– ХIета цо а, и санначара а и шаьш схьалаьцна некъ дIа ца тасахь, вaйн халкъ даим балехь, бохамехь лаьттар ду. Иза а, важа а хилийта бахьанаш мостагIчунна дуьйлуьйту цхьаболчу нохчаша. Ткъа жимма а нохчашкара бахьана даьлча, оьрсийн Iедало вайн халкъ, бIарздой, хьийзадо.
ТIаккха цаьршиннан къамел дукха хан йоццуш Хорачахь хиллачу бохамна тIеделира. Кхабар йуьртана тIедожийна кхуза балийна гIалагIазкхий талораш дан а, зударшца эвхьазбийла а боьлча, царна дуьхьало йинера бахархоша. Церан коьртехь вара йуьртден гIоьнча Амин Товсолта. Шиний агIорхьарчара герз тоьхча, цхьа гIалагIазкхи вийнера, шинна чевнаш йинера. Амма алсам бохам хорачошна хиллера. Оцу девнехь Товсолта а, БацигIарах да а, ши кIант а, лулара жима йоI а дийнера.
– Муха ловр ду иза? – доккха садаьккхира Iелас. – Iедало халкъана тIехь цхьа къиза акхаралла лелийча, Iедална дуьхьал дерриг халкъ гIотту йа цуьнан цхьаболу кIентий гIовтту бекхам эца. Иштта, йеха цхьа зIе хилла, схьадогIу xIapa хIокху тIаьхьарчу шина бIе шарахь. Делахь а, деккъа герзаца, тIамца, майраллица толам баккхалур бац вайга.
Овхьадана чIогIа халахетара нохчийн къоман тхьамданийн барт бохар. Цуьнан дог даьллера шалха цIоганечу нохчийн хьолахойх а. Цхьана aгIop, Россин Iедалца шайн йукъаметтигаш галйаха ца лаьара хьолахошна. Петарбухехь, Москох, Ростох, Новгородехь, Харьковхь, кхечу а шахьаршкахь гIарабевллачу совдегаршца уьйраш йолчу церан шайн товараш цигахь дIадохка а, цигарнаш кхуза схьакхехьа а дезара. Россин банкашкара кредиташ а оьцура цара. Цундела Iедална хьалха къайлах цхьа цIога лестадора хьолахоша.
Вукху агIор, царна новкъа бара хIокху нохчийн мехкан дай хилла, кхузахь когаш хецна паргIатбевлла, охьахевшина оьрсийн, немцойн, англичанийн, французийн, бельгийцийн, эрмалойн хьолахой. Кхузара мехкадаьтта, заводаш, фабрикаш, банкаш, туьканаш шайн долахь хила лаьара. Цундела нохчийн хьолахоша къайлах шалха цIога лестадора Зеламхина а, Iедална реза боцчу, мелла а Iедална дуьхьал болчу муьлххачу нохчашна а хьалха.
Овхьад дIавахча, пхьуьйра ламаз а дина, вирд даккха Iела охьахиъча, «даргI-диргI» аьлла, неIарш тоьхна, вовшашна хьалхавала къуьйсуш, хьуьхьвоьлла садоьIуш, цIа чу иккхира Iусманан ши кIант. Церан йаххьаш тIехь воккхавер а, дозалла а гора. Ша-ша хьалха ала гIepташ, вовшийн дIаса а тоьттуш, шаьш деанарг цхьатерра схьаIанийра цаьршиммо:
– Дада!
– Ва, дада!
– Эвла Зеламха веана!
– Вайга вогIуш ву, боху!
– Хьо волчу!
Iела шайга хаттар дан а кхиале, тIекIел неIарх ара а иккхина, вахара ши кIант.
Геннара схьа говрийн бергийн татанаш а, летачу жIаьлин гIовгIа а хезара. Уьш тIаьхь-тIаьхьа гергагIертара. Шина кIантана цхьаъ тарделла хир ду-кх бохуш, хиъначуьра меттах а ца волуш, суьлхьанаш хьийзош Iapa Iела. Амма дукха хан йалале говрийн бергийн татанаш севцира церан кетIахь.
Аравала дагахь хьала а гIеттина, шена тIе бедарш йуха хIoьттиpa иза. Амма хIapa лелла валале керта-арахь нехан къамелаш хезира кхунна.
2
НеIарх хьалха чуваьлла Доша, Iелига салам а делла, шена тIаьхьа вогIучу хьешана некъ буьтуш, дуьхехь сецира.
– Iела, xIapa Зеламха ву. Хьо ган а лиъна, схьавеана xIapa.
Iелина тIевеара верта а кхоьллина, бIаьргаш а, мара а бен ца гуш, боьмаша башлакх хьарчийна, йуккъерчу дегIара стаг.
– Ассалам Iалайкум, суьйре дика хуьлда хьан, Iела!
– Ва Iалайкум салам, марша вогIийла хьо а, Зеламха, – куьг кховдийра Iелас.
– Маршалла хуьлда хьуна а, Iела, – шен ондачу, доккхачу шина куьйга йукъакъевлира цо Iелин куьг. – Даийта дика а долуш, Дала вон ма доуьйтийла кху хIусамашка.
– Дала могаш-маьрша, диканца дукхавахавойла хьо а. Дала йуьхьIаьржонах, йамартлонах, тешнабехках ларвойла хьо. Делахьа, ма дика ду, Доша, шу даьхкина. Же, дIайаккхалаш тIера сов-ков хIyмa. ОхI, Дала догдика де шуьшиннан…
ТIекхоьллина верта а, коьртах хьарчийна башлакх а цо дIайаьккхича, коьртера когашка кхаччалц Зеламхе бIаьрг туьйхира Iелас. Йуьхьиг охьа а йерзийна коча тесна дошлойн топ, некха тIехь морзахйохуш йихкина патармийн кхо гIап, йукъахйихкина кхелина шаьлта, ши тапча.
– ХIоккхуза валий, охьахаал, Зеламха. Товханна уллохьа. Доша, хьайна а цхьанхьа охьахуийла таръехьа. Iусман, шайн нана могаш йац аьлла йахара Медана. КIант вахийтахьа цунна тIаьхьа.
Йукъахара схьадаьстина цхьадолу герз Дошега дIаделира Зеламхас, амма, ша охьахууш, топ шена улло дIахIоттийра. Бехкалдаханчу цуьнан бIаьргаша шера схьабохура: «Хьох-м тешара со, хIусамда, амма хьо доттагI хиларх, мостагIий дуккха а бу сан. Уьш ма бу даим сема, сакх, ас дIа мел боккху ког тергалбеш. Хьанна хаьа, xIокху минотехь уьш хьан цIенна тIетекхаш бу-бац? Иштта ду обарган дахар – нехачул бIаьрг сирла, лерг сема, хьекъал ира, куьг каде, массо хIуманах ларлуш хила веза иза».
– ТIаккха, Зеламха, доьзалера хабар дуй? Хьан могашалла а муха йу?
– Дала могаш-дика кхобу со-м, Iела. Доьзалера хабар а дац. Шу хоьттуш Iийра со-м Iусмане.
– Дала деллачу хьолехь дохку тхо а.
XIopш вовшашка хьал-де хаьттина, дара-дацара аьлла, бовлучу йукъана араиккхинчу Iусмана шен кхоъ бен боцчу уьстагIех цхьаъ бийна, тилийна чубеана, дукъох боллучу мIерах васхал хьалаоьллира. Шаьш кхоъ вовшашка цхьацца хеттарш деш, къамеле ваьлча, Iелас даим шена дагахь лаьттачун ойла йора. Зеламха вуьйцу хезнера Iелина. Делахь а шен ойланашца иза мила ву, ца хаьара. Иза ша волчу хIунда веана хаа а сагатделлера цуьнан. Haхa дийцарехь, Зеламха oбapг ваьллера зударшна тIехула даьлла дов бахьанехь. Амма луралла хьаьрчина стаг лечкъаш лела, чIирхоша ша витталц, йа валлалц. Доьзалца йуьртах а волий, генна кхелхий а воьдий. Лурбоьллачу нахах наггахь бен ца волу талораш дийриг, ца ваьллачу денна, тIетовжа кхин меттиг ца хилча, дуучу рицкъана, тIедухучу барзакъна, герзана лорий. Иза къехка шена тIе кхин керла цIий дожарх. Цунна ца лаьа Iедал шена дуьхьалдаккха. Шера хаьа шина мостагIчух – чIирхойх а, Iедалх а – ларвала шен ницкъ кхочур боцийла. Лурвоьлла стаг деккъа шен цхьа са дадийна лела. Ткъа Зеламха? Обарг ваьллачул тIаьхьа керла масех цIий хьарчийна цо шех. Iедална зулам дарх-м муххале а
