- Любовные романы
- Фантастика и фэнтези
- Ненаучная фантастика
- Ироническое фэнтези
- Научная Фантастика
- Фэнтези
- Ужасы и Мистика
- Боевая фантастика
- Альтернативная история
- Космическая фантастика
- Попаданцы
- Юмористическая фантастика
- Героическая фантастика
- Детективная фантастика
- Социально-психологическая
- Боевое фэнтези
- Русское фэнтези
- Киберпанк
- Романтическая фантастика
- Городская фантастика
- Технофэнтези
- Мистика
- Разная фантастика
- Иностранное фэнтези
- Историческое фэнтези
- LitRPG
- Эпическая фантастика
- Зарубежная фантастика
- Городское фентези
- Космоопера
- Разное фэнтези
- Книги магов
- Любовное фэнтези
- Постапокалипсис
- Бизнес
- Историческая фантастика
- Социально-философская фантастика
- Сказочная фантастика
- Стимпанк
- Романтическое фэнтези
- Ироническая фантастика
- Детективы и Триллеры
- Проза
- Юмор
- Феерия
- Новелла
- Русская классическая проза
- Современная проза
- Повести
- Контркультура
- Русская современная проза
- Историческая проза
- Проза
- Классическая проза
- Советская классическая проза
- О войне
- Зарубежная современная проза
- Рассказы
- Зарубежная классика
- Очерки
- Антисоветская литература
- Магический реализм
- Разное
- Сентиментальная проза
- Афоризмы
- Эссе
- Эпистолярная проза
- Семейный роман/Семейная сага
- Поэзия, Драматургия
- Приключения
- Детская литература
- Загадки
- Книга-игра
- Детская проза
- Детские приключения
- Сказка
- Прочая детская литература
- Детская фантастика
- Детские стихи
- Детская образовательная литература
- Детские остросюжетные
- Учебная литература
- Зарубежные детские книги
- Детский фольклор
- Буквари
- Книги для подростков
- Школьные учебники
- Внеклассное чтение
- Книги для дошкольников
- Детская познавательная и развивающая литература
- Детские детективы
- Домоводство, Дом и семья
- Юмор
- Документальные книги
- Бизнес
- Работа с клиентами
- Тайм-менеджмент
- Кадровый менеджмент
- Экономика
- Менеджмент и кадры
- Управление, подбор персонала
- О бизнесе популярно
- Интернет-бизнес
- Личные финансы
- Делопроизводство, офис
- Маркетинг, PR, реклама
- Поиск работы
- Бизнес
- Банковское дело
- Малый бизнес
- Ценные бумаги и инвестиции
- Краткое содержание
- Бухучет и аудит
- Ораторское искусство / риторика
- Корпоративная культура, бизнес
- Финансы
- Государственное и муниципальное управление
- Менеджмент
- Зарубежная деловая литература
- Продажи
- Переговоры
- Личная эффективность
- Торговля
- Научные и научно-популярные книги
- Биофизика
- География
- Экология
- Биохимия
- Рефераты
- Культурология
- Техническая литература
- История
- Психология
- Медицина
- Прочая научная литература
- Юриспруденция
- Биология
- Политика
- Литературоведение
- Религиоведение
- Научпоп
- Психология, личное
- Математика
- Психотерапия
- Социология
- Воспитание детей, педагогика
- Языкознание
- Беременность, ожидание детей
- Транспорт, военная техника
- Детская психология
- Науки: разное
- Педагогика
- Зарубежная психология
- Иностранные языки
- Филология
- Радиотехника
- Деловая литература
- Физика
- Альтернативная медицина
- Химия
- Государство и право
- Обществознание
- Образовательная литература
- Учебники
- Зоология
- Архитектура
- Науки о космосе
- Ботаника
- Астрология
- Ветеринария
- История Европы
- География
- Зарубежная публицистика
- О животных
- Шпаргалки
- Разная литература
- Зарубежная литература о культуре и искусстве
- Пословицы, поговорки
- Боевые искусства
- Прочее
- Периодические издания
- Фанфик
- Военное
- Цитаты из афоризмов
- Гиды, путеводители
- Литература 19 века
- Зарубежная образовательная литература
- Военная история
- Кино
- Современная литература
- Военная техника, оружие
- Культура и искусство
- Музыка, музыканты
- Газеты и журналы
- Современная зарубежная литература
- Визуальные искусства
- Отраслевые издания
- Шахматы
- Недвижимость
- Великолепные истории
- Музыка, танцы
- Авто и ПДД
- Изобразительное искусство, фотография
- Истории из жизни
- Готические новеллы
- Начинающие авторы
- Спецслужбы
- Подростковая литература
- Зарубежная прикладная литература
- Религия и духовность
- Старинная литература
- Справочная литература
- Компьютеры и Интернет
- Блог
Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
И хилла Iийр дац цхьа ах бIe шо даьлча. Кху махкарчу хьолечу маьIданех пайдаэца дезар ду правительствон. Кхузахь заводаш, фабрикаш йохкур йу, цIерпоштан некъ балор бу. И дерриг деш белхалой оьшур бу кхузахь. TIаккха, шена мел ца лаахь а, меттигера туземцаш балха ца эцча а бевр бац. Туземцаш Iамо школаш йелла а дезар ду. Цхьатерра хьелаш, кхоллам болчу оьрсийн а, туземни а белхалошна йукъара къоман башхаллаш дIа а йевлла, классови барт кхоллалур бу.
ТIаккха ларлолаш, господа къорза мундираш!
Х корта. МАРШОНАН КІЕНТИЙ
Бакъйолу къонахалла бохамехь гучуйолу.
Вольтер
1
Сийсара тIаьххьа вижинeхь а, дуьнен чу садаржале самавелира Iусман. Ши-кхо де дара Болатан зудчо Дешис регIара шайн йол йалхайо. Стигал кхола йоьлча, сиxаллехь бина хола хIинца, догIа масазза доьлху, бахкалуш лаьттара. Тахана иза цIа бан а, кертана хьокхий кечдан а дезара Іусманан.
ХьалагIатта мало йеш, ши бIаьрг хьаббинa, мaсех минoтeхь Iиллира иза. Маьнги кIел гуттар хьаьсарта йахана йекара цаьпцалг. Цхьана эшшара садоьIура когашкахь Іyьллучу Iумара а. ХIетта дитташ тIера чуйиссина котамаш, «кIакI-кIа-кIакI» деш, кертахула хьийзара. ТIемаш тоьхна, буьхьархIоьттина, леpгaш къардеш кхайкхира йоккха цIен боргIал. Ненан мотт баьсса бара. Йетт оза арайаьлла хир йара иза.
Метта охьа а хиъна, шозза-кхузза куьйгаш дIаса а тесна, чIeниг лаьцна, «къарчI-къирчI» доккхуш йаьIна а саттийна, коч тIейуьйхира Iусмана. ТIаккха, маьнги йисте а хиъна, берзина ши ког кIархаш чу а боьллина, хьалагIеттира иза.
TIeвaхана, охьа а таьIна, лeррина веше хьаьжира Iусман. Йуьхьа тIехь цIен бос богура. Мерехула цо доьIучу сино лестадора хIетта меракIел довла доьлла Iаьржа кIеда чоьш. Цхьана эшшара ийъалора шуьйра накха. Безамах буьзна бIaьргаш вешина тIeбоьгIна а Ӏийна, иза сама ца ваккха гIерташ, меллаша неI йиллина, уча велира Iусман.
Аттана кIел тесна эса дIадаккха гIерташ йоллура нана. Амма иза дIадала ца туьгура. Корта xьийзош, тIаьхьарчу когаш тIe xIyьттуш, кхоссалой аттана кIел долий, шен тIеда чорда муцІар къинхетамза шинах тухура эсо.
– Дакъаза ма дала хьо, хьо-м мацалла леш доллуш хилла! – эххар а, когаш гIертош, тIаьхьадан ца туьгу эса, логах бухка а тесна, такхийнa дигна, кертах дIатесира Айзас.
Даьссачу хьаьвди тIехь лаьтта Эсетан а, Болатан а ши сту, Iусман учахь хаавелла, схьа а хьаьжна, хьалхий-тIаьхьий Іaьхира. ХIара араваьллий хиира божалахь лаьттачу говрана a. Ворданан цIа чуьра схьаэцна, цхьа мор сугIа стерчашна хьалха а диллина, божал чу вахара Iусман. КIант гучуваьлча, схьа а йирзина, мераIуьргаш совсийна, хьастайелла тeрcира говр. ТIe а вахана, цуьнан ворта цхьана куьйга мара а йоьллина, важа куьг хьаьж тIе хьаькхира цо. Качйеллачу говро шен кIеда муцІар хьаькхира Iусманан йуьхьах. Сонeхь Iуьллу тиша тас схьа а эцна, чу ши-кхо кана хьаьжкIаш йоьхкина, говрана хьалха диллира кIанта.
XIинца Мохьмад гIатто а везара. Говр хитIа йуьгуш Iойла дацара Іусманан. Цуьнца але йан йеза Деши а йац гучуйолуш. Iусман, кевнах ара а ваьлла, ЭсетгIаьргахьа дIаволавелира. Лулахой а меттахбевлира. Белшаш тIе гIовтал кхоьллина, гIуммaгI а карахь охьатаьIна воьдура МІaьчиг. Цхьанхьара Васалан йовхарш а хезара. Схьахeтapexь, чIогIачу томкин цигаьрканах кIур бина воллура иза. Лаха чохь, шен цхьана куьйга хьокхий дeтташ, бешана гуонах керт йолийнa вoллура Солтха а.
Цхьадика, Деши гIатто а ца дийзира Іусманан. КІудал гихь хитIара йогIуш дуьхьалкхийтира цунна иза.
– Хьо суна тIаьхьавогIу хир ву, хаза кIант? – элира цо, саца а сецна, сихдина са а доьIуш.
Деши берах йара. Пхи бутт бен ца баьллехь а, хало лелара.
– Хьо цIахь Iехьа, Деши, – элира Iусмана, ларамаза цуьнан гIодайукъах бIaьрг а кхетта.
– Со цIахь Iийча, хьуна накъост хир ма вац, хаза кIант.
– МIaьчиг вуьгур ву ас. Мохьмад гIеттича, говр хитIа йигийта.
Iусман, МIaьчиг волчу а вахана йухавирзина, ворда йоьжна валале, Яьссел дехьарчу Aьккхийн-Дукъа тIехула малх гIеттира. MaьI-маьIIepa хезара дIалоьхкучу дохнан а, тIаьхьаІоьхучу дохканан а маьхьарий. Дечиган семанаш цIийзош, регIа хьалайахара ши-кхо ворда. Лакха тIехь, чІeгIaрдиган бен санна, басех летта лаьттачу Дасин кертахь бераша цIестан теса тIexь вота туьйхира. Цхьана йоIа тас дeтташ, бисинчара йиш лоькхуш, тIараш дeтташ, роггIана хелхахьийзара бераш.
– Ma дeтта и тас, шайтIанаш! – хезира Хьозин мохь. – Хелхадуьйлучохь а ду шун гIуллакх. Цул а, мацалла угIа.
Бераш дIатен а кхиале, Мескатара схьа йоккхачу тоьпан дур деара. ТІаккха – йуха а, йуха а. Кхорзучу хьаьжкIийн лелха чуьппалгаш санна, тоьпаш йийла йуьйлира жимма Iийча. ТIаккха цхьатерра низамехь масех топ йелира.
Дасин кертара берийн вота сeцира. Чу гIаж хьовзийна никх санна, меттахъхьайра цхьана масех минотана ладоьгIна дIатийна йурт.
Цхьа сахьт даьлча, чопаша кIаййинчу говрахь йуьрта иккхира Аьрсамирза. Урамашкахула говр дIаса а хоьхкуш, мохь беттаpa цо:
– Орцах довла! Салтий богIу! Орцах довла!
Йетт лалла йахана Айза цІа хьаьдира. Когара йевлла тудургаш а караxь, йеана схьаиккхира Эсет а. Дасин кертахь берийн белхар делира.
– Вай везан Дела, Іумарх хIун хир-те! – мохь оьхура Эсетан.
– Вада маса, Дешига хIуманаш дIалеIа ала, – Іусман корах аратоьттура Айзас.
– Дохий ма хьийза, – парггIат вистхилира хIетта схьакхаьчна МІaьчиг. – Уьш хIинца а Мескатахь бу. Кхуьур ду вай кIелхьардовла.
– Вай, Iумар, хьуна хIун де-те вай! – ара а ваьлла, учахь лаьттачу Iумарна тIекхийтира Эсет. – Хьох хIинцца чусадеана воллура.
ТIехьаьжча, шек а вацара Iумар. Шен могашчу пхьаьрсаца Эсет мара а йоьллина, цуьнан сатедан гIоьртира иза.
– ДIайалахьа, деца, стенна йоьлху хьо? Сиxxa вoрда а йожий, коьрт-коьрта йийбар тIе а йиллий, дукъа довла. Ас цхьаъ дийр ду. Iусман! Соьга герзаш а лой, говрана нуьйр тиллал.
– Aхь хIун до? – цецвелира хIетта схьакхаьчна Іусман.
– TIамна кечло-кх.
– Хьайн чевнашций?
– Цхьа куьг таза ду сан.
– Вий, ма йелаxь гIовгIa! Могаш хилча а, дан хIума дац. Говраxь валур вуй хьо? Же, Iусман, говр кечйе…
Цхьа сахьт далале салташа дIайахьа тарло йа, йагийча, зиэн хир ду аьлла хета кхаа а кертара хIуманаш вордaнна тIейоьттира зудaрша. МІaьчига а, Iусмана а лаьцна говра тIе ваьккхира Iумар.
Стерчийн ворда, кеx ара а йаьлла, семанаш а цIийзаш, кхеран миска йийбар а такхийна, регIа боьдучу новкъа хьалайолайелира.
2
Лулахой регIa дIa a xьoвcийна, Васал волчу вахара МIaьчиг. Дика-вуон тIедеача, даим а вовшех дагаволура ши доттaгI. Дукха деха а ца хуьлура къамел. Цкъацкъа вовшашка хьаьжча а кхетара.
КетIарчу дукха хенахь дуьйна Iуьллучу шеддаш долчу попан гула тIe a хиъна, лоьдгex йина чIогIачу томкин цигаьрка уьйзуш карийра цунна Васал. МІaьчиг, тIе а вахана, вист ца хуьлуш улло охьахиира.
– Герзаш гергахьо дийла ма доьлла, Васал.

