- Любовные романы
- Фантастика и фэнтези
- Ненаучная фантастика
- Ироническое фэнтези
- Научная Фантастика
- Фэнтези
- Ужасы и Мистика
- Боевая фантастика
- Альтернативная история
- Космическая фантастика
- Попаданцы
- Юмористическая фантастика
- Героическая фантастика
- Детективная фантастика
- Социально-психологическая
- Боевое фэнтези
- Русское фэнтези
- Киберпанк
- Романтическая фантастика
- Городская фантастика
- Технофэнтези
- Мистика
- Разная фантастика
- Иностранное фэнтези
- Историческое фэнтези
- LitRPG
- Эпическая фантастика
- Зарубежная фантастика
- Городское фентези
- Космоопера
- Разное фэнтези
- Книги магов
- Любовное фэнтези
- Постапокалипсис
- Бизнес
- Историческая фантастика
- Социально-философская фантастика
- Сказочная фантастика
- Стимпанк
- Романтическое фэнтези
- Ироническая фантастика
- Детективы и Триллеры
- Проза
- Юмор
- Феерия
- Новелла
- Русская классическая проза
- Современная проза
- Повести
- Контркультура
- Русская современная проза
- Историческая проза
- Проза
- Классическая проза
- Советская классическая проза
- О войне
- Зарубежная современная проза
- Рассказы
- Зарубежная классика
- Очерки
- Антисоветская литература
- Магический реализм
- Разное
- Сентиментальная проза
- Афоризмы
- Эссе
- Эпистолярная проза
- Семейный роман/Семейная сага
- Поэзия, Драматургия
- Приключения
- Детская литература
- Загадки
- Книга-игра
- Детская проза
- Детские приключения
- Сказка
- Прочая детская литература
- Детская фантастика
- Детские стихи
- Детская образовательная литература
- Детские остросюжетные
- Учебная литература
- Зарубежные детские книги
- Детский фольклор
- Буквари
- Книги для подростков
- Школьные учебники
- Внеклассное чтение
- Книги для дошкольников
- Детская познавательная и развивающая литература
- Детские детективы
- Домоводство, Дом и семья
- Юмор
- Документальные книги
- Бизнес
- Работа с клиентами
- Тайм-менеджмент
- Кадровый менеджмент
- Экономика
- Менеджмент и кадры
- Управление, подбор персонала
- О бизнесе популярно
- Интернет-бизнес
- Личные финансы
- Делопроизводство, офис
- Маркетинг, PR, реклама
- Поиск работы
- Бизнес
- Банковское дело
- Малый бизнес
- Ценные бумаги и инвестиции
- Краткое содержание
- Бухучет и аудит
- Ораторское искусство / риторика
- Корпоративная культура, бизнес
- Финансы
- Государственное и муниципальное управление
- Менеджмент
- Зарубежная деловая литература
- Продажи
- Переговоры
- Личная эффективность
- Торговля
- Научные и научно-популярные книги
- Биофизика
- География
- Экология
- Биохимия
- Рефераты
- Культурология
- Техническая литература
- История
- Психология
- Медицина
- Прочая научная литература
- Юриспруденция
- Биология
- Политика
- Литературоведение
- Религиоведение
- Научпоп
- Психология, личное
- Математика
- Психотерапия
- Социология
- Воспитание детей, педагогика
- Языкознание
- Беременность, ожидание детей
- Транспорт, военная техника
- Детская психология
- Науки: разное
- Педагогика
- Зарубежная психология
- Иностранные языки
- Филология
- Радиотехника
- Деловая литература
- Физика
- Альтернативная медицина
- Химия
- Государство и право
- Обществознание
- Образовательная литература
- Учебники
- Зоология
- Архитектура
- Науки о космосе
- Ботаника
- Астрология
- Ветеринария
- История Европы
- География
- Зарубежная публицистика
- О животных
- Шпаргалки
- Разная литература
- Зарубежная литература о культуре и искусстве
- Пословицы, поговорки
- Боевые искусства
- Прочее
- Периодические издания
- Фанфик
- Военное
- Цитаты из афоризмов
- Гиды, путеводители
- Литература 19 века
- Зарубежная образовательная литература
- Военная история
- Кино
- Современная литература
- Военная техника, оружие
- Культура и искусство
- Музыка, музыканты
- Газеты и журналы
- Современная зарубежная литература
- Визуальные искусства
- Отраслевые издания
- Шахматы
- Недвижимость
- Великолепные истории
- Музыка, танцы
- Авто и ПДД
- Изобразительное искусство, фотография
- Истории из жизни
- Готические новеллы
- Начинающие авторы
- Спецслужбы
- Подростковая литература
- Зарубежная прикладная литература
- Религия и духовность
- Старинная литература
- Справочная литература
- Компьютеры и Интернет
- Блог
Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
Iaьлбаган бIаьргаш ткъесах къегира.
– И хIун ду ахь дуьйцург, ва Іумма-Хьаьжа? Оьрсийн паччахьан кхечу паччахьашца тIом хилча, гIаттам боло шу кечделла Iен дейтта шо ма ду!
– Бакъду иза. Амма хьоьга са ца тохaдeли и де тIекхаччалц.
– Со вац сихвелларг, Iумма-Хьаьжа. Халкъ ду собар кхачийнарг. Тоьур дацара ткъа йалхитта шарахь садиттича? Паччахьан арахьара а, чоьхьара а гIуллакхаш дика дац аьлла хезча, делхьа, хIокху йуккъехула гIевттича, мелла а аьтто хир бацара-те аьлла, долийра-кх ас. Ас аьлча а, берриг тхьамданийн барто. Цхьадика, оццу йуккъехь туркошца тIом а болабели. Вай сатийсинарг хилла. XIинца а стенга ладоьгIу ахь?
– Вайн тхьамданийн барт-м бара иштта, амма ДегIастанара вайн бартахой Уьстамала хьуьйсура. ГІeзa-Maxьмин хааме.
– Ткъа хьо?
– Со а. Лелочу гIуллакхан цхьа лар хила ма йеза. ГІeзa-Maxьмас цаьрга ма-аьллера, гIовтта дезачу хенахь ша хаам бийр бу.
– Иза маца хир ду?
– Кестта.
Iаьлбага, ши бIaьрг хьаббина, корта хьовзийра.
– XIета, ахь дийцарехь, вай туркойн гIуллакхна цIий Iано дезаш хилла-кх?
– XIунда? Оцу девнах пайдаэца гIерташ дац вай?
– Дийца-м иштта дийцинера. Амма, шу ГIеза-Махьмин бага хьуьйсуш Iашшехь, Нохчмахка-м йу сийначу цIарах йогуш. ХIан-xIa, Iумма-Хьаьжа, мел дийцича а, цхьаьна ца догIу вайн дегнаш а, ойланаш а. Со xIетахь а шеквара. Сан шеко чIагIйира Берсас а. Вайна йуккъexь йаккхийра башхаллаш ма йу. Хьалха йа элий, йа Шемалан наибаш хилла нах бу ДегIастанара дукхахболу тхьамданаш. Паччахьо шайна делла хьаькамаллаш кIезиг хета царна. Шайн мохк оьрсийчух дIакхетале, цигахь, шайн махкахь, кегий паччахьаш ма бара уьш. Шайн халкъашна тIехь шайна луъург деш. Иза йухадеза царна. Хьан гIуллакхаш а дац вуон. Цхьа кIант – Шемал – йуьртда, важа Дада – паччахьан эскаран эпсар ву. Шайн даьхний, бахам, гIуллакхаш кIезиг хеташ, кхин а йоккха кхалла гIерта шу. Aьтто нислаxь. Ца нислаxь, таьIна Iен а тарло. Ткъа тхан Iойла дац, Iумма-Хьаьжа. Тхо миска нах ду. Oxa cискал а, маршо а лоьху. Цундела вайн къамел цхьаьна ца догIу.
Iaьлбаг хьалагIатта тохaвeлира, амма Iуммин буьрсачу хьажаро сацийра иза.
– Ахь хIун до, кIант?
– ДIавоьду тхойша.
– ДІавоьду! – корта а xьовзош, велавелира Iумма. – Суна тIехь кхиэл йан ца веанера хьо?
– Иза халкъо а, вайн тIаьхьенаша а йийр йу.
Iуммин сира, бIоржамаш санна, луьста цIоцкъамаш дусаделира.
– XIунда? ТІaьхьенaшкa дIа мa тeтта. Аш массара санна, дуй биъна ас а. Нагахь ас иза къарбинехь, таIзар де. ХIара сирбелла корта суна дош хета, моьтту шуна? Iовдалш!
Iaьлбаг маьнги йисте шершира.
– ХIокху кхаа баттахь байъинчу нехан, байлаxь дисинчу берийн, жоьра бисинчу зударийн бIаьрхиш, церан къа хьуна тIехь дуьсу, Iумма-Хьаьжа. Дала дер хьуна хьукма.
– Iaьлбаг, хьо сих ма лол, – маслаIатна йукъавуьйлира Залмин Дада. – Вайн барт бохар халкъана зуламe дeр ду. Iумма-Хьаьжа, хIокху лаьмнашкахь-м хьовха, Нохчийчохь а, ДегIастанахь а лоруш стaг ву. Галваьллехь а, нийса велахь а, цхьана дийне ладоьгIуш Iийна хIара. Суна хетарехь, вижина а цa Iийна. ХІинца а тIаьхьа дац хIара гIатта. ТІaьххьара дош лол, Iумма-Хьаьжа.
Маж дIаса а теттина, гIовталан логера ши-кхо вета дIабаьккхира Іуммас. Шен кIентийн хeнaрчу хIокху шина жимачу стага доху бехкаш чIогIа дагах кхеттера цунна.
– Шуна хетачу хьесапехь бехке хила а тарло со, – элира цо къорра. – ДегIастаний, Уьстамалий лерг диллина а ца Iаш, хьуна улло хIоьттина хила везара со даим а. Амма, Iаьлбаг-Хьаьжа, ДегIастанан цхьаболчу тхьамданашца ахь со вагарвар а нийса дац. Сан дай ца хилла элий, со а вац. Со Iеxавала даьхний, бахам а бац сан. Сайна а, халкъана а аьтто хиларе догдохуш велла ас Iедална ши кIант а. Цаьрга кхаьчнaрг a дaц доккха дакъа. Ткъа гIуллакхах дерг аьлча… – доккха сaдaьккхира цо. – ДегIaстанхоша ладегІначу ГIеза-Махьмера хаам кхаьчна. Тахана-кхана гIaттaм болабо цигахь. Дадина а дайна, со а ца Iийна хIинццалц вижина. Сайн нахаца кхана со ДIайхь хир ву. Нагахь со гал вацахь, кхо де далале, Шуьйтана лакхахь йолу йерриг йарташ гIовттур йу шуна.
– XIета, къинтIера вала суна, Іумма-Хьаьжа! Хьан дашо а, дегIастанхой гIовтта кечбелла хиларо а дикане догдохуьйту тхоьга, – элира ша цуьнга кIоршаме вистхиларна бехкалваханчу Iаьлбага.
ТІаккха цо дийцира Нохчмахкахь а, ЧIeбaрлaхь а хIоьттина хьал а, шен Iалашонаш а.
– Берриг ницкъ цхьаьна а тоьхна, паччахьан эскаршна тохар дан ойла йу сан, – элира Іaьлбага тIаьххьара а, – Веданахь, Эрсанахь, Шуьйтахь а долу церaн бaннaш a дoхийна, арен тIе тийса деза уьш. ТIаккха гIаттам аренга баккха аьтто хила а тарло. ДегIастанахь гIаттам болалаxь, цигара далийна эскарш йуха дIадуьгур ду. ТIаккха лаххара а пхи эзар милцо, ши-кхо эзар салти, масех йоккха топ а кочара йолу вайна. Нохчмахкара берриг ницкъ ас Веданний, Эрсанний тIетоттур бу. Ткъа ахь, Іумма-Хьаьжа, кху Дадица цхьаьна Шуьйта дIалаца. КхидIа дан дезарг тIаккха гур.
Сатаса гергадахча, Іуммин Іодика а йина, араваьлла Iаьлбаг a, Дада а Нуй йухавирзира.
3
Басса тIера йeрриг йарташ а гIовттийна, шеца пхи бIe сов стаг вoлуш ЧIeбaрлa иккхира Iаьлбаг. Свистуновна ша хьаьшна моьтту гIаттам кхитIе а марсабелира.
Цуьнан шолгIа мур болабелира. Хьалхарчул луьра а, чолхе а.
ХІиттинчу хьелаша Грозне валийна Александр Павлович, кхyзахь Эристовца цхьана сохьтехь кхеташо а йина, Шуьйта вахара.
ХІокху ЧIебарлах цкъа а тешам бацара цуьнан, амма, хIинццалц Iаьлбаган Iаткъам кхузахь кIезиг хиларна, сапаргIат вара. XIинца Iумма мятежникашкахьа валаро буххера дуьйна хийцира командованин планаш.
Iумма къона Іaьлбаг вацара. 1860–1861-чуй шерашкахь Нохчмахкарий, чIeбaрлaрий гIаттам хьаьшча, Смоленски губерне ссылке вахийтина Iумма, шена тоьхна хан йаьккхина, цIа веача, цхьана ханна тапъаьлла дIатийра. Къайлах тергалвича, гучудолуш хIума а дацара. ТIeтaьIIина далла гIуллакх деш, шен бахамна тIевирзина каравора иза. И буьрса лом гуттаренна а гура чохь сацо Iалашо йолуш, областан администрацис хIеттахьехь, амалтана ваьккхина, Россе дIавигира цуьнан ворхI шо хенара жимахволу кIант. Воккхахверг дукха хан йоццуш зумсойн йуьртда хIоттийнера.
ХІокху тIаьххьарчу шерашкахь маситтаза Макка ваханa вeapa Iумма. Ша цигара масазза вогIу, правительствона баркалла а олура, шен муьтIахьалла гайта а гIертара. Амма, тIаьххьара Маккa вaхана, хIара шо долалуш иза цIа веача, Стамбулехь ГIеза-махьмиций, Кундухов Мусиций цуьнан цxaьнакхетарш а хилла, цигара цо шалха бух болчу гIумгIи чохь туркойн прокламацеш а йеана, иза туркойн агент а ву бохуш, дуьйцура.
Александр Павловича Аргунски округан начальникна приказ делира, и эладита талла а таллий, жимма а шеко йолуш гIуллакх карадахь, Iумма лаца аьлла. Лохвицкий и гIуллакх талла воьлча, Iуммас дегабаам бира: и эладитанаш даржийнарш шен Iедалца йолу дика йукъаметтигаш, Iедало шех бина къинхетам

